1. ЧХЬАЙНИН ЧИЙРИК
2. ОХХ1АЙ
3. ЦКЪА КАТОЬХЧИ, КХО ЛОМ ЛОЦУ БЕКСОЛТА
4.
К1АНТ А, ДЕН ШАД А
5. ЭЛА ТЕПСАРКЪИЙ, ЖОЬРА-БАБИН
ЖОНСАРКЪИЙ
1АШ ХИЛЛА цхьана йоккхачу шахьарехь Чхьайнин Чирик ц1и а йолуш, цхьа
Жера-бабин к1ант. Дийнахь сарралц дечках пондар а бина, аза а иэсна, хин коьрте
ворх1 вешин йишина пондар лакха вахна аза. Лекхна к1анта пондар, новкъа ваха
ваьлларг некъа т1и виссаш, хи т1а ваха ваьлларг хи т1а виссаш. Ворх1 вешин йиша
хьа а ца хьаьжна. А пондар оцу йоь1ан коьртах тоьхна каг а бина, ц1а вахна
к1ант.
Шоллаг1ча дийнахь сарралц пондар а бина, аза а иэсна, хин коьрте вахна
Чхьайнин Чийрик. Лекхна к1анта пондар, дукха г1ийла, лекха ламанаш херцаш, доьду
шовданаш сецаш, къона верг къанваш, къеначуьнан б1аьрса дайаш, сийна сигланаш
т1иелххал, 1аьржа латтанаш бухдийллал. Ворх1 вешин йишас ла а ца доьг1на. А
пондар а, йо1ан коьртах биттина каг а бина, ц1а вахна к1ант.
Кхоалг1ачу
дийнахь а сарралц пондар а бина, сарахь хин коьрте а вахна, пондар лекхна
Чхьайнин Чийрика. Ч1ог1а самукъане хилла цо цу дийнахь лиэкхарг, къена берш
къонбаш, къонбелларш хелха бийлаш, сиглахула доьду олхазар соцуш, лаьттола доьда
экха дижаш, кешнашкара белларш г1иттош. Ткъа а ла ца доьг1на ворх1 вешин йишас,
- ела а ца елла, елха а ца йилхина.
Оьг1азвахна Чхьайнин Чийрик. Т1аьххьара
ша бина пондар а йоь1ан коьртах биттина каг а бина, ц1а вахна аза.
Цу сарахь,
шена йаг1а хан а йиллина 1аш йолчу, ворх1 вешин йиша йолчу виэна наха Дика
Къонаг1 аьлла ц1и а йоккхуш волу стаг.
- Шен хьоьца цхьа а г1уллакх дац, -
аьлла цуьнга ворх1 вешин йишас. - Чхьайнин къут1а а дуьркина*, сан ворх1 вешин
керта ахь рема ца лаллахь.
Ткъа Чхьайнин Чийрик волчу вахна Дика
Къонаг1.
- Лиэла г1уо вайша, - аьлла Дикачу Къонаг1чо. - Аравала меттиг а яц,
пхьоьхана х1отта накъостий а бан. Цхьа жимма дуьненах б1аьрг тоха вайша.
-
Дика ду делахь, - аьлла беркъачу дохарна, озачу говраца цунна улли ваьлла
Чийрнк.
Дикка шаьшиммо некъ бича, вистхилла Чхьайнин Чирик:
- Ахь берк ма
билла, Бабига д1аала дезаш цхьа кост дера сан. Ц1а хьадий вола со?
- Вола, -
аьлла, Дика Къонаг1, собур деш, сецна.
К1ора санна 1аьржачу дина а хайна,
к1ора санна 1аьржа ши леча шина белаш т1и а хадина, к1ора санна 1аьржа ши иэр
улли а ловзуш, 1аьржачу дохарна кечвелла, детица, дешица кхелинчу герзашца шен
г1одюкъ йиркина Дикачу Къонаг1чунна т1и вена Чхьайнин Чийрик. Г1овшашка
вистхилале "хьо ма хье вели" я "х1унца г1орг ву-кх" аьлла юха а:
- Берк ма
биллалахь, - аьлла Чхьайнин Чийрика. - Х1унца а ц1а ца хьаьдча варг вац со.
Бабига яра дог1а д1адала вицвелла хьавиэ хьона со. Хьо д1а волале. Со т1аьхьа
кхирг ву хьона.
Дика Къонаг1 хилаш долчунах кхетта а, ойла йина а валале
ц1арул ц1ечу дохарца кечвелла, дешица-детица кхелина герзаш г1од юкъе диркина,
ц1арула ц1ечу дина хайна, ц1ен ши леча белаш т1и а ловзуш, ц1арула ц1ен ши иэр
улли а ц1узуш венна хьа кхаьшна Чхьайнин Чийрик. Хайна Дикачу Къонаг1чунна шега
яра ворка лург воцийла. Ч1ог1а доркохваьлла аза ша кхуьнца араваларна. Амма
х1унца кхеравелла юхаверза даго виташ ца хилла.
Г1овшашка кхи дош ала а
кхиале, юха а вистхилла Чхьайнин Чийрик:
- Дика Къонаг1, х1унца а ц1а ца
хьаьдча ца вал со. Сайн къена Баба къинт1ера а ца йоккхуш муха г1орг ву со лела?
Хьо д1авалале. Со окха дела сахьтехь т1аьхьа кхирг ву хьона.
Хилаш долчуьнан
ойла йина, хирг долчунах яра тамаша тесна валале, ло санна к1айча дохарца
кечвелла, дешин-детица кечдина герзаш г1од юкъе диркина, ло санна к1айчу дина
хайна, белаш т1и ловзуш ло санна к1айн лечарчий долуш, ц1узуш уллу к1айн ши иэр
даьлла т1аьхьакхийна Чхьайнин Чийрик.
- Х1унца г1орг ву-кх вайши, - аьлла цо
Дикачу Къонаг1чуьнга.
Эхаш, эхаш цхьана жана т1екхаьчна йорш.
- Яра жа
ларка вайшимма, - аьлла Дикачу Къонаг1чо.
- Овш сан дас мискачу нахана хьаша
виэча а, вуьшта сакъина а дайа делла жа ду, - аьлла, ди д1ачовхина
к1анта.
Шоллаг1а дежаш даркачу** даьхнина т1и кхаьчна яра шиъ.
- Я даьхни
ларка вайшимма? - аьлла Дикачу Къонаг1чо.
- Овш сан дас г1елчу нахана шура
т1адам баккха а, даьтта-к1алд даккха а делла ду, - жоп делла
к1анта.
"Дависа-кх хьо соьга диэнача", - бохуш, йоьхна ойла яш, дан амал
доцуш, шен говр човхош, улли ваьлла Дика Къонаг1. Т1аьххьаре а: яра-х ма яй цо
лоллура аьлла:
- Яра говрийн рема лалц вайшимма? - аьлла Дикачу
Къонаг1чо.
- Г1елчу нахана дечиг да а, б1аьстина гота аха а сан дас елла
говраш муха лоркург ю вайшимма? - жоп делла Чхьайнин Чийрико.
Кхи вист ца
хилаш, "велла-м иштта а вуьшта а ваь1ллера со" аьлла, к1антана т1аьхьахоьттина
Дика Къонаг1. Цхьана боккхачу х1орда йисте шайшиъ кхаьшча:
- Дика Къонаг1, со
оцу х1орда рема лалла вал хьона, - аьлла Чхьайнин Чийрика. - Со цу чу ваханачул
т1аьхьа кху х1орда ти ламанаш санна яккхий 1аьржа чопаш яг1ахь, хьайн говра
хайча варг вац хьо, сан дина а хай, к1оьла валалахь. Нагахь санна ло санна к1айн
чопаш х1иттахь, сона х1умма а ца хиллийла халахь.
Чхьайнин Чийрик х1орда чу а
ваг1на, ладег1а вуьйлира бах Дика Къонаг1. Цхьа хан яьллачу хенахь х1орда т1и ло
санна к1айн, ламанаш санна яккхий чопаш яьркара бах. Д1ахьаьдда к1ентан дина а
хайна, д1аиккхина Дика Къонаг1.
Кхино-о "ванах, к1айн чопаш яьркича ма вада
ца элира цо", - аьлла, дага а дена, юха вена Дика Къонаг1.
Х1орда чуьра
хьалха леллина рема а йолуш, т1иваьлла Чхьайнин Чийрик.
Шайшиь вог1уш:
-
Дика Къонаг1, х1умма а дуй вайшинна т1аьхьа? - аьлла к1анта.
- Деллахь, ло
санна к1айн дохк-марха ма ю вайшинна т1аьхьа кхийнна йог1уш, - аьлла Дикачу
Къонаг1чо.
- Т1амна т1аьхьа сеца хьо я рема леллина хьалха вал хьо? -
хаьттина к1анта.
- Рема леллина хьалха вал со, - аьлла Дикачу Къонаг1чо.
-
Б1иж***, б1ижах даьлла, б1иж, хьо санна ца 1ена хьан да а вийнера оха, х1унца
хьо к1ут1а кхийна-кх тхан дог иэт1о, - моьхь бетташ т1аьхьа кхийна кхо корта
болу Ног1о. - Т1амна кечле. Хьатоха сона пхо.
- Йигаш йолу рема а хьан ю,
дагна дера а хьо хирг ву. Ахь тоха хьалха, - аьлла Чхьайнин Чийрика.
- Дика
ду делахь, - аьлла Ног1очо. - Хьала-1а кхоссавала ду вайшинна, д1ай-хьай
кхоссавала дац, - олуш озийна пхо кхуьссина цо.
Пхо т1и кхочуш нуьйра чуьра
хьала а кхоссавелла, т1их а балийтина, пхо тоьхна, кхо корта болу Ног1о а вийна,
Дикачу Къонаг1чунна т1аьхьа кхийна к1ант.
- Т1аьхьа х1умма а юьй вайшинна? -
хаьттина цо, шайшиъ дикка гена ваьллачу хенахь.
- Деллахь, т1аьхьа кхийнна
йог1уш цхьа ц1ен дохк-марха ма ю, - жоп делла Дикачу Къонаг1чо.
- Т1аккха
т1аьхьа сеца хьо я рема леллина хьалха вал хьо? - хаьттина к1анта.
- Рема
леллина хьалха варг ву со, - аьлла Дикачу Къонаг1чо.
- Дика ду делахь, -
аьлла буха сецна Чхьайнин Чийрик.
- Б1иж, б1ижах даьлла, б1иж! - моьхь бетта
ваьлла ялх корта болу Ног1о. - Ша веллалц хьан дас хьийзинера тхо, х1унца тхо
хьийзо хьо къут1а кхийна-кх, - бохуш. Ткъа цо:
- Хьа тоха суна пхо, хьуо
иштта майра хилча. - аьлла.
- Вийна ваша а хьан ву, юьгу рема а хьан ю, дагна
дера а хьо хирг ву, ахь тоха хьалха.
- Д1ай-хьай кхоссавала дац вайшинне,
хьалий-1ай кхосса-вала ду, - аьлла пхо кхуьссина Ног1очо.
Цо кхуьссина пхо
т1е а кхачийтина пхийтта дол нуьйр чуьра ирх а кхоссавелла, шена кхуьссинарг
т1ех балийтина, пхо тоьхна Чхьайнин Чийрика, пхийтта дол нуьйр чуьра ирх
кхоссавелла, юха нуьйр ховччу хенахь дина т1ера чувайтина Ног1о.
Т1аьхьа а
кхийна, юха а дикка беха некъ шайшиммо биначул т1аьхьа, Чхьайнин Чийрика
хаьттина:
- Дика Къонаг1, х1умма а юй т1аьхьа гуш? - аьлла.
- Дера доллу
дуьне 1арждина, т1аьхьакхийнна йог1уш цхьа 1аьржа дохк-марха ма ю, - жоп делла
Дикачу Къонаг1чо.
- Со х1унца халачу т1аме хотта везаш ву хьона, - аьлла
Чхьанин Чийрика. - Нагахь санна, сан ницкъ иэшна, сан валар хилахь я сан дин сан
ненан уьйт1а лаллалахь, а рема айхьа Чхьайнин Чийрик вуьркина ялий али, ворх1
вешин керта лаллахь, - аьлла весет а дина юхавирзина к1ант.
Т1икхаьшна исс
корта болу Ног1о моьхь бетта ваьлла:
- Б1иж, б1ижах даьлла, б1иж, ша веллалц
хьан дас хьийзинера тхо, ткъа х1унца хьо кхийна-кх тхан дог иэт1о. Хьа тоха сона
пхо, - бохуш.
- Вийна ши ваша а хьан ву, юьгу рема а хьан ю, дагна дера а хьо
хирг ву, ахь тоха беза хьалха, - аьлла Чхьайнин Чийрика.
Ч1ог1а хьажийна пхо
озийна Ног1очо:
- Д1ай-хьай кхоссавала дац вайшинне: хьалий-1ай кхоссавала
ду, - аьлла.
Ши пхийтта дол ирх кхоссавелла Чхьайнин Чийрик нуьйра чу ховш,
пхо кхийтта, ша дина т1ера чу вужуш, боллучу нуьцкъах озийна, ша пхийтта дол ирх
кхоссавелла Ног1о нуьйра ховш, даг юккъе пхо тоьхна, вийна.
Ма-воьдду рема а,
к1ентан дин а, кхаа ног1очунан кхо дин а Жоьра-бабин керта леллина Дикачу
Къонаг1чо.
- Велла сан к1ант? - хаьттина Жоьра-Бабас.
- Ца велла, - жоп
делла Дикачу Къонаг1чо. - Хьо йохий ма хьовза, аз вай верзорг ву.
Шен
ц1ийнадех бисина ши дин а боьжна, цу т1аьхьа пайтон а тесна к1ант 1уьллучу дахна
Жоьра-Бабий, Дика Къонагг1ий.
- Да велла юьсийла шу 1аьржа къайгаш, сан
буьйра б1аьргаш мийла дукха хан ца йисна шуна, - бохуш, цкъа къайгашна пхорчий
детташ, ткъа - Да велла йиса шу, меца берзалой, сан ховха даь1аркаш яжа ма
ч1ог1а яккхъелла шу, жимма собур дейша, - бохуш, берзалошна пхорчий детташ
1иллачу Чхьайнин Чийрикана т1екхаьшна Дика Къонагг1ий, Жера-бабий б1аьргех ц1ий
хьаддалц дилхина, ткъа цулла т1аьхьа аза ч1ог1а ларош, к1едачу пайтон чу а
виллина, ца бирзина йорш.
Жоьра-бабас есса пайтон т1ахьа а тесна, хьалха шен
ц1ийнадена лоьраш кхийлина ши говр д1ахецна, лоьраш а баркош
хьакхаьшна.
Гулла лакха долуш пхьуьйшаш хьала а каршийна, дуьт1а тур шен
буйна а лаьсна:
- К1ант верзийначунна сахьа деший ду, амма цхьа делан кхиэл
хилла аза оцу чевнех лахь, ас кху туьраца шун кортош доххург ду, - бохуш хьийзаш
хилла Дика Къонаг1, шен ц1а а, керта а верзаза.
Баккхийчу лоьраша, дуьненчу
яккха т1аьхьайиснарг дукха хан йоцу дела, воьрзур вац бохуш, кегийчу лоьраша,
шайна бала ца ларна, воьрзур ву а бохуш, дарбанаш долийна жимма г1оле Чхьайнин
Чийрик веначу хенахь, божли чу ваханчу Дикачу Къонаг1чунна к1ентан дина
хьалххахь лаьтташ дашон-датон йо1 карийна.
Чувеанчу цо:
Вайн хьойди чу
лаьтташ йо1 ю-кх, - аьлла Чхьайнин Чийрике.
- Хьан дина хьалхахь елахь, сан ю
хьона, сан дина хьалхахь елахь, хьан ю хьона, - аьлла к1анта.
- Деллахь ю аза
хьан дина хьалхахь, - аьлла Дикачу Къонаг1чо.
- Делахь дера ю иза хьан, -
аьлла Чхьайнин Чийрика.
Шен йо1аца 1аш волчу Дикачу Къонаг1чо, шен зуда хила
еза хьо, аьлла йо1е.
- Марш йоцчу Х1олакхин марш хьан яьккхина ца хайначуьнга
г1орг йолуш яц ша, - аьлла йо1а.
Аза д1адисна Дикачу Къонаг1чо к1анте:
-
Аз цхьа х1ума доцуш ена яц вайн хьайди чу, - аьлла Чхьайнин Чийрика. - Со аз
х1ун ду хьажа ца вахча варг ван.
Дикачу Къонаг1чо, шена зуда а ца иэшара,
хьан чевнаш д1айирзина йовлаза а ю боххушехь, шен дина нуьйр а тиллина, новкъа
ваьлла к1ант.
Цхьана йоккхачу шахьара кхаьшна яра.
- Марш йоцу Х1олакхи,
цо оллушехь шахьар чу мел долу адам дедда, цхьа б1арзе саг висца.
Т1икхетта
аза хьалаьцца:
- Ас марш йоцу Х1олакхи хьахошшехь а, доллу адам дада ма деди,
а х1ун ду? - аьлла хаьттина к1анта.
- Делахь б1аьрса а ца гуш волчу сонна х1у
ховрг ду, дехьарчу шахьара а г1ой, хаттахь, - аьлла б1аьрзечо.
- Шоллаг1ча
шахьара кхаьшнача кхо:
- Марш йоцу Х1олакхи, - оллушшехь, доллу адам
т1апъаьлла сигла дели, лаьттах чу девли ца ховш д1адайна, царна хилларг х1ун ду
ца кхеташ т1аьхьависначу къорачунна т1екхетта Чхьайнин Чийрик.
- Ас марш йоцу
Х1олакхи оллушшехь, яра доллу адам т1апъаьлла д1а ма дай, кхарна х1у хилла? -
аьлла к1анта.
- Деллахь, къонах, наха дийнаш дерг х1у ду ца хезачу сона х1у
ховрг ду аза, эцца дехьарчу шахьар чу кхаьчча хаттахь, - аьла
къорачо.
Кхаалг1ачу шахьара кхаьшна к1ант.
- Марш йоцу Х1олакхи, - кхуьнан
багара доллушшехь, сигал хьаладели ца ховш я лаьттах чу дуьйли ца ховш, доллу
адам т1апъаьлла дада а дедда, вада ца луш цхьа астаг1 саг т1аьхьа
висна.
"Дала мукълахь, хьо-м сан керара варг вац хьона", - аьлла, т1екхеттача
кхо, пхьарс лаьсна сацийна астаг1 верг.
- Ас марш йоцу Х1олакхи оллушшехь,
йокха кхаа шахьара чу мел долу адам ма деди, якхара лелорг х1ун ду, царна х1ун
хилла? - аьлла Чхьайнин Чийрика. Ахь ма-дерра хьа ца дийцахь, ас окху минотехь
корта д1абоккхург бу хьан.
- Хьо кхоьллинчу делан дуьхьа, ас элира ма
алахьара ахь цхьаьнгге а. Йокха хьона гуш йолчу кхаа шахьар чу мел долу адам,
1овкъаран**** даар а даош дацийна марш йоцчу Х1олакхис латта бухола цхьана
Чхьайнин Чийрик ц1и йолчу к1ентан божли чу баккхайташ. Цундела бевдда а нах а.
Д1о д1ахьаьжча, цхьа хоти гой хьона? - аьлла астаг1чо. Аза оцу марш йоцчу
Х1олакхин беш ю хьона. Цига аз карорг ву хьона.
Астаг1чо гойтинарг йоккха беш
хилла. Оцу беша юккъе г1ала карийна к1антана. Дистхилаш гуш чу са долуш адам а
ца карийна, г1али чу вахна Чхьайнин Чийрик. Цхьана чу ц1енкъа юккъе 1иллаш дукха
хаза зуда а хилла, цунна коьрте хайна велхаш марш йоцу Х1олакхи а, дехьа-сехьа
хайна дешин-детин, дукха хаза ши йо1 а карина к1антана. Цаьрга яра вист ца хилаш
я овш кхуьнга бист ца хилаш дог 1аббалц, б1аьргах болу хин т1адам мел бу билхина
йорш. Ткъа марш йоцчу Х1олакхис д1адисна:
- Кхаа шахьар чу мел деха адмаш,
1овкъаран даар а даош, дацийна ас хьан божли чу лаьтта бухола некъ боккхуш, хьо
вийцаш а хезна, хьан мена сона г1о дан ницкъ кхочуг боцу дела. Цулла т1аьхьа а
сайн йо1 хьан коьрана хьалха яйтира ас, хьо хьуо орцах варг вецар-те аьлла,
хьона хилла чойнаш ховш.
Я хьона гинург сан х1усамнана ю. Ч1ог1а самукъне саг
яра аза. Со мел г1елвелла я дог ца дог1уш хиларх цхьацца бегаш беш, п1елгаш
1итташ ловзарш дара цо. Цкъа цхьана дийнахь лела ваханчара ч1ог1а г1елвелла ц1а
виэнача соьца даима санна п1елгаш 1итташ, ловзарш долийра цо. "Д1аялахь, дукха
ловза-кх хьо, дог ца дог1учу хенахь а, - аьлла, ас д1а1оьттина пхьарсан гола, си
метте а кхетта, елира аза. Оццул муьт1ахь, дог ц1ена йолу аза сайн керах яларна
ч1ог1а воьхначу ас хьаец катоьхна сайн мара баьккхира....
Яра зуда денлург
йолуш ю, ворх1 лам а битна, барх1алг1ачу лам т1ехьарчу сармакан ц1ий хьаькхча.
Вайшиъ кхана эна яххаш серлайовлучу хенахь цига ваха веза.
Ц1ий чу дотта шиша
а кечдина 1ахоттина, х1ума а кхеллина, д1авижна яра шиъ.
Мерш йоцчу
Х1олакхина наб а кхетайтана, г1аьттина араваьлла Чхьайнин Чийрик. Шен шиша кисна
а диллина, дина нуьйр а тиллина, новкъа ваьлла аза. Ворх1алг1ачу лам буьххье яра
шиъ хьаладаьлча, ди админ маттахь бистхилла:
- Сан да, - аьлла цо. - Ахь къа
хеташ, хьоме лелина со. Тахна хьо къинхетаме хилахь вайшиъ дийна юхадерзар дац.
Д1ахьажал, гой хьона а д1ора ц1еран 1аьмнаш? Овш оцу сармакан ши б1аьрг бу
хьона. А д1алатта 1аьржа хоте гой хьона? Аза цуьнан кхес ю хьона. Д1о нур сегаш
гой хьона, дог1а дог1уш хаьштиг детташ санна? Аза цхьа х1ума хаелла цо хьекхочо
цергийн суйнаш ду хьона. Вайшиъ д1орачу аза болчу лома буьххье хьаладаьлча, ши
оьрг биллал ши к1аг боккхуш, сона шина ге т1и та1аделахь, дукха къиза шед тохий,
ши айра даллал не1 даккхалахь. Иштта ахь со бурс бахь, вайша сармакан бага эккха
кхиэдарг ду хьона. Хьайн кера даккхий тур а диталахь, цунна юххи лаций шиша а
диталахь. Со ма-боьдду ц1оганола ара а иккхина, кху лам т1и хьалабала кхебай -
дарг ду вайша. Ца кхедай - делла ду вайшиъ!
Варх1алг1ачу ломах шайшиъ чу
дирзича, ши оьрг биллал ши к1аг боккхуш, ши ге а та1ийна, ши айра даккхал не1
доккхуш шед а тоьхна, деккхина тур а, шиша а шен кера лецира бах Чхьайнин
Чийрика.
Дукха цо са б1арздина, ди сармакан бага иккхина ц1оганала ара а
иккхина, лам т1и баьлла. Шен кийра лазош а хаделла, сармак д1аса меттахбаьлла а,
хиллачох кхетта а балале, яра шиъ аз т1аьхьакхирг боцчу даьлла.
Ц1а балийна
дин ша хиллачу божали чу д1а а биркина, лач1ийна шиша д1а а хоттийна, к1ант
д1авижна.
Кхино сахила герга дахханчу хенахь шина дина хьалха х1ума йила а,
кху шинна воьдуш яа х1ума кечъян а хьалаг1аьттинчу шина йо1ана к1ентан дин
дерриге а хьацарах буьзна, биъ ког вовшах а хьаьрчина, корта а уьллина, бехьош
лаьтташ карийна. Сиха да сама а ваьккхина, шина йо1а хилларг хайтина. Да вала-кх
хьо соьга диэначу, - аьлла воьхна хьаьвзина марш йоцу Х1олакхи. - Оццул ас хала
валийначу к1ентан дин цомгаш хили. Цуьнга бала сан а тайпа дин а мичара хирг бу?
Х1унца ас х1ун дарг ду техь?
Хьакхавелла-а набарх волуш санна, хьалаг1аьттина
Чхьайнин Чийрик. Хилларг цуьнга д1адисна дукха воьхначу марш йоцчу
Х1олакхис.
Меллаша дехьа чу а ваьлла, шиша дуьззина ц1ий а дахьаш, чу вена
к1ант. Эцца хайна Х1олакхина кхо ша ваха вахна ц1ий денийла.
- Дала ма ваххле
хьо, - аьлла берк баьккхина цо. - Со вижна 1иллашехь вахна веана-кх хьо. Со
накъост ца хетара-те хьона, хьо хьуо вахийта ма ца валийнера ас?
- Хьона хала
ма хета, - аьлла к1анта. - Хьо г1уо накъост хеташ ца вахара со. Делахь а вайшиъ
цхьаьна вахнехь ц1ий дахьаг децара вайшиммо.
Циггара Х1олакхин зуда 1иллачу
чу а вахна, цунна т1и ц1ий хьаькхна Чхьайнин Чийрика.
- Ох1-х1ай-кх, ма дукха
1илли-кх со, - аьлла, н1абарх йолуш санна, к1егар хайна зуда.
Х1олакхин мерах
а хьаькхна ц1ий. Мара ша хьалха ма-хиллара тобелла.
Ткъа цулла т1аьхьа дисна
ц1ий шен цомгаш хиллачу дина т1и хьаькхна, аза туо а бина, Х1олакхис оггар хаза
шен жимох йолу дешин-детин йо1 а елла, ц1а вена Чхьайнин Чийрик. Важа йоккхах
йолу йо1 а Дикачу Къонаг1чуьнга яхна, цхьана керта овш бертахь баха хойшина,
шуна дала дика дийцарш.
_______________________
*Доьхкина
(диал.)
**Дохкучу (диал.)
***Къут1а
****Овкъаран (диал.)
Цхьана сага шен к1ант деша д1атосуш хилла. К1анта цхьа а х1ума ца 1амош, аза
хьа юхалуш хилла. Иштта лела к1орда а дина а, к1ант а валош ц1а вог1уш, йовхонна
хьаг а велла, 1аьндаг1е 1ахайна воккха саг, "охх1ай" аьлла, доккха са а
доккхуш.
- Х1ун бах ахь? - аьлла, мичара вели а ца ховш, лаьттах хьала
гучуваьлла цхьа еха маж а йолуш, коьртах кхакханах йина пес а йолуш волу
саг.
- Ой, ас-м ца бах хьоь х1умма, - аьлла цецваьллачу к1ентан дас.
- А
бохург х1ун ду? - оьг1азвахна лаьттара хьалаваьлларг. - Хьо кхайкхина
хьалаваьлла вац со? Х1ун бах ахь?
- Ой, дера ца кхайкхина со-м цхьаьнгге а, -
юха а кхеташ ца хилла к1ентан да.
- Сан ц1е Охх1ай ю, - аьлла жино. - Со жин
а ду, хьо кхайкхина хьадена. Валал, сан латта йиш яц, хьо х1ун кхайкха
дийци.
- Со яра к1ант деша д1авеллачуьра, кхин кхуо х1ума 1ама а ца тигна,
яра а валош хьавог1уш г1ел а велла, 1ахайча, ас садаьккхира, "охх1ай" аьлла. Аза
хьан ц1и юйла хайнехь йоккхург а ецара, - аьлла воккхачу сага.
- Сан бала бац
оцуьнца, - аьлла жино. - Хьо соьга кхайкхина. Дика ду. Яра к1ант соьга хьало. Ас
1омарг ву яра. Нийсса шо кхачча кхузза хьавоьллахь, - аьлла, к1ант а иэсна,
т1апъяьлла жин д1адайна.
Шен дас яра к1ант валийначу дийна дуьйна, к1анте
безам бахна хилла жинан йо1ан. Цо цхьана дийнахь к1анте:
- Сан дас хьехаг ду
хьона, хьайна мел ч1ог1а 1емахь а, 1аьмнац алалахь, цо вийрг ву хьо, - аьлла.
Хьехаш хилла жино к1антана:
- 1еманий хьона? - олуш, хатта а хоттуш.
- Ца
1аьмна, - жоп луш хилла к1анта.
Нисса шо даьлча, к1ентан дега:
- Х1ан,
д1аэца, - аьлла, жино, - Яр 1емаг волуш вац. Д1аваккха, д1авига хьайна.
Ша
ц1а кхаьчча, к1анта дега:
- Да, сох берстана бат1а боллаш су хирг бу хьона, -
аьлла, - Со базара а бигий боркалахь. Амма кочара х1ума юха ц1а ялахь. Ахь аз
д1алохь сан кхи ц1а вар хир дац хьона. Дуьнена т1и мел долу деший хьайна даларх
1еха ма лелахь.
Су хилла вигаш, говр хилла вигаш, ка хилий вигаш, дуьнена т1и
дала мел кхуьллина х1ума к1антах хилаш, аза дас базара юркуш, кочара х1ума ц1а а
яхьаш, ткъа к1ант оцу делан сахьтехь ц1а кхочуш мах лело ваьллачу воккхачу сеган
хьал-бахам г1овшах-кхетта.
Цхьана дийнахь бож хилла к1антах. Ауа юркуш
лаьттачу кхунна, д1о базара юккъехола лелаш волу к1ентан хьехархо т1ивена,
"божах х1ун дех ахь?" - аьлла.
Сага бехаш болу мах, ца къовсуш, хьабелла
жино. Коьртара х1ума хьаяла еза аьлла цо. Лург яц аьлла, да дуьхьалваьлла. Бежан
итт мах белла, жино к1ентан да 1еха а вина, вортанахара х1ума
хьаяьккхина.
Нахана гучуьра д1а къайла а яьккхина, хьалаайяш лаьтташ етташ,
т1и мийра бетташ, маж а лаций, текхаяш хилла жино бож:
- Собар де ахь, ахь
соьга хьайна дешар ца 1емна, ца бехира? Ас барг бу хьан болх, цкъа со
ц1акхачайта ахь, - бохуш.
Жинан йо1ана гина бож ялош. Аза к1ант вуйла хайнача
цо, иралх йолу йоллу х1ума хьоштаг1 чу кхийсна.
- Йо1! - аьлла муьхь тоьхна
жино. Хьада а урс, я цхьа нисъелла бож ялий ас вайна.
- Ца карадо сона! -
аьлла дуьхьал кхайкхина йо1.
- Урс ца карадахь, диг да! - юха мухь хьаькхна
ог1аздаханчу жино.
- Дера, дада, диг а-м ца карадо, - аьлла йо1а.
- Бен а
яц, ира х1ума я, - аьлла жино.
- Дада, хьо хьуо ца хьаьжахь, сона цхьа а
х1ума карош-м яц, - аьлла юха а йо1а.
Оьг1аз дахана жин, бож д1а а йиркина,
ираллах х1ума лаха дахна. Леч1на араяьллачу йо1а, вортанахара х1ума д1а а
яьккхина, бож д1а а хесна, деле дуь1а дина:
- Везан дела, ши кхокха хилайтахь
тхойшиннах, - аьлла.
Цу шиннах ши кхокха а хилла, а шиъ д1аг1оттуш гина жинан
йиша т1аьхьа орцахъяьлла, мокха куьйра а хилла. аза т1аьхьа кхиэ даьлча:
-
Везан дела, кхунах хи хилийталахь, сох пхьид хилийталахь, - аьлла, деле дехна
йо1а.
Йо1ах пхьид хилла, к1антах хи хилла. Жинан йиша д1аяханийла хьажа хи
чуьра хьала гучукъеддачу пхьидан, катоьхна б1арг а беккхина, аза шен чета а
тесна:
- Х1унца-м, дала мукъалахь, яра ас сайн вешига д1а, хьо ваха, лург
бера, - аьлла, сихъелла юхановкъа яьлла.
- Кхунах ц1и санна бовха малх
хилийталахь, сох - мела мох, - аьлла, дехна к1анта деле.
Йо1ах ц1и санна
бовха малх хилла, к1антах - мела мох. Шен йохъеллачу жинан йишас, коч ластийна,
б1аьрг 1абоьжна. Т1екхеттачу к1анта б1арг ша хьалха ма-хиллара йо1ана
д1абиллина. Юха а шиъ дедда.
Жина дуьхьалкхетта йиша.
- Мича даха а шиъ? -
хаьттийна вашас.
- А шиъ-м мича г1орг дара, со т1аьхьа яьлча, - жоп делла
йишас. - К1антах хи а хилла, хьан йо1 пхьид хилла, хи чу леч1нера. Со д1аяхнийла
хьажа гучукъеддачу йоь1ан, катоьхна б1аьрг хьабеькхи ас. Аза хьона ас хьа а
биэ.
- Мичахь бу иза? - хаьттина вашас.
- Чета тесна ас аза-м, - аьлла,
хьаьжначу йишица б1арг ца карина.
Эцна аза, дог а иккхина,
елла.
Оьг1азвахана т1аьхьадаьлла жин кху шинне. Керадаха доьлла яра шиъ.
-
Везан дела, тхойшиннах цхьаннех борс хилийталахь, вукхунах буц хилийталахь, -
аьлла, дуь1а дина кху шимма.
Йо1ах буц хилла, к1антах борс хилла. Жин можа
борг1ул а хилла, борс баа хоьттана. Бац юккъе боьжна бисначу цхьана буьртигах
цициг а хилла, т1екхетта к1анта борг1ул йийна.
Эццара к1анттий, йо11ий ц1а
дахна. А шиъ даха хайна.
3. ЦКЪА КАТОЬХЧИ, КХО ЛОМ ЛОЦУ БЕКСОЛТА
Цхьа зудий, стаггий хилла дехаш-1аш. Цу шинни Бексолта бохуш к1ант хилла,
куьйга т1е: "Цкъа катоьхчи, кхо лом лоцу Бексолта", - аьлла дешнаш а долуш. И
к1ант дийнахь а чуьра аравала ваьхьаш ца хилла.
- Кхунах вайшинна к1ант хир
вац: пхийтта шо кхаьччи а, я дийнахь а, я буса а аравала ца ваьхьчи, вайшиъ
х1ара ларвина дер дац, - аьлла, барт а бина, Бексолта хьуьнах д1акхоьссина
дас-нанас.
Хьуьнахь, попан боьххье а ваьлла, 1аш хиллера Бексолта, ша барзлош
вахьарна кхоьруш.
Цхьана юьрта оьхуш адамаш дойуш лелаш хиллера цхьа борз.
Оцу юьртара нах и борз ен а ца баьхьаш лелачу хенахь, талла арабевллачу нахана
Бексолта карийнера попа т1ехь 1аш. Охьа а воссийна, Бексолте хаьттина
таллархоша:
- Ахьа х1ун леладо, хьо х1ун стаг ву? - аьлла.
- Со-м хьуьнахь
лоьмаш леца веанера, - т1иэра йозу царна гурриг куьг д1акховдийна Бексолтас,
нарах кхеравелла.
Бексолта карийна баккхий беш, кхаьънаш дохуш, вадийна шайн
юьрта вигина цара к1ант: "Ва, цкъа катоьхчи, кхо лом лоцу Бексолта карийна
вайна; кхуо юьйр ю вайн юьрта оьху борз", - бохуш.
Юьртахоша Бексолтийна дика
герз а кечдина, уьш бахана борз ларъян хьуьнах.
- Борз йог1у йолчу со
к1елхуур ву, аша борз т1еталла, - аьлла, уьш д1а а х1овсийна, Бексолта попа т1е
ваьлла, барзо ша вахьарна кхоьруш.
Х1инцалца санна, юьрта чу йог1у борз попа
к1ел кхоччушехь, охьахьаьжча, догк1адделла, Бексолтас т1е а воьжна, букь кагбина
охьайиллина. Ша йийна борз текхаеш, эвла чу веана иза.
- Ой, муха йий ахь
х1ара? - аьлла, ч1ог1а тамаш бина дийнна юьрто а.
- И сайна т1екхоччушехь,
ц1аьххьана катоьхна схьалаьцначу аса, саттийна кагйира иза, - аьлла
Бексолтас.
Боллучу а махкана вевзаш, ц1ейоккхуш стаг хилла Бексолтех. Юьрто
ч1ог1а дозулла деш хилла цунах.
Цул т1аьхьа цхьана юьртаца т1ом хилла
Бексолта вехаш волчу юьртахойн. Т1аккха цара хаттар дина Бексолте, х1ун далур
даратехьа аьлла.
- Т1ом балур бу вайга! Соьга говр къастаяйта рема схьаялае,
- аьлла Бексолтас. Дечка хьостум а эцна, ремина юккъехула волавелла Бексолта,
говрашна и 1уьттуш. Хьостум 1оьттича, д1аэккхарг юьтуш, д1авоьдуш цунна хьостум
1оьттича, д1а ца эккха говр карийра. Кхуьнан дагахь хилла, ша т1амна т1аьхьа
вуьсу аг1о езаш, к1еда говр лахар. Ткъа Бексолтийна нисъелларг мелхо а, т1аме
хоьхкуш, т1амах йоьлла говр хилла.
Ч1ог1а тамаша бина юьртахоша Бексолтина
т1аме хихкина йолу говр йовзарх. Х1орш т1амна кечбелла, т1амт1е д1абоьлхучу
хенахь, мостаг1ий-т1емалой гучу ма-бевли, т1амана чухьаьдда Бексолтин говр,
юьртахой т1аьхьа а буьтуш. Ша говре д1а ца вахьийта, лаьтташ йолчу шина дечгана
юкъа хьавзийна Бексолтас шен говр. Дехьийсехьий катоьхна ши дечиг схьа а лаьцна,
и шиъ кхин д1а ца хоьцуш, озийна бухъяьккхина Бексолтас. Т1аме лело 1емина йолчу
говро оцу буьрсачу т1амана юккъехь и ши дечиг хьийзийна, доллу мостаг1ий эскар
х1аллакьдина.
Т1амт1ехь толам а баьккхина, юьртахой Бсксолтийцана
ц1абирзина.
Цуьнан бертаза цуьнгара даьллачу шина хьуьнаро дуьненчохь
ц1еяккхийтина Бексолтин: "Цкъа катоьхчи, кхо лом лоцу Бексолта", - аьлла.
Цу
ц1арца ваха хиина Бексолта.
Цхьа да-нана хилла 1аш. Церан цхьа к1ант хилла. Юха и нана яла а елла, дас
даьсте ялайна. Оцу даьстечунна и к1ант везаш ца хилла. Хала г1уллакхаш дойтуш,
хьийзош хилла цо и. Юха даьстечо аьлла ц1ийндаьга, ахьа и к1ант д1а ца ваккхахь,
ша хьоьгара д1аг1ур ю аьлла.
Т1аккха дас ваха а вахна, хьеший балайна шайга.
Т1аккха и хьеший а балайна, к1анте аьлла:
Ахьа суна цхьа х1оъ ца дахьахь,
баь1 стагана кхарзал, ша хьо вуьйр ву аьлла.
- К1ант, кхера а велла, чу а
вахана, воьлхуш 1аш хилла.
И шен чу а вахана, воьлхуш 1аш, буьйса юккъе
яьлла. Буьйса юккъе яьлчхенахь, цуьнан коре цхьа х1ума еана. К1ант ч1ог1а
кхеравелла т1аккха. Оцу х1умано аьлла:
- Кхера ма ло, аса г1о дийр ду хьуна.
Хьо д1авоьдуш хьун йолчохь цхьа ц1а гур ду хьуна, цу чохь цхьа зуда хир ю хьуна1
1аш, чу а ца воьдуш, ни1арх кхузза п1елг тоха, и ара ера ю хьуна. Амма новкъа
д1авоьдуш, цхьа т1ай гур ду хьуна, юха очу т1ай т1ехула волуш, цо узурш дийр ду
хьуна, кхера ма лолахь.
Юха и к1ант вахна цига. Т1ай т1ехула волуш цец ца
ваьлла иза, цо узурш деш. Юха оцу зудчо, х1оа а делла, ц1а вахайтана
иза.
Дега д1аделла цо иза. Юха и х1оъ дега д1аделча, баь1 стагана и тоьъна.
Даьстечун ч1ог1а догдаьтт1а хилла, цо иза деана. Юха оцу дас аьлла к1анте:
-
Х1оа-м деар ахь, х1инца суна сан шад хьаян еза ахь, нагахь санна ахь нехан шад
яхьахь, суна хуур ду, сайчун т1ехь тоьхна муьжалг ю.
Юха к1ант ч1ог1а
кхеравелла хилла. Т1аккха буьйсана юккъехь юха а и х1ума еана.
- И хала
г1уллакх ду хьан дас хьуна т1едиллинарг, и шад хьан еллачу ненехь ю. Кхана хьайн
нана йолчу ваха дезар ду хьан. Новкъа д1авоьдуш, говраш гур ю хьуна ерстина,
амма уллохь буц гур яц. Царех цец ма ваьллахь. Д1авоьдуш цхьа доккха хаза ц1а
долчу кхочур ву хьо. Т1е ма кхаьччинехь, кхузза хьайн нене кхайкха. Цо эр ду
хьоьга дан дезарг.
Т1аккха и к1ант вахна, говрех цец ца ваьлла иза. Юха
доккха хаза ц1а гина цунна, т1аккха ц1а улле а вахана:
- Нана! - аьлла, мохь
тоьхна цо. Нана ара ца яьлла, шолг1а тоьхна цо мохь, т1аккха а ца яьлла нана
ара. Юха кхо кхоалг1а мохь тоьхча а нана схьа ца яг1ахь, х1ара лийр волуш хилла.
Юха ч1огг1а кхоалг1а мохь тоьхна цо "Нана" - аьлла.
Юха нана хьаеъна.
Нанас:
- Х1ун еза хьуна? - аьлла.
- Дадас шад я аьллера соьга, и хьоьхь ю
боху.
Нанас т1аккха шад д1а а елла, к1анте аьлла:
- Хьо ц1авеъча, хьуна да
а, даьсте а доьхьал хьодар ду хьуна, и шад д1а а ца луш, хьайна хьалха тоха ахь.
Кхин дерг хьайна хуур ду хьуна.
К1ант, шад эцна, ц1а вахана. Да, даьсте
дуьхьал хьаьда. Дас аьлла:
- Хьало сан шад, - аьлла.
К1анта и д1а а ца
луш, хьалха тоьхна. Т1аккха латта д1аса а декъаделла, и да а, даьсте а лаьтта чу
дахна.
5. ЭЛА ТЕПСАРКЪИЙ, ЖОЬРА-БАБИН ЖОНСАРКЪИЙ
Шуна дика дийцарг, диканца дукха шу дахарг, мацах-мацах зла Тепсаркъий,
Жоьра-Бабин Жонсаркъий бохуш ши жима стаг хилла цхьана йо1ана т1ехьийзаш.
-
Ахь Жоьра-Бабин Жонсаркъа д1а а вихкина, суна ездарин коч яхьахь, со хьоьга
йог1ур го, - аьлла, и шиъ т1ехьийзаш йолчу йо1а эла Тепсаркъе.
Йо1ана хьалха
доккха дош а дийцина, Жоьра-Бабин Жонсаркъа волчу вахана эла Тепсаркъа.
-
Жоьра-Бабин Жонсаркъа, вала, х1онсе г1ой вайша? - аьлла цо.
- Со-м ца вог1у,
эла Тепсаркъа, - аьлла Жоьра-Бабин Жонсаркъас, - т1еюха бедар а яц, т1ехаа говр
а яц, юкъах д1адехка герз а дац сан.
- Т1ехаа говр-а, т1еюха бедар а,
д1адехка герз а ас лур ду хьуна, - аьлла хьовзийна иза эла Тепсаркъас.
Т1ехаа
говр а, юха бедар а, юкъах д1адехка герз а делла, Жоьра-Бабин Жонсаркъа шена
улло а ваьккхина, волавелла эла Тепсаркъа.
Юьртах бовлале Жоьра-Бабин
Жонсаркъа т1ехиина йолу говр, букъ а кагбелла, охьа а кхетта, елла.
-
Х1ан-х1а, - аьлла Жоьра-Бабин Жонсаркъас, - вай даханза ца 1аш делахь, сайна мел
оьшу х1ума айса кечйийр ю ас.
Цул т1аьхьа юха а бирзина ц1а бахана уьш.
Хьалха шен дас юхуш хилла бедар а юьйхина, цуьнан хилла герз а дихкина, шайн ден
хиллачу гилана т1е нуьйр а тиллина, кечвелла Жоьра-Бабин Жонсаркъа.
- Эла
Тепсаркъа, х1орда чу г1ур ву хьо я х1орда т1ехь 1ийр ву хьо? - аьлла, хаьттина
Жоьра-Бабин Жонсаркъас, шен накъосте.
- Со х1орда т1ехь 1ийр ву, - аьлла жоп
делла эла Тепсаркъас.
- Со юха хьала т1еваллалц х1окху х1орда йисте 1елахь, -
аьлла Тепсаркъе Жонсаркъас. - со лийр велахь, ц1аста санна ц1ен чопаш т1еевр ю
хьуна х1ордана, т1аккха хьо ма ваддало вадий гена валалахь; нагахь санна со ца
леш вуьсуш хилахь, ло санна к1айн чопаш т1еевр ю хьуна х1ордана, т1аккха со юха
хьалаволий хьажалахь.
И къамел а дина, х1ордана чувахана Жоьра-Бабин
Жонсаркьа.
Жоьра-Бабин Жонсаркъа х1ордан чу вахана шолг1а к1ира дузучу
хенахь, ц1аста санна ц1ен чопаш т1еевлла х1ордана. Сов ч1ог1а кхеравелла, ша
х1ун дийр ду а ца хууш, вада а ца луш, висна эла Тепсаркъа. Т1аккха кхин кхо де
даьлча, ло санна к1айн чопаш юха т1еевлла х1ордана. К1айн чопаш т1еевлла шена
яйча, саца меттиг боцуш, ч1ог1а хазахетта эла Тепсаркъана.
Цхьа хан яьллачул
т1а1хьа б1аьрго ма-лоццу дукха х1онс яхьаш Жоьра-Бабин Жонсаркьа т1е а ваьлла,
х1онс-говраш хьалха а лаьхкина, ц1ехьа бирзина уьш. Цара ялочу х1онсан
доладелачу говрийн 1уйшца кхо ц1оькъа айг1ар хилла: ц1аста санна, ц1ен, к1ор
санна 1аьржа, ло санна къайн.
Оьхуш, тоъал х1орш генабевлча, Жоьра-Бабин
Жонсаркъа волчу аг1орхьа т1ехаьдда ц1аста санна ц1ен ц1оькъа айг1ар. Хьажа юккъе
шедакъаж тоьхна. Жоьра-Бабин Жонсаркъас юха човха бешшехь, эла Тепсаркъина т1е а
хьаьдда, цунна т1ехула дехьа а кхоссабелла, х1орда чу бахана ц1оькъан
айг1ар.
Кхоьруш, кест-кестта т1ехьа юхахьоьжуш вог1учу эла Тепсаркъас, цхьа
юкъ яьллачухула, аьлла Жоьра-Бабин Жонсаркъе:
- Д1о вайна т1аьхьа бог1у бода
х1ун бода бу-теша, ма ч1ог1а т1етаь1на бог1у иза?
- Иза-м вайна т1аьхьавог1у
говрийн да вара. Д1а а къаьстина яханчу айг1аро хаам бина цуьнга. Хьалхара рема
лоллур ю ахь я т1аьхьара орца юхатухур ю ахь? - аьлла, вистхилла Жоьра-Бабин
Жонсаркъа эла Тепсаркъе.
- Ас хьалхара рема лоллур ю, - аьлла, рема а
лаьллина д1аволавелла эла Тепсаръа, т1аккха Жоьра-Бабин Жонсаркъа, т1амна кеч а
велла, бухасецна.
Герга г1оьртина говрийн да, 1аьржа Хожа.
- Х1ан-х1а,
Жоьра-Бабин Жонсаркъа, - аьлла цо, х1инццалц хьан дас хьийзина тхо, х1инца хьо а
волавелла тхо хьийзон. Т1ом болабе хьайна х1инца.
- Ва 1аьржа Хожа, дог дера
а хьо ву, сина саготта а хьо ву, юьгуш йолу рема а хьан ю. Болабе хьайна т1ом,
1аьрж-Хожа, - аьлла Жоьра-Бабин Жонсаркъас.
Озийна 1ода пха тоьхна 1аьржачу
Хожас Жоьра-Бабин Жонсаркъина. Хожас 1ад озошшехь, чуьра хьалакхоссавелла,
кхо-пхийтта аьрша ирхвахана Жоьра-Бабин Жонсаркъа. Т1аккха юха пхийтта аьрша
ирхвахана Жоьра-Бабин Жонсаркъа. Т1аккха юза чувогг1ушехь, Хожин 1одан пха
к1елхула чекхбалийтина. Нуьйра чу ша нис а велла, цо пха тоьхна 1аьржачу Хожина.
Син метта кхетта, хьевзина говрара чувахана Хожа. Иза т1ехь хилла дин шайн реми
юкъа схьа а лаьллина, т1ера охьавоьссина Хожин корта схьа а баьккхина, цунна
т1ера ездарин коч-хеча а схьа а даьккхина, уьш шен таьлсаш чу а диллина, эла
Тепсаркъина т1аьхьакхиина Жоьра-Баби Жонсаркъа.
Новкъа съьавог1уш кхин а гена
бевлча, Жоьра-Бабин Жонсаркъа волчу аг1орхьа т1ехьаьдда к1ора санна 1аьржа
ц1оькъа айг1ар. Хьажа юккъе шедакхаж тоьхна Жоьра-Бабин Жонсаркъас юха
човхабешшехь, эла Тепсаркъина т1е а хьаьдда, цунна т1оьхула а кхоссабелла,
х1орда чу бахана и ц1оькъа 1аьржа айг1ар.
Цхьа хан яьллачу хенахь
т1аьхьаваьлла эла Тепсаркъиний, Жоьра-Бабин Жонсаркъиний Хожин шолг1а ваша.
-
Х1а-х1а, Жоьра-Бабин Жонсаркъа, - хаьттина эла Тепсаркъас, - д1о вайна
т1аьхьабог1у 1аьржа бода х1ун бода бу-те? Ма доккха х1ума ду иза!
- Иза-м
х1ума дацара, говрийн да ву иза, вайна т1аьхьаваг1уш. Эла Тепсаркъа хьалхара
рема лоллур ю ахь я т1аьхьара орца юхатухур ахь? - аьлла хаьттина Жоьра-Бабин
Жонсаркъас.
Ас хьалхара рема лоллур ю, - аьлла, рема а лаьллина, д1аволавелла
эла Тепсаркъа. Т1аккха, Жоьра-Бабин Жонсаркъа, т1амна кеч а велла, т1аьхьа
сецна.
Герга г1оьртина говрийн да, 1аьржа Хожин шолг1а ваша.
- Х1ан-х1а,
Жоьра-Бабин Жонсаркъа, - аьлла цо, - х1инццалц хьан дас а хьийзина тхо, х1инца
ахьа а ца дуьту тхо даха, т1ом болабе хьайн.
- Ва 1аьржа Хожа, дог дера а хьо
ву, сина готта а хьо ву. Юьгуш йолу рема а хьан ю. Вийна 1уьллуш волу ваша а
хьан ву, т1ом болабе ахь, 1аьржа-Хожа, - олуш, жоп делла Жоьра-Бабин
Жонсаркъас.
Жоьра Бабин Жонсаркъина 1ад оьзна пха тоьхна 1аржачу Хожин вашас.
1ад озошшехь, нуьйра чуьра хьалакхоссавелла, кхо-пхийтта аьрша ирхвахана
Жоьра-Бабин Жонсаркъа. Т1аккха ша юха чувогг1ушехь, Хожин вешин 1одан пха
к1елхула чекхбалийтина. Шен нуьйра чу а нисвелла, 1ода пха тоьхна х1окхо 1аьржа
Хожин вешина. Син метта кхетта, хьевззина говра т1ера чувахана Хожин ваша. Иза
т1ехь хилла дин реми юкъа д1а а лаьллина, цунна т1ера ез-дарин коч-хеча а, корта
а, схьадаьккхина таьлсашна чу а диллина, зла Тепсаркъина т1аьхьакхиъна
Жонсаркъа.
Т1аккха шайн рема лаьллина х1орш д1абоьлхуш, юха а Жоьра-Бабнн
Жонсаркъа волчу аг1орхьа т1ехьаьдда ло санна к1айн ц1оькъа айг1ар. Жоьра-Бабнн
Жонсаркъас хьажа юккъе шедакхаж тоьхна юхаэккхийначул т1аьхьа, эла Тепсаркъа
волчухула хьаьдда, цунна т1ехула а иккхина, х1ордана буха бахана ло санна к1айн
ц1оькъа айг1ар.
Цу к1айчу зйг1арца орцах т1аьхьаваьлла х1окхарна 1аьржачу
Хожин уггар а воккхах волу ваша.
Аренаш морцуш, лаьмнаш цоьстуш, сел буьрса
т1аьхьаваьлла Хожин воккхах волу ваша Жоьра-Бабин Жонсаркъиний, эла
Тепсаркъиний. Юхахьаьжча, т1ег1ерта буьрса бода шен б1аьрга гича, эла Тепсаркъас
аьлла:
- Жоьра-Бабин Жонсаркъа, х1ун ду техьа вайна т1аьхьа-дог1ург? Ма
буьрса 1аламат ду иза!
- Иза-м х1ума дацара, - олуш, жоп делла Жоьра-Бабин
Жонсаркъас, - вайна т1аьхьа вог1уш говрийн да вара иза-м. Х1а-х1а, эла
Тепсаркъа, хьалхара рема лоллур ю ахь я т1аьхьара т1ом юхатухур бу ахь?
- Ас
хьалхара рема лоллур ю, - аьлла говраш а лаьхкина, д1авахана эла
Тепсаркъа.
Сецца лаьттачу Жоьра-Бабин Жонсаркъина герга г1оьртина 1аьржачу
Хожин воккхах волу ваша.
- Х1а-х1а, - олуш вистхилла воккхах волу ваша, -
х1инццалц хьан дас хьийзина тхо, х1инца ахьа а дуьтуш дац тхо даха. Т1ом болабе
соьца, Жоьра-Бабин к1иллу!
- Дог дера а хьо ву, сингаттаме а хьо ву, оха юьгу
рема а хьан ю, вийна 1уьллу ши ваша а хьан ву, - т1ом болабе ахь, - олуш, жоп
делла цунна Жоьра-Бабин Жонсаркъас.
1ад оьзна пха тоьхна 1аьржа Хожин вашас.
Нуьйра чуьра хьалакхоссавелла, кхо-пхийтта аьрша ирхвахана Жоьра-Бабин
Жонсаркъа. Юха чувогг1ушехь нуьйра чу хиъна иза. Цу хенахь 1аьржачу-Хожас тоьхна
пха некха юккъехула чекхбаьлла Жоьра-Бабин Жонсаркъина.
Хьала а иккхина, 1ад
оьзна пха тоьхна Жоьра-Бабин Жонсаркъас. Деган метта кхетта, хьевззина динара
чувахана 1аьржа Хожин ваша. Т1аккха шен накъосте кхайкхина Жоьра-Бабин
Жонсаркъа:
- Эла Тепсаркъа, корта а, т1ера коч-хеча а схьадаккха х1окху велла
1уьллучу Хожин.
- Со ваьхьар вац, ас боккхур бац цуьнан корта а, я цунна
т1ера коч-хеча а, ваьхьар вац со, - бохуш, инзарваьлла хьевзина эла
Тепсаркъа.
- Схьабаккха цуьнан корта, х1умма а хир дац хьуна, иза-м велла
1уьллуш вай, схьа ца баьккхича бер бац иза. Со динара охьа воьссича, юха
т1ехаалур воцуш, чов хилла суна, - аьлла Жоьра-Бабин Жонсаркъас. Эла Тепсаркъа
х1уъу а хилча а ца тигна велла 1уьллучу 1аьржачу-Хожин корта а, ез-дарин
коч-хеча а схьадаккха.
Динара охьа а воьссина, хьовззийна корта а, ез-дарин
коч-хеча а Хожина т1ера схьадаьккхина Жоьра-Бабин Жонсаркъас. Уьш шен таьлсаш чу
дехкина ваьлча, юха шен дина ца валалуш висна иза.
- Х1а-х1а, эла Тепсаркъа,
- аьлла цо т1аккха шена тешнабехк дагахь болуш волчу ямартчу накъосте, -
Жоьра-Бабин Жонсаркъа вехка а вихкина дохьу ас, алий, х1ара ез-дарин кучамашший,
хечешший, говрийн ремий вайша ший а т1ехьийзаш волчу йо1е д1алолахь. Т1аккха
х1ара кхо корта сан нене д1алолахь, со ц1а вог1ур воцуш вуйла д1а а
хаийталахь...
Циггара, Жоьра-Бабин Жонсаркъа вита а витна, ц1а вахана эла
Тепсаркъа. Жоьра-Бабин Жонсаркъа вехка а вихкина вог1у ша аьлла, ез-дарин бедарш
а, говрийн рема а йо1е д1аелла, ткъа кхаа Хожийн кортош Жоьра-Бабин Жонсаркъин
нене д1аделла.
- Х1умма а дац - шен а, шен ден а ч1ир-х лехний цо, - бохуш,
кортош охьа а дехкина, уьш д1ай-схьа а керчош, сакъераделла 1аш хилла Жонсаркъа
вина нана.
Х1орш т1ехьийзаш хиллачу элан йоь1ан са кхиъна, эла Тепсаркъас
Жоьра-Бабин Жонсаркъа вихкина цахиларх. Шен говр-ворда а йоьжна, араяьлла цхьана
дуьнен т1ехула д1айоьдуш, велла 1уьллучу Жоьра-Бабин Жонсаркъина т1екхаьчна иза.
Т1аккха, сов дукха цунна йилхина б1аьргаш а кхоьлина, лаьтташ говр а хилла
Жонсаркъин.
Жоьра-Бабин Жонсаркъина юххе охьа а хиъна, сов дукха елхарна ший
б1аьрг а баьлла йисина йо1 а, цуьнан балина сов дукха елхарна йоь1ан говр
а.
Цу хенахь мичара долу ца хууш, йоь1ан куча-кара "зов" аьлла, чудоьжна цхьа
к1айн ши шай. Иза шен кучара охьаэга доьлла ахча ду моьттуш - дават1а хьа,
кучара ахча охьаэга а доьлла-кх сан, аьлла, куьг хьаькхна схьа а эцна, иза буйна
а доьллина, охьахиъна йо1.
Цхьа хан яьллачу хенахь шен лешачу б1аьргех хьала
хьаькхна цо куьйгаш, ши шай буйнахь а долуш. Т1ккха б1аьргаш шаьш ма-дарра
хилла.
Г1аьттина д1а т1еяхана, Жоьра-Бабин Жонсаркъина а хьаькхна цо к1айн ши
шай.
- Ма дукха 1иллина со вижна, - аьлла, ирах1оьттина Жоьра-Бабин
Жонсаркьа. Т1аккха шинне а говрийн б1аьргех а хьаькхна цара к1айн ши шай - уьш
а, б1аьргаш то а белла, д1ах1иттина.
Ч1ог1а даккхийдеш, мар-мара лилхина йо1
а, Жоьра-Бабии Жонсаркъа а. Йо1 а эцна ц1а а вахана, цунах шена зуда а йина,
ваха хиъна Жоьра-Бабин Жонсаркъа. Х1инца а дехаш ду боху к1анттий, йо11ий,
Жоьра-Бабий.