ХЕЛХАРАН ЭШАРШ

***
1. Беттан нур дайна, ла-ла-ла,
Маьлхан нур дайна, ла-ла-ла,
Ва, мама, сан к1орни дайна, ла-ла-ла,
И лаха йоллу, ла-ла-ла.

2. Куьйгаш мел хаза леладо,
Когаш мел хаза шершабо,
Яла, бабин йо1, яла-лай,
Яла бабина, яла-лай.

3. Куьйгаш ма хаза леладо,
Когаш мел хаза лелабо,
Хелха ма хаза волу хьо.
Декъала, хьомениг, хуьлда хьо.

Халонах кхоьруш ваций хьо,
Малонах кхоьруш ваций хьо,
Хьайгара дика некъ гойтуш ву,
Цундела массара лоруш ву.

Куьйгаш ма хаза леладо,
Когаш ма хаза лелабо,
Хелха ма хаза волу хьо,
Декъала, хьомениг, хуьлда хьо.

4. Ц1аллакум - ц1акум,
Ц1ак вайрий шуна?
Нана кхаба цо дела1,
Ма дика к1ант вара и!

5. Циминки новкъа
"Победа" санна,
Ла-ла-ла!
Хьан шерша ши ког,
Ла-ла-ла!

6. Вай дала язде
Шуьшинна йоза,
Ла-ла-ла!

7. Вай, вай, сан к1орни,
Ц1ела керча хьан корта,
Хьой, сой цхьаъ даций,
Дайл беста хьан корта.

8. Катоьхна схьалаьцна
Ор чу кхосса везар хьо,
Т1аьххье чу иккхина
Мийра бетта безар хьуна.

Ж1анкаш кхехкинчу
Хи чу волла везара хьо,
Балгаш кхехкина
Хи мело дезара хьуна.

9. Вай дела г1уо шуьша
Бух боцчу бердах,
Юха дог1ур дара шуьша,
Кхин эхь ца хеташ.
Ли-ла-ла, ли-ла-ла!
Ли-ла-ла, ли-ла-ла!

10. Хахка езара сийна "Волга" хьо,
Ядон езара ненан хаза йо1 хьо...

11. Кора дуьхьал кор делара хьан, ла-ла-ла,
Не1ар дуьхьал не1 елар хьан, ла-ла-ла;
Цхьа урам гена хета, ла-ла-ла,
Тхан урамехь велара хьо, ла-ла-ла!

12. К1айн басар кхачийна, ла-ла-ла,
Ц1ен басар кхачийна, ла-ла-ла,
Жероша шайн гиччош хьийзош, ла-ла-ла,
Цхьа миска стаг дакъаза ваьккхи, ла-ла-ла.

13. Йо1а а, к1анта а локху хелхаран йиш

- Куьйгаш хаза леладе,
Когаш хаза лелабе,
Хьо кхиинчу хьайн мамина
Хаза нускал даладе.

- Куьйгаш хаза лелор ду,
Когаш хаза лелор бу,
Со кхиинчу сайн мамина
Хаза нус ас ялор ю.

- Куьйгаш хаза леладе,
Когаш хаза лелабе,
Мартанхойн йо1 хьайна езахь,
Хелха хаза валалахь.

- Куьйгаш хаза лелор ду.
Когаш хаза лелор бу,
Мартанхойн йо1 сайга яг1ахь
Кога акха вера ву.

- Куьйгаш хаза леладе,
Когаш хаза лелабе,
Мартанхойн йо1 хьайна езахь
Г1иллакх хаза леладе.

- Куьйгаш хаза лелор ду,
Когаш хаза лелор бу,
Мартанхойн йо1 сайга яг1ахь
Г1иллакх хаза лелор ду.

14. 1ай кхеттарг малх бац,
Делкъал т1аьхь де дац,
Зуда йолу к1ант дош дац,
Ла-ла-ла.

1ай кхеттарг малх бац,
Делкъал т1аьхь де дац,
Жерой дош дац,
Ла-ла-ла.

15. Когаш ма хаза лелабо,
Куьйгаш ма хаза леладо,
Декъала хила хьо,
сан к1орни,
Хелха ма хаза долу хьо.

16. - XIe, месаш,
Шу стенга йоьлху?
Ла-ла-ла!
- Сакъера йоьлху,
Дог даха йоьлху!
Шу дог1ий тхоьца?
Ла-ла-ла!

17. Луъург хуьлда, гатана гали,
Зудчунна т1е маре, ла-ла-ла,
1ахь - 1ийр ю, ца 1ахь - ц1а йог1ур ю,
Д1айигий вала, ла-ла-ла.

Айхьа юьгий,
Хьайга йог1ий
Д1ахаийта,
Ла-ла-ла!

18. Цкъа хелхаваллалц
Ши этка елара, ла-ла-ла!
Цкъа велаваллалц
Дашо церг елара, ла-ла-ла!
Ла-ла-ла-ла! Ла-ла-ла-ла!
Ши этка елара, ла-ла-ла!
Дашо церг елара, ла-ла-ла!

19. Ваттай, сан к1орни,
Дала дита хьо суна,
Суна сенна дезара хьо,
Карахь-марахь ловзон бен.

20. Охьахьожуш вала,
Охьакхетар ву хьо,
Ялийташ вала,
Йо1стаг ю хьуна,
Ла-ла-ла,
Ли-ла-ла-ла,
Ла-ла-ла.

21. Ас сайна ц1ен к1архаш оьцур бу,
Майрачунна пол-литар оьцур ю,
Марнана, хьо оьг1аз ма г1олахь,
Ас хьо хьокха бетташ лоллар ю.

22. Баккхийчу наха хьо ваккха боху,
Кегийчу наха со яккха боху,
Волалол, хьаша, цхьана дер вайша,
Хьо реза велахь, д1аг1ор вайша.

23. Ламанан леча, ла-ла-ла,
Аренан кхокха, ла-ла-ла,
Хьовзаеш вала, ла-ла-ла,
Хьан нанас ца йина, ла-ла-ла.

24. Д1атоха т1араш, ла-ла-ла!
Д1атоха вота, ла-ла-ла!
И бабин хаза йо1 тахана,
Бал боккхуш хелхаяла еъна.

25. Тохал куьйгаш, ла-ла-ла,
Довлал хелхи, ла-ла-ла,
Вай х1инца боккхург
т1аьххьара бал бу, ла-ла-ла.

Дог даха мегар дац
Зуда йолчу к1анте,
Ла-ла-ла,
Ли-ла-ла-ла-ла.

Д1авоьдий, шен зудче дуьйцу,
Шен зудчул оьшу
Зуда йолу к1анат,
Ла-ла-ла-ла.

26. Тоха т1араш,
Довла хелха,
К1отархойн к1ентий,
Ла-ла-ла!

Наь1аран мачаш,
Лоьдгин куьрсаш,
Ч1ог1а томка,
Ла-ла-ла!

Чудовлий довла,
Охьаховший довла,
К1отархойн к1ентий,
Ла-ла-ла!



Нохчийн фольклор. Чулацам.