***
1. Цхьа миска стаг зуда ю хьан,
Цхьа чоь юьззина доьзал бу хьан,
Сан рицкъа дац, х1ай к1ант, хьоьца,
Хьайн ши этка ма тишъехьа.
2. Гатан хечин маь1гаш ю нанаяларий,
Шолан куча киснаш ду нанаяларий,
Хьо заманан хьаьким ву, нанаялариг,
Тохарлера шира пис ю,
нанаялариг.
3. Кхетачу малхаца, бузучу малхаца,
Хазачу суьренца хин йисте веара хьо.
Къамел дина валале,
Дош даьккхина валале,
Лекхачу гуо т1ера
Зудчо кхайкхира хьоь.
Стеган бос бацара хьан,
Адам бос бацара хьан -
Хьайн зудчо кхайкхича,
Бос хийцабелара хьан.
4. Корехь кор ма ца оьшу,
Не1рехь не1 ма ца оьшу,
Ши зуда йолчу
к1ентан кертахь
Лата ж1аьла ма ца оьшу.
Цхьа йоккха стаг зуда ю хьан,
Ша дуьззина доьзал бу хьан,
Еъча, йига
валларий хьо,
Эхь ца хета хьан б1аьргашна.
Сайн дадеха йолийла со,
Сайн мамеха йолийла со,
Хи эшчи бен, хит1а
яг1ахь,
Хьо гичи бен, дага ваг1ахь.
5. Сан самукъа долучу хенахь,
Со шовданехь лаьттачу хенахь,
Вог1ий
кхочу зудчун майра,
Мохо дахьа литта санна.
Хьо лела некъаш энгалин даций,
Ахь дуу даар дуганий
даций,
Ла-ла-ла-ли-ла,
Ла-ла-ла-ли-ла,
Чувола хьайна, чай мелла г1ор
хьо,
Мала чай дацахь -
Со эцна г1ор хьо.
6. Мила ву шуха зуда йолу к1анат?
Зуда йолчу к1анте повестка
еана:
Сискал т1ейилла деза шен боху,
Хьоь ага тахко ц1а вола боху.
7. Тишделла не1-кор т1еч1аг1дан деза,
Зуда йолу к1анат шен ц1ахь 1ан
веза,
Хьо х1унда веъна, зуда йолу к1анат,
Со йог1ур яцара хьан метта
хилчи.
8. Дог даха ца дезара
Зуда йолчу к1анте,
Сакъера ца дезара
Зуда
йолчу к1анте,
Д1авоьдий, зудчуьнга дуьйцу.
Юхавог1ий, вай ледан
г1ерта.
9. Басаро ц1ийина, дари-да-да-да,
Пударо к1аййина, дари-да-да-да,
Еана схьакхаьчча, дари-да-да-да,
Къена жеро ю, дари-да-да-да.
Ша жима ю моттийта, йоца коч юхий,
Тхан тхьамда хуьйшиц къена жеро,
Хьайн метта ж1аьла дижале,
Д1а а г1ой, д1айижа, къена жеро.
10. Ас ца динарг хьан дер олий,
Динарг дохо мила ву олий,
Олий, ойла
кура йоккхий,
Хьо д1авоьду, малар молий.
Цу дадий вацахьара, дика к1ант
вара хьо,
Цу наний вацахьара, дика к1ант вара хьо,
Нана лойла хьан хазчу
дег1а,
Кулакийн к1орни делара хьо.
11. Хьешана лекхна эшарш
Цхьа ше хиллал г1овтал кач,
Ши ше хиллал куйна боьхьаг,
Мушалла деза
чимчарг1а,
Кхин ма воьллахь тхоьга...
12. Цхьа ше хиллал куйна маь1иг,
Кхин ма боьллахь,
Со гур яц хьуна,
Баба гур ю хьуна.
13. Муьшал деха чимчарг1а,
Кхин ма доьллахь тхоьга;
Хьайл лекха куйн
боьхьиг,
Кхин ма боьллахь тхоьга;
Цхьа ше лекха палтун кач,
Кхин ма
боьллахь тхоьга.
Со гур яц хьуна,
Баба гур ю хьуна.
14. Хьо не1арх чу ваьлчахьана,
Хаттар доцуш г1ента хиъча,
Хиира суна,
хьо мила ву,
Дог ца дог1у хьоьга хьажа.
15. Кхин ма воьллахь тхоьга,
Юха ма воьллахь тхоьга,
Хьайн топ яхьаш,
тогур байа,
Кхин ма воьллахь тхоьга.