Забаре эшарш

***
1. Ахь культурни болар дича,
Хьо эвлахула волавелча,
Валлах1, делор, моьттур суна
Ахь ялон ерг дуьненчохь яц.

Кху суьйренийн ойла йина,
Кху 1уьйренийн ойла йина,
Ахь ялийнчуьн ойла йина -
Юьртах даккха дезара шуьшиъ.

2. Кала аьлчи,
Кали ц1е йолу,
Лака аьлчи,
Лаки ц1е йолу,
К1ордина суна
Шун торкхойн ц1ераш,
Кала-ла-ка-лой,
Кала-ла-ка-лой,
Лака-ка-ла-лой,
Лака-ка-ла-лой.

3. Лекху лам т1е ло дуьллийла,
И дешийла вайн поселкехь.
Мохо д1ахьо литта санна,
Цо д1ахьойла и хьан зуда.

4. Гена даллалц д1аг1ур ду вайшиъ, ла-ла-ла,
Гена даьлча, ладуг1ур вайша, ла-ла-ла,
Хьан бераш делхахь - духадог1ур вайшиъ,
Доьлхуш ца хезахь - д1аг1ур ду вайшиъ.

5. - Хьан стоьл т1ехь лаьтташ
Пиремник яцахь,
Хьан коре оьхкина
Шипонаш яцахь,
Сагатделча, хахка
"Победа" яцахь,
Ма ала, к1орни,
Соь хьайга йола.

- Сан коре оьхкина
Шипонаш елахьара,
Сан стоьл т1ехь лаьтташ
Пиремник елахьара,
Сагатделча, хохкуш
"Победа" елахьара,
Со х1ун дан воллура
Хьо хьистина.

Хи т1ехь хьуьйзуш
Хьераш ю сан,
Эвлах боккхуш
Бажа бу сан,
Г1али банкехь
Ахча ду сан,
Йола, хаза йо1,
Соьга яде.

- Хи т1ехь хьуьйзуш
Хьераш хилча,
Эвлах боккхуш
Бажа хилча,
Г1алин банкехь
Ахча хилча,
Хьо суна кхочур
Варий-техьа.

6. Ли-ла-ли-ла-ла
Лекхи ву,
Лекхи хиларца 1овдал ву,
Лела ца хиъча, пайда бац,
Д1атесна витар бен дарба дац.

7. Цхьа ши дог дехира,
Т1аккха безам бахара.
Я сан ши дог схьалолахь,
Я со йитий ма г1олахь.

8. Дог даха ца дезара жерошка,
Сакъера ца дезара жерошка.
Хан мел ели, эхь ца хеташ,
Д1аваха ца вуьту жероша.

Дог даха дезара хазачу йо1е,
Сакъера дезара хазачу йо1е,
Хан мел ели, эхь хеташ,
Кийрара дог дашадо хазачу йо1а.



Нохчийн фольклор. Чулацам.