ЛИРИКА

Социале-политикан чулацам болу эшарш

* * *
1.БАЙ Т1Е байракх ва етташ,
Б1о ловзо Шамил,
Б1она хьалха ва вуьйлуш.
Дин ловзо Шамил,
Айхьа яхахь - яхийта
И яккхий бошмаш,
Ца яхахь - ма кегбайта
И нохчийн к1ентий.

К1енташна дагйоьхна
Бохь горга г1ала,
Цу г1алин корехь 1а
Ворх1 вешин цхьа йиша
Яккхинчун ю бохуш,
Хезнерий тхуна-м,
И яккха кечло вай,
Х1ай нохчийн к1ентий!

2. Ц1оькъалоьман ва санна, ц1е йолу Биболат,
Хьан ц1е ма южийла лоьман южуш а.
Гила берзан ва санна, ка долу Биболат.
Хьан хьуьнар ма духийла берзан духуш а.
Оха-м лом ду олура, лекха лам ц1ийзош дерг,
Хьо хиллера, Биболат, лекха лам ц1ийзош верг.
Хьо везачийн кийра ц1ен деши детта,
Ца везачийн кийра - шийла ша бетта.

3. Х1ара 1уьйренаш туолучу хенахь,
Х1ара суьйренаш туолучу хенахь,
Нийсархошна туолучу хенахь -
Суна дуьйхи маьлхан дуьне.

Х1ара 1уьйренаш юхий хиънехь,
Х1ара суьйренаш юхий хиънехь,
Суо вешеха йолий хиънехь,
Дуьне мел ду д1аг1он ярий.

Вай ирс я1 шун, сан нийсархой,
Шун ирс хеташ яла йоллу:
Шаьш суьйранна чубирзича,
Дагара дийца ваша вуй шу.

Бен боьхначу кулла хиъна,
Декаш дара можа хьоза.
Улло таь1на ас ладоьг1ча,
Цуьнгахь бала хийти суна.

Хьан боьхна бен боьхна ю со,
Хьан бойна т1ам бойна ю со,
Улло та1а, можа хьоза,
Цхьаний доькуш, делхий вайша.

1уьйрене ладег1а йиси,
Суьйрене ладег1а йиси,
Йинчу ненан безачу бале,
Йоьлхуш, со ладег1а йиси.

Г1ийла хьоьжуш гур яцара,
Йоьлхуш цхьанне гур яцара,
Йинчу ненах къа ца хеттехь,
Дуьне дитна ас хир дара.

Х1ара 1уьйренаш йохайойла,
Х1ара суьйренаш йохайойла.
Сан вешеха дисна дуьне,
Хьуна, паччахь, дуохадойла.

4. Ламанан аг1онгахьа
Дуькъа дарц ва даьлча,
Хьаьхонгахьа гулделира
Бос хаза акхарой.
Акхарой чехадо
Цу ц1оькъа ва лоьмо,
Цу лаьмнийн 1аннашкахь
Шен к1езий ду бохуш.
Олхазарш чехадо
Цу сонкъар лечано,
Ламанийн баххьашкахь
Шен к1орнеш ю бохуш.
Вай к1ентий чехабо
Маскохара паччахьо,
Йоккхачу цу Россехь
Ша паччахь ву бохуш.
Да велла ма диса
Хьо маьлхан ва дуьне,
Дууриг ца хилла
Бохуриг ва хилла.
Цхьа малик ду боху,
Т1ам боцуш кхоьллина,
Дала шена т1ам белча,
Додур ду ша бохуш.
Цхьа седа бу боху,
Нур доцуш кхоьллина,
Дала шена нур делча,
Къегар бу ша бохуш.
Цунах тера ва деца
Вайн к1ентийн ва дегнаш,
Ваьшна дала де делча,
Летар ду вай бохуш.
Да велла ма диса
Хьо маьлхан ва дуьне,
Дууриг ца хилла
Бохуриг ва хилла.
Аьнгалин бошхепахь
Мокха моз ва санна,
Дууш мерза ва деца
Хьо маьлхан ва дуьне.
Тим боккхуш тимкхетта
До1аха ва санна,
Къахьделла д1адели
Хьо маьлхан ва дуьне.

5. Борза-х яций хьо, сийна Сибрех,
Болатан яций хьо, сийна Сибрех,
Яхь йолчу к1енташна йохол бен
Яций хьо, сийна Сибрех.

Йохаяй ц1а дуьйла, яхь йолу к1ентий!
Шемилах дисана герз схьаэца долийча,
Болатан буржулаш д1адетта доьлча,
Цу сенчу Сибарех д1акхача доьлча,
Ц1а марша дог1ийла, яхь йолу к1ентий!

6. Бала бу сан коьртехь,
Г1айг1а ю сан коьртехь,
Сан кийрара бала балхийча,
Лаьтта буц ера яцара,
Сан кийрара бала балхийча,
Доьда хи лекьар дара.
Лам т1е диллина ло
Махо, малхо дашор ду,
Сан коьртехь болу бала,
Башо стаг вац цхьа а.
Х1ара х1ун бала бу,
Сан коьрте беанарг?
Х1ара х1ун г1айг1а ю,
Сан коьрте еанарг?
Сийна ц1е ялийла,
Цу паччахьан 1едалх.
Суьйре гог1у бала бахьаш,
1уьйре йог1у бала бахьаш,
И балхо уллехь
Нанас винарг воцуш.



Нохчийн фольклор. Чулацам.