ХАЛКЪАН НОВЕЛЛАШ

 

1. СУЬДХОЧУН КХЕЛ
2. МОЛЛАНАШ
3. НЕНАН ХЬЕХАР
4. ТКЪА СО МУХА К1АНТ ХЕТА ШУНА?
5. ДЕН ВЕСЕТ
6. БОЬХНА САТИЙСАМ
7. НИЙСА КХЕЛ
8. ХЬЕКЪАЛЕ Х1УСАМНАНА
9. КЕЛОЧО ЙИНА КХЕЛ

 

1. СУЬДХОЧУН КХЕЛ

ЦХЬАЬНА нахе цхьа хьаша веана хилла. Суьйранна ч1ара а кхерзина, х1орш х1ума кхалла охьахевшича, легашкахь даь1ахк йисина, хьаша велла.
Х1усамдас, х1инца х1ара аса иштта велла аьлчи, соьх ца теша тарло, 1едале далахь, со чу вуллур ву аьлла ойла а йина, буса, иза а эцна, шайн юьртара лор волчу вахана. Ша цига д1акхаьчча, иза церан не1арх д1а а товжийна, х1окхо мохь тоьхна, чехка аравалалахь, ч1ог1а лазар деана суна аьлла.
Т1аккха, сихвелла схьахьаьдда вог1учу лоьро не1 тоьхна, дакъа охьатоьхна. Д1а араваьлча, кхунна велла 1уьллуш стаг гина. Боккъал иза ша вийна моьттуш, х1инца х1ун дийр дара-те аьлла, ц1еххьана дагадеана, шайн туьканан хехо д1асаволу а ларвина, дакъа туьканан не1ара т1е а товжийна, къайлавала.
Веана схьакхаьчначу хехочунна моьттина, иза туька яхьа веана къу ву, дог1а бухдаккха г1ерташ. Д1авала цигара, ас топ тухур ю хьуна аьлла хехочо. Иза д1авала ца воллу аьлла, хохочо топ тоьхна, дакъа охьадиллина.
Иза милице а даьлла, бехк боцуш стаг вийна аьлла, бехкевина хехо. Цунна итт шо хан кхайкхина.
Суьде веана лор а хилла. Итт шо хан цунна кхайкхича, лоьрана дагадеана, деллахь сан бехкенна стаг чу вуллуш ма лаьтта и дойтуьйла а ма яц аьлла.
Цо суьдхочунга д1ахаийтина и стаг хехочо вийна ца хилар.
Иза ша вийна, араволуш не1 тоьхна, аьлла цо. Т1аккха важа д1а а хецна, и итт шо хан лоьрана тоьхна суьдхочо.
Цу хенахь цу чохь хилла и велларг хьошалг1а веана хилла стаг. Иза а ца витина даго хилларг ма-дарра ца дийцича. Цо суьдхочуьнга д1адийцина и дерриге, лоьран бехк ца хилар а хоуьйтуш.
Т1аккха суьдхочо элира боху, цкъа арадовлал суна х1окха чуьра, х1ара г1уллакх хьоьвззийна сан коча даийтича а эхь доцуш нах ду шу.

2. МОЛЛАНАШ

Цхьана юьрта молла вахийтина хилла. Юха сарахь оцу юьртара нах схьагулбина хилла бах оцу моллано. Оцу нахе хаьттина моллас:
- Ламаз дой аша? - аьлла.
До шаьш аьлла, жоп делла бах оцу наха.
- Дийнахь маса ламаз до аша? - аьлла хаьттина т1аккха моллас.
- Кхо ламаз до, - аьлла жоп делла наха.
- Ой, и бохург х1ун ду, кхо ламаз, - цецваьлла молла. - Аша дан дезаш дерг дийнахь пхи ламаз ду.
Дийр дац шаьш пхи ламаз, д1аваханчу моллас кхоъ тоьар ду аьлла тхоьга, - юхахьабевлла бах и нах.
Т1аккха моллас аьлла:
- Дийнахь пхи ламаз дан а деза аша, эца а деза аша, - аьлла.
Гуттур уьш дуьхьалбевлча, дан х1ума ца хилла, ц1а бахийтина цо и нах. Юха оцу юьртара д1аваханчу молле кехат дахьийтина цо: "Х1окху юьртара нах ламаз эца а ца 1амийна ахь, кхоъ бен дийнахь дойтуш ца хилла ахь" - аьлла.
Т1аккха д1аваханчу моллас жоп даийтина бах: "Ас ламаз дан 1амийна хьуна, ахь эца 1амаде", - аьлла.

3. НЕНАН ХЬЕХАР

Цхьа ши доттаг1 хилла 1аш. Цхьаммо аьлла вукхуьнга, зуда яло волла ша аьлла. Вукхо аьлла, т1аккха мила ю и я мукъана, зуда яло хала ду, вониг нислахь х1ун дер-теша аьлла. Х1ан-х1а, аьлла накъосто, вочу нехан йо1 яц иза, вуно ч1ог1а наха лара а лоруш, дош а хеташ, нах бу уьш, т1аккха йо1 а вон хила декхар дац церан аьлла.
Иштта, и зуда схьаялайна цара. Дукха хан ялале, зуда даьнц1а яхана. Масайтта де даьлча а, ц1а яг1аш ца хилла и зуда. Т1аккха т1аьхьа вахана ц1аьнда, и ц1аяло. Вахана д1акхаьчча, не1аре кхочуш чохь луьйш зудчун нана хезна х1окхунна. Сацавелла х1ара жимма не1арехь. Нана хилла йо1ана хьехарш деш:
- Хьажал, сан йо1, ахь х1иц караваьрзавахь, ахь боххург а деш хир ву хьуна, ца ваьрзавой, шен лаамехь а хир ву хьуна. Ахь х1ун дай, сан йо1, хьо юург ян ялла алий, д1а а х1оттий, куьйгаш бехдай, ц1аьндега ала, хьажахь, дечиг даккха йицъелла д1ах1оьтти-кх со, ц1е а латоза, алий. Т1аккха цо ара а ваьлла, дечиг даьккхина, и чу а эцна, пеш латор ю хьуна. И г1уллакх цо, ойла а ца еш, дахь, айхьа говрана нуьр тиллинийла хаа ду хьуна.
Т1аккха ахь юха а ала, хьажахь, бежнаш чу а ца духкуш, йицъелла д1ах1оьтти-кх со. Т1аккха цо ара а ваьлла, бежнаш чу а доьхкина, узуш дерг оза а оьзна, и чувог1ахь - хьуо говра хиъна лара мегар ду ахьа.
Иштта масайтт дийнахь ахь дахь, 1емар ву хьуна, ахь аьлчунна т1ехь а хир ву хьуна.
Т1аккха майр, ша ву-вац ца хоуьй1уш, меллаша юха а вирзина, ц1авахна. Еана ц1зкхаьчча зуда.
Юха шен нанас ма-хьеххара, юург ян х1оьтна зуда. Хьажахь, йицъелла, пеш латоза йиси-кх со, юург ян а х1оьтна аьлла зудчо, чохь аг1ор ваьлла 1уьллучу майрчуьнга. Х1уммаъ дац, ша х1иц дечиг даьккхина, латор ю пеш аьлла, ара и ваьлла, дечиг даьккхина, пеш латайна майрчо. И дина воллушехь, хьажахь, аьлла зудчо юха а, йицъелла д1а а х1оьттана, бежнаш чу дохказа йиси-кх со аьлла. Т1аккха а, х1уммаъ дац, ша чу а доьхкана, узур ду уьш аьлла, араваьлла майра.
Иштта кхо де д1адаьлла, зудчо х1ор дийнахь и кеп х1иттош.
Доьалг1ачу дийнахь юха а шен ши куьг а баьхдина, хьажахь, дечиг даккхаза йиси-кх со аьлла, зуда йолалушшехь:
- Хьайн даьн наь1алт хуьйла хьуна а, хьан нанна а, со кара мел ца верзун велахь, - аьлла, тоьхна-тоьхна шен зуда ц1а хьажайна оцу стага. - Оцу говро мийраш бетта ала хьайн нене, - аьлла т1е а тухуш.

4. ТКЪА СО МУХА К1АНТ ХЕТА ШУНА?

Веъна хьаша новкъа хилла, и д1авахийта дов даьккхина боху, х1усамдассий, х1усамнанассий. Т1аккха цара лелочух кхета а кхетта, хьаша, ша д1авоьда аьла, товхан т1ехьа лечкъана хилла.
Сихха хьевзина х1усамнанас хьовла дина хилла шаьшшинна даа. Иза шелдан охьа а диллина, къамел дан охьахиина хилла и шиъ.
- Хьо соьга йог1учу буьйсана кечъелла ма-хиллара кечлохьа, ва зезаг, - аьлла хьевзина х1усамда.
- Со хьоьга йог1учу буьйсана хьо кечвелла ма-хиллара кечлохьа хьо а, ва хьомениг, - аьлла т1етайна х1усамнана.
Кеч а велла, кеп х1оттош, д1а а х1оьттина, х1усамдас хаьттина шен зудчуьнга:
- Муха к1ант хета хьуна со? - аьлла.
- Дера хета элан к1ант санна, - аьлла жоп делла зудчо.
Ша кечъелла яьлча, шен майрачуьнга х1усамнанас хаьттина:
- Со муха йо1 хета хьуна?
- Дера хета элан йо1 санна, - аьлла хазахетийтина ц1ийндас.
Эцца, яй коча а оьллина, товхан т1ехьара хьалаг1аьттинчу хьешо аьлла:
- Со муха к1ант хета шуна?
- Дера хета меца воцуш санна, - аьлла, къарделла и шиъ.

5. ДЕН ВЕСЕТ

Дикка хан-зама хьалха вехаш-1аш хилла цхьа дай, к1анттий. Дас ша леш весет дина хилла к1анте:
- Ладог1алахь, к1ант. Со хьаьшна вала воллу хьуна дуьне. Дуьссуш дуккха а даьхни ду. Айхьа юуш йолу х1ума мазаца яалахь, вижар-г1аттар к1едачу меттехь делахь, х1ора баттахь цхьацца зуда а ялаелахь.
Иза аьлла дукха хан ялале да велла. К1анта, шен дас ма-аллара, даима мерза юуш, вижар-г1аттар к1едачу меттахь деш, х1орра баттахь зуда ялош хилла. Эххара ден даьхни жимделла, кхачо доьлла.
Ойла а йина, юьртара къедина т1е а вахана, дас дина хиллачу весетах а, ша иза кхочушдан г1ерташ леларх а, х1инца кхин таро ца хиларх а лаьцна къамел дина цо.
Ла а доьг1на, къедас аьлла:
- Ладог1алахь дикка. Мерза яа бохург цуьнан мацваллалц 1а а 1ай, яалахь, бохург хилла хьуна. К1едачу меттахь вижар-г1аттар хилийталахь бохучуьнан маь1на: г1елваллалц болх а бай, вижалахь бохург хилла хьуна, х1унда аьлча, цул т1аьхьа к1еда хета мотт-г1айба. Х1ор баттахь зуда ялае - зудчунна х1ор баттахь цхьацца коч иэца, керла ялийча санна хийцалур ю хьуна бохург ду хьуна.
Цул т1аьхьа къедас шега ма-дийццара ваха хиъиа и жима стаг.

6. БОЬХНА САТИЙСАМ

Мацах цкъа цхьа жима стаг хилла сатоссуш г1аьттина базара ваха ваьлла. Цо дохка хьош хилла кхаби чохь даьтта. Ламанан новкъа схьавог1у иза малх схьакхетачу хенахь хьуьна чуьра ара шерачу ирзе ваьлла. Малхо шен з1аьнаршца хаздинчу, тхи къегачу ирзо т1ехь сада1а охьахиъна жима стаг, генахь боццуш гуш болчу ломах б1аьрг а бетташ, ша-шега къамеле ваьлла:
- 1ийт, маржа я1-кха, со велара сирчу дин т1е а хиъна, топ кхуссуш, ца кхеташ, кхуссуш, ца кхеташ, сира сай эккхина, д1о лам-басах охьавог1уш.
Цхьана аг1ор схьайог1уш елара Непехьат шен ненаций, вешиций, вордана т1е а хиъна. Царна т1екхоччушехь, сан топ а кхетта, сай охьабоьжна белара. Т1ехьаьддачу аса цунна шаьлта а хьаькхна, бийна а белара, юха ирах-пурх ластийна шозза шаьлта тоьхна, диъ дакъа дина делара цунах. И аса динарг гинчу Непехьата, ц1ий а луш, соьга хоттур дара:
- Диъ дакъа х1унда дина ахьа цунах, - аьлла.
Т1аккха аса эр дара:
- Цхьа дакъа хьан дена, важа хьан нанна, кхоалг1аниг хьан вешина, ткъа х1ара - вайшинна, - аьлла.
Цунах эхь хетта Непехьат, йовлакхан т1ам юьхьа дуьхьал а лоцуш, д1айоьрзур яра...
Гонаха мел дерг а дицделла, шен ойланашна г1адваханчу жимчу стага боккъал а йо1 д1аерзаран сурт х1оттош, цхьана аг1ор воьрзуш, ларамаза пхьарс 1оьттина даьтта чохь долу кхаба харцийна. Мерзачу ойланех ваьлла къонах, стигал т1ейоьжча санна хетта. Ша 1аччуьра хьала а иккхина, ший а буй къовлуш мохь бетта ваьлла иза:
- Эх1ей, дела ма хила и сай г1оза. Къемата а ма кхийти елара цунна и топ д1а. Непехьат, аьлча а, ва шайт1а, йоцуш елара хьан нана, велла велара хьан ваша, жижиг дааза висна велара хьан ден да а!

7. НИЙСА КХЕЛ

Цхьана къечу мискачу стеган ахча чохь долу жима т1оьрмиг лачкъийна хилла. И стаг т1аккха шайн юьртарчу наха хьекъал долуш ву олучу цхьана стагана т1евахна, цунах дагавала дагахь, шен ахча дайна аьлла.
Хьекъал долуш волчу стага шена т1евеанчуьнан лулахой схьа а гулбина, массарна а цхьатерра г1ожмаш а елла:
- Кхана 1уьйранна суна т1едог1ур ду шу, ахча лачкъийначуьнан г1аж яхъелла хир ю шуна, - аьлла.
Т1аккха ц1а бахана лулахой, шайна елла г1ожмаш а эцна, царлахь хилла цу стеган ахча чохь долу т1оьрмиг лачкъийна стаг а. Цо ша ц1авахача, кхера а велла, ша охьавижале шен г1аж цхьа ша хиллал д1ахадийна.
1уьйранна кхел еш волчу стагана уьш т1ебаьхкича, гучуваьлла иза, г1аж йоца хилар бахьна долуш.

8. ХЬЕКЪАЛЕ Х1УСАМНАНА

Лаьмнийн цхьана юьртахь вехаш-1аш хилла цхьа хьекъал долу стаг. Нахана юккъехь къастон дезаш г1уллакх нисделча нийса кхел ян хууш хилла цунна. Кест-кеста хьаша-да вог1уш хилла и волчу, цуьнгара г1о-накъосталла оьший.
Иштта цкъа ц1ийнда цхьанхьа вигна а волуш, хьешни а баьхкина, ша х1ун дича бакъахь дара-техьа аьлла йисинчу цуьнан х1усамнанас уьш, г1уллакх говза къаста а дина, д1абахийтина. И тайпа меттигаш кест-кеста нисъяла йоьлла цул т1аьхьа а.
Цкъа ша ц1авеъча, ц1ийндас шен зудче:
- Со дийна а волуш, ас лелочу г1уллакхашна юкъа хьо г1иртича, сан сий лахлур ду. Кхин ма леладелахь уьш, - аьлла. Дика ду х1ета, лелор дац ша, резахилла х1усамнана. Ц1ийнда ц1ахь а воцуш, кин цкъа а кхаьргара г1о эшна хьеший баьхкина. Доллучул а телхар долуш хилла цара деана г1уллакх, сиха къаста ца дича. Цундела церан г1уллакх, нийса кхел еш, къаста а дина, уьш новкъа баьхна зудчо.
Шеца хьеший а болуш ц1а вог1у ц1ийндай, х1усамнанас нийса кхел а йина, д1абоьлхуршший дуьхь-дуьхьал кхетта. Х1усамнанас шайн дов къастадар а дийцина, иза хастийна цара. Шена делла дош дохийнийла хиъна ц1ийндена.
Ша ц1а ма-кхеччинехь, хьеший парг1ат а баьхна, х1усамнене аьлла цо:
- Айхьа суна делла дош дохийна ахьа. Ц1аяха еза хьо.
- Дика ду, делахь х1инца цкъадолчунна сих ца валар доьху ас. Со д1аяханийла хиъча, хьешаша, юхаялае эр ду хьоьга. Со юхаялийча, зуда юхаялийнарг хир ву хьо. Юха ца ялийча, хьешийн юхь ца йинарг хир ву. Хьеший д1а а бахийтина, со д1аг1ур ю. Бакъду, х1окху ц1ен т1ехь суна дезаш цхьа х1ума ду. Иза суна дала деза ахьа, - аьлла х1усамнанас.
Делла-кх ша хьуна х1ета. Хьо бакълоь аьлла, цу т1ехь барт хилла цу шиннан.
Буьйса юкъа яххалц дууш а, молуш а хьешашца са а къийрина, уьш новкъа а баьхна, чувеана х1усамда. Арахь лелла к1адвелла волчу цунна, метта хьала ма веллинехь, наб кхетта.
Чехка ара а яьлла, ши говр йоьжна х1ургон а кечйина, шен маттаца ц1ийнда х1ургона чу а виллина, цу т1ехь ц1аяха новкъа яьлла х1усамнана. Сахуьлуш, стунц1а д1акхоччуш, тарха т1е яьлла х1ургон вовшахкхетча, самаиккхина ц1ийнда.
- Хьо хьера-м ца яьлла, ахь лелорг х1ун ду, ва зуда? - хаьттина цо шен зудче.
- Ахь аьлларг деш ю-кха со, - цецъяьлла сурт х1оттийна хьекъалечу х1усамнанас .- Ахьа ц1а г1о элира. Со ц1а йог1уш ю, сайца ахьа делла долу вайн ц1ен т1ера дезарг а эцна.
- Хьашт доцург ду ахьа лелорг. Д1а юхаерзае ворда. Вайша нахала доккху ахьа, - аьлла ц1ийндас шен зудче.
Цигара ц1а а деана, нахана оьшуш, цара сийдеш, даха хиъна и шиъ.
Вай дезачарна а, вайна безачарна а ма эшайойла иштта ц1ийн-нана.

9. КЕЛОЧО ЙИНА КХЕЛ

Дикка хьалха д1аяханчу заманчохь хилла бах иза. Гондахьарчу ярташна т1едеана муьлхха а г1уллакх цкъа хьалха хьалкхелахошка хатта а хоттий, цара динарг дийр ду олий д1адерзош хилла.
Гонаха йолчу яртех цхьана юьртахь нисделла таро ю иза иштта. Ши зуда йолуш стаг хилла вехаш 1аш. Шолг1а ялийначу зудчо к1ант вина. Ткъа бер доцуш йолчу хьалхарчо иза шен ву аьлла, лачкъийна ненан.
Х1ор денна аьлла, къийсам лаьтташ хилла доьзалехь. Эххар к1ордийна и къийсамаш ц1ийндена. Шен ши зудий, к1анттий эцна хьалха т1екхаьчначу келочунга и г1уллакх къастадойтур ду ша аьлла, Хьалкела вахана иза.
Юьрта чувуллуш жа лаьхкина вог1уш жима къонаха дуьхьал-кхетта цунна. Вовшийн хьал-де хаьттина даьллачул т1аьхьа, жимчу стага хаьттина:
- Шу лаа лелий?
Д1адийцина оцу стага шайн г1уллакх.
- И хаа-м хала дац, - аьлла жимчу стага. - Схьаялаел к1ант шен ву бохуш ерг, к1антаца цхьаьна.
Схьаялийна бер ца хуьлуш ерг шен воцу к1ант а керахь. Ткъа нана къайла а яьккхина, бай т1е к1ант охьа а виллийтина, цунна ша тоха воллу сурт х1оттош шаьлтанах катоьхна келочо. Б1аьрг нег1ар ца тухуш лаьтташ хилла ца винарг.
- Дика ду! Х1ара д1акъайла а яккхий, схьаялаел важа, - аьлла к1анта.
Цо ма-боххура кхочуш дина цуьнан дехар.
Тохара а санна бай т1ехь 1уьллучу берана шаьлта яьккхина к1анта.
- Нана лойла хьан туху елахь, - аьлла, к1анта ластийначу шаьлтана к1ел шен бер а хьулош, д1ах1оьттина вина нана.
- Къонаха, к1ант х1окху зудчуьн ву, - аьлла келочо. - Х1ун та1зар до вай к1ант лачкъийначунна?
- Оцу шаьлтаца корта баша цуьнан, - аьлла ц1ийндас.
Эццахь зудчун корта а баьшна. Х1етахь дуьйна оцу меттигах "Корта баьшна дукъ" - олуш хийла хан яьлла. Эххар а "Деша дукъ" - олуш и ц1е д1аяхана. Х1инца а 1уьллу и аре Хьалкела юьрта чувуллучохь, цкъа мацах хиллачун теш а хилла.



Нохчийн фольклор. Чулацам.