Вайн дала даздина даийтанчу п1ераскана ва дийнахь,
Бух1аройн холхазан куй
б1аьргаш т1е ва туьттуш,
Ховхана хьена дег1 хилдехьа ва г1ертош,
Болатан
дуткъа тур шен карахь ва ловзош,
Исс эзар ва ойла ва дагца лелаеш,
Рузбана вахар, тов, несархойн ва Малсак.
- Ассалам 1алайкум, несархойн
кура к1ентий,
Де дика долда шу ницкъ болчу вайн дала,
Рузба къобалдойла
шу кхоьллинчу вайн дала, -
Аьлла, лен х1оьттира тов несархойн ва Малсак
Рузбанахь лаьттачу несархойн к1енташка.
- 1алийкум ва салам, вог1ийла хьо
марша,
Воьзийла вайн далла, несархойн хьо Малсак,
Хьо х1инцалц ца
вог1ура рузбана маьждиге,
Хьо лаа вуй техьа, хьо тара вуй техьа, -
Аьлла
лен хилар-кха несархойн кура к1ентий.
- Ша лаа вац шуна, ша тара вац шуна,
несархойн кура к1ентий
Герз ира мел дериг, дог майра мел вериг,
Дин дика
мел бериг ва сихонца кечлойла:
Вай даха ма деза ва к1айчу х1онце, ва нана
Нохчийчу
Аьлла, вистхилира несархойн ва Малсак.
Дин дика мел бериг, герз
ира мел дериг,
Дог майра мел вериг сихонца кечвелла,
Дуьгу нускалш ва
санна дика дой кечбина,
Яло к1ентий ва санна, ва чехка кечбелла,
Бохь
байнача попан т1е к1айн куьрий ва санна,
Ва дойшка бевлира тов.
Дацойшна
хьа-лха цола мокха бож ва санна,
Ва хьалха велар-кха несархойн ва
Малсак,
Аренаш ва туьйсуш, хьолламашка ва буьйлуш,
Хьолламаш ва туьйсуш,
даккхашка ва буьйлуш,
Ва бог1аш кхечир-кха цу Чапора ва ара,
Бай сийна мел
болчу к1айн четарш ма туьйхара,
Шовданан коьртешка сиерса баллаш ма
юьхар.
1уьйранна д1алаьллинарг сарахь ц1а ца доьрзуьйтуш,
Сарахь
д1алаьллинарг 1ура ц1а ца доьрзуьйтуш,
Хаза йо1 мел ериг жеро ерзаеш,
Ва
лела велар-кха Чахкара арахь несархойн ва Малсак.
Мотт эцна ваг1ар-кха,
маттаха ма лиэриг, декъаза ва нохчи;
- Ассалам 1алайкум, имам ва Шемал,
Де
дика долда хьан ницкъ болчу вайн дала, -
Аьлла т1е х1оьттир-кха мотт эцна ва
леларг.
- 1алайкум ва салам, вог1ийла хьо марша.
Воьзийла вай далла, хьо
нохчий ва к1анат.
Хьо лаа вуй техьа, ва тара вуй техьа? -
Аьлла вистхилира
бах имам ва Шемал.
Ша лаа вац хьуна, ша тара вац хьуна, имам ва Шемал.
Бай
сийна мел болчу к1айн четар ма туьйха,
Шовданан коьрташка сиэрса баллаш ма
юьха
Несархойн Малсака.
1ура д1алаьллинарг сарахь ц1а ца доьрзу,
Сарахь
д1а лаьллинарг 1ура ц1а ца доьрзу,
Хаза йо1 мел ериг жеро ерзийна,
Г1амара
берд ва хилла т1етекхна ма вели несархойн ва Малсак.
Са ц1ийха даллал адам
боьха т1ета1ийна несархойн Малсака.
Айхьа ваккхахьа несархойн ва Малсак
Чахкара арара,
Ца ваккхахь, дахахьа Башламал ва дехьа, имам Шемал
Аьлла,
вистхилар-кха ва нохчий х1ара к1ант.
Ва дагна дарвелла, ва сина
б1арзвелла,
Шемала ва тоьл т1е марг1ал буй ва баьтташ,
Шийла мохь ва
хьоькхуш, сихонца гулбира шен ц1ена наибаш,
Наибех къаьстийр-кха Бетакан
Са1дулла имама Шемала.
- Сема ладог1алахь, Бетакан Са1дулла,
Несархойн
Малсака ва горга ва корта шен дуьхьал ца кхачабахь
Цуьнан горгачу коьрта
дуьхьа хьан корта боккхур ша,
Ма дезза ду хьуна ва 1аьржа х1оъ-мола
Ма
безза бу хьуна яра 1аьржа ва суьлий, -
Аьлла вистхилар-кха имам ва Шемал
Бетакан Са1дулле.
Г1а-бецал ва дукха и 1аьржа суьлий ва болуш,
Дацойшн
к1ел хуьйшу гила борз ва санча,
К1ела хийша велар-кха Бетакан Са1дулла
несархойн Малсакна,
Сахуьлу седарчий уьдучу ва хенахь,
Седарчийн серлонаш
лечкъачу ва хенахь,
Ва т1екечара несархойн ва Малсак.
- Ассалам 1алайкум,
Бетакан Са1дулла,
1уьйре дика йочда хьан ницкъ болчу вайн дала,
1уьйре
ларъян хиъна къена муьжги ва санна,
Хьо стенна к1ела хиъна, Бетакан Садула,
-
Аьлла лен хилар-кха несархойн ва Малсак.
- 1алайкум ва салам, вог1ийла
хьо марша,
Воьзийла хьо далла, вог1ийла хьо марша,
Каравола, ва Малсак, ва
дела 1уьйранна -
Тигала вала т1емаш хьан дац,
Лаьттах вола м1араш хьан яц,
несархойн ва Малсак. -
Мел дукха бу шеца яра 1аьржа ва суьлий.
Коьртаха
маршалла ва долуш ва хьалха вуьтур ша
Аьлла, вистхиллера Бетакан
Са1дулла.
- Ма вала дакъаза, Бетакан Са1дулла,
Ша винчу ва нанас
кхеравала ца вина,
Кхоьллинчу вай дала караваха ца кхоьллина.
Ша
каравог1ур вац дег1а чохь са долуш, Бетакан Са1дулла,
Аьлла, вистхиллера
несархойн ва Малсак.
- Ма вала дакъаза хьо, несархойн ва Малсак,
Ва
хьоьца берш бусулба нах ма бар-кха,
Ва соьца берш бусулба нах ма бар-кха,
Х1орш вовшийн карах балийтача, кхоьллинчу вай дала
Къемата ва дийнахь
вайшнъ бехке вийр ву-кха,
Каравола ва шена, несархойн ва Малсак,
Коьртах
маршалла ва долуш ва хьалха вуьтур ша.
- Ма дийцал ва шега, Бетакан Са1дулла,
осала ва хабарш.
Караваха ца кхоьллина кхоьллинчу вайн дала,
Керавала ца
кхоьллина кхоьллинчу вайн дала.
Хьуна кара ва веъна, цу нохчийн зударшка -
Несархойн ва Малсак каравеъна ва бохуш ца вийцита...
Несархойн ва зударш
шен коьртах белхор ша.
Х1ара бусулба ва адамаш вовшийн карах далийта ца
лаахь,
Цу далла ва гергахь бехке хила ца лаахь,
Хьо нацкъар валахьа,
Бетакан Са1дулла.
Вайшиъ летар ма ву-кха Чахкара ва арахь,
Вовшашна
деттара вайша болатан ва тарраш,
Вовшашна тухур вайша барх1сонара мажараш.
Букар т1ом иккхира Чахкара ва арахь,
Цу т1еман ч1ог1алла молханан
к1уьрано сада1а ца вуьтуш,
Цу т1еман ч1аг1алло цу стиглахь курпулаш* ва
лелха юьлар бах,
Деттачу ва дашо б1аьрг белла ца вуьтуш.
1уьйранна
болийна т1ом суьйренга ва берззалц,
Суьйренна болийна т1ом 1уьйренга ва
берззалц,
Суьйранна болийна т1ом делкъанга ва болуш.
Детта ц1ий ва
багахь, дег1ан г1иело ва багахь,
Сира сай ва санна рег1ан огар** ва багахь,
Цу делкъан 1аламехь ва вала вижар-кха несархойн ва Малсак.
Даьккхинчу ва
туьрца ва вола велар-кха Бетакан Са1дулла.
- Мавала дакъаза, несархойн ва
Малсак,
Ва х1инца хьан корта баккхаза ца болу, несархойн ва Малсак.
Имама Шемална бнлгалонна бахьа беза шен хьан горга ва корта
Бохуш, ша
волавелар-кха даьккхинчу ва туьрца Бетакан Са1дулла.
- Дехаре велар-кха
несархойн ва Малсак.
Ма вала дакъаза, Бетакан Са1дулла,
Ша дехар до
хьоьга, Бетакан Са1дулла,
Лийчуон волчу моллина дакъа иэрча ца даккхар.
Билгаллуо яра хьуна шен дашо мидлуонаш,
Ва хьеса погуонаш имама Шемална
Аьлла, вистхилар-кха несархойн и Малсак.
- Ма вала дакъаза, несархойн ва
Малсак,
Цу оьрсийн ва туькнахь ма алсам ю-кха
И дашо мидлуонаш, ва хьеса
погуонаш,
Хьан корта ца баьккхича, хьан корта ва дуьхьа
Имама Шемала
тлен корта боккхур бу ма аьлла.
И аьлла ваьллариг ва хила ма деза,
Баккхаза ца болу хьан горга ва корта
Аьлла, вистхиллера Бетакан
Са1дулла.
- Ша дехар до хьоьга, Бетакан Са1дулла,
Шен дег1ах хиндериг ва
хилла ма даьлла,
Шеха дуьсу долу ва дуьне ва дисна ма даьлла,
Ша дехар
до хьоьга, Бетакан Са1дулла, -
Хьо кхоьллинчу хьайн делан ва доьхьа,
Хьо
вуьжий волчу хьайн лахьтий ва доьхьа,
Лийчочу моллина дакъа иэрча ма даккха,
Бетакан Са1дулла,
Олуш, дехаре велар-кха несархойн ва Малсак.
- Ша
кхоьллинчу шен делан ва доьхьа,
Ша вуьжу волчу ва лахьти ва доьхьа,
Хьан
коьртан хьалхара шен корта бела ша имама Шемална
Олуш, юха вирзир-кха
Бетакан Са1дулла.
Мела ц1ийца схьаийцара ва хьеса погуонаш,
Ва кочара
схьаийцира ва дашо мидлуонаш,
Ва яхьаш кхечар-кха имама Шемална.
-
Ассалам 1алайкум, имам ва Шемал,
1уьйре дика йолда хьан ницкъ болчу вай
дала.
Билгалонна еа ша х1ара хьеса погуонаш
Х1ара дашо мидлуонаш имам ва
Шемал,
Аьлла, охьехкар-кха
И дашо мидлуонаш ва хьеса погуонаш имама
Шемална.
Тоьла т1е буй ва бетташ, ва дагна дарвелла,
Шийла мохь ва
хьокхуш т1ечеха велар-кха имам ва Шемал:
Ша аьлла ва корта баккхаза ца
болу,
Ша аьлла ваьллариг ва хила ма деза, Бетакан Са1дулла. -
Аьлла
вистхилира имам ва Шемал.
Сема ладог1алахь, имам ва Шемал,
Вайн делах дуй
кхоьллира цо,
Ша вуьжи волчу лахьтийх дуй кхоьллира цо...
Вайн делан ва
доьхьа, ша вуьжи волчу лахьтин доьхьа
Цунна дехар делара ша, имам ва Шемал.
Х1ара 1аьржа ва суьлий ва хьайца ва болуш,
Хьо вала ма веза Башломал ва
дехьа, имам ва Шемал,
Олуш, лен велар-кха Бетакан Са1дулла.
Ма вала
дакъаза, имам ва Шемал,
Ва тховсалера дуьйна д1а
Хьуна т1аьхьа беш болу
некъ сецна веца ша,
Кхин хьуна ва т1аьхьа ва вог1уш ма вац ша,
Имам ва
Шемал.
Шемалца саца луург Шемалца совцур шу,
Шена т1аьхьах1уттун верг
шеца д1а вог1ур шу аьлла,
Шемалх д1акъаьстира Бетакан
Са1дулла.
________________________________
*Курпалаш - яккхин тоьпаш.
**Чомана къаьхьа буц.