НАЬРТ-ЭРСТХОЙН ПАЧЧАХЬ НАУРАЗ
ГЕРМАЧИГАРА НАЬРТАШ
НОВР А, Г1ОЖАКЪ
А
СОСКАН СОЛСЕХ ДОЛУ ДИЙЦАР
КХАА
ЙИШИН ТУЬЙРА
ШИНА ДОТТАГ1ЧУН ТУЬЙРА
МАЙРА К1АНТ
АХАРХОЧУН К1АНТ А, НАЬРТ-ЭРСТХОЙ
А
КХО ВАШИЙ, НАЬРТ-ЭРСТХОЙ
НАЬРТ-ЭРСТХОЙ А, ДЕКЪАЗА СТАГ А
НАЬРТ-ЭРСТХО
А, ЛУРВОЬЛЛА СТАГ А
НАЬРТ-АЬРСТХОЧУН ОЛАЛЛА
ДОЖОР
НАЬРТ-АЬРСТХОЙЛ ТОЬЛЛА КУЛЛУБИ
НАЬРТ-АЬРСТХОЙ КХЕРОР
ЯХЬ ЙОЛУ
ЗУДА
Г1ЕЗАМАН 1ЕЛИЙ, ТУЛЛАМ-ОГ1ОЙ
ВАЙН махкахь - Нохч-Г1алг1айчохь баьхначу наьрт-эрстхойх лаьцна дийцарш
дуккха а ду. Наьрт-эрстхой Нохчийн махкахь а, Теркайистехь а, Г1алг1айчохь а
баьхна боху.
Ножин-Юьртана гонаха баьхна наьрт-эрстхой. Цигахь болчу
наьртхойн паччахь-тхьамда хилла боху Наураз. Иза ваьхна г1ала хилла боху меттиг
ю Ножи-Юьртана дукха гена йоцуш ломан коьртехь. Г1ала хилла меттиг йоьхна,
заманан йохалла, текхна бердаш ду гуш.
Цул дехьа Г1ера-гоьза олуш лам бу.
Цигахь наьрт-эрстхо Г1ера ваьхна. Наьрт-эрстхо Г1аьла ваьхначу меттигах
Г1аьла-чурт олу, И чурт ду боху пхи центнер беза хир болуш болу т1улг, Г1аьлас
кхо километр лакха лам т1е хьалабаьккхина. Лам т1е хьала а баьккхина, ластийна
тоьхна лаьттах бахийтина боху и т1улг. Цунах аьлла цу меттигах
"Г1аьла-чуьрте".
Кхаа лам т1ехь вехаш хилла Наураззий, Г1аьлий, Г1ерий. Цу
кхаа ломана юккъехь пхиъ-барх1 километр юкъ хир ю. Вовшашна хьашт а хилла меттиг
хилча, мохь ма-тоьхханехь, цхьана лам т1ера вукха лам т1е диг кхуссуш хилла
цара.
Ножин-Юьртана гонах бехаш 1аш наьрт-эрстхой болчу заманчохь, лаьттан парг1ато
лоьхуш, Нашха-Юьртара нохчий баьхкина боху Ножин-Юьртана лаккха, Сесанан
районерчу Ц1онтара. Цигахь нохчаша бартбина хилла шайна баха наьрт-эрстхошкара
мохк баккха.
Хьалха цкъа бертахь бехна нохчаша мохк. Наьрт-эрстхоша бертахь
ца белла иза. Т1аккха нохчаша аьлла: "Ворх1 дийнахь шу кхузара д1адовлахь оха
х1умма а дийр дац шуна, нагахь санна аша цу хенале тхуна мохк схьа ца лахь, тхо
т1амца т1елета шуна".
Шаьш йиллинчу хенахь наьртийн эла, паччахь Наураз а,
цуьнан накъостий а д1а ца бевлча, нохчий царна т1амца т1елата
кечбелла.
Борх1алг1ачу дийнахь лаьмнийн массо а кортошкаххьий, ба-сешкаххьий
лекхачу г1уркхашна буьххье къаьжнаш а хьарчийна, царна т1е ц1е а латийна, массо
а маь11ехула Ножин-Юьртехьа т1ебуьйлабелла нохчий, маьхьарий а детташ. И берриге
а лам ц1е йогуш гича, цунах кхеравелла Наураз а, цуьнан эскар а дедда Теркал
дехьадаьлла боху, т1амца дуьхьало ян а ца даьхьна.
Энгел-эвлана а, Азамат-юьртана а юккъехь бу Яшарт ц1е йолуш барз. Цигахь а,
Гермачиг олучу меттехь а бехаш хилла боху наьрташ. Наха ницкъаш беш бита а ца
битина, Яшарт-барзера наьрташ Гермчигахь болчарна т1ебахана баха. Цу шина
меттиган юкъ исс-итт километр хир ю.
Гермачиг Энгел-эвлана ши километр
къилбехьа, хьалха ю. Йоккха хьет санна горга меттиг ю иза, гобаьккхина яьккхина
саьнгар а, цунна гонах бина вал а болуш. Юккъехь цхьа г1ишлош хилча санна беха
шу бу, шоралла ткъа г1улч хир болуш. Хьалха, геннарчу ширчу заманчохь хиллачу
г1ишлойн сурт ду цуьнан.
Шайна чу къовлабала Гермачиг бохучу ч1аг1онна чу
булуш, юккъера латта ара а доккхуш, гонаха к1орга саьнгар а, лекха вал а бина
наьрташа, адамаш т1е ца кхачийта. Цул т1аьхьа, нахана ца хоуьйтуш, лаьтта
бухахула саьнгар а яьккхина, геннара хи далийна, ара ца бийла а, т1амах болчу
кхерамах ларбала а. Шайна даа ялта а, даьхний а гулдина цу чу боьлла
уьш.
Хьалха наьрташа ницкъаш беш, ца буьтуш хьийзийнчу наха, гул а белла
вовшахкхетта, бахана голаьцна наьрташ чубоьллачу ч1аг1онна - Гермачигана. Амма
г1еххьа к1отарал йолчу Гермачиган ч1аг1о онда йина хилла, нах х1етахь йолчу
говзаллийца чу а ца бахалуш, валах дехьа а ца бовлалуш бисина.
Шайга царна
х1ума ца даделча, наха кхеташо йина: цу балхана х1ун далур дара техьа аьлли.
Вовшех дагабевлчахь, нахана дагадеана, царна миччара даг1ахь а, цхьанхьахула хи
т1е дог1уш хила деза аьлла. Мала хи ца хилчахь уьш мегар бацара
аьлла.
Гермачигана т1е хи мичара дог1у хьожуш зен, цхьа йоккхастаг йолчу
бахана уьш цунах дагабовла. Нахана дага ца дог1ург дика хууш, кхетаме йолчу
йоккхачу стага аьлла:
Цу наьрташна т1едог1у хи, миччахула делахь а, лаьтта
бухахула дог1у. Иза гучадаккха реми юкъара кхаара эмалк айг1ар-говр лаца еза.
Оцу айг1арна кхаа дийнаххьий, кхаа бусий кхерзана мукх бао беза, хи а ца
молуьйтуш. Т1аккха иза хьаг а бина, д1ахеца беза. Иза мича боьду хьожуш тергал
бичахьана, цо бахана гучайоккхур ю наьрташна хи т1едог1у меттиг.
Йоккхачу
стага шайна хьехар ма-дарра, реми юкъара кхааричохь болу айг1ар а лаьцна, цунна
кхерзана мукх а баийна, иза д1а а хецна, т1аьхьабевлла юьртара
нах.
Кхаьрзинчу макхо чо а ягийна, хьагбелла, б1арзбелла эмалк айг1ар, массо
а меттехула д1асахьаьдда, Гермачигана уллора дуьйна хьожа а бохуш, йортахь
бахана Кхошкалде кхаьчна. Цига д1а ма кхеччинехьа, Кхошкалдена уллохь, рег1а
к1ел яхана, цхьана-меттехь хьалхара т1а детта йоьлла говр. Айг1аро т1а
тоьхначохь хьалха цкъа поппарх йина кхийра бирг1анаш, т1аккха царна чухула
Гермачига кхаччалц охьадог1у хи гучадаьлла.
Айг1аро лелориг а гина,
т1аьхьаваьлла хьожуш лелачу стага, хит1е охьа а таь1на, ч1ог1а г1адвахна
аьлла:
Ай, Кхошкелди (Г1умкий маттахь, ой, марша да хьо, бохург ду
иза).
Адамаш сов хазахетта хьаьвзина. Цу меттехь йиллина ю боху х1инца а нах
бехаш йолу юрт - Кхошкалде. И хи карийчахь аьлла долу "Кхошкалде" шен ц1е а
йолуш.
Гермачигахь болу наьрташ лаьтта бухахула, бирг1анаш чухула, шайна т1е
дог1у хи хадийна сацийчахь, хьогаллийна ницкъ а хил-ла, цул т1аьхьа мацалла а
х1оьттина, цу орчохь белла, х1аллакь-хилла, арабовла а ца баьхьаш бохуш дуьйцу.
Цхьаболчара, г1евттина, къайлах генна д1абахана а олу. Цигахь дикка хан яьлчи а
карош хилла цара лелийна герзаш а, пхьег1аш а, кхийолу х1уманаш а.
Дуккха а хьалха заманчохь, Теркайистахь вехаш хилла боху ши наьрт-эрстхо:
Новр а, Г1ожакъ а.
Новр ц1е йолу наьрт-эрстхо х1инца Лакха-Невре ц1е йолчу
юьртахь вехаш хилла. Цуьнан ц1арах техкина боху Теркал сехьарчу нохчий ярташна -
"Лакха-Невре", "Лаха-Невре" аьлла а, Неврена дуьхьал, Теркал дехьа йиллинчу
г1алг1азкхийн г1алех (станицех) "Новр-г1ала" аьлла а ц1ерш. (Оьрсийн маттахь
"Нижний Наур", "Верхний Наур", станица "Наурская" олу царах).
Наьрт-эрстхо Г1ожакъ Ног1амирзин-юьртахь вехаш хилла. Теркайистехь
Ног1амирзин-юьртахь вехачу Г1ожакъан хилла цунна ч1ог1а дукхаезаш, хаза зуда
Белши. Иза Г1ожакъе маре яхарх лаьцна иштта дуьйцу: Башха хаза, куц долуш
хиларал совнаха, дег1ехь ч1ог1а ницкъ болуш, онда стаг а хилла Белши.
Ша маре
г1онйолу стаг шенчул ницкъ а, хьуьнар а алсамдолуш, тоьлла хила веза аьлла
кхайкхийна Белшис. Охьатохарех шех летта стаг, ластавой охьатухий, шен коьртах
чоьш а дохий, цаьрца д1авоьхкуш хилла боху цо.
Белшин хьуьнарш а, цуьнан
хазалла йийцар а шена хезчахь, говрахь иза йолчу веана Г1ожакъ. Белшис ша маре
г1онйолу некъ бийцичахь, цунах лата кечвелла иза. Белшас аьлла Г1ожакъе: "Хьо
сох лата веанехь, говрара охьавосса, летар ду вайша".
Т1аккха Г1ожакъа жоп
делла Белшина:
"Хьо зуда хиларна, охьа а воьссина, хьох латар бехке хета
суна, говрахь воллушехьа летар ву со хьох".
Белши, мухха а волу стаг говрахь
к1елхула хьакха ца луш чекх-валалуш, лекха хилла.
Цу меттехь тасаделла
вовшахлетта и шиъ. Г1ожакъан ницкъ Белшинчул тоьлла. Белшин пхьарс а лаьцна, иза
ирх а кхоьссина, охьайогг1ушехьа катоьхна схьа а лаьцна, говрахь сацийна
Г1ожакъа. Шен ницкъ цуьнчул эшчахь, къера а хилла, Г1ожакъе маре яхна
Белши.
Гожакъа, ижуна талла воьдий, дуккха а зама йоккхуш хилла. Ша иштта
ваьлла лелаш хиларна, шен зуда т1ебог1учу кхерамах ларъярхьама,
Ног1амирзин-юьртана къилбехьа, рег1ахь, Белши т1ехь 1айта, лекха барз-гу бина
Г1ожакъа. Цхьаболчара бахарца, и гу Белшис шен кучахь латта а кхоьхьуш бина. Цу
барзах кху сохьта а "Белшин-корта" олу. Ткьа барз беш шена чуьра латта кхехьначу
орнах "Г1ожакъан 1уьрг" олу, иза а цу юьртана уллохь ду.
Лакха-Неврена
къилбехьа боьрах даьккхина а ду "Новран 1уьрг" олуш, доккха, стаг чу а вахалуш,
1уьрг. "Новран 1уьрг" дикка к1орге, лаьттах чу а доьдий, лаьтта бухахула Теркаца
охьадоьду. Нахана юкъахь дуккха а хьалха заманчохь дуьйна дуьйцуш хабарш ду, иза
Девлатгирин-эвлахула "Бираз" тог1ехула чекхдолуш ду бохуш. Цу меттигах "Сатит1е"
олу. Ткъа Лакха-Неврений, Девлатгирин-эвланий юккъехь кхузткъа километр хир
ю.
Цул совнаха, Лакха-Неврера "Новран-1уьрг" Ног1амирзин-юьрта уллохь долчу
Г1ожакъан 1уьргах д1акхеташ ду боху аьлча а, Лакха-Неврера дуьйна, лаьтта
бухахула Ног1амирзан-юьрта удлохула чекхдолуш ду бохуш дуьйцу. Оцу шина юьртана
юккъера некъ шовзткъе итт километр сов беха хир бу.
Цу кеппара Лакха-Неврера
дуьйна Теркайистехула хьала Ног1амирзин-юьртахула а, Лакха-Неврера Теркан
йистонца охьа Девлатгирин-эвлахь "Сатит1е" олучу меттехула а чекхдолуш ду боху и
ши 1уьрг.
Наьрт-эрстхойн Новран а, Г1ожакъан а истори иштта
юьйцу.
Кест-кеста х1онсана лела воьдуш волу наьрт-эрстхо Новр,
Ног1амирзин-юьрта кхочуш хилла. Цигахь вехаш волчу Г1ожакъан, хазалла г1ара а
яьлла, Белши боху зуда хааелла Новрана. Цига вахчахь, Новрана Белши ч1ог1а
езаелла, дагайоьхна. Х1уъу а дина, а, велла а, висна а иза ялоза 1ийр ма вац ша
аьлла, ч1аг1о йина цо.
Г1ожакъера Белши яккхар т1ехь Новрана г1о дина
г1ебартойн эло.
Кхабанаш чохь кечдина ниха а эцна, Г1ожакъан махка вахана
г1ебартойн эла. Г1ожакъ лела ваханчуьра ц1а вог1у хан а ларйина, иза схьавог1у
волчу новкъа ниха чохь долу кхабанаш ехкина эло. Хьаг а, мац а велла ц1а вог1учу
Г1ожакъа, т1е мел кхаьчначу кхабанаш чуьра ниха мелла. Шен ц1а кхоччуш, вехна
кхид1а а ца вахавелла, не1аргехь бертал охьавоьжна Г1ожакъ. Лечкъина къайла а
ваьлла, иза ц1а вог1у ларвеш 1ачу г1ебартойн эло, меллаша, цунна ца хоуьйтуш т1е
а вахна, тур тоьхна Г1ожакъан корта баьккхина. Цуьнан корта а бахьаш,
Лакха-Неврерчу наьрт-эрстхочунна Новрана т1евеана эла.
Баьккхина Г1ожакъан
корта барна, Новра, шен реми юкъара хаьржина, дикаллехь а, хазаллехь а цхьабосса
йолу ткъеитт говр елла г1ебартойн элана. Цул т1аьхьа Белших шен зуда 1ина
Новра.
Девлатгирин-эвла юххехь ехаш хидла Новран важа зуда Сатиха. Цуьнан
ц1арах олуш ду цу меттигах "Сатит1е".
Лакха-Неврерчу "Новран 1уьргана" хьалха
а хиъна, Новра дечган пондар лекхча, цу 1уьргаш чухула пондаран эшарш а хезий,
шаьш йолчохь: Девлатгирин-эвлахь Сатиха а, Ног1амирзин-юьртахь Белши а
хелхайолуш хилла. Оцу 1уьрга чухула хаам а бой, шен зударий болчу сакъера воьдуш
хилла боху Новр. Хьашт махилланехьа, т1ехиина ваха дика дой долуш йоккха говрийн
рема а хилла цуьнан Лакха-Неврехь кхобуш.
Цхьана сарахь, "Новр1уьргахула"
пондар локхуш шен мар Новр а волуш, Сатит1ерчу тог1ехь хьелашкара шура йоккхуш
йоллуш хилла Сатиха. Етт узучу татанах хиъна Новрана Сатихас шура кхаби чу ца
йоккхуш, лаьтта охьа1енайойла, шега ладег1а а яьлла.
Т1аккха шен пондарца
Новра Сатихана йиш лекхна боху:
- Узу, узу, доккха зуьдиг,
- К1айн шура лаьтта узу.
- Доккха зуьдиг,
лаьтта узу!
Цу кеппара йиш Ног1амирзин-юьртахь ехачу вукху зудчунна
Белшина а локхуш
хилла боху Новра.
******
Теркал дехьа, цхьана пана махкахь вехаш-1аш хилла доьналлица а,
майраллица а г1араваьлла стаг Ног1ин-Мирза. Цу махкахь цуьнга кхочуш кхин стаг
ца хилла нуьцкъана. Ног1ин-Мирза т1ехууш расха дин хилла, букъа т1оьхула 1аьржа
аса а йоьдуш, шел диканиг кхин хир боццуш, махкахь а ц1еяххана.
Ног1ин-Мирзин
хазалла юьйцуш зуда хилла, шен дегарий, ненерий Мирзас нуьцкъалла яьккхина
ялийна.
Х1онсана араваьлла лела вахчахь, дукха зама йоккхуш хилла
Ног1ин-Мирзас.
Дей-буьйсий аьлла вахчахь - к1ира доккхуш, к1иранна аьлла
вахчахь - баттахь вог1уш, баттана вахчахь - шарахь бен ца вог1уш лелаш хилла
иза.
Аренашкахь лела ваханчохь хан дукха йоккхуш леларна г1елбелла шен расха
дин сада1а реме д1а а хецна, цуьнан метта реми юкъара бора дин а лаьцна, цу
т1ехь лела вахна Ног1ин-мирза.
Кхаа баттахь лела вахана дика х1онс а яхьаш
ц1а веана, дика са а даь1на, юха а лела ваха кечвелла Мирза. Реме а вахана, цу
юкъара дин схьалаца цуьнга хьаьжчахь, тобаларан метта, кхин а азбелла, букъ а
баийна, карийна цунна иза. Цунах шек а ваьлла, лерина охьа а хиъна ойла ян
ваьлчахь, Мнрзас г1уллакх кху некъаца тидина:
Х1окху сан динахь я сан зуда
оьху хир ю шен везарг волчу сакъера, я цуьнан везарг вог1у хир ву и йолчу
сакъера. Цунах дерг ма-дарра гучудаккха цхьа х1ума дагалаьцна Ног1ин-Мирзас. Цул
т1аьхьа, ша ижу лаха талла воьдуш, араволлушехьа шен зудчунна шед а тухий, олуш
хилла цо:
- Эйт, гора сан нускал я1-кх, сол дика а, майра а к1ант вац
дуьненахь, сайчул маса дин цхьаннан а бац, хьол хаза нускал долуш стаг а карор
вац.
Талла мосазза воьду, шен майрачо куралла еш т1ехдетташ ен 1иттарш к1орда
а дина, зудчо майрачуьнга аьлла:
- Теркал дехьа веха наьрт-эрстхо Новр хьол
майра а ву, дика к1ант а ву, цуьнан динал маса говр а хир яц, цуьнан зудчул -
Сатихел хаза нускал а хир дац. Хьо х1ун ала г1ерта суна? К1ордийна суна ахьа ден
дозаллаш а, хьан кура хабарш а.
Ног1ин-Мирза сиха кхиъна шен зудчо динчу
къамелан маь1нех.
- Новран корта хьуна хьалха база а, цуьнан хаза нускал
Сатиха сайна зуда йина ялоза а 1ийр ма вац со, - аьлла, расхачу дина а хиъна,
араиккхина Мирза.
Лакха-Неврерчу тог1ен басахь, 1уьйранна рема яжа д1а а
лаьллина, дечган пондар а лоькхуш, хиъна 1аш хилла Новр, Теркал де-хьа а
вирзина, багахь иллин узам а беш. Цуьнан ц1еххьана б1аьрг кхетта, Теркал дехьа
йоккха чан а г1аттийна, говрахь, ма-йогг1у хаьхкина вог1учу цхьана беречух.
Вог1уш бере Теркайисте кхаьчна. Ч1ог1а леррина цуьнан тидам беш 1аш хилла Новр,
и бере Тер-ка чу муха вулу хьоьжуш.
Ног1ин-Мирзас т1екхаьччахула, шед а
тоьхна дуьххьал Терка чу тесна шен дин. Иза деза ца делла ша воллучохь
хьалаиккхина Новр, бере лаа а вац, мухха а волу стаг а вац иза аьлла. Новран
вахарехь дуьххьара б1акъажор хилла иза. Х1унда аьлча, хи чу вулу бере, хьалха
цкъа гечо а лохий, т1аккха чувулуш хиларна, хих дерг х1ун ду ца хууш, озалуш
хиларна. Ткъа кхунна вог1у гуш волу бере ма-вагг1ара, х1умма а тергал ца деш,
говрана шед а тоьхна, т1екхаьччахула Терка чу тилла. Цунах х1ун хуьлу техьа
бохуш хьоьжуш 1аш хилла Новр.
Терках а ваьлла, веана т1екхаьччахь,
Ног1ин-Мирзас аьлла:
- Де дика долда хьан, дог майра Новр! Кху Теркал дехьа
ног1ийн аренашкахь сол - Ног1ин-Мирзел - дика а, майра а к1ант вац, Теркал сехьа
хьол - наьрт-эрстхо Новрал - дикий, майрий к1ант вац а боху.
Д1а гуш йолу
раьг1наш хьан долахь ю боху. Теркал дехьара мохк сан долахь а бу. Тахана вайша
вовшах а летта велчахь, дуьненчуьра цхьа дика к1ант д1аволу. Иза ца дер вайша.
Ши доттаг1а хила веза вайшиннах.
-Хьо лата веанехь, лата кийча а ву со,
нагахь санна хьо хьошалг1а веанехь, хьуна дан хьошалла а ду сан, - аьлла, жоп
делла наьрт-эрстхочо Новра.
-Хьан ц1е йоккхуш хезна, хьоьца доттаг1алла таса
веана со, - аьлла Мирзас.
- Делахь дика ду, хир ву вайша ши доттаг1а, -
аьлла, хьаша вина Ног1ин-Мирзах Новра.
Веанчу хьешана реми юккъера кхаа
шарахь 1ахар лаьттина кхо кхел а йийна, дууш, молуш кхо дей, кхо буьйсий хан
яьккхина цу шимма. Доьазлаг1чу дийнахь 1уьйранна Ног1ин-Мирзас аьлла Новре:
-
Хьо сан зудчун везарг ву боху, сан сий дожийна ахьа. Хьайн зудчуьнца Сатихица
сакъерийта деза ахьа соьга. Иза ахьа ца дахь, лата веза вайша.
Наьрт-эрстхочо
Новра жоп делла:
- Хьан зудчун сий дайарна бехке а ву со, бехке а вац, -
бех-кен ву цуьнца сакъоьруш хиларна, амма бехке вац хьан зудчунна шен марал со
дукхавезарна. Бакъду, сайн зудчун сий, со дийна мел ву, цхьаьнгге а дойуьйтур
долуш-м вац со.
- Делахь дика ду, - аьлла, летта и шиъ. Ног1ин-Мирза ханна
къона а волуш, х1илла долуш ног1и хилла, ткъа наьрт-эрстхо Новр ханна воккха а,
дег1ан ницкъ г1елбалавоьлла а стаг хилла.
1уьйранна г1ушлакх хена, чучча а
вахана, лата воьлла Новррий, Мирзий.
Леташ делкъанга а, т1аккха малхбузенга а
ваьлла. Суьйранга лестичахь, Ног1ин-Мирзин дег1ан ницкъ эша боьлла. Ша эшна.
к1елвиса воллий а хиъна, тешнабехкаца х1илла дан дагадеана Мирзина. Цо наьрте
Новре аьлла:
- Стигала хьала хьажал, Новр, стигалхула лелачу олхазарша а
боху, хьо эша воллу, дерриге а соьгахьа девлла уьш.
Дагахь х1ума а доцуш
наьрт-эрстхо Новр стигала хьала хьаьжна. Эццахь тешийтина к1ел ког а тесна,
тешнабехк бина Новр охьа а тоьхна, кхоссавелла цунна г1ода юккъе т1ехиъна
Ног1ин-Мирза. Новрана т1ехиъна 1аччохь, Ног1ин-Мирзас аьлла:
- Со х1инца хьол
тоьлла. Хьан са сан карахь ду. Селхана вайша къонахийн къамел дарна хьо вен ца
лаьа суна. Хьайн зудчуьнца Сатихица буьйса яккхийта соьга, т1аккха аса ца вуьйш
дийна вуьтур ву хьо!
Наьрт-эрстхочо Новра, шена чохь са мел ду, шен а, зудчун
а сий дойур дац аьлла. Иштта цо дуьхьало йичахь, шаьлта хьаькхна Новран корта
баьккхина Мирзас.
Цуьнан корта таьлсаш чу а биллина, оцу буссахье вахана
Сатиха а эцна, шозлаг1чу дийнахь, Терках а ваьлла, ног1ийн махка ц1а вахна
Ног1ин-Мирза.
Вахана ц1а кхаьччахь, таьлсаш чуьра наьрт-эрстхочун Новран
корта схьа а баьккхина, шен зудчунна хьалха охьа а кхоьссина, Мирзас аьлла:
-
Х1ан, х1ара бу хьуна ахьа, сол дукха везаш, суна т1ехвиттинчу оцу
наьрт-эрстхочун Новран корта. Х1ара ю хьуна ахьа хаза ю бохуш суна т1ехйиттина
Новран зуда Сатиха! Х1инца ала х1ума дуй хьан?
Новран корта гичахь т1екхетта,
иза кара а эцна, мара а 1уьйдуш, б1аьргех дуьйлу хиш юьхьа т1ехула охьа а оьхуш,
хала къурдаш дарца Мирзин зудчо аьлла:
- Майраллий, хьуьнаррий, ницккъий
тоьлла-м ца вийна ахьа Новр. Иза гуттара а хьол тоьлла а, майра а вара.
Х1илланца тешнабехк бина хир бу ахь кхунна. Нийсачу новкъа къевсичахь, ахьа а,
цхьамма а эшор вацара наьрт-эрстхо Новр.
Ша х1илланца Новр вер шен зудчунна
гучадаьлчахь, юьхь1аьржа х1оьттина, Сатиха хецна д1а а яхийтина, шен зуда шен
дай, наний долчу д1а а йигна, г1езалойн махка д1авахана боху
Ног1ин-Мирза.
Цигара ц1а йог1уш Теркайисте ма-кхеччинехьа, лекхачу бердах чу
а иккхина, елла Сатиха а.
Ног1а-Мирзин-юьртахь еха Белши а, шен майра наьртхо
Новр вийна аьлла хезчахь, лекхчу берда т1е а яьлла, 1инчу а иккхина,
х1аллакьхилла, боху.
Теркайистехь 1елин-юьртахь а хилла боху дег1ехь ч1ог1а
ницкъ болуш наьрт-эрстхо Буг1а ц1е а йолуш. Белшина т1ехьийзаш иза а хилла
боху.
Наьрт-эрстхойх Новрах а, Г1ожакъах а, Буг1ех а, церан зударех Сатихах
а, Белших а лаьцна дуьйцуш кхечу кепара хабарш а ду нехан.
Тумсойн лам т1ехь, Галанч1ожа воьдуш ю Поьша олуш юрт. Цу юьртана гена йоцуш
ю Соскан Солсас тур тоьхна олуш цхьа т1улган тарх. Ц1ийннал лекха бог1а а белла
лаьтташ бу и т1улг. Гонах цхьана а тайпанара кхин т1улг а, чхар а бац цунна,
еккъа буц йоцург.
Тур муха лета хьажа Соскан Солсас тоьхна юккъехула шалго еш
бекъна бу и т1улг, бохуш дуьйцу цунах лаьцна.
Цунна гена йоцуш кхин цхьа
меттиг ю. Цигахь шекаран корта чу хоьур болуш 1уьрг ду (к1аг санна). Соскан
Солсин говро ког тоьхначохь даьлла олу цу 1уьргана. Адамийн а, хьайбанийн а ког
чу ца бахийта чу латта а тесна д1адуькъина и 1уьрг.
Шуьйтан районерачу
Зоьнах-юьртана юххехь цхьа боьра бу. Дуккха а б1ешераш хьалха шовда хилла боху
цу боьричухула дог1уш. Некъана ткъеитт г1улч лакхахь, стаг чу лечкъийла йолуш
цхьа хьех ду. Цу хьехахь ехаш-1аш кхо йо1 хилла боху (Кху сохьта кхо йо1 1ийна
меттиг олу цунах).
Ткъеитт г1улч к1орга лахахь охьадоьдучу шовдана чу, шешан
к1ажарех а тосий, к1удал а йоуьйтий, шайна хьашт хилчахь хи оьцуш хилла кхаа
йо1а.
Кхо йо1 яьхна бохучу ламана дуьхьал, Малхбузехьа Варандахьа, кхин лам
бу. Кхо йо1 гучуяьлчахь, цу ламт1ера мехкарий болчу лам т1е шен дин лоьлхуьйтуш
хилла боху Соскан Солсас.
Ша 1аш волчу ломара кхо йо1 йолчу лома т1е
кхийсаболуьйтуш, Соскан Солсин говран бергаша йина олуш лараш а ю
цигахь.
Цхьана а кепара Соскан Солсас 1ен а ца йитина, кхераелла, цу ломара
едда Башлам т1е яхана боху и кхо йо1.
Дехаш-1аш хилла цхьа зудий, майрий. Церан кхо йо1 хилла. Дукха хан ялале зуда
елла, дай, кхо йо11ий дисина. Шен еллачу зудчун сийнна зуда ца ялош вехха 1ийна
да, шен кхо йо1 а кхобуш. Амма эххар а ялоза а ца ваьлла, цо зуда ялийна.
Шен
меран кхо йо1 ца езаш, уьш новкъа хилла йолчу дестечо, "ахьа и кхо йо1 д1а ца
кхоссахь, ша хьоьгахь 1ийр яц", - аьлла шен майрачуьнга. Кхеравелла да, кхо йо1
хьуьнах а йигна, хьун юькъа йоллучу а яьккхина, охьа а йиллина, лечкъина ц1а
вахана.
Хьуьнхула ехха лелла кхо йо1 шайн да лоьхуш. Эххар а шаьш
д1акхиссиний а хиъна, хьун луьста йолччу а яьлла, шайна чохь1ен тоьла а
яьккхнна, яха охьахиъна.
Иштта уьш бехаш-1аш шен эскарца сакъера араваьлла
паччахь кхаьчна царна т1е.
Шегара бакъо а йоцуш шен махка т1е вала ваьхьнарг
мила ву аьлла, оьг1азваханчу паччахьо, хаьттина кхаа йо1е. Шу х1ун адамаш ду,
аша х1ун леладо аьлла.
Кхаа йо1а жоп делла:
- Тхо кхо йиша ю, дас д1а а
кхийсина, хьан махка т1ехь ехаш-1аш, - аьлла.
Паччахьо хаттар дина йоккхах
йолчу йише:
- Хьоьга х1ун г1о далур дара сан эскарна? - аьлла.
Йо1а жоп
делла:
- Соьга цкъа хьакхийначу демах хьан дерриг а эскарна дуззалц яах1ума
ялур яра, - аьлла.
Шолг1а хаттар дина паччахьо юккъерчу йише:
- Хьоьга
х1ун г1о далур дара сан эскарна? - аьлла. Юккъерчу йишас жоп делла:
- Аса
цхьана т1аьрсигах хьан дерриге а эскарна к1арх-маьхьсе дийр дара, -
аьлла.
Жимах йолчу йише а дина паччахьо йоккхах йолчу шинга динна хаттар, цо
жоп делла:
- Соьга турпала йо1-к1ант далур дара, - аьлла.
Ч1ог1а реза
хиллачу паччахьо аьлла:
- Делахь аса хьох сайн зуда йийр ю.
Паччахьо кхо
йиша шен г1али чу д1а а йигна, жимах йолчух шена зуда а йина, бехаш-1аш х1орш
болуш, жимах йолчу йишас турпала йо1-к1ант дина. Оцу буса паччахьан ж1аьло
к1езий а дина.
Жимах йолчу йишица хьаг! лаьцна йолчу шина йишассий,
пач-чахьан ялхоший оцу буссахьехь, кхин г1арадалале, ши бер яьшки чу а диллина,
хи чу а кхоьссина, зуьдана к1елхьара ши к1еза а эцна, паччахьана т1е а бахана,
цуьнга аьлла: - Х1ара ду-кх хьуна хьан зудчо дина ши бер, -
аьлла.
Оьг1азваханчу паччахьо буьйр дина: "Чехка кех яккха шен ц1е йожийна
йолу шен зуда", - аьлла.
Цу заман чохь ши бер чохь долу яьшка, хе
охьатакхийна д1айоьдуш, хьера к1ел а нисъелла, хьера беранах а тасаелла
сецна.
Араваьллачу хьеран хьархочо чуеъна яьшка. Цу чохь шена шн бер карийча,
церан исбаьхьа хиларх цецваьлла, и шиъ шена кхаба дигина хьархочо.
Ворх1ара
даллалц кхаьбча, шаыцшиъ оцу хьархочун хиларх шекдаьллачу шина беро хаьттина
хьархочуьнга:
- Тхойшиъ хьан дуй? - аьлла.
Хьархочо аьлла:
- Шуьшиъ сан
дац. Со хьера чохь 1аш хьер сецира сан. Араваьлла хьаьжча, хьеран беранах
тасаелла, сецна яьшка гира суна. Яьшка схьа а яьккхина, чу а еана, чухьаьжча, цу
чохь шуьшиъ карийра суна. Кхин шуьшиннах хууш х1ума дац суна.
К1анта,
хьархочо бохучуьнга дика ла а доьг1на, цо шаьш кхабарна баркалла а аьлла,
шаьшшиннан дай, наний лаха д1адаха пурба дехна хьархочуьнга. Хьархочо к1ентан
дехар кхочушдина.
Хьархочо шаьшшинна некъана кечбина кхача а эцна новкъа
даьлла йо1, к1ант.
Масех дийнаххьий, бусий д1аихча, к1анта аьлла йо1е: "Вайша
кхузахь саца а сецна даха деза, ткъа мел д1аихча а, вайшиннан ц1а кхочур олийла
а дац".
- Кхузахь х1ун юуш 1ийр ду вайша? - аьлла йишас.
- Ас талла а
лелаш ижо яхьар ю, ахьа иза кеч а еш, юур ю вайша, - аьлла вашас.
Иштта даха
охьа хиъна и шиъ, цу эрна арахь тоьла а яьккхина.
Царна хаа а ца хууш шайн
ден - паччахьан махка т1ехь сецна хилла и шиъ. Дукха хан ялале шен эскарца
сакъера араваьллачу паччахьана гина и шиъ.
Шинан беран исбаьхьаллех
цецваьлла, чехка ц1а а вахана, шен ялхошка д1адийцина цо шена дайнарг. Уьш х1ун
бераш ду хиъначу ялхоша: "Хьуна дайнарш шайт1анаш ду, ахьа и нахала даккхахь хьо
хьерваьлларг лорур ву". - аьлла, паччахь къовла а къевлина, ши бер х1аллакда
дагалаьцна, паччахьан сардалх дагабовла бахана.
Сардал волчу а баьхкина, ши
бер х1аллак х1ун дича дийр дара-те аьлла. шайна цу т1ехь г1о дар дехна
цара.
Сардала аьлла: "Делахь аса к1ант вохуьйтур ву, вахча юха ца вог1у
волчу. Ткъа йиша, цунна т1аьхьа а яхана, йовр ю".
Шозлаг1чу дийнахь син
билгало дуьнен т1е йоллуш сардала ши бер долчу шен ялхо вахийтина.
Ялхочо, ши
бер долчу а веана, йо1е аьлла (к1ант талла вахана хилла): "Делахьа ма хаза йо1 ю
хьо, иштта хаза ваша а хир ву-кх хьан. Шуьшиннан хазаллица цхьа х1ума эшара
шуьшинна. Кхаа ломал т1ехьа цхьана б1аьргаш боцчу воккхачу стеган дашон чо а
болуш газа ю и газа ялон хьайн ваша х1унда ца вохуьйту ахьа?" - аьлла.
Йо1
ч1ог1а резахилла, к1ант ц1а варе хьоьжуш елха а йоьлхуш 1аш хилла.
Ц1а веанчу
вашас хаттар дина: "Хьо х1унда йоьлху, сан хьоме йиша, мила ву хьуна цатам
бинарг?" - аьлла.
- Вац суна цатам бинарг цхьа а, со йоьлху кхаа ломал
т1ехьара дашон чо болу газа езаш, - аьлла йишас.
Дика ваха реза а воцуш,
делахь а йишина луург дархьама, кхаа ломал т1ехьарчу воккхачу б1аьрзечу стеган
дашо чо болу газа ялон ваха новкъа ваьлла ваша.
Воьд-воьду-уш масех дийнахь,
бусий некъ бича, кхаа ломал т1ехьарчу б1аьрзечу воккхачу стагана т1екхаьчна
к1ант. Аре мел ю дежаш жа хилла. Б1аьрг тоьхна же юкъахь лаха а лехна, дашон чо
болу газа гина, цунна т1еволавелла к1ант. И хиъначу воккхачу стага мохь тоьхна:
"Жима къонаха, къахета суна хьан хазачу коьртах. Хийла дика к1ант вахана лаьттан
кийра и сан газа бахьанехь. Д1аг1ахьара хьо хьайн новкъа, и сан газа а йитина.
Со б1аьрзе воккха стаг а вара", - аьлла.
К1ант вистхилла: "Воккха стаг, хьан
бертаза хьан газа йига ца веана со. Амма ахьа лахь, хьан газане сатуьйсуш ч1ог1а
саготта йолчу сан цхьаъ бен йоцчу йишина юьгур яра аса оцу жа юкъара дашо чо
болу хьан газа", - аьлла.
К1ентан хабарна ч1ог1а резахилла воккха стаг.
"Иштта делахь, ахьа и дерриг а жа д1адигча а дуьхьал хир вац со", - аьлла, же
юкъара к1анте газа схьа а лацийтина, и газа а елла, к1ант новкъа ваьккхина
воккхачу стага.
Ч1ог1а хаза хетта хьаьвзина йиша ваша дашон чо болу газа а
ялош ц1а кхаьччи. Дашо чо болу газа а йолуш дехаш-1аш хилла йиший-ваший, ваша
талла а лелаш, йишас ц1ера г1уллакх а деш.
Уьш болчу вахчахь, паччахьана
хиина уьш дашон газа а йолуш бехаш-1аш хилар. Цецваьлла ц1а а вахана дийцина цо
шена дай-на и тамашийна х1ума шен ялхошка. Паччахьана дайнарш жинаш ду, аьлла и
къовла а къевлина, бахна уьш сардалх дагабовла, аьлла сардала: "Делахь, иза ша
кхечахьа вохуьйтур ву, цигахь иза вуьйр а ву, йиша цунна т1аьхьа а яхана йовр а
ю", - аьлла.
Сардала вахийтина шен ялхо к1ентан йиша йолчу (к1ант талла
вахана хилла), цо йо1е аьлла: "Х1инца цхьа дика х1ара газа-м хил-лера шуьшинна,
пхеа ломал т1ехьа хье юккъехь цхьа б1аьрг болчу наьрт-эрстхочун дашон 1ежаш бу,
цхьа 1аж беача, цунах хьуна 1ежийн беш а хуьлуш, уьш махо ластийча, горгали
санна, диэка а диэкаш. Уьш дан х1унда ца вохуьйту ахьа хьайн ваша?"
Ваша ц1а
кхачарга сатуьйсуш, елха а йоьлхуш 1аш хилла йиша. Веана ц1а кхаьчначу вашас
хаттар дина йише: "Хьо х1унда йоьлху, сан хьоме йиша, мила ву хьуна цатам
бинарг?" - аьлла.
Т1аккха йишас аьлла: "Ца бина суна цатам цхьаммо а, пхеа
ломал т1ехьарчу наьрт-эрстхочун дашон 1ежашка сатуьйсуш йоьл-ху со".
Цхьаммо
тхойша вовшахдаккха г1ерташ лелош мотт буй-те х1а-ра аьлла, шеко а йолуш, делахь
а йишина цатам бан цалаарна пхеа ломал т1ехьара дашон 1аж бан ваха новкъа ваьлла
ваша, йиша шена къинт1ера а яьккхина, ша йишина къинт1ера а
ваьлла.
Воьду-воьдуш кхаа ломана т1ехьара воккха стаг волчу кхаьчна к1ант. Ша
пхеа ломана т1ехьара наьртан дашо 1аж бан воьду аьлла к1анта дийцича, воккхачу
стага к1анте аьлла: "Хала некъ бу ахьа схьалаьцнарг, атта дац наьрт-эрстхочун
1ежаш дан, цхьа а к1ант наьртан 1ежаш дахьаш вухавеана вац. Делахь а хьо вахаза
ца 1ахь, аса г1о дийр ду хьуна.
Дашо 1ежаш лардеш цхьа наьрт-эрстхо хилла ца
1а хьуна, уьш лардеш черчий а, берзалой а ю хьуна.
Т1екхоччушехь, мохь тоха:
"Х1ай черчий, хехь лаьтташ мацъелла хир ю шу, схьаюьйла, х1ара котаман жижиг даа
шайна", - алий, котаман жижиг таса. Царна яла котамаш аса лур ю хьуна.
Оцу
тайпана черчех т1ех а ваьлла хьо д1авоьдуш, берзалошна т1екхочур ву хьо. Цаьрга
а эр ду ахьа: "Берзалой, схьаюьйла, хехь лаьтташ мацъелла хир ю шу, х1ара бежнаш
даа шайна". Царна баа аса ялх етт лур бу хьуна.
Берзалойл т1ех а ваьлла хьо
д1авоьдуш, хи т1е кхочур ву хьо. Хьо хи т1е кхоччушехь, говрара охьа а воссий,
канахь схьаэций, мала а малий, деллахь ма мерза ду-кх хьо алий, хи хьаста. Хих
дехьаваьлла д1авоьдуш, дашон 1ежаш т1ехь долчу 1ожа т1е кхочур ву хьо. 1ожа к1ел
вижина наьрт-эрстхо хир ву. 1ожа т1екхочуш, шед тохий, говр т1е а хахкий,
катохий цхьа 1аж т1екхоччушехь схьа а баккхий, говр юхахьовзае, 1аж ахьа
боккхушехь, самаваьлла наьрт-эрстхо т1аьхьавер ву хьуна. Иза т1аьхьа ца кхиахь,
юхавог1ур ву хьо.
Хьуна ша т1аьхьа ца кхуьий хиъча, мохь тухур бу цо хине:
"Ва хи, же, ма вахийталахь и, 1аж бадийна воьду хьуна иза", - амма хиэ хьуна
х1умма а дийр дац.
Шозлаг1а мохь тухур бу наьрт-эрстхочо берзалошка: "Ва
бер-залой, ма вахийталаш иза, сан 1аж бахьаш вог1у шуна иза", - аьлла, берзалоша
а хьуна х1умма а дийр дац.
Кхозлаг1а мохь тухур бу наьрт-эрстхочо черчашка:
"Ва сан черчий, ма вахийталаш и, вайн 1аж эцца воьду шуна иза", - аьлла. Черчаша
а хьуна дуьхьало йийр яц. Ткъа черчел хьо т1ехваьлча, ц1а кхаьчча санна ву
хьо.
Х1ара хьан говр оцу г1уллакхана ледара хета суна аьлла, к1ентан говр
шегахь а йитина, шен реми юккъера тоьлла говр а елла, ялх етт а, дуккха а
котамаш а елла, к1ант новкъа ваьккхина вок-кхачу стага.
Воьд-воьдуш д1аоьхуш
пхеа ломана дехьаваьлча, черчашна т1е кхаьчна к1ант.
Шена воккхачу стага
ма-хьеххара, "х1ан, черчий, хехь лаьтташ мацъелла хир ю шу, схьаюьйлийша х1ара
котамаш яийша шай-на", - аьлла, котамаш черчашна а елла, д1авахана
к1ант.
Воьд-воьдуш берзалошна т1екхаьчна иза. Цаьрга а, черчашка санна, вист
а хилла, ялх етт д1а а белла, д1авахана к1ант.
Хи т1е ша кхоччуш, говрара
охьа а воьссина, т1евахана канахь схьаэцца хи мала а мелла, деллахь ма хаза хи
ду-кх хьо, аьлла и хьаста а хьаьстина, дехьаваьлла д1авахна
к1ант.
Воьд-воьдуш д1аоьхуш мохо лестош, горгалеш санна, декачу дашо 1ежийн
тата хезна цунна.
Герга кхаччалц т1е а вахана, шед тоьхна говр т1е а
хаьхкина, т1е кхоччушехь катоьхна 1аж а баьккхина, говр чехкка юхаерзийна
к1анта. 1аж боккхуш даьлла тата хезна, самаваьлла наьртхо. Сихонца хьалаиккхина
к1антана т1аьхьахьаьдда иза, амма к1ант генна ваьлла воьдуш хилла. Ша
т1аьхьакхуьур воций хиъча. хиэга мохь тоьхна наьрт-эрстхочо: "Ва хи, ма
вахийталахь иза, сан 1аж бадийна воьду хьуна и", - аьлла. Хино к1антана дуьхьало
ца еш, к1ант т1ех а валийтина, жоп делла наьрт-эрстхочунна: "Цунна ян дуьхьало
яц сан - ваьлла вац суна т1ех и тайпа г1иллакхе некъахо", аьлла.
Т1аккха
берзалошка мохь тоьхна наьрто: "Ва берзалой, ма вахийталаш иза, сан 1аж бахьаш
вог1у шуна иза", - аьлла. Берзалоша а дуьхьало ца еш к1ант т1ех а валийтина:
"Тхан яц цунна ян дуьхьало, цо санна тхо юзийна яц цхьаммо а", -
аьлла.
Т1аккха черчашка мохь тоьхна наьрт-эрстхочо, амма черчаша а к1антана
дуьхьало ца йина.
Воккха стаг волчохь са а даь1на, цуьнан говр д1аелла, шен
говр а хиъна, цунна баркалла а аьлла, шен дашон Даж а бахьаш ц1а кхаьчна
к1ант.
Шайн тоьлана гонах т1ийриг а тесна, цу т1е дашо 1аж а оьллина, дашо чо
болу газа а яжош 1аш хилла йиший, ваший. Ваша талла а оьхуш, йишас ц1ера
г1уллакх а деш.
Веанчу паччахьана гина х1орш иштта 1аш, шен эскарца сакъера
араваьллачу.
Тохарчул ч1ог1а цец, а ваьлла, ц1а вахана д1адийцина цо шен
ялхошка шена дайнарг.
Ялхоша, хьалха санна, х1ара къовла а къевлина,
д1адийцина паччахьан сардале и паччахьана дайнаг, уьш дагабевлла сардалх, и ши
бер х1аллак х1ун дина дийр дара те аьлла.
Сардала жоп делла, ша х1инца вахча
ца вог1у волчу к1ант д1а а вохуьйтур ву, ткъа йо1, цунна т1аьхьа а яхана йовр а
ю аьлла.
Вахийтина цо йо1 йолчу шен ялхо. Сардалан ялхочо йо1 йолчу а веана
(к1ант талла вахана, ц1ахь ца хилла), аьлла: "Дукхаяхарг, х1инца х1ара дашо
1ежаш-м хилира шуна. Со шуна кхин а цхьа кхаъ бахьаш веана. Ялх ломал т1ехьа
ехаш-1аш ю исбаьхьа Маьлх-Аьзни, иза товр яра х1окху шуьшиннан дахар т1ехь, хьан
вешехь. Иза шена ялон вахийта везара ахьа хьайн ваша".
Ваша ц1а варе
сатуьйсуш, йоьлхуш 1аш хилла йиша. Ц1а кхаьч-на ваша.
- Хьо х1унда йоьлху,
сан хьоме йиша? Мила ву хьуна цатам бинарг? - аьлла, хаттар дина вашас
йише.
Иишас аьлла: - "Цхьаммо а ца бина суна цатам, со йоьлху ялх ломана
т1ехьа дукха хаза исбаьхьа Маьлх-Аьзни ю бохуш хезна, иза хьайна ялаяхьара
ахьа".
Вашас йише аьлла: "Вайша вовшахдаларна кхоьру со, ткъа вайшинна
Маьлх-Аьзни а ца оьшура".
Амма йишина ч1ог1а Маьлх-Аьзни ялон лууш хиларна,
ваша, иза шена къинт1ера а яьккхина, ша цунна къинт1ера а ваьлла, ялх ломал
т1ехьа Маьлх-Аьзни ялон ваха новкъа ваьлла.
Воьд-воьдуш кхаа ломана т1ехьарчу
воккха стаг волчу кхаьчна к1ант.
Д1адийцина цо воккхачу стаге, ша исбаьхьа
Маьлх-Аьзни ялон воьдуш хилар.
Воккхачу стага аьлла: "Маржа к1ант я1, ма хала
х1ума ду ахь дан дагалаьцнарг, веана вац кху новкъа вуха Маьлх-Аьзни ялон
ваханарг, хийла дикачу к1антах шагат1улг бина цо, маре ца йоьдуш".
Амма
к1анта ша шен цхьаъ бен йоцчу йишин дуьхьа вахаза цавалар д1ахаийтича, воккхачу
стага аьлла:
- Воьд-воьдуш д1аихчахь йолхалг1ачу ломах дехьаваьлча
тоьгуш-доруш 1аш Маьлх-Аьзни гур ю хьуна. Ассалам 1алайкум, Маьлх-Аьзни, к1анта
йо1е луш ца хилара салам, делахь а хьоьга дала мегар долу дела ло аса хьоьга
иза, алий, салам лолахь.
Нагахь иза йистхилахь, иза хьоьга йог1ур ю, нагахь
ца хилахь, хьох гоьллех шагат1улг хир бу. Нагахь йист хьайга и ца хилахь,
шозлаг1а хаттар дийр ду ахьа, Маьлх-Аьзни, х1унда ца хуьлу хьо соьга йист, къа
ца хета хьуна сох а, сан йишех а? - алий. Иза хьоьга йистхилахь, хьоьга йог1ур
ю, нагахь ца хилахь - хьох деггех шага-т1улг хир бу.
Кхозлаг1а хаттар дийр ду
ахьа: - "Маьлх-Аьзни, хьо йист-м ма хила, амма ахьа бехк боцуш сайн дег1
х1аллакдарна къинт1ера-м вер вац хьуна со. Нагахь йистхилахь, иза йог1ур ю
хьоьга, нагахь ца хилахь, шагат1улг хилла керчана д1аг1ур ву хьо".
Цу кеппара
хьехар а дина, к1ентан ледара говр шегахь а йитина, шен реми юкъара цунна
тоьлларг говр а елла, к1ант новкъа ваьккхина воккхачу стага.
Воьд-воьдуш ялх
лам а хадийна, Маьлх-Аьзни йолчу д1акхаьчна к1ант.
Воккхачу стага ма-аллара,
тоьгуш-доруш 1аш хилла Маьлх-Аьзни. "Ассалам-1алайкум, ва исбаьхьа Маьлх-Аьзни,
к1анта йо1е луш ца хилар-кх салам, делахь а, хьоьга дала мегар долу дела ло
аса", - аьлла вистхилла к1ант. Маьлх-Аьзни йист ца хилла, к1антах гоьллец
шагат1улг хилла.
Шозлаг1а вистхилла к1ант: "Маьлх-Аьзни, х1унда ца хуьлу хьо
соьга йист, къа ца хета хьуна сох а, сан йишех а", - аьлла.
Йист ца хилла
Маьлх-Аьзни, к1антах деггелц шагат1улг хилла. Кхозлаг1а вистхилла к1ант: "Хьо
йист-м ма хила, Маьлх-Аьзни, со бехк боцуш ахьа х1аллакварна со къинт1ера-м вер
вац хьуна", - аьлла.
Т1аккха йистхилла Маьлх-Аьзни: "Марша вог1улда хьо,
хьаша. Со х1инца хьоьга янза ер яц, хьоьга а, хьан йишега а безам бахана сан,
гечдо аса хьуна, хьох т1улг ца хуьлуьйтуш, - аьлла чехка кечъяла х1оьттина
Маьлх-Аьзни, шена т1едухуш долу барзакъ схьа а эцна, кхузза т1ек1елйина дашо
г1аланаш уьйриг бина кисана а юхкуш.
Т1аккха кхо говр г1удалкхана д1а а
йоьжна, цу т1е а хиъна, ц1а дан новкъа даьлла исбаьхьа Маьлх-Аьзний, йишин
ваший. Дог1-дог1уш воккха стаг волчу схьакхаьчча и шиъ. Ч1ог1а хазахетта
воккхачу стагана, и шиъ иштта деана охьадоьссича.
Шена воккхачу стага динчу
диканашна кхаа денний, буьйсанний цуьнан жа дажош сецна к1ант иза
волчохь.
Воккха стаг садо1уш ц1ахь а витина, дийнахь жа дажо вахана
к1ант.
Дежаш 1аьржачу Хожин махка т1едаьлла хилла кхуьнан жа.
Шен махка
т1е жа даьлла дайча, оьг1азвахна. мила ву сан мах-ка т1е жа лалла ваьхьнарг
бохуш, буьрса мохь а бетташ, т1ехьаьд-да к1антана 1аьржа Хожа.
- Со ву хьан
махка т1ехь жа дажош верг, - аьлла, мохь тоьхна к1анта дуьхьал.
- Делахь дата
веза вайша, - аьлла 1аьржачу Хожас. - "Латахь летар ву-кх", - аьлла к1анта.
Чучча вахана вехха летта и шиъ вовшах. Эххар а к1анта, охьа а тоьхна корта
баьккхина 1аьржачу Хожин. Т1аккха цуьнан махка т1ехь сарралц жа а дажийна, ц1а
веана к1ант. Воккха стаг цецваьлла висина, цкъа ца дуьзначу тайпана дуьзна шен
жа гича. К1ант х1умма а ца олуш 1ад1ийна.
Шозлаг1чу дийнахь жа дажон вахча,
К1айчу Хожин махка т1е жа а лаьхкина 1аш хилла к1ант.
Шен махка т1ехь жа
дайча, оьг1азвахана: "Мила ву сан махка т1ехь жа дажон ваьхьнарг?" - бохуш,
буьрса мохь а бетташ, т1е-веана к1айн Хожа.
- Со ву хьан махка т1ехь жа дажош
верг, - аьлла, к1анта дуьхьал мохь тоьхна.
- Делахь лата веза вайша, - аьлла,
К1айчу Хожас. Дика ду делахь аьлла, летта к1ант. Вехха вовшах летта и шиъ. Эххар
а к1анта, охьа а тоьхна, корта баьккхина К1айчу Хожин. К1айчу Хожин корта
1аьржачу Хожин коьртана юххе д1а а биллина, сарралц цуьнан махка т1ехь жа а
дажийна, сарахь жа а далош, ц1а веана к1ант.
Воккхачу стага "к1ант, х1ара жа
ма дуьзна даладо ахь?" аьлча, "иштта беркате 1у ву со", - аьлла забар а йина,
кхин х1умма а ца дуьйцуш 1ад1ийна к1ант.
Кхозлаг1чу дийнахь жа дажо вахча,
Хьаьрсачу Хожин махка т1е жа а лаьхкина 1аш хилла к1ант.
Шен махка т1ехь жа
дайча, оьг1азвахана, "мила ву сан махка т1ехь жа дажош верг", - бохуш, буьрса
мохь а хьоькхуш, т1евог1уш хилла Хьаьрса Хожа.
- Со ву хьан махка т1ехь жа
дажош верг, - аьлла, дуьхьал мохь тоьхна к1анта.
Делахь вайша лата веза, -
аьлла Хьаьрсачу Хожас.
- Со реза ву, - аьлла к1анта.
Вехха летта и шиъ.
Т1аьххьара а к1анта, охьа а тоьхна, цуьнан а корта баьккхина.
Сарралц
Хьаьрсачу Хожин махка т1ехь жа а дажийна, сарахь жа а далош, ц1а веана к1ант,
кхаа Хожин кхо корта а бахьаш.
"Х1ан, воккха стаг, х1орш кхаа Хожин кхо корта
бу хьуна, хьайна ма-луъу жа дажор ду ахь церан кхаа лам т1ехь, х1инца дуьйна
д1а", - аьлла, кхо корта воккхачу стеган когашка охьабиллина к1анта.
Ч1ог1а
баркалла бохуш, совг1атана шен жех ах жа а делла, нов-къа даьккхина воккхачу
стага к1анттий, шен нус Маьлх-Аьзний.
Шайн даьхни а далош, ц1а кхаьчна и шиъ.
Ц1а ма кхеччи, Маьлх-Аьзнис киснара уьйриг схьа а баьккхина, д1аластийча, тохара
санна, дашо г1аланаш д1ах1иттийна.
Кхузза т1ек1елйина дашон г1аланаш д1а а
х1иттийна, Маьлх-Аьзни а йолуш, жа а, жена хьалха дашо чо болу газа а йолуш,
даха охьахиъна йиший, ваший.
Йиша чог1а йоккхаеш резахилла. Уьш бехаш-1аш
веанчу паччахьана гина. Инзарваьлла ц1а а веана, дийцина цо шен ялхошк, шена
яйна дашо г1аланаш, царна гонах оьхкина дашо 1ежаш, дежаш лелаш, шайна хьалха
яьлла дашо чо болу газа а йолуш жа, исбаьхьа йо1-к1ант, маьлхан нур санна йолу
Маьлха-Аьзни а.
Цо дуьйцучуьнга дика ла а доьг1на, бахана паччахьан ялхой
паччахьан сардалх дагабовла. Цаьрга дика ла а доьг1на, аьлла сардала: "Сан кхин
царна дан х1ума дац. Дича цхьаъ дийр ду. Паччахьан эскар схьа а гулдина, не1ар
т1ехь доккха ор а даьккхина, д1овш тоьхна кхача а кечбина, уьш чукхайкха беза.
Орал уьш т1ехбовлахь, чу бало беза, д1овш тоьхна болу кхача баон".
И дерриге
а кхочуш а дина, Маьлх-Аьзниг1аьрга шен хьадалча вахийтина сардало.
Хьадалчас
бохучуьнга дика ла а доьг1на, Маьлх-Аьзнис шаьш х1инцца д1адог1у аьлла, и д1а а
вахийтина, аьлла йишегий, вешегий: "Аша шиммо аса баькх-баьккхинчу бен ког а
боккхур бацахь, аса кхоллург бен кхоллур а яцахь, г1ур ду вай", - аьлла.
Маьлх-Аьзнис боххург дан реза хилла йиший, ваший.
Т1аккха паччахьан шуьне
бахана х1орш. Хьалхаяьлла йоьду Маьлх-Аьзни орах т1ехъяьлла, пенан юххехула ког
а ловзуш, цо бокх-боккхучу ког а боккхуш, цунна т1аьххье чекхдаьлла йиший,
ваший.
- Х1ара кхача д1а а баккхий, кдин кхача ба тхуна, - аьлла
Маьлх-Аьзнис, шаьш стоьла т1е охьахевшича. И кхача д1а а баьккхина, кхин кхача
беана царна стоьл т1е.
Маьлх-Аьзнин хьекъалх цецваьллачу паччахьо хаттар
дина:
- Шу х1ун адамаш ду дан мукъана а?
Шаьш х1ун адамаш ду ша дуьйцур ду
хьуна, ахьа айхьа араяьккхина хьайн хьалха хилла зуда а, цуьнан ши йиша а, хьайн
сардал а, цуьнан ялхо а схьакхайкхахь.
Паччахьо буьйр дина, и Маьлх-Аьзнис
ц1е яьхна нах схьагулбе аьлла. Уьш берриге а схьагулбелла бевлча, Маьлх-Аьзнис
аьлла:
"Чуьра ара а ма валийта, арарниг чу а ма ваийта".
Паччахьа, цо
бохург кхочушдеш, не1аршна дог1анаш тоьхна, и нах схьа а балийна.
Т1аккха
Маьлх-Аьзнис дийцина х1инццалц схьа паччахьан ялхоша лелийна ямарт
г1уллакхаш.
- Х1ара зуда хьан зуда а ю, х1ара шиъ кхо хьуна дина ши бер а ду,
со хьан нус а ю, - аьлла.
Дерригенах а кхеттачу паччахьа буьйр дина
"х1инццалц ша 1ехош, тешнабехк беш лелла болу сардал а, ялхой а
Маьлх-Аьзниг1арна даьккхинчу ор чу а бохкий, т1е латта хьакха", - аьлла.
Паччахьан буьйр кхочушдина сихонца.
Б1аьрзе воккха стаг а, хьеран хьархо а
хьошалг1а а кхайкхина, паччахьа кхаа дийнахь, бусий дууш-молуш той
дина.
Дуьне доладелчахьана и тайпа той цхьанна а гина а дацара.
Хьалха заманчохь Байбурий, Г1амбурий бохуш ши доттаг1а хилла. Говрахь кхаа
баттахь бан некъ хилла цу шинна юккъехь.
Шаьшшиъ къанвелла к1елвисча,
вовшашкара хьал хаа пенах ц1ийн, шурийн ши пха тухуш хилла цу шимма.
Иштта
цхьана дийнахь шен доттаг1чунна сагатделла Байбурас ши пха тоьхна: - нагахь
санна доттаг1а Г1амбура парг1атехь велахь шурин т1адам божийла, нагахь и балехь
велахь ц1ийн кхо т1адам божийла, - аьлла.
Пхена чуьра ц1ийн кхо т1адам
боьжна. Шен доттаг1чун балин г1о лоцуш, аьчган маьнги т1ера охьа а воьссина,
дечган маьнги т1е хиъна Байбура.
Чувеана воккхах волу к1ант. Хаьттина цо
дега: "Дада, нахалахь бакъахьа дац хьо дечган маьнги т1ехь хиъна 1ар, схьабийца
хьайгара бала", аьлла.
- Шен доттаг1а Г1амбура балехь ву. Цу балин дакъалоцуш
хиъна ша х1окху дечган маьнги т1е, - аьлла дас.
- Делахь хьайна лиъчахьана
хуур-кх хьо аьчган маьнги т1е а, - аьлла, араваьлла воккхах волу
к1ант.
Чувеана юккъера к1ант. Воккхах волчо аьлларг аьлла дега цо
а.
Аравала, хьайн воккхах волчу вешех хилларг бен хир ярий хьох а! - аьлла
дас.
Юха а аьлла к1анта: - бийцахьара ахьа хьайгара бала, бакъахьа дац хьо
хьо дечган маьнги т1ехь 1ар.
Дас бийцина шегара бала цунна а. Амма иза а шен
воккхах волу ваша санна, - Хьайна лиъчахьана хуур хьо аьчган маьнги т1е, -
аьлла, араваьлла.
Жимах волу к1ант веана чу. Хьалхалерчу шиммо аьлларг аьлла
цо а дега.
- Хьайл воккхах волчу шиннах хилларг бен хир вуй хьох а, аравала
чуьра, - аьлла дас цуьнга а.
Амма к1анта леррина юха а хаьттича, дас шегара
бала д1абийцина.
Т1аккха жимах волчу к1анта хаьттина: "Т1ехууш говр а, юкъах
доьхкуш герз а дуй хьан, дада?" - аьлла.
Схьаэцна т1орказ чуьра шен герзаш
д1а а делла: "Хьуьлла борза к1ел бу хьуна т1ехуу дин, хьо гучуваьлча, хьо вен
чухьодур бу хьуна иза, ткъа т1ахъаьлла хьо ца хилахь цо вуьйр а ву хьо. Борза
к1елхьара схьаболлушехь, и т1енаш т1е х1оттале, дуьрста д1а а йоллий, чехкка т1е
нуьйр а тиллий, т1ехаа", - аьлла, новкъаваккха кечвина дас к1ант.
Дас
ма-аллара, борза к1елхьара дин схьа а баьлла, чухьаьдда богг1ушехь коьртах
дуьрста а йоьллина, т1е нуьйр а тиллина, кхоссавелла т1ехиъна к1ант
дина.
Хаьттина цо т1аккха дега: "Дада, хьо лелаваха новкъа волуш, ахьа х1ун
дора?" - аьлла. "Ша лелаваха новкъаволуш динахь ц1енна кхо го а боккхура ша,
кевна т1ехула говр а оьккхуьйтур ша", - аьлла дас. Г1амбурана шен к1ант
вовзийта, шен п1елгах дуллу мух1ар а делла дас.
Схьаэцна ден мух1ар п1елгах а
доьллина, ц1енна кхо го а баьккхина, говр ков т1ехула а оьккхуьйтуш, д1авахана
к1ант.
Г1амбурас, Байбурас кхаа баттахь беш болу некъ цхьана баттахь а бина,
Гамбура вехачу юьрта д1акхаьчна к1ант.
Юьрта юккъехь лаьтташ йолчу пхьоьхана
т1е а вахана, Г1амбура веха меттиг хаьттина к1анта. Пхьоьхано гайтинчу Г1амбуран
г1аланашна-б1аьвнашна т1евахана, церан кет1ара дуьйна д1айолу пурхе отуш говр
хаьхкина беречо.
Г1амбура корах ара а хьаьжна: "Вонна ваг1ахь, вон ма
эшадойла хьуна, диканна ваг1ахь, дика ма эшадойла хьуна", - аьлла
вистхилла.
Вонна ца вог1у ша, диканна вог1у ша, хьан доттаг1чун Байбурин
к1ант Баймарза ву ша аьлла, шен мух1ар долу куьг корах чукховдийна к1анта.
Баймарзин куьйгах доллу мух1ар гича, шен доттаг1а дагавеана, цуьнан безамна
Баймарзин куьг къевллина марадоьллина Г1амбурас.
Т1аккха Баймарза говрара
охьа а воссийна, чувигна Г1амбурас. Могаш-парг1ат а хаьттина, уьстаг1ий а
даийна, шаьш х1ума яа охьахевшича, Г1амбуре хаьттина Баймарзас:
- Цхьа а йо1
а, к1ант а дац хьан? - аьлла.
Г1амбурас шен йо1 а, к1ант а хилла а дац
аьлла.Х1ума йиъна
парг1атваьлчахь, делахь эвлаюккъе г1ур вара ша, шена
хьалхавала стаг велахьара, аьлла Баймарзас. Вахана шайн лулахо валийна Г1амбурас
цуьнца эвлаюккъе ваха. Х1ара шиъ эвлаюккъе воьдуш лулахочо Баймарзина дийцина,
Г1амбуран ворх1 к1ант а, цхьа йо1 а хилар а, ткъа и йо1 Асран бохучу
наьрт-эрстхочо яда а йина, иза схьаяккха т1аьхьаваханчохь и ворх к1анттий,
йо11ий дайна хилар а.
- Делахь вайша эвлаюккъе г1ур вац, айхьа суна и дийцар
адамана а ма хаийталахь, - аьлла юхавирзина Баймарза.
Г1амбура волчу а веана,
"со дала кхоьлличахьана чувижина вац со, суна ара мотт билла", - аьлла, ара мотт
а биллийтина, буьйсанна юккъехь хьала а г1аьттина, шен дина а хиъна, Г1амбурах
лечкъина Асран наьрт-эрстхо вехачу лаьмнашка вахана Баймарза.
Ворх1
дийнахь-бусий новкъа д1авахча, лаьмнех чувулучохь, багахь баьккхинчу цигаьрканан
к1уьро ламанан боьра, дохк еача санна, д1а а лоцуш, хье юккъехь цхьа б1аьрг а
болуш, жа дажош 1ачу наьртана т1екхаьчна Баймарза.
- Ассалам 1алайкум, дала
жа ма дебадойла хьан, зуламан дан, - аьлла вистхилла Баймарза наьрт-эрстхочуьнга
Асране.
- Ва 1алайкум салом, наха-м дебийла ма алара шена, ахьа ма дебийла ма
боху шена? - аьлла вистхилла Асран наьрт-эрстхо.
- И дера боху ша, хьан и
дебийла ца луу дела, хьайн метта-мотт мичхьа бу дийца суна, - аьлла
Баймарзас.
- Меттамотт-м хьуьллахь бу шен, х1инца ц1а ван йиш яц. Ж1аьлеша
керта вуьтур вац хьо, царна тоха х1ара куй хьо, - аьлла шен куй кхоьссина Асрана
Баймарзе.
- Хьан куй лело со бер дац, - аьлла, ког тоьхна, кхоьссина куй д1а
а бахийтина, Баймарза меттамотт болчу д1аволавелча, наьрто кхунна кхочушдан
т1едехкина: "Уьйт1арчу 1ожа т1ера баккхий 1аж а баа, чуьра диг схьаэций, ша
ц1авеача, яа х1ума ян ц1е лато дечиг а даккха, божалахь бустош итт ка бу, уьш
арахеций дуьйла а далийта, юург ян яй чохь хи а да, лаца а лаций, сискал-г1а а
кечде, хьуьнах г1ой т1едачу дечгана к1елтилла декъа дечиг а лахьаде", -
аьлла.
И г1уллакхаш цхьа а дан ницкъ кхаьчча ца хилла Г1амбурин ворх1
к1ентан.
Баймарзас, ша уьйт1а кхоччушехь, шена чухьаьлхина наьрт-эрстхочун
ворх1 ж1аьла тур диттина дийна, уьйт1арчу 1ожа т1ера дерриге а 1ежаш охьа а
эгийна, 1аж озийна бух а баьккхина, дечиг даьккхина. Е чохь хи а деана, яй
товхана чу а оьллина, чохь, пенаца хьалакхозуш болу дечган пондар схьаэцна, шена
к1ордадал-лалц лакха а лекхна, цунах декъа дечиг а даьккхина, ц1е латийна.
Т1аккха божличуьрчу итт уьстаг1на дуьхьлара чхарт1улг д1а а баьккхина, уьш ара а
даьхна, дайина, уьш кхехко а оьхкина, охьахиъна Баймарза 1аш, веана наьрт-эрстхо
ц1а кхаьчна.
Оьг1аз ваханчу наьрт-эрстхочо Асрана хаьттина Баймарзе:
-
Ж1аьлеш х1унда дайина ахьа? - аьлла.
- Гуш лаьтташехь ц1ий даккхийта дезара
аса цаьрга? - аьлла Баймарзас.
- Лекхчи а ца тоьуш, пондар х1унда бохийна
ахьа?-хаьттина Асрана.
- Жеро санна керта юххехь декъа дечгаш лехьош лела
везара со? - аьлла Баймарзас.
- Хи деаний ахьа?
- Хи деана аса.
- Итт
уьстаг1а мича бехьна ахьа?
- Итт уьстаг1а бен а бийна, оцу е чохь кхехкаш
бу-кх, - аьлла жоп делла Баймарзас.
Баймарзех кхеравелла лата а ца ваьхьна,
дукха оьг1азвахарна, х1ара гучохь 1а а ца велла, чуьра араваьлла наьрт
Асран.
Итт уьстаг1а кхихкина баьлча, галнашца уьш баа а биъна, Баймарза
охьавижна. Кхунна наб кхеттачу хенахь чу а веана, шена даа худар дан хиъна
Асран. Худар дина доллучу хенахь самаваьллачу Баймарзас, наьрт ара а ваьккхина,
худар шена диъна.
- Х1ума яан а ца ваьхьаш, х1окху дуьнен т1ехь хьох кхоьруш
лелачул валар тоьла суна, лата веза вайша, - аьлла Асрана Баймарзе.
- Делахь,
летар ву вайша, - аьлла схьалаьцна лаьттах тоьх-на гоьллелц лаьттах вахийтина
наьрт Баймарзас.
Т1аккха схьалаьцна наьрто а вахийтина Баймарза гоьллелц
лаьттах.
- Х1инца бен, хьох дика лата дага а ца деана суна, - аьлла ластийна
тоьхна хьулваллалц лаьтта буха вахийтина наьрт Баймарзас.
Т1аккха
наьрт-эрстхочо аьлла:
- Ахьа х1уъу дича а, со лийр вац, сан корта бат1а а
бай, хье схьа а беллий, цу чуьрчу г1утакх чохь долу кхо урс схьа а эций, уьш а
хьакхий, вей сихха д1аваккха со, соьга х1ара бала а ца хьоьгуьйтуш.
Цо
ма-баххара, тур тоьхна хье схьа а биллина, цу чуьра г!утакхара кхо урс схьа а
эцна, Баймарзас аьлла, Асран наьрте:
- Ша вен ца вуьйш иштта балехь латтор ву
хьо, схьадийца шена Г1амбурин ворх1 к1ант, цхьа йо1 мичхьа ду? - аьлла.
-
Г1амбурин йо1 лакхарчу г1аланаш чохь ю, ткъа цуьнан ворх1 к1ант ц1еношна бухахь,
ор чохь, борзалан* морзахаш юкъахь воллу, - аьлла наьрт-эрстхочо.
Ор чу а
вахана, ворх1 к1ант борзалан морзахашна юккъера парг1ат а ваьккхина, йо1 йолчу,
лакхарчу г1аланаш чу вахана Бай-марза.
Х1ара гича, кхераелла, йо1а
аьлла:
- Хьо Асран наьртана гучувалахь, цо вайша дуьйр ду, д1аг1ахьара хьо, -
аьлла.
- Асрана вайна х1умма а дийр дан, кхин, иза ша вийна. Шу д1адига
веана, шун ден доттаг1чун, Байбурин к1ант - Баймарза ву ша, - аьлла йо1е
Баймарзас.
Т1аккха наьрт-эрстхочун Асранан са а даьккхина, цуьнан даьхний а,
ворх1 к1ант а, церан йиша а ялош, Г1амбура волчу схьавеана Баймарза.
Ворх1
дийнахь-бусий цигахь ловзаргахь а 1ийна, "дас сагатдийр ду шена", - аьлла,
Г1амбурера пурба а даьккхина, ц1а ваха новкъа ваьлла Баймарза.
Д1авоьдуш ши
некъ къаьстачу метте кхаьчна Баймарза. Муьлхачу новкъа г1о-те ша бохуш,
ойланашка ваьллачу кхунна дагадеана, шега Г1амбурас: "Малхбалехьа боьду некъ
кхераме бу хьуна, Малхбузехьа боьдучу новкъа г1олахь", бохуш дина хьехар. Делахь
а Малхбалехьа боьдучу новкъа д1ахьовзийна Баймарзас шен говр.
Д1авоьдуш
цхьана к1арул 1аьржачу г1аланашна т1екхаьчна х1ара. Цу г1аланаш чуьра араяьлла
к1арула 1аьржа йо1. Цо Баймарзе аьлла:
- Кху новкъа схьавог1ур волуш
1аьржа-Хожа ву, къахета суна хьан хазчу коьртах, ма г1ахьара хьо кху
новкъа.
- 1аьржачу-Хожас-м цхьаъ дийр дара, чу г1о хьо, - аьлла, схьавог1уш,
генавалале дуьхьалкхетта кхунна 1аьржа-Хожа.
- Сан махка т1е стигалхула доьду
олхазар мас таса ца даьхьа, лаьттахула лела экха лар йита ца даьхьа, хьо хьенан
пурбанца ваьлла сан махка т1е? - аьлла, Баймарзе вистхилла
1аьржа-Хожа.
Т1аккха Баймарзас аьлла:
- Бехк ма биллахьара ахьа, х1ара кхо
бутт бу ша тилла лела, кхин вер вацара ша хьан махка т1е.
- Х1ан-х1а, хьуна
гечдан йиш яц сан, эвхьаза баьккхина ахьа сан мохк, хийла корта баьккхина ас
сайн махка т1е ваьллачун, - аьлла 1аьржа-Хожас.
- Делахь, со-м хьан махка
т1ехь хиларна хьох бехк лаьцна вара. Ахьа иштта дийцахь, ахьа баьхначу кортошца
хьан корта а хила беза, - аьлла, схьадаьккхина тур тоьхна 1аьржачу-Хожин корта
баьккхина Баймарзас.
Цул т1аьхьа д1авоьдуш цхьана ц1ечу г1аланашна т1екхаьчча
иза.
Г1аланаш чуьра ара а яьлла, ц1арула ц1ечу йо1а аьлла:
- Ма г1ахьара
хьо кху новкъа, дуьхьалвог1уш Ц1ен-Хожа ву, къахета-кх суна цо хьан боккху болчу
цу хазчу коьртах.
Ц1ечу Хожас-м цхьаъ дийр ду, чу г1о хьо, - йо1е а аьлла,
схьавог1уш Ц1ен-Хожа дуьхьалкхетта кхунна.
1аьржачу-Хожас аьлларг аьлла
Ц1ечу-Хожас а к1анте. 1аьржачу-Хожин санна корта баьккхина цо Ц1ечу-Хожин
а.
Д1авоьдуш к1айчу г1аланашна т1екхаьчна х1ара. Г1аланаш чуьра ара а яьлла,
шурула к1айчу йо1а, тохарлерчу шимма аьлларг аьлла Баймарзе.
Иза а,
хьалхалера шиъ санна, чу а яхийтина, давоьдуш, кхунна дуьхьалкхетта К1айн-Хожа,
1аьржачуй, Ц1ечуй шина Хожин сан-на, цуьнан корта а баьккхина Баймарзас.
Кхаа
Хожина т1ехваьлла д1авоьдуш, к1адвелла охьавижна Бай-марза. Цунна г1енах яйна
Маьлх-Аьзни ц1е йолу исбаьхьа паччахьан йо1.
И г1ан гина, самаваьлча, дуй
биъна цо Маьлх-Аьзни йоцуш ц1а г1ур ма вац ша аьлла.
Д1авоьдуш, новкъахь
хиъна 1аш долчу цхьана адамана т1екхаьчна х1ара.
Кхо салам шега делча, цо
аьлла: "Ша стаг вац, ша зуда ю, хьоьгара салам схьаоьцур дац ша, Жоьра-Бабин
Танчин Гугу ю".
Т1аккха Баймарзас хаьттина;
- Хьо х1ун зуда ю, хьо х1ун
деш 1аш ю кхузахь? - аьлла. Ша сагатделла араяьлла. Ахьа х1ун леладо, хьо стенга
воьду, хаьттина Гугус.
Ша Маьлх-Аьзни г1енах гина, и яло ваха араваьлла,
аьлла Бай-марзас.
- Делахь, хьо иштта ма г1о, хьо иштта вахча хьоьга и ялалур
яц: цунна хадеш паччахьан эскар ду. Ша г1о дийр ду хьуна.
Хьуьлла барз гой
хьуна? Иза барз бац, иза шен нана Жоьра-Баба ю. Лачкъий цунна т1е а г1ой: "Баба,
хьан к1ант ву со-м", алий цунна мараэккха. Т1аккха цо Маьлх-Аьзни яло некъ
буьйцур бу хьуна, аьлла, хьехар дина Гугус Баймарзина. Оцу тайппана ваха а
вахана - "Хьан к1ант вуй со-м", - аьлла, Жоьра-Бабина мараиккхина к1ант.
-
Сан к1ант вай хьо-м, схьадийца айхьа деанарг, - аьлла Жоьра-Бабас.
Баймарзас
дуьйцучуьнга ла а доьг1на, Жоьра-Бабас аьлла:
- Эй-эй, иштта ялалур яц
Маьлх-Аьзни. И ларъеш паччахъан эскар ду, ша г1о дийр ду хьуна: Маьлх-Аьзнис
ловзош дашон бад ю, ша хьох дашон кхокха бийр бу. Маьлх-Аьзни ларъеш долчу
эскаршний, г1аланашний юккъехь боьг1на дашон б1ог1ам бу. Оцу б1ог1ам т1е
охьахуур ву хьо. Эскаро, тохий, ма тохий, - аьлла т1е тоьпаш лоцур ю хьуна.
Эххар а "Маьлх-Аьзнина ловзо дика бу хара-м", аьлла схьа а лаьцна, цара
Маьлх-Аьзни йолчу чу кхуссур ву хьо - ишттий бен ялалур яц хьоьга
Маьлх-Аьзни.
Баймарза, дашо кхокха а бина, д1ахецна Жоьра-Бабас.
Т1емаш
тоьхна ваха а вахана б1ог1ам т1е охьахиъна х1ара.
Эскаро юла а юьйлина т1е
тоьпаш лаьцна. Цхьаболчара
т1ето-ха, вукхара ма тоха аьлла, эххар а схьа а
лаьцна, Маьлх-Аьзни йолчу чу кхоьссина к1ант-кхокха.
Ц1ийнан соне д1а а
тевжина, Маьлх-Аьзнига а хьожуш 1аш хилла кхокха.
Маьлх-Аьзнис кхуьнга схьа а
хьаьжна аьлла: "Тамаша бу-кх хьо кхокха белахь. И хьан б1аьргаш шена вуьйцу
хезначу Байбурин Баймарзичех тера хета шена".
Ша ву-кх и Баймарза аьлла, ша
ма-варра а хилла д1ах1оьттина х1ара. Т1аккха ара а яьлла, хехь долчу эскаре
йистхилла исбаьхьа Маьлх-Аьзни: "Д1асаг1о, ша маре яха йоллу", -
аьлла.
1уьйранна са ма хилли, кхо говр йолчу г1удалкха а хиъна, ц1а дан
новкъа даьлла х1ара шиъ. Жоьра-Баба йолчухь буьйса а яьккхина, новкъадаьлла
схьадог1уш: "Жимма садо1ур дара ша", - аьлла, д1атаь1начу Баймарзина набкхетта.
Кхано самаваьлча, йоьлхуш 1аш карийна кхунна Маьлх-Аьзни.
Хьо х1унда йоьлху,
нагахь хьо реза йоцуш йог1уш елахь ша хьайн г1аланашка юхаюьгур ю хьо аьлла
Баймарзас.
Реза йоцуш йоьлхуш яц ша. И д1о йог1уш йолчу 1аьржачу морхах
кхоьруш йоьлху ша. Ша г1аланаш чуьра араяьлча, ша ядо бог1уш саьрмик бара,
х1инца бог1уш берг а и бу моьтту шена, аьлла йо1а.
- Жима волуш шен да ца
хиллехь, шел ницкъ болуш стаг вац, кхера а ца кхоьруш говраш д1аяхийта, - аьлла
Баймарзас.
Кхаьршинна къамел чекхдаьлла далале бан а беана г1удалкхана хьалха
охьабоьссина саьрмик.
Саьрмико адамийн маттахь аьлла: "Охьавосса оцу
г1удалкхана т1ера, летар ду вайша". - Г1удалкхана т1ера охьа а воьссина, лата
кечвелла Баймарза.
Саьрмико аьлла, кхоссар е шена.
Баймарзас аьлла,
кхоссар ша йийр яц, хьуна езаш йолу Маьлх-Аьзни ядош вог1у ша, ахьа е шена
кхоссар.
Саьрмико д1овш тоьхна Баймарзина. Т1аккха схьадаьккхина тур тоьхна
саьрмикан корта баьккхина Баймарзас.
Кхин новкъахь хьовзам ца хуьлуш,
Маьлх-Аьзни а ялош ц1а кхаьчна, шен дега Байбуре, Г1амбурин ворх1 к1ант, йо1
парг1ат даккхар а, ша мел лелийнарг а д1адийцина Баймарзас.
Схьаэцна, пенах
тоьхна Байбурас шурийн, ц1ийн ши пха. Пе-нах шурийн кхо т1адам
боьжна.
Байбура шен аьчган маьнги т1е ваьлла. Цул т1аьхьа ворх1 дийнахь,
ворх1 бусий ловзар а дина, баха охьахевшина и накъостий, мерзачу безамца, дегнаш
даккхийдерца.
___________________________________
* Борзан (бронза).
Цхьана ден цхьа к1ант хилла. Ша воккха хилча хаьттина цо шен дега:
И д1о
гушъерш х1ун г1аланаш ю? - аьлла.
- Царна чохь бехаш ворх1 ваша,
наьрт-эрстхой бу, - аьлла дас.
- Цаьрца хьуьнар къовса воьду со, - аьлла
д1аволавелла к1ант, шен зилбух1ар тур а эцна. Х1ара воьду-воьдуш г1аланашна
гергакхаьчначу хенахь, наьртийн нанас шен к1енташка аьлла:
- Цхьа стагт ма ву
схьанехьа г!ерташ, гуш.
- Иза нуьцкъал стаг волчух тера а ма ду. Цунна х1ун
дан деза-те вай? - аьлла наьрт-эрстхоша а вовшашка.
- Вай цунна дуьхьал вешан
ж1аьлеш - пхьаьрчий хеца деза: ледара к1ант велахь, цара х1аллаквийр ву иза,
ледара к1ант вацахь - х1умма а дийр дац, - аьлла нанас.
Т1аккха
наьрт-эрстхоша шайн пхьаьрчий т1ехецна. Т1екхочкхочунна тур тоьхна ж1аьлеш а
дийина, волавелла г1аличу вахана к1ант.
Цунах кхерабеллачу наьрт-эрстхоша
барт бина: "И стаг дукха нуьцкъал стаг ву. Цунах вай вешан ваша а вина, ваьшца
кхаба веза иза", - аьлла.
Х1ара к1ант чу ма-вогг1ура, дуьхьал бевллачу
наьрт-эрстхоша "Ваша воцчунна ваша хили", - аьлла, маралелхаш, чувигна, шайн
йиша кхуьнга а луш, ваха охьахаийна. Х1орш бехаш 1аш, цхьа масех шо даьллачу
хенахь, к1анта аьлла:
- Суна сайн да-нана газа дукха хан яьлла. Уьш гаре
сатесна, ч1ог1а царах хьаьгна а ву со. Шуна дукха хала ца хетахьара, ц1а г1ур
вара со, сайн да-нана долчу.
Г1охьа, делахь, - аьлла, дика кечвина, шен
нускалца вордана т1ехь новкъа ваьккхина наьрт-эрстхоша шешан нуц.
- Шу
д1адоьлхучу новкъахь, цхьана готтачу гечо т1ехь дуьхьал куьзга лоцур ду шунна.
Аша ца кхоьруш, лахкий т1ехлелхийталаш шайн говраш. Нагахь шу кхераделла дохахь,
бухарчу дуьнена г1ур ду шу, - аьлла наьрт-эрстхоша. Оцу гечо т1е кхаьчча, кхарна
дуьхьал куьзга лаьцча, д1алелхийтина к1анта говраш. Нускал а, говраш а бухарчу
дуьнена чудахана, к1ант йистах тасавелла, хала а, атта а чу ца воьдуш висна.
Х1инца х1ун дийр дара-те бохуш лелаш, вахна цхьана буьнна т1е кхаьчча к1ант.
Чувахана к1ант 1аш, веъна чуваьлла цхьа кхо стаг.
- Марша вог1ийла хьо!
Воцчунна ваша ву-кх хьо, - аьлла маралилхина х1орш к1антана.
- Маршалла
хуьлда, могуш хуьлда шуна а! - аьлла, мараиккхина царна к1ант а. Эццахь вовшашка
ч1ог1а безам бахна, доттаг1ий хилла царах.
Цхьана дийнахь толлуш лелаш,
х1окху к1антана цхьана 1уьргахула лаьтта буха йоьдуш хаза йо1 гина. Ц1а а веъна,
цо шен накъосташка аьлла, шена хаза йо1 ма гира цхьана 1уьргахула лаьтта буха
йоьдуш.
И йо1 тхуна гуш йолу дукха хан ю. Уьш бухарчу дуьненахь бе-хаш бу, -
аьлла кхуьнан накъосташа.
Уьш болчу кхачаза 1ийра ма вац со, - аьлла,
тохавелла к1ант.
Иштта атта дан цу 1уьрга чуваха. Чувах-вахнарг вагош ву цу
чохь, - аьлла накъосташа.
Х1ан-х1а, со 1алур вац цу чу вахаза, х1уъу а хилча
а, - аьлла к1ант ца 1ийна.
- Вало делахь, цхьаьна г1ур ду вай, - аьлла,
бахана х1орш. Д1акхаьчча, накъосташа аьлла:
- Хьо хьаша ву: хьо хьалха
вахийта бакъахьа дац 1уьрга, тхо г1ур ду.
Хьалхарниг чувахана, шен дег1ах муш
а бихкина: ша "вогу", "вогу"! - аьлла мохьтоьхча, хьалавоккхур аша аьлла.
1уьргана чувоьдуш цхьа хан яьллачу хенахь - "вогу!", "вогу!" аьлла, мохь беана.
Оззийна хьалаваьккхина кхара иза. Шолг1аниг чувахана. Иза а, цо "вогу!", "вогу!"
аьлча, оззийна схьаваьккхина.
Т1аккха майра к1ант вахана 1уьрга: ша "вогу!"
"вогу!" аьлча, - хеций чувахийталаш аьлла.
Кхоно цхьана хенахь "вогу!"
"вогу!" аьлла, мохь беача, - хецна 1уьрга чу вахийтина кхара майра
к1ант.
Дар-дарап аьлла бухарчу дуьнена кхаьчна к1ант. Чукхачарца вахана
партъаьлла хьалаиккхина, д1асахьаьжна. Гобаьккхина дашо бос лепаш г1аланаш,
царна чохь хазалла ялайоллуш кхо йо1, тайп-тайпанара даарш-маларш т1ехь долуш,
х1иттийна шаннаш хилла. Царах ши йо1 еана маракхетта кхунна, "воцчунна ваша
хили, хьо марша вог1ийла!" - аьлла. Кхозлаг1ниг букъберзийна д1ах1оьттина, к1ант
везавелла.
Маршалла-доьналла хаьттина ваьлча, к1анта аьлла:
- Дуьло,
лакхарчу дуьнена т1едевр ду вай, - аьлла.
- Х1ан-х1а, тхо девр дац хьалха,
хьо вала. Хьан т1ехь болчу накъосташа ямартло йийр ю хьуна: тхох 1еха а белла,
хьо т1е ца волуьйтуш чохь вуьтур ву цара, - тхо шайна дитархьама, - аьлла, дехна
мехкарша.
- Х1ан-х1а, суна дика хаьа сайн накъостийн хьал. Со вер вац хьалха,
шу т1аьхьа а дитина,- аьлла, майрачу к1анта цхьацца йоккхуш, кхоь а
хьалаяьккхина.
Т1аккха, т1аьххьара, к1ант хьалаволуш воллуш, т1ерачу
накъо-сташа, мехкарийн хазаллех 1ехабелла, муш хадош, чухецна. Вахна, тохара
санна бухарчу дуьнена чувоьжна к1ант. Партъаьлла хьалаиккхина, д1асахьаьжча, -
ша кхин а бухарчу, кхолаг1чу дуьненахь карийна к1антана. Х1инца х1ун дийр
дара-те бохуш, воьд-воьдуш, вахана, цхьана юьрта кхаьчча х1ара. Цхьа йоккха зуда
дуьхьалкхетта, цуьнга хьал-де хаьттина кхо: г1уллакхаш муха ду шун? - аьлла.
Зудчо жоп делла:
- Дера, к1ант, г1уллакхаш дика ма дац тхан юьртахь, цхьа
саьрмик бу тхан юьртахь молу хи дихкина, тхоьга хи ца оьцуьйтуш. Цо хьогалла
дойуш ма лаьтта тхо.
- Оцунна са ма гатде ахьа, йоккха стаг. Аса бийр бу
хьуна цуьнан болх-м, - аьлла, вахана майра к1ант саьрмик болчу. Саьрмик хилла,
ша болчохь цергаш вовшех а хьекхош, седарчий лелхаш санна, багахь суьйнаш
туьйсуьйтуш 1аш.
Майра к1ант шена гуча ма велли, стигал-латта дат1о санна,
шок етташ, ши аьрша хиллал мотт баьккхина, майрачу к1антана чухьаьдда саьрмик.
Лачдоккхуш тур тоьхна, саьрмикан маттах ши дакъа дина майрачу к1анта. Меттан
чевно б1агор баийтина, дарбелла, ц1огана т1е ирах1уттуш, юха а чукхоссабелла
саьрмик к1антана.
- Я лер, я вуьсур! - аьлла, мохь тоьхна, т1екхоссавеллачу
майрачу к1анта, тур тоьхна-тоьхна, исс дакъа дина охьабиллина саьрмик. Т1аккха
чехкка ц1а а вахана, йоккхачу стаге аьлла к1анта:
- Х1инца даьккхи аса оцу
моьлкъанан ворх1е а са, яха хьайна х1инца маьрша!
Цул т1аьхьа йоккхачу стага
цунах шен к1ант а вина, кхобуш хилла майра к1ант. 1аш-вехаш. шен да-нана
дагадеана, сагатдан воьлла к1ант. Т1аккха йоккхачу стаге дехна к1анта:
-
Ч1ог1а сайн дех-ненах хьаьгнера, уьш болчу г1ур вара со, ахьа лакхарчу дуьнена
т1евала некъ хьехахьара, - аьлла.
- Хьуна а ца хьехна хьанна хьоьхур бара аса
и некъ. Со-м хьуна х1ун дика дийр ду ца хууш яра.
Д1огахула т1еболуш цхьа
некъ бу. Оцу новкъахь кхо ка хир бу хьуна: цхьаъ 1аьржа, важа - к1айн, важа -
сира. Царах к1айчух хьан куьг кхетахь, цо хьо лакхарчу дуьнена т1е воккхур ву,
вукхарах хьан куьг кхетахь, кхин а бухарчу дуьнена г1ур ву хьо, - аьлла йоккхачу
стага.
Йоккхачу стага шена ма-хьеххара, к1айчу ках куьг а тоьхна, цо лакхарчу
дуьнена т1еваьккхина майра к1ант. Хьалаваьлла д1авоьдуш цхьана стагана
т1екхаьчна х1ара, к1айчу пхьагална т1аьхьахьаьдда, шена дуьхьалвог1уш волу.
Дуьхьал иккхина, пхьагал мийр тоьхна охьайиллина к1анта.
- Х1унда йилли ахьа
и пхьагал охьа, - аьлла велха х1оьттина стаг.
- Аса-м иза хьуна г1уллакх до
аьлла ма дира: суна оьшуш а ма яцара х1ара, х1унда воьлху хьо? - аьлла майрачу
к1анта.
- Пхьагал хьашт долуш-м со а ца воьлхура. Со дукха хенахь дуьйна сайн
к1ант вайна, иза лоьхуш вара. Цхьана стага аьллера соьга, ахьа т1аьхьахьаьдда,
к1айн пхьагал лаьцчахь карор ву хьуна хьайн к1ант, - аьлла. Х1инций-х1инций айса
иза лоцу-кх, бохуш. са бага а кхаьчна, хьуьхь а воьлла, вог1уш вара со! Сох къа
ца хетара хьуна?! Со-х сайна к1ант карийна вели моьттуш вара. К1ант карочух
ваьккхи ахьа со, - аьлла, юха а вилхина воккха стаг.
- Со ву хьан к1ант!
Карий хьуна хьайн к1ант! - аьлла маракхетта к1ант шен дена, иза
вевзина.
Вовшахкхетта воккхавеш, ц1авеана да а, к1ант а.
Х1орш
д1акхаьччахь, х1окху к1антана ямарт хилла доттаг1ий, гуттара хьерабевлла, ловзар
деш хилла, мехкарий шайна а берзийна.
Т1аккха майрачу к1анта х1ара г1уллакх
ма-дарра д1адийцича, юьртарчу тхьамданаша кхиэл йина, доттаг1чунна ямарт хилла
нах юьртара ара баха беза, аьлла. Уьш юьртара арабаьхна, майрачу к1антана шен
езар а ялийна, кхаа дийнахь, кхаа бусий той-ловзар а дина, майра к1ант ваха
хаийна юьртахоша.
Кадениг, майраниг, шена вониг т1едеъча - ца вуху. Хих а,
ц1арах а чекхвийларх - иза т1етт1а ч1аг1луш лаьтта. Хьуьнарен, май-раниг халкъо
виц ца во. Тешамечух, майрачух лоций дас к1антана хабарш дуьйцу. Ткъа
доттаг1чунна ямарт хилларг - наь1алтаца вуьйцу.
АХАРХОЧУН К1АНТ А, НАЬРТ-ЭРСТХОЙ А
Воккхачу стеган ахархочун, х1уъу а дичи а дег1 ца доккхуш, хан тоьхна цхьа
к1ант хилла. Цуьнга дег1 даккхийтархьама ахархочо ца лелош цхьа а дарба дисна ца
хилла. К1антана лелочу дарбанех дог а диллина, сецна да.
"Даа рицкъа лахаза-х
вер ваций со", - аьлла шен жима к1ант кисна а вуллий, аха лелаш хилла воккхастаг
ахархо.
Цхьана дийнахь иштта аха вахчахь уьрдана гобаккха ша воьдуш, жима
к1ант нох д1адаханчу хорша виллина а витина, гобаккха вахана да.
Иза юхавале
хоршахула волавелла лелаш волчу к1антана т1е наьрт-эрстхой
кхаьчна.
Охькхевдина меллаша схьаэцна кисна а воьллина, жима к1ант шайн ц1а
д1аваьхьна наьрт-эрстхоша.
Гонна ваханчуьра схьавеана да, ша хоршахь витина
к1ант лехна, лехна, карорах дог а диллина, - цхьана ба1ала к1ел нахана вайна хир
ву иза, - аьлла, цунах къа а хетта, д1авахана.
Цул т1аьхьа дикка зама а
яьлла.
Наьрт-эрстхоша, массо а тайпанара х1уманаш а яош, дарбанаш а лелош
жима к1ант кхобуш диъ шо д1адаьлла.
К1ентан ницкъ а, цуьнан воккха хилар а
зуьйш, наьрт-эрстхоша цуьнга аьлла:
- Хьада, вахана г1ой, хьуьнхара, хьайна
новкъа воьдуш лелон г1аж яккхий вола.
Вахана к1ант, озийна орамашца бух а
баьккхина, цхьа хьокха а бахьаш веана: "Х1ара мегар юй суна г1ожна?" -
аьлла.
Наьрт-эрстхоша вовшашка а хьаьвсина аьлла: "Х1инца а жима ву х1ара.
Д1авахийта мегар дан".
Кхин деа шарахь хьуьнан б1араш а даош, шайца кхаьбна
к1ат наьртхоша. Т1аккха а вахийтина цара жима к1ант: "Хьада, хьайна новкъа г1аш
воьдуш лелон г1аж яккхий вола", - аьлла.
Вахана озийна орамашца бух а
баьккхина, г1еххьа поп а бахьаш веана к1ант. "Х1ара мегар юй суна г1ожна?" -
аьлла наьрташка поп д1акховдийна.
К1ентан ницкъана т1аккха а реза ца хилла
наьртхой. Деа шарахь б1араш а даийна, юха а вахийтина наьрт-эрстхоша к1ант
хьуьнхара г1аж яккха аьлла. Хьалхалерачул жимма боккха поп а баьккхина веана юха
а.
Наьрт-эрстхой санна, онда ницкъ а болуш, дег1 а даьккхина воккха хилла
жима к1ант.
- Хьуьнхара яккхий, новкъа лело г1аж я хьайна, - аьлла вахийтина
жима к1ант. Цигарчу дечгех уггар боккхах болу поп озийна бух а баьккхина, иза а
бахьаш, ц1а веана иза.
"Х1инца шен дена д1авахийта мегар ду х1ара", - аьлла
реза а хилла, вигна тохара шаьш схьавалийнчу охьавиллина наьрташа жима
к1ант.
Оццу меттехь шен ирзехь, охуш воллуш хилла цуьнан да ахархо.
Т1еваханчу к1антана шен да вевзина. Ткъа дена, хан зама а яларна, к1ентан дег1
доккха а хиларна, ца вевзина шен к1ант.
Охана деш лелачу ден, де дика а дина,
хьекъийла а аьлла: "Со ахьа хоршахь витина вайна к1ант ву", - аьлла вовзийтина
к1анта.
Да цец а ваьлла, воьхна хьаьвзина: "Бакъ дац ахьа дуьйцург, сан к1ант
кисна а хоьаш жима вара, хьох тера вацара" - бохуш.
Дена ша мел лелийнарг
д1адийцина к1анта. Т1аккха тешна ахархо иза шен к1ант хиларх.
Готанца охана
деш воллучу дега к1анта аьлла:
- Дада, ахьа, х1ара хьайн стерчий а эций, д1а
а г1ой, сада1а. Аса айса чекхдоккхур ду охана. Со-со ц1а вог1ур ву. Хьо ц1а
г1о.
Шен к1ентан ницкъ мел бу хууш хилла дена. Амма к1ентан лаам
кхочушбархьама, х1умма а ца олуш, д1авахана ахархо, стерчий а эцна. Ц1ахь яа
х1ума еш хилла да.
Х1умма а хало ца хуьлуш, цхьана куьйга лаьцна нахарца ден
урд а аьхна, новкъахь, хьуьнах озийна боккха поп а баьккхина, цу буьххье нох а
оьллина, белш т1е поп а биллина, ц1а вахана к1ант. Шайн керта ма кхаьччанехь,
нох охьа а диллина, ша беана поп гоьл т1е биллина, кхе тилла меггарг, кег а
бина, чу вахана к1ант.
Во1 ц1а веана воккхавеш, цунна юург а кечйина 1аш
хилла да.
Амма дас йина юург, турпала ницкъ болуш волчу к1антана, кхачамбан
аьттехьа а ца хилла. Цу юучух вуза а ца вуьзна, ц1ен т1ехь мел йолу хьаьжк1аш а,
борц а биъна к1анта.
Шозлаг1чу дийнахь к1анта дега аьлла:
- Дада, вайша
иштта 1ийна вер вац. Вайшинна даа а, мала а деза. Со цхьана элана йолах чух1отта
г1ур ву.
Цу г1уллакхана дика реза воццушехь, дан амал а ца хилла, элана йолах
чух1отта вахийтина дас шен к1ант.
Генна махка а вахана, цхьана юьртахь:
"Йолах чух1отта стаг хьанна оьшу" бохуш, мохь бетташ лелаш хилла ахархочун
к1ант.
Цхьана эло дуьхьал а ваьлла, "шена оьшу чух1отта ялхо", аьлла д1авигна
к1ант.
Элан, х1ара к1ант воцург, кхин ялхой а хилла чух1иттина.
Эло, шен
ялхой 1уьйрре балха бохуьйтуш хилла, бинчу балхана царна бог1у кхача царна д1а а
луш.
Хьалхалера ялхой дечге д1а а хьовсийна, ахархочун к1ант волчу а вахна,
вижна 1уьллу иза сама а ваьккхина, "хьо дечге ваха веза", аьлла цунна бог1у
кхача д1абелла эло.
Ахархочун к1ант, меллаша к1егар хиъна, шена белла кхача
баа а биъна, "дечге ваха-м кхуьур вара" аьлла, юха охьавижна. Делкъан хан
хилчахь, вист а ца хуьлуш, вахана хьуьнхара озийна боккха поп бух а баьккхина,
иза ц1а а беана, элана хьалха, гоьлаш т1е а буьллуш, кегбина
охьабиллина.
"Оьг1аз водахь кхо х1уъу а дийр ду вайна", - аьлла, кхеравеллачу
эло, шен зудчух дага а ваьлла, дуккха а даьхний а делла д1авахийтина ялхо -
ахархочун к1ант.
Ц1а а вахна, хьанал болх а беш, шен деца ваха хиъна
наьрт-эрстхоша кхиийна ахархочун к1ант.
Цамгарх ша ч1аг1велчахь, валарна кхеравеллачу воккхачу стага шен кхаа к1анте
весет дина: "Дуьнена чохь хан йоккхуш, шаьш лела арадевлчахь, ц1ечу а, к1айчу а,
1аьржачу а боьранашкахь буьйса яккха ма совцалаш", - аьлла.
Шайн да веллачул
т1аьхьа, мацца цкъа цхьа зама д1аяьлчахь, лела арабевлла вежарий ламанан ц1ечу
боьра кхаьчна. Цигахь буьйса а йоккхуш садо1ур ду вай аьлла, говрашна т1ера
нуьйраш схьаэца воьлла воккхах волу ши ваша.
Жимах волчу вашас аьлла: "Вайн
дас, ша леш, вайга весет ма дина: ц1ечу а. к1айчу а, 1аьржачу а боьранашкахь ма
совцалаш, кхераме ду шуна - кхузахь 1ан ца деза вай".
Воккхах волчу шина
вашас човхийна жимах волу ваша: "Хьуна а, ванн дена а х1ун хаьара. Г1овг1а а ца
еш, д1авижа хьо", аьлла.
Шина вешина набарш кхетта. Ткъа жимахверг, дас дина
весет даг т1ера ца долуш, наб а ца кхеташ, тевжина 1аш хилла.
Буьйсана хан
яьллачу хенахь, когийн татанаша латтанаш а декош, багара кхуьйсучу суьйнаша
сийна ц1е а кхерстош, кхо корта болу наьрт-эрстхо веана. Т1е ма-кхаччара цо дов
хьадина:
Стигалхула лела олхазар т1е мас таса а, лаьттахула лела экха т1е ког
баккха а ца даьхьчу сан махка т1ехь верг мила ву?- аьлла.
К1анта, вижина
1уьллучу шина вешина а ца хозуьйтуш, кхо корта болчу аьрт-эрстхочунна жоп
делла:
Со ву, мохь а ца хьоькхуш, т1евола. Хьуна х1ун оьшу?
-аьлла.
Наьрт-эрстхо буьрса т1еволавелла. К1анта секха1одаца озийна ч1у
тоьхна цунна. Халчу чевнаца наьрт-эрстхо д1авахана. Са хиллачул т1аьхьа, ши ваша
самаваьлла, жимах волчу вашас цаьрга х1умма а ца аьлла, новкъа бевлла д1абахана
х1орш.
Д1аоьхуш к1айчу боьра кхаьчна вежарий.
Воккхах волу ши ваша шайн
говрашна т1ера нуьйраш схьа а эцна, уьш г1евлинге а ехкина, д1авижа
кечвелла.
Жимах волчу вашас юха а аьлла:
- Вайн дас ша лечу заман чохь
вайга весет ма динера: "К1айчу боьрахь ма совцалаш" аьлла.
- Хьайна цахуург
юьйцу ахьа, - аьлла, жимах волу ваша човха а вина, охьавижна воккхах волу ши
ваша.
Хьалхарчу буса санна, наб а ца кхеташ, ладоьг1уш 1аш хилла жимах волу
ваша.
Буьйса юкъал т1ехъяьллачу хенахь пхи корта болу наьрт-эрстхо
веана:
- Стигалхула лела олхазар мас таса а ча даьхьаш, лаьттахула лела экха
т1е ког баккха а ца даьхш болчу сан махка т1ехь верг мила ву? - аьлла, к1оршаме
мохь тоьхна цо а.
- Мохь ма хьекха, боьха х1ума, хьо мила кхеро г1ерта. -
аьлла секха1одаца озийна пха тоьхна, хьалхарчунна санна, йоккха чов йина цунна
а. Наьрт-эрстхо текхаш, халла д1авахана.
Хьалхарчу дийнахь санна, к1анта шен
вежарий сама а баьхна, цаьрга х1умма а ца олуш, новкъа бевлла
д1абахана.
Д1абоьлхуш са а дайна, 1аьржачу боьрахь буьйса яккха сецца кхо
ваша. Жимах волчу вашас, хьалхарчу боьранашкахь санна, - кхузахь совца ца дезара
вай, дас дина весет ду вайга: 1аьржачу боьрахь ма совца, бохуш. Цхьа бохам
хиларна кхоьру со, - баьхна.
Цо бохург тергал а ца деш, воккхах волу ши ваша
шайн говрашна т1ера нуьйраш схьа а эцна, уьш г1евланге а ехкина,
охьавижна.
Вежарех къаьстина д1аваха а ца тарделла, хьалха санна наб а ца
кхоьтуьйтуш, тевжина 1аш хилла жимах волу ваша.
Т1аккха, буьйса юкъал
т1ехъяьлчахь, ворх1 корта болу наьрт-эрстхо веана.
Мохь хьоькхуш, багахула
суьйнаш туьйсуш, т1евог1учу ворх1 корта болчу наьрт-эрстхочунна а секха1одаца
озийна пха тоьхна жимах волчу вашас. Дег1ах чекхбаьллачу пхано мела ц1ий а
оьхуьйтуш, кхин к1антах лата ницкъ а ца хилла, юхавирзина ворх1 корта болу
наьртхо а.
1уьйранна са ма хилланехь, царна х1умма а ца хоуьйтуш, вежарий
самабаьхна к1анта. Некъ юьхьарлаьцна д1аоьхуш хилла х1орш.
Дукха оьхуш,
к1езиг оьхуш, д1аиханчул т1аьхьа, цхьана пана махкахь, кхо чиркх богучу шахьара
кхаьчча вежарий. Царалахь цхьа чиркх ц1ен, важа к1айн, кхозлаг1ниг - 1аьржа
богуш хилла.
Шахьарна йисте кхаьччахь, мичхьа даха деза вай аьлла, севцца
вежарий. Жимах волчу вашас аьлла: "1аьржа чиркх богу меттиг цхьа х1ума доцуш хир
яц. Цига со г1ур ву. Шуьшиъ ц1ен а, к1айн а чиркхаш догучу г1аланашка ваха
веза".
Воккхах волу ши ваша цхьацца г1аланашка д1а а хьажийна, ша 1аьржа
чнркх богучу г1ала вахана жимах волу ваша. Вахана д1акхаьччахь, 1аьржа чиркх
богучу г1алахь кхо йо1 карийна цунна.
Ц1еххьана, х1ара к1ант чуваьлчахь,
цецъяьллачу кхаа йишас т1ехьаьдда дехар дина:
- Чехка д1авалахь кху чуьра,
ворх1 корта болу наьрт-эрстхо ц1а кхачахь, цо вуьйр ву хьо, - аьлла.
- Со цо
вуьйр вац. Цунна цхьаъ дер вай. Кху шахьарахь богу кхо чиркх бес-бесара х1унда
бу дийца суна?- аьлла к1анта.
Кхаа йо1а дийцина:
- Хьуна гуш йолу кхо
г1ала кхаа вешин, наьрт-эрстхойн ю. Нагахь санна ц1ен чиркх байчахь -
бухависинчу шина вешина хаам бу, кхо корта болу ваша наьрт-эрстхо вийна хиларан.
К1айн чиркх байна меттиг хилахь - вукха шина вешийна хаам бу - пхи корта болу
ваша вийна хиларан. Ткъа кхозлаг1чу г1алара 1аьржа чиркх байчахь - церан уггар
воккхах волу ваша, ворх1 корта болу наьрт-эрстхо вийна хиларан хаам хир бу, -
аьлла.
Цул т1аьхьа наьрт-эрстхой ц1а бог1у некъаш муьлхачу аг1ор ду а
дийцийтина к1анта кхаа йо1е. Иза дерриге а хиина ваьлчахь, г1али чуьра ара а
ваьлла, наьрт-эрстхой ц1а бог1у болчу новкъа а ва-хана, к1ел хиъна жимах волу
ваша.
Дукха хан ялале, мичара вели а ца хууш, шен лазийна, чов хилла, аг1о а
текхош гучуваьлла кхо корта болу наьрт-эрстхо.
- Х1инца бер бац хьо моьлкъа
сан карара, - аьлла тур диттина кхуьй а корта белаш т1ера охьабаьккхина
к1анта.
Мехкарша аьлларг бакъ дуй хьажа, чехка шахьара вахана хьаьжна к1ант.
Ц1ен чиркх байна карийна кхунна. Сихха хьаьдда юха а веана, тохарлерчу метте
к1елхиъна х1ара.
К1анта секха1одаца ч1у тоьхна лазийна пхи корта болу
наьрт-эрстхо т1екхаьчна, аг1о а текхош. Цуьнан а тоьхна пхий а корта д1а а
баьккхина, хьаьдда шахьар чу вахана хьаьжна к1ант. К1айн чиркх а байна гина
кхунна.
Юхавеана х1ара 1ачу заманчохь, секха1одаца пха тоьхна кхо чов йина,
ворх1 корта болу наьрт-эрстхо т1екхаьчна. Иза т1екхоччушехьа, вовшашна чуьчча а
хьаьдда, тасавелла к1ант а, наьртхо а.
Вовшахлеташ х1ара шиъ делкъанга
ваьлчахь, ворх1 корта бол-чу наьртхочо, ницкъана ша г1елвала а воьлча, шен говре
мохь тоьхна: "Х1инцачул хьоьгара г1о эшна дац суна, да висарг, дена бисарг, г1ой
цкъа мала ной чохь хи да суна", - аьлла.
Говро ной чохь деана хи мала воьдучу
наьртхочун, шен берриге а ницкъ гулбина т1екхеттачу к1анта, тур диттина ворх1е а
корта баьккхина.
Наьрт-эрстхочо вийначул т1аьхьа, вахана шахьара хьаьжча,
1аьржа чиркх а байна карийна.
Ц1ен, к1айн чиркхаш богуш хиллачу г1аланашкара
шен ший а ваша, кхо йо1 йолчу г1ала а вигна, оцу кхаа йо1ах йоккхах йолу шиъ,
воккхах волчу шина вешиний, жимах йолу хазаниг - шений ялош, ц1ехьа баха
арабевлла вежарий, церан зударий.
Новкъа д1аоьхуш, ницкъ ч1ог1а хиллачу жимах
волчу вешина сада1а а лиъна, цхьана бай т1ехь севцца х1орш. Цунна наб кхетчахь,
воккхах волчу шина вашас, жимах волчунна тешнабехк бан барт бина:
"Вай дахана
ц1а кхаьччахь, нахалахь юьхь1аьржо ю: вайшиннал жимах волу ваша хьуьнарна тоьлла
аьлча а, цуьнан нускал вайшинчул хаза гича а. Вийна д1аваккха веза иза", -
аьлла. Юха а, къахета кеп а х1оттийна, цуьнан когаш хедо сацийна цу
шимма.
Жимах волу ваша, наьртех летта г1елвелла, набарна ч1ог1а д1атаь1на.
Воккхах волчу шиммо, иза хьаьла оьккхушехь т1екхетийта, ира аг1о цуьнан голашна
т1е а ерзийна, тур диллина, лерган пардош лелха санна ч1ог1а маьхьарий тоьхна:
ва, ва б1о бог1у, хьалаг1атта!" - аьлла.
Набарх воьллу воллу жимах волу ваша,
цецваьлла, хьаьлаоьккхушехьа ираллехьа шен голашка дерзийна диллинчу туьр т1е а
кхетта, ши ког хадийна охьавоьжна.
- Х1инца кхузахь яхка а елла берзалоша юур
ю хьан ши гола, - цуьнга а аьлла, цуьнан нускал кхера а дина, иза шайца а долуш,
ц1а вахана тешам боцу ши ваша.
Вежарша ямартлонца тур доьг1на баккхийтина шен
ши ког лаьттах а боьллина, гена йоцуш, эрзалахь йогуш гучу ц1арна текхаш
т1евахана жимах волу ваша. И ц1е хилла эрзана юккъехь яьккхинчу тоьлахь йогуш.
Хала а, атта а тоьлин не1 д1а а йиллина чу ваьлчахь, цхьаъ б1аьргаш боцуш, важа
пхьаьрсаш доцуш заь1ап ши стаг карийна к1антана. Бертал а воьжна, ойланаш еш 1аш
хил-ла бухара шиъ. Т1еваханчу хьешо садам а делла, бухарчаьрга хаьттина:
-
Иштта дакъаза а х1унда ваьлла шуьшиъ, ойланаш а х1унда йо ашшиммо? -
аьлла.
Заь1апчу шина стага бийцина шайгара бала:
- Х1ора п1ераскана буса
дог1ий Ешапо олу тхойшинга: "Корехула долий ц1ий мала аса шун я не1арехула долий
са эца аса шун?"
Охашимма цунна жоп ло:
- Са бохург мерза а, хала а ду,
корехула долий ц1ий эца тхан.
Т1аккха Ешап, корехула дог1ий, ша 1аббалца
тхойшиннан ц1ий а молий, д1адоьду. Цу балхо дакъазаваьккхина тхойша. Тховса иза
юхадог1у буьйса ю. Цуьнан ойла еш, г1айг1ане воьжна 1а тхойша.
Т1евеанчу
когаш боцчу хьешо б1аьрзечуьнга а, куьйгаш доцчуьнга а аьлла:
- Кхин д1а
йолчу ханна хьийзор вац шуьша къинхетам боцчу Ешапо. Вай цхьа барт бийр бу
цуьнан 1азапах хьалха довла: тховса Ешап деачахь ашшиммо цуьнга ала, ахьа даима
а ц1ий муьйлуш к1ордийна тхуна. Кхин д1а са ца деттало. Не1арехула чу а долий,
тхан са а эций, вей д1аваккха тхойша. Вай цунна цхьа тешнабехк бийр бу. Со
хьалаайбий не1арна т1ехула васхала вилла, шаьш, не1арна цхьацца аг1ор а валий
д1ах1отта. Ешап, ледеш, суна к1ел кисло аг1ор ер аша. Васхалара цунна кошкала
хуур ву со. Сан буьйнара далалур дац шуна и йовсар. Т1аккха шуьша, цхьацца аг1ор
т1екхета. Вай д1абоккхур бу шуна цуьнан болх.
Дагна парг1ат бевлла, боккха
там хилла д1ах1иттина х1усамдай, Ешап дале шайн кечам а беш.
Цара ма-аллара,
п1ераскан буса, ша йиллинчу хенахь, коре а деана, хьалха санна чу мохь тоьхна
Ешапо:
- Корехула долий, ц1ий мала ша шун я не1арехула долий, са эца ша шун?
- аьлла.
- Корехула дог1ий ахьа ц1ий муьйлуш к1елвисна волуш воллу тхойша.
Не1арехула чу а долий, са а эций, вей д1аваккха тхойша, 1азапехь а ца валлош, -
аьлла заь1апхоша.
Не1арехула чу а деана, кхеран са оьцур ша аьлла, Ешап
чухула хьежа даьлчахь, васхалара охьаькхоссавелла, цунна коьшкала хиинчу ши ког
боцчо, борзанан морзахо санна, легаш 1аьвдина садукъдина Ешапан. Б1аьргаш боцург
а, пхьаьрсаш доцург а цхьацца аг1ор т1екхетта тасавелла Ешапах.
Царна
дуьхьало ян ницкъ ца кхаьчначу Ешапо дехар дина:
- Де ма дехьара со. Аша боху
кхо дика дийр дара аса шуна, -аьлла.
- Х1ун кхо дика дийр ду ахьа шайна? -
аьлла хаьттичахь Ешапо жоп делла:
- Б1аьргаш доцчунна - б1аьргашший,
пхьаьрсаш доцчунна -пхьаьрсашший, когаш доцчунна - когашший хуьлуьйтур дара ша,
- аьлла.
- Делахь оха ца дуьйш дуьтур ду хьо, и кхо дика ахьа тхуна дахь, -
аьлла заь1апхоша.
Ешапо б1аьргаш боцчуьнга аьлла: "Бага эккхал суна". Вахана
багаиккхина б1аьрзениг. Ши б1аьрг ден а бина, багара юхакхоьссина
Ешапо.
Шозлаг1а, пхьаьрсаш доцчуьнга аьлла Ешапо, бага эккха. Иза а бага
иккхина, ши пхьарс а болуш араваьлла.
Т1аьххьара а когаш боцург хилла Ешапан
бага эккха везаш. Шен шина накъосте когаш боцчо аьлла:
- Кху Ешапана легаш
1уьйдуш ницкъбинарг ша ву. Кхо ницкъ а кхочуш ша схьаволуьйтур вац шен багара.
Со бага эккхале, кхуьнан когаш а, куьйгаш а д1а а дехкий, х1окхо тешнабехк бахь,
х1ара ден кийчча 1елаш. Со кхо схьа ца лахь, х1ара ден а дей, кхуьнан гай дат1а
делаш. Цу чохь хир ву шуна со.
Шина накъостана и хьехам а бина, Ешапан
багаиккхина ши ког боцург. Амма Ешапо, юха багара ара ца кхуссуш, чохь сацийна
к1ант.
Шина накъосто мел хаза дийцича а, Ешапо шен кийрара к1ант ара ца
валийтина. Т1аккха оьг1аз а вахана, цо шайгахь даллийначу 1азапна ч1ог1а дера
волчу кху шимма, т1екхетта Ешапан корта а баьккхина, гай а дат1ийна, цу чохь
воллу шайн накъост схьаваьккхина. Нанас дена ма-варра а хилла, шен когашна т1ехь
ира а х1оьттина волавелла к1ант.
Шаьш массо а товелла д1ах1оьттичахь,
баккхийбеш, вовшашна мара а лилхина, б1аьрзе хиллачой, пхьаьрсаш доцуш хиллачой
шаьш х1аллакьхиларх хьалхадахарна когаш боцуш хиллачунча доккха баркалла а
аьлла, шайн-шайн ц1а баха новкъа бевлла уьш.
Ц1а воьдуш, шина вешин жимах
волу ваша зсий дажош 1ачу цхьана к1антана т1екхаьчна: цкъа вулий воьлхуш,
т1аккха вулий - хелхавуьйлуш волчу.
Т1еваханчо цу к1анте хаьттина:
- Цкьа
вулий воьлху хьо, т1акка хелхаволу, и х1ун ду ахьа дийриг? - аьлла.
- Тхан
эвлара кхо ваша ваханера лела. Иза хьуьнарна шайл тоьлла аьлла, ц1а бог1уш,
тешнабехк а бина, царех жимах волчун когаш а даьхна, иза цигахь витина боху
цуьнан вежарша. Цунах къахетий воьлху со. Т1аккха халхаволу: сарахь ц1а вахчахь,
шинан вешин ловзаргахь, чорпийн кад мер бу-кх аса, бохург дага я дог1ий
воккхавеш, - аьлла, жоп делла эсий дажош 1ачу к1анта.
Цу к1антах къа а хетта,
цунна шена т1ера ц1ена духар а делла, цуьнан эт1на тиша бедарш шена т1е а
юьйхина, ц1а вахана некъахо.
Ма-воддара ловзарга вахана к1ант.
Ловзаргахь
б1аьрг ма-кхеттанехь, кху к1антана а, кхо шена ялийначу хазчу йо1ана а вовшен
девзина, ткъа кхечарна вевзаш ца хилла х1ара.
Ловзаргахь берш ч1ог1а
сакъералуш, нийсалг1а кхосса, х1окху к1ентан хилла секха1ад дула ца луш, бохкуш
хилла.
Цаьрга цунах г1уллакх ца далуш гинчу йо1а нахе аьлла:
- Д1о т1ехьа
х1оьттина 1ачу мискачу стаге лойша и секха1ад, цо дула там бара
иза.
Д1ахьевсина к1ант гичахь, нах цунах ца бешаш бийлабелла: - цуьнга дулало
секха1ад? - аьлла.
Юха а йо1а дехар дича, цунна тамана, к1анте делла
секха1ад,
К1анта, ц1аза п1елгаца секха1ад дула а дуьйлина, йо1е хаттар дина:
арарчу элана тоха ша я ломарчу лоьмана тоха ша аьлла.
Йо1а жоп делла:
-
Арарчу элан а х1ун бехк бу, ломарчу лоьман а х1ун бехк бу? Ямартлонца тоьхна
хьайн ши ког а баьккхина, эрна арахь хьо д1а а кхоьссина, шайн ц1а а веана.
х1ара ловзар а дуьйлина. сакъоьруш 1ачу хьайн шина вешина тохахьа, -
аьлла.
К1анта озийна секха1одаца пхенаш тоьхна шен ший а ваша
охьавиллина.
Х1оьттина ловзар белхаре дирзина. Ловзаргахь сакъера баьхкина
божарий - тезете х1иттина, зударий - белхарга хевшина.
Хазчу йо1а ма-дарра
дерриге а дийцина шен майрачуьнга: лелийнарг а, хилларг а. Вашас шен ши ваша д1а
а воьллина, юха ловзар х1оттийна, шен вежарша шена бина тешнабехк нахе д1а а
буьйцуш, шена т1ех1иттина халонаш а юьйцуш. Кхайкхина шен ши накъост а валийна
цу тойне.
Ловзар чекхдаллалц цаьрга хьоьжуш а лаьттина, балдаш ца т1адош,
малар а мийлина, цергаш ца бехъеш, дуга а диина, со ц1а веара.
Ка а, бож а
царна кхочуш, ност а, хьокхам а суна кхочуш, чекх делира ловзар.
Уьш бехаш
бисира бах, и суна гина дан.
Бакъду я харц ду, сайга хаттар лууш дач.
НАЬРТ-ЭРСТХОЙ А, ДЕКЪАЗА СТАГ А
Наьрт-эрстхой хилла х1ордал дехьахь махлелош. Цхьа декъаза стаг нисвелла
цаьрца, цкъа уьш х1ордал дехьа меха боьлхуш. Наьрт-эрстхошна хаа а ца хууш,
церан мачийн бахтарех а тасавелла, х1ордан кемана т1е а ваьлла, д1алечкъина
иза.
Кема доьду-уш, х1орд ловзабаьлла. Тулг1енаша кема д1ай-схьай кхуьйсуш
ловзош хилла. Кема х1орда бухадахарна кхерам иккхина. Цхьана иаьрто мохь
тоьхна:
- Вайх цхьаъ валавеза, х1орда чу а кхоссавелла. - Лечкъина воллу
декъаза стаг вистхилла:
- Со ву вала кийча. Со лийр ву массарна а
хьалхара.
Иштта, кеман т1ерачарех цхьаъ х1орда чу ца кхоьссича, шаьш кеманца
массо а х1аллакьхирг хиларх тешаш хилла и наьртхой.
Т1аккха наьрт-эрстхочо
аьлла декъазчу стаге:
- Хьуьлла гена йоцчуш г1айре ю. Оха цунна юххе х1орда
чу кхуссур ву хьо. Цу г1айре т1е хьо атта вер ву. Тхан кема хьуна гучуьра
даьлча, хьо цу г1айре т1ехь лийр ву.
- Мегар ду. Со реза ву. - аьлла жоп
делла декъазчу стага. Цу сохьтехь х1орда чу кхоссавелла и стаг. Д1асаетталучу
тулг1енаша къайлаваьккхина иза. Д1асаветталуш, т1амарш етташ воллу х1ара,
тулг1ено г1айри т1е кхоьссина. Цу г1айре т1оьхула волавелла декъаза стаг.
Наьрт-эрстхойн кема а къайладаьлла. Цара шаьш къайладевлча лийр ву аьллехь а, ца
леш висина декъаза стаг.
Ц1еххьана, х1орд т1ебог1уш санна а хетта, цхьана
йоккхачу т1улган чхарана т1ехьа лечкъина х1ара стаг. Д1ахьаьжча декъазчу стагна
гина йог1уш цхьа йоккха аьрзу. Иза къеначу поп те а хиъна, ижу юуш 1аш хилла.
Аьрзу, шен ижу йиина яьлча, д1аяхана.
И доккха олхазар д1адахча, ойла йина
стага: "И аьрзу 1ийначу метте поп т1е хаа веза со. Ишта а, вуьшта а вала деза
сан". Вахана попа т1е хиъна стаг. Тохара санна схьа а еана, попа т1е ижу яа
хиина аьрзу. Стаг гуш па хилла цунна. Шен ижу йиина яьлча, аьр-зу
хьалаг1аьттина. Иза г1оттуш цуьнан когах тасавелла х1ара де-къаза стаг. Х1орда
т1оьхула а яьлла, цхьана лаьмнаш т1оьхула д1айоьдуш хилла аьрзу, когах кхозуш
х1ара стаг а волуш.
Д1аоьху-уш, цхьана хьаннаш т1оьхула довлуш, бухахь
к1арраш оьхуш даккхий 1уьргаш гина стагана. "Дер веза со кхузахь чухецавала". -
аьлла, охьахецавелла и стаг. "Хьуьлла доьдучу аьрзуно хьоза чу кхоьсси", - бохуш
д1асахьийзаш хилла бухахь болу наьрт-эрстхой. Х1ара стаг цу даккхийра дог1маш
долчу адамех кхера а велла, цхьана т1улга т1ехьа д1алечкъина.
Хьажаюккъехь
кеддал боккха цхьа б1аьрг болу наьрт-эрстхо а гина, дог а г1елделла, охьавоьжна
стаг. Наьрташна лехарх карош ца хилла х1ара. Юха меттавеана декъаза стаг.
Наьрт-эрстхой д1а боьлхуш царна т1аьххье д1авахана декъаза стаг.
Бертера цхьа
боккха чхар д1а а хилийна хьеха бахана наьртхой. Царна т1аьххье х1ара стаг а
вахана. Хьеха чу кхаьччахь наьрт-хоша йоккха ц1е а латийна, кхехка а бина, кхоъ
сай биъна. Наьрт-эрстхочо ка хьаьккхина схьагулйинчу даь1ахкаш юккъе вахана
хилла декъаза стаг. Даь1ахкаш а, цаьрца х1ара стаг а ара д1акхийсина цара.
Наьрт-эрстхочунна-м и стаг цу даь1ахкашна юккъехь вуйла хууш а ца
хилла.
Цигара ведда, уьдуш хьаннашний, т1улгийн чхарашний юккъехула
чекхваьлча, юьрта кхаьчна декъаза стаг. "Ма дика веана хьо цу хьаннашний,
чхарашний юккъехула", - бохуш цецбуьйлуш хил-ла нах. Цу наха ц1енош а дина,
цхьаммо кад, вукхо 1айг а белла, цигахь ваха хиина декъаза стаг.
НАЬРТ-ЭРСТХО А, ЛУРВОЬЛЛА СТАГ А
Цхьана юьртахь вехаш хилла лурвоьлла стаг. Мостаг1ех ларлуш хьуьна юккъехула
лелаш хилла иза. Цхьана дийнахь шен мостаг1ий а хаабелла, лаьмнаш т1е а ваьлла,
юха цхьана 1инчу кхаьчна х1ара. Цигахь садо1уш 1аш, мохо санна г1овг1а еш хезна
цунна. Суьйранна малх чубузуш хан хилла и. Д1ахьаьжча цунна гина шена т1ейог1уш
вотангарш. Цара шена гуобича, ч1ог1а кхеравелла лурвоьлла стаг. Иштта иза 1аш
доккхачу татанца цунна т1евеъна цхьа наьрт-эрстхо.
"Хьо х1ун стаг ву?" -
хаьттина кху стаге наьрт-эрстхочо. Лурвоьллачу д1адийцина ша лелориг. Т1аккха
наьрт-эрстхочо аьлла: "Вало, буьйса яккха чу г1ор вайша". Цу шиннел хьалха а
евлла чуяхна вотангарш а.
Уьш чу яхна евлча, царна т1аьххье д1а чу вахана
х1ара шиь. Вотангарш шайн метте а лаьхкина, царна дуьхьал т1улг а х1оттийна, шен
ц1а чу вахана наьрт-эрстхо кху стагца.
Йоккха ц1е а латийна, шортта жижиг
оьллина наьрт-эрстхочо. Иза а диъна, охьавижна и шиъ.
1уьйранна
хьалаг1аьттича, наьрт-эрстхочо аьлла лурвоьллачу стаге: "Хьайн пхьаьрсаш к1ел
хьажал". Стагана шен пхьаьрсаш к1елахь цхьацца бог гина (цо диънарг цу
вотангарийн жижиг хилла). Т1аккха наьрт-эрстхо юха а вистхилла: "Вале, д1аг1о.
Хьо х1инца турпал ву. Цхьанна х1уманах кхерам бац хьуна", - д1ахьажийна и
лурвоьлла стаг цу наьрт-эрстхочо.
Дехаш 1аш хилла ворх1 ваша а, цхьа йиша а. Цхьана дийнахь йиша а яйна висина
ворх1 ваша. Иза лаха арабевлла уьш. Лелаш-лелаш цхьаьна йоккхачу харанна
т1екхаьчна уьш. "Т1аккха сацам бина цу чу даха. Х1орш чоьхьа ма-бевлли,
т1екхетта кхарна наьрт-аьрстхо. "Шу лаа арадевллий?" - аьлла хаьттина
наьрт-аьрстхочо ворх1 веше. Х1окхара шаьш йиша лаха арадовлар хаийтича, ч1ог1а
дар а велла, уюш байина цо. Т1аккха церан декъий чу а даьхьна, йишина хьалха
охьадехкина наьрт-аьрстхочо.
Дикка йоьлхуш 1ийна йиша, шен байинчу вежаршка а
хьоьжуш. Иза к1ордийначу наьрт-аьрстхочо аьлла ворх1 вешин йише: оцу ворх1
вешина т1ера ц1оканаш яхий, шена г1овтал е аьлла.
Ша х1ун дийр ду ца хиъна,
хьехар дайта цхьана йоккхачу стагана т1еяхана йиша, гена йоццуш ехаш
йолчу.
Йоькхачу стага шена ма-хьеххара, йишас аьлла наьрт-аьрстхочуьнга:
"Шена ц1оканаш яра цхьана кхаа вешин ненан тукар деза, ткъа и ц1оканаш тега
царех воккхачу вешин мекхах чоьш деза", - аьлла.
Т1аккха, цо ма-аллара, и кхо
ваша вехаш волчу метте вахана наьрт-аьрстхо. Вахана, иза д1акхаьчча, ниха а
молуш, сакъоьруш 1аш хилла кхо ваша. Наьрт-аьрстхо чуваьлча, мозанал башха
тергал а ца вина цара. Х1ара салам делла вистхилла, бехк а боккхуш, уьш шегахьа
ца хьовсарна.
Т1аккха вистхилла воккхах волу ваша: "Бехк ма биллалахь, тхуна
кху чу моза беана моьттура", - аьлла. Т1аккха цхьа жимма хан яьлча, ша деана
г1уллакх д1ахьедина наьрт-аьрстхочо. Цо дуьйцучух ца ваьшна воккхачу вашас
аьлла: "Мел дехначуьнга луш хилча, тхан ненан тукар тоххара артделла хир дара,
ткъа мел бехначуьнга бохуьйтуш хилча, сан мер к1ел цхьа а чо а бисина хир
бацара!".
Цунна дарвеллачу наьрт-аьрстхочо шех лата везар д1ахаийтина воккхах
нолчу веше. Кхо де даьлча, вайна юккъехь долчу дозан т1ехь летар ву вайша, аьлла
ч1аг1о йина цу шиммо.
Кхо де даьлча, йиллинчу метте ваханчу вешина вижина
1уьллуш наьрт-аьрстхо карийна. Цунна тошнабехк ца бархьама иза г1аттийна но.
Т1аккха и шиъ кхаа дийнахь-буса летта. Доьалг1ачу дийнахь кхаа вешин воккхах
волчу вашас наьрт-аьрстхо лаьттаца д1анисвина, т1ехула т1е цуьнан корта а
баьккхина.
Иштта наьрт-аьрстхочун олалла дожийна кхаа вешин воккхах волчу
вашас. Ткъа йиша шена йигна цо.
НАЬРТ-АЬРСТХОЙЛ ТОЬЛЛА КУЛЛУБИ
Цхьана ненан цхьа к1ант хилла Куллуби бохуш ц1е йолу, чуьра аравала ца
ваьхьаш. Цунна ша х1ун дийр ду ца хууш, ч1ог1а гатъелла хилла нана. Цхьана
дийнахь дагадеана кхунна ц1а чуьра уьйт1а а, кхин д1а а ч1епалгаш дахка.
Куллубина дукхадезаш хилла ч1епалгаш. Т1аккха, шена дага ма-дарра, ц1а чуьра
уьйт1ахула д1а ч1епалгаш дехкина кхо. 1уьйранна самаваьллачу Куллубийиа гина и
ч1епалгаш. Уьш дууш уьйт1ара араваьлла х1ара, ц1еххьана дуьне а, бехаш 1аш болу
нах а гина, шайн ц1а дицделла, цхьаьна нана метте кхаьчна х1ара. Кхунна
т1екхаьчна цхьа наьрт-аьрстхо, шен берашна ижо лаха араваьлла. Куллуби гина
ч1ог1а хазахетта, наьрт-аьрстхо кхунна т1евеана. Иза ваа хазделлачу
наьрт-аьрстхочо, кхуьнга вайша хьуьнарш къовса деза аьлла, кхунна тешнабехк ца
бархьама. "Вайша аьлханах кхо т1адам баккха беза 1аьвдина, ткъа т1улгийн
новкъахь чан яккха еза", - аьлла. Куллубис аьлла:
"Вайша и хьуьнарш кхо де
даьлча къовсурду аьлла". Цо бохучунна т1етайна х1ара шиъ.
Мухха делахь а, ца
хууш ц1а кхаьчна Куллуби. Т1аккха кхо шен нене дийцина, ша наьрт-аьрстхочуьнца
къовса деза хьуьнарш. Нанас, х1ара шен юьхьарлаьцначу некъах юха ца
ваккхархьама, кхуьнга аьлла: "Х1ан, х1ара аьлха а, х1оа ду хьуна, кхин х1ара
овкьаран т1оьрмиг бу хьуна, г1аш юккъе бехка чан яккха", - аьлла. Шен нанас шега
ма-аллара и х1уманаш а эцна, наьрт-аьрстхочуьнца хьуьнарш къовса вахана
Куллуби.
Д1аькхаьччи, кхунна бухахь карийна наьрт-аьрстхо. "Хьо хьуьнарш
къовса кийча вуй?" - аьлла, хаьттина наьрт-аьрстхочо.
"Дера ву", - аьлла
вистхилла Куллуби. Т1аккха наьрт-аьрстхочо 1аьвдина аьлхинах ши т1адам
баьккхина. "Х1ан, хьайга х1ун дало хьажал, Куллуби", - аьлла вистхилла
наьрт.
Куллубис х1оа (наьртана ца гойтуш), аьлха а цхьана 1аьвдина шен
куьйгаш бехдеш, х1оа охьа1анийна.
"Х1окху хьуьнар т1ехь хьо туьйли", - аьлла
наьрт-аьрстхочо, кхера а луш. "Делахь х1инца т1улгийн новкъахь чан хьаьнга
яккхало,хьовсур ду вай".
Гена-гена а ваьлла, дуьхьал ведда х1ара шиъ.
Куллубис шен г1аш юккъера т1оьрмиган бертиг а ястина, овкъаран чан эккхийтина,
ткъа наьрт-аьрстхочуьнга чан ца яккхаелла. Т1аккха кхин а ч1ог1а кхеравелла
наьрт. "Со вен ма вехьара ахь", - аьлла, дехна цо. "Делахь дика ду, тахана
дуьйна ас бохург дийр ду ахь, - аьлла Куллубис.
Иза шена т1ехула т1е ги а
хаийна, ша вехаш волчу вахана наьрт.
Ц1а чу а валийна Куллуби охьавиллина
наьрт-аьрстхочо. Наьртан к1орнеша а, наьрто а до1учу синан мохо ц1а чухула
т1емаваьккхина лелош хилла Куллуби. Ахь х1ун до, Куллуби, хьо ма тхевнаца
т1емаваьлла лелаш ву? - аьлла, хаьттина наьрт-аьрстхочо. Ша кхин х1ун эр ду а ца
хиъна: "Х1окху тховх дисина шун ворх1е ден хилла тур ду бохуш хезнера суна. Иза
схьа а эцна, шун массеран а кортош даха воллу со", - аьлла Куллубис.
Цуьнах
кхерабелла бевдда наьрташ, ц1а чуьра ара а лилхина. Х1орш бевдда боьлхуш кхаа
ламанал дехьа бевллачу хенахь кхарна дуьхьал кхетта цхьогал. "Аш х1ун до, шу
стенах кхераделла девдда?" - хаьттина цо. Иштта шаьш Куллубих девдда хилар
наьрташа д1ахаийтича, цхьогало аьлла:
"Оцу ц1а чуьра аравала ца ваьхьачу
Куллубих девдда шу? Дуьло, ас кхерор ву шуна Куллуби", - аьлла наьрт-аьрстхой
т1ехьа а х1иттийна дог1уш, наьрташ бехачу уьйт1а кхаьчна.
Оцу заманчохь
Куллуби цхьана доккхачу диттах чуха а тесна, 1аш хилла. "Хьо х1ун деш ву,
Коллуби?", - хаьттина цхьогало. "Х1ара дитт эцна, шуна т1аьхьаван воллуш вара
со", - аьлла Куллубис цхьогале. Иза хезначу наьрт-аьрстхочо: "Тхо Куллубига
дайийта доллуш дара хьо!" - аьлла, лаьттах тоьхна, эккхийтина цхьогал. Т1аккха
бевдда т1апъаьлла байна наьрт-аьрстхой.
Хьалха заман чохь уллохула оьхуш доккха хи а долуш, юрт хилла. И зама хилла
наьрт-аьрстхой уггаре а г1арабевлла, цара нахана зенаш деш, царна дуьхьало еш
цхьа а стаг воцуш йолу хан.
Дег1ана тоьлла, массарел а г1араваьлла хилла оцу
юьртана гена воцуш цхьа ворх1 наьрт-аьрстхо. Цу юьртана ч1ог1а зенаш дора боху
цара. Цхьаъ-шиъ бежана царна тоьуш ца хилла дийнахь-бусий, юьртара даьхний
х1аллакдина бовлуш хилла уьш.
Т1аккха дагабевлира бах юьртара нах вовшех. Уьш
муха совцор бара техьа, х1ун дича бакъахьа хир дара техьа аьлла. Амма цхьана
тайпана ян дуьхьало дага ца йог1ура царна. Кхин дан х1ума ца хилла,
к1елбиссинера уьш.
Юьртахоша лоруш а воцуш, цхьа къен-миска стаг веара оцу
хенахь, юьртан тхьамданаш гулбеллачу майдана.
Ша совцор бу и наьрт-аьрстхой
аьлла цо. Амма аш ло суна к1алд а, цхьа кад дама а, ю а. Уьш чуяхка т1оьрмиг а.
Воккхачу стага дуьйцучух шаьш ца тешахь а, цо бохуш йолу к1алд а, дама а, ю а,
т1оьрмиг а белла,новкъа ваьккхира юьртахоша и къен стаг. Кочахь оьллина и
т1оьрмиг а болуш, юьрта йистехула охьаоьхуш долчу хин йистехь х1оьттина лаьттара
воккха стаг. Хан зама ялале дехьа хин йистехь гучувелира цхьа наьрт-аьрстхо.
Наьрт-аьрстхочо хичаш йира воккхачу стагана, воккха стаг кхеравалийтархьама.
Т1улгах хи даьккхира цо куьйгаш юкъа 1аьвдина. Воккхачу стага меллаша схьа а
эцна, т1оьрмигчуьра, хи санна йолу т1еда к1алд куьйгаш юкъа 1аьвдира.
Наьрт-аьрстхочул а туьйлира воккха стаг.
Т1аккха наьрт-аьрстхочо т1улг хьакха
а бина, цунах чан яьккхира, шен ницкъ воккхачу стагана гайта, амма воккхачу
стага шен дама схьа а эцна, цунна "х1уп" элира. Чан алсам елира. Воккхачу стеган
"ницкъ" туьйлира. Т1аккха воккхачу стага омра дира, ша, ги а воллий, хил дехьа
ваккха аьлла. Кхин дош ца олуш, мел-лаша воккха стаг ги а воьллина, хи чухула
дехьа волуш лаьттара наьрт-аьрстхо. Наьрт-аьрстхочо хаттар дира воккхачу стаге:
"Хьо ницкъ болуш хилча, оццул вайн х1унда ву хьо?", - аьлла. Воккхачу стага жоп
делира: "Дала з1енашца стиглах хьалавихкина ву со", аьлла. Наьрт-аьрстхочо элира
боху: "Цхьа жимма охьахеца ала оцу деле", - аьлла.
Т1аккха воккхачу стага,
схьаэцна, ю 1оьттина букъах. Наьрт-аьрстхочуьнга мохь белира: "Тоьур ду хьуна,
хьалаайве ала цуьнга!" - аьлла мискачу стага ю схьаяьккхира букъаха.
Воккхачу
стага сарралц цуьнга букъа т1ехь а лелавайтина, сарахь ша ц1а валавайтира.
Мискачу стага, шен зудчуьнца барт а бина, элира: "Ялол, зуда, ас байинчу
наьрт-аьрстхойн жижиг кхехкадел тхойшинна", - аьлла. Кхеравелла доккха
садаьккхира наьрто. Цо садо1уш арахецначу х1авао воккха стаг тховх туьйхира.
Наьрто хаьттира воккхачу стеган зудчуьнга и х1ун деш ву аьлла. Зудчо жоп делира,
хьуна тоха дукъо доккхуш ву иза аьлла. Кхеравелла, ара а иккхина, вахара
наьрт-аьрстхо. Шайн метте кхаьчча, ц1ахь болчу наьрташа хаьттира и хьан кочахь
ерг х1ун ю аьлла. Иза не1аран гур хиллера цо араволучу хенахь цунах тасабелла.
Наьрто д1адийцира шена гина долу х1ума. Кхерабелла няьрт-аьрстхой кхин оцу юьрта
ца бахана боху.
Гунойн махка т1ехь баьхна бац наьрт-аьрстхой. Гуьна-юрт йиллина, Гундал охьахиъчахьана, луларчу нахаца ца мага боьлла Гундалан т1аьхьенах берш. Энакхаллой бахана хилла Веданара зуда яло. Зуда ялош бог1учу энакхаллошна к1ел а хевшина, гуноша цаьргара зуда а яьккхина, ц1ет а даьккхина. И шайна гуноша дина эхь шайга декха цадаларх дог а диллина болчу энакхаллоша, дукха даьхни а дехкина, гуношца т1ом бан наьрт-аьрстхой балийна, оцу баьхкинчу наьрт-аьрстхоша дукха гуной байина. Оцу хенахь энакхаллошкахь марехь хилла гунойн зуда. Оцу зудчо, шайн гуной бойуш ла а ца делла, и наьрт-аьрстхой шайн к1ошта кхаба а балийна, д1овш малийна, байина олуш ду.
Г1езамхий, Г1езаман 1елий бохуш, да а, к1ант а хилла нохчех схьаваьлла.
Цхьана дийнахь к1антана дагадеара, шен жа дебо, ламчу ваха. Оцу 1алашонца иза
ламчу вахара.
Туллам-Ог1о хилла наьртех тоьлла наьрт. Иза хилла исс эзар ц1е
йолчу шахьарахь веха цхьа а стаг шен ц1е яккха ца ваьхьаш верг. Иза вахана
Г1езаман 1ела волчу ламанал говр а йолуш, ломан эханнал ша а волуш. "Ваг1ахь,
бертахь схьавалор ву, ца ваг1ахь бертаза жа а, ша а валор ву", - аьлла вахана
Туллам-Ог1о. Делкъа хан хиллале йолчу хенахь говр кхаьчна цуьнан цига, делкъа
хан хилча ша а кхаьчна Г1езаман 1елина вуьйцуш хезна Туллам-Ог1о. Туллам-Ог1ос
далале Г1езаман 1елас салам хьалха ша делира. Цул т1аьхьа Туллам-Ог1она даг т1е
кхерам тесира. Говра т1ера хьаша санна охьавоссийра цо
Туллам-Ог1о.
Т1ехьаьжна ойла йира цо: Маса уьстаг1 биъча т1еравер варате
х1ара хьаша аьлла. "Кхуьнга дера баалур бац цхьа уьстаг1а бен, цхьаъ баахь дика
буу", - ойла йира цо. Шена а, цунна а цхьацца уьстаг1 бийра цо т1аккха. Г1езаман
1елас тидам беш хилла цо юучу х1уманан. Юург меллаша юуш хилла цо. Туллам-Ог1ос
ах уьстаг1 баале, Г1езаман 1елас дийнна уьстаг1 биъна, Туллам-Ог1ос чорпин цхьа
кад малале, Г1езаман 1елас чорпин яй мелла. Сахилча, шен жа генна д1а а
лаьхкина, хаттар дина Г1езаман 1елас Туллам-Ог1ога: "Хьо стенна араваьлла, цхьа
г1уллакх доцуш веана хир вац хьо? Х1инца хьан г1уллакхе а хьожур ву со".
-
Со-м кхин доккха г1уллакх долуш а ца веана. Х1окху махка хьо веана аьлла хезна,
хьоьца гергарло таса веара, - аьлла. Туллам-Ог1ос.
Туллам-Ог1о ц1а вахара.
Цул т1аьхьа диъ шо зама елира. Шен осалчу наьрташка элира цо: "Г1езаман 1елин жа
а дебна хир ду, со цигара ц1а веана диъ шо зама а яьлла. Аш, даха а г1ой, цуьнан
жа схьадаладе, бертахь ваг1ахь, ша а схьавалаве аьлла. Уьш баьхкина схьакхечира
Г1езаман 1ела волчу. Кхузткъе кхо наьрто вара уьш.
- Хьо бертахь ваг1ахь хьо
вига а, жа дига а даьхкина тхо, - элира цара цуьнга.
- Со-м вог1ур вац, жа-м
дуьгуьйтур ду ас, - аьлла, жоп делира Г1езаман 1елас.
Жа а лаьхкина, уьш
д1абахара. Цул т1аьхьа уьш гучуьра д1а бовлийтина, шен говрана нуьйр а тиллина,
Г1езаман 1ела хаьхкина ц1а вахара. Пхьоьханахь хиъна 1аш волчу шен дега элира
цо:
"Дада, хьо ц1а ваг1ахь хьоьца г1уллакх дара сан". Да ц1а ца веа-ра. Нене
элира цо, наьрташа жа а дигна ц1а веан со. Кхузткъе кхоъ пха кечбе суна. Ткъа ша
секха1ад кечдан волавелира иза. Нанас т1аккха хьехар дира цунна: "Схьавоьл, цкъа
кхаьллина юург ткъаннан метта ю хьуна, шозза кхаьллинарг шовзткъаннан метта ю
хьуна, кхузза кхаьллинарг - кхузткъаннан метта ю хьуна". Логал чоьхьа йолуш, ца
йолуш кхузза х1ума а кхаьллина, иза царна т1аьхьа ваха кечвелира. Нанас элира
цуьнга: "Хьо юьртара дуьйна чехка водахь, т1аьхьа а кхиъна, кхера а велла, ц1а
веанарг хир ву хьо, юьртах араваллалц меллаша водахь, юьртара дуьйна меллаша
вахара иза, т1аьхьа кхиъна хир вац эр ду хьуна". Юьртах валлалц меллаша а
вахана, т1аьхьа шен говр д1аэккхийтира цо. Вухахьаьжначу уггаре а осалчу
наьртана гира д1адетташ долу суйнаш. Наьрто хаьттира шайн коьртачу наьрте: "И
йог1у ц1ераш х1ун ц1ераш ю?" - аьлла. "Г1езаман 1елин говран бергаша туьйсуьйтуш
суйнаш ду уьш ламанах д1адетталуш дерш". - "И д1адетташ долу дохк, х1ун дохк
ду?" - "Г1езаман 1елин говран мер1уьргах схьадетта дохк ду иза", - аьлла, жоп
делла наьрто. "Жа д1а а тасий, довда вай?" - аьлла, духа а хаттар лира цо.
"Довда мегар дан, ц1а кхаьчча Туллам-Ог1ос дойур ду вай, кхузахь севцча,
Г1е-заман 1елас дойур ду вай", - аьлла, жоп делира наьрто.
Т1аьхьакхаьчначу
Г1езаман 1елас кхузткъе кхо пха тоьхна, кхузткъе кхоъ нарт вийра, шен жа схьа а
даьккхина, шен г1отанера х1умнаш схьа а эцна, шен да вехачу меттиге ц1а вахара
Г1езаман 1ела. Ц1а кхаьчча, Г1езаман 1елас шен дега элира: "Арахь вевзина ч1ог1а
гергара стаг вара сан Туллам-Ог1о бохуш, цига ваха пурба лахьара ахь". Цуьнан
дехарна жоп а делла, дас иза новкъа ваьккхира Туллам-Ог1о волчу вахийта. Цуьнан
яра ч1ог1а хаза зуда. Зудчунна, шен б1аьрг ма-кхийтти, Г1езаман 1ела ч1ог1а
везавелира. Зудчо Г1езаман 1елина дийцира Туллам-Ог1ос бинчу тешнабехкан
хьокъехь. 1уьйранна Г1езаман 1елас элира: "Шена ахь бина тешнабехк гучубаьлла,
хьо шех лата веза", - аьлла. "Ша муха летар ву хьох, ша ламанан эхханнал ма ву,
хьоьга ша хьала а айалур вац", - элира Туллам-Ог1ос. "Иза гур ду хьуна вайшиъ
лата ваьлча", - аьлла, жоп делира Г1езамап 1елас. Летира и шиъ. Схьаэцна
Г1езаман 1елас Туллам-Ог1о гоьллец лаьттахвахийтира, т1аккха Туллам-Ог1ос 1ела
гоьллец лаьттах вахийтира. Цул т1аьхьа хьала а айина, 1елас Туллам-Ог1о деггец
лаьттах вахийтира. Г1езаман 1ела цуьнан корта баккха воллучу хенахь: "Вен ма
вехьара ахь, хьуна луъур дийр дара ас", - элира Туллам-Ог1ос. "Делахь,
кхечухьара латта а кхоьхьуш, кхо барз а бийр бу ахь, кхо барз ахка а охкур бу
ахь", - аьлла, шен йийсарш а балош, Г1езаман 1ела шен да вехачу метте схьавеара.
Х1еттахь аьхкина баьрзнаш "Аьхкинчу-Борзехь" аьхкина ду олуш ду вайн халкъа
юкъахь.