ТАРКХОЧУН К1ЕНТАН, ЖЕРОЧУН К1ЕНТАН ИЛЛИ

Ша веза ца ваьлла маьрша стаг вийна,
Валал воцчу хенахь ден-ненах ваьлла,
Валал воцчу хенахь нийсархойх ваьлла,
Валаза ца ваьлла юьртаха ваьлла,
Шен хьалхарчу наха юьртах валар магийча,
Ша юьртах велир бах таркхочун жима к1ант,
Ша ваьлла вахар бах таркхочун жима к1ант
Цу нана ва Гихт1а,
Хьаьвзина ма ахар цу гиххойн пхоьхан т1е,
- Ассалам 1алайкум, х1ай гиххойн к1ентий,
Суьйре дика шун йойла кхоьллинчу вайн дала!
- 1алайкум ва салам, ва таркхойн жима к1ант,
Хьо марша вог1ийла, хьо далла воьзийла,
Хьо лаа вуй техьа, хьо тара вуй техьа? -
- Ша лаа ма лела, ша тара ма лела,
Ша веза ца ваьлла, маьрша стаг вийра ша,
Валал воцчу хенахь дех-ненах вели ша,
Валал воцчу хенахь нийсархойх вели ша,
Валал воцчу хенахь юьртаха вели ша,
Шен хьалхарчу наха юьртах валар, магийча,
Шуна т1е веа со, х1ай гиххойн ва к1ентий,
Шена-ма везара шулахь тешаме вериг, -
Олуш лен ва ваьлча и таркхойн жима к1ант,
Т1аккха лен ма бевлир и гиххой ва к1ентий:
- Шайх кхачам беш хьо велахь, шаьш ду хьуна,
Шайх кхачам ахь ца бахь, ц1е йоккхуш
Ву хьуна жерочун жима к1ант
Кху нана ву Гихчохь, тешаме ша волуш, -
Аьлла, вигна ма х1оттийр
И таркхойн жима к1ант жерочун к1ант волчу,
Кхойкхуш ара ма ваьккхир жерочун жима к1ант,
- Ассалам 1алайкум, жерочун жима к1ант,
Ша веза ца ваьлла, маьрша стаг вийра ша,
Валал воцчу хенахь дех-ненах вели ша,
Валал воцчу хенахь нийсархойх вели ша,
Валаза ца ваьлла, юьртаха вели ша,
Шен хьалхарчу наха юьртах валар магийча,
Тешаме доттаг1а лацаза ца 1ен-ма,
Цу делан къур1анах биъна дуй бара сан,
Со ваьлла ма веар ку гиххойн к1енташ т1е,
Кху гиххийн к1енташа тешаме хьо вийцир,
Кху гиххойн к1енташа дика к1ант хьо вийцир,
Доттаг1а хьо лаца хьо волчу веа ша,
Илах1у ярабби, жерочун жима к1ант,
Дехар ду шен-ма, ша бохург ахь дахь!
- 1алайкум ва салам, таркхочун жима к1ант,
Хьо лаха воссал хьо лекхачу динара,
Даан ду вайшинна бордаха и дилха,
Малан ду вайшинна и сирла ва къаьркьа,
Доттаг1а ву ша хьан, таркхочун жима к1ант,
Кхерам бац вайна-ма, вайн делера боцург!
Олуш, охьавоссина таркочун жима к1ант,
Цу ханнийн божалахь дин парг1атбаьккхина,
Цу хьешийн ото чохь шаьш парг1атвалла,
Даан сиха х1отт1ийна бордаха дилха,
Малан сиха х1оттийна и сирла къаьркъа,
Сакъера хиина буьйсанан кийрах1
И дика ши к1анат.
Мецачу ва чонна ва хьена даийна,
Горгачу коьртана ва малар малийна,
Буьйса кхозлаг1чу ва декъе йирзичу хенахь
Набарна ма вижир и дика ши к1ант.

II

Нур дашо можа малх кхетале х1алха,
Син метта топ кхетта ц1ен экха санна,
Т1ехьа ши куьг тоьхна,
Ша хьалаиккхира жерочун жима к1ант,
Чергазийн зударша, цу г1умкийн зударша
Къуьйсуш дина барзакъ шен дег1а дерзийна,
Дуьхьал пенах кхозу чал дера герзаш,
Делан ц1ераш йохуш, шен г1одах дихкича,
Хьаьвзина ма вуьйлир цу ханнийн божала,
Цу ханнийн божлара шен жима расха дин
Цу дато дирстанца ша араозийна,
Бухь бойначу попа т1е дайн куьйра санна,
Ша дина хиина, талла ваха кечвелир
Жерочун жима к1ант цу буто раьг1нашка,
Чо шера куьйранаш т1оьхула ва хьийзаш,
Белшаш т1е ва хуьйшуш, и дуткъа ва эраш
Уллошха ва ц1ийзаш, ша воьдуш ма кхечир
Цу буто раьг1нашка жерочун жима к1ант,
Раг1 талла йолийра жерочун цу к1анта:
Лаьттахула еддариг шен дино ца лоцуш,
Динера яьллариг эраша ва лоцуш,
Стиглахула еддариг куьйрано ва лоцуш,
Куьйранер яьллариг мажаро ва лоцуш,
Раг1 талла к1ордоллац, раг1 толлуш лелла,
Раг1 талла к1ордийча,
Лекхачу динара ша лаха воьссина,
Юткъачу барголца дин-бажа лаьллина,
Чергазийн юткъа нуьйр г1евланга йиллина,
Даржинна ва верта шена т1е ва тесна,
Чал дера ва герзаш шен мара къуьйлуш,
Набарах ма вуьйлир жерочун жима к1ант.
Буьйсанах цхьа зама яьллачу ва хенахь,
Ирча г1ан ва дайна, мела хьацар ва хилла,
Ша хьада ма иккхир жерочун жима к1ант.
- Илах1и яраббий, кхоьллин тхан дела,
Г1енаха ва дайнарг бакъ хуьлуш дуй техьа? -
Олуш, ц1ехьа ма ва вирзир жерочун жима к1ант.

III

Буьйсанан цхьа зама яьллачу хенахь
Буьйсанан кхозлаг1чу декъехь,
Йолаелла чуяхар цу хьешийн ото чу к1ант вина ва нана,
Набарах ма велир, таркхочун жима к1ант,
Дагара хаийтир к1ант винчу нанас таркхочун к1анте
Цунах д1акъаьхкира таркхочун жима к1ант.
Шолг1а а т1ег1оьртир к1ант вина нана,
Т1аккха цунах хьакхбелир исхарин чоьин т1ам,
Дуткъачу туьраца сел чехка баьккхира
Таркхочун к1анта исхарин чоьин т1ам,
Хьаьдда дуьхьал ма яхар к1ант вина нана
Шен жимчу к1антана,
Моттабеш йист ма хилир к1ант вина ва нана:
- Дакъаза ма вала, шен жима ва к1ант,
Ирча кхаъ беа ша: хьа деган доттаг1а
Таркхочун жима к1ант ша хьарам ма хили
Мерзачу хьан езаргана цу дуьхьал ото чохь,
Тховсалерчу ва буса юьхь1аьржо йин хьуна
Мерзачу доттаг1чо,
Т1ехтохам хир бу-кха, доттаг1а ца вийча, -
Олуш, лен велира к1ант вина нана.

IV

Ша веха жима юрт хьийзаш сурт ва х1уттуш,
Йоккхачу г1айг1ина шен корта базбелла,
Ша ц1ехьа ма веар жерочун жима к1ант.
Вахан чувелира цу дуьхьал отона жерочун жима к1ант,
- Ассалам 1алайкум, шен ямарт доттаг1а!
Мел парг1ат 1аш ву хьо аттачу цу меттахь?
Х1инца лата веза вайша Сосанан цу мерехь!
- 1алайкум ва салам, шен деган доттаг1а,
1аламат яраббий, жерочун жима к1ант,
Ахь х1ун де бах шега йоьхначу кху буса? -
- Хьарам хилла бохий-ца хьо мерзачу езаргана,
Х1инца лата веза вайша, хьайн лата дог делах,
Хьо хила ма веза Сосаа цу мерехь! -
Ша хьалаиккхир бах таркхочун ва к1анат,
Шен доцчу ва дагца каде кечвелира,
Шеи доцчу ва дагца дин каде кечбира,
Ша хьаьвзаш ма вахар Сосанан ва мере.
Таркхочун к1антана ша т1аьхьа ма вахар
Жерочун жима к1ант Сосанан цу мере,
Салам луш, т1ех1оьттир жерочун жима к1ант;
Ассалам 1алайкум, сан ямарт доттаг1а,
Х1инца лата ма веза Сосанан кху коьртехь,
Ахь хьалха тоха шена, таркхочун жима к1ант, -
Олуш, д1а ма х1оьттир жерочун жима к1ант,
- 1алайкум ва салам, шен деган доттаг1а,
1аламат яраббий, жерочун жима к1ант,
Ахь х1ун де бах шега йоьхначу кху буса? -
Еса гарма ма туьйхир таркхочун ва к1анта,
Харц хилла ма йисир барх1 сонан и мажар.
Т1аккха лен ма велир жерочун жима к1ант:
- Дакъаза ма вала, таркхочун жима к1ант,
Харц х1унда хили-те барх1 сонан хьан мажар?
- Сан даге хьоьжуш ю барх1 сонан сан мажар,
Х1инца ахь тоха суна барх1 сонан хьайн мажар, -
Олуш, д1а ма х1оьттир таркхочун жима к1ант,
Ша мажар ма туьйхир жерочун цу к1анта,
Дог лоцуш ели бах таркхочун к1антана,
Ц1ен огар* ва багахь сира сай санна,
Детта ц1ий багахь, сийна даш ва кийрахь,
Ша вала ма вуьйжир таркхочун жима к1ант,
Ша ц1ехьа ма вирзир жерочун жима к1ант.
Гонах хьийза ма евлир чо меца берзалой
Таркхочун к1антана йоьхначу цу буса,
- Дакъаза ма йовла, чо меца берзалой,
Сан юткьа голаш, садаьлча, йожур аш,
Дакъаза ма йовла, бос 1аьржа хьарг1анаш,
Сан сирла и б1аьргаш садаьлча мер аша? -
Олуш лен ма велир таркхочун дика к1ант.
Мохь олуш ма кхайкхир таркхочун жима к1ант:
- Ма вала дакъаза, жерочун жима к1ант,
Цкъа вухаверзахьа, кхоьллинчу цхьанделхьа.
Цкъа сема ладог1а ша дечу къамеле, -
Олуш т1евалийна, къамел дан ма велир
Таркхочун жима к1ант:
- Дакъаза ма вала, жерочун жима к1ант,
Ахь сема ладог1а ас дечу къамеле,
Ва веза ца ваьлла, маьрша стаг вийра ас,
Валаза ца волуш, юьртаха велир со,
Тешаме доттаг1а лацаза ца 1ен-кха
Биънарг дуй бара сан,
Со вог1уш ма-кхечир цу гиххийн к1енташ т1е.
Цу гиххойн к1енташа тешаме хьо вийцир,
Цу гиххойн к1енташа дика к1ант хьо вийцир,
Доттаг1а хьо лаца хьо волчу веара со,
Суна-м моьттура, доттаг1а ас лехна,
Ас лехна хиллера сайн син мостаг1а.
Делаха волда со, ва хьоьха волда со,
Жерочун жима к1ант, хари, дериг ас дийцахь:
Буьйсанах цхьа зама яьллачу цу хенахь
Со волчу чуеар хьо вина хьан нана,
Соьга дагар хаийтир хьо винчу хьан нанас,
Со къахка ма-къаьхкир хьо винчу хьан ненах,
Шолг1а, т1е ма г1оьртир хьо вина хьан нана,
Т1аккха цунах хьакхбелир исхарин чоьин т1ам.
Делаха волда со, ва хьоьха волда со,
Сан цунах ва кхетта исхарин чоьин т1ам
Сайн туьрца баьккхина цу дуьхьал ото чохь
И 1уьллуш бацахь, -
Дакъаза ма вала, жерочун жима к1ант,
Елха нана йоцуш, вала да воцуш, доглозур воцуш,
Ц1ен огар багахь сира сай санна,
Детта ц1ий багахь кху пана арахь,
Кху буто раьг1нашкахь, берзалой т1ег1ерташ,
Со цхьалха витина, д1авахан воллур хьо? -
Олуш лен ва ваьлча Таркхочун дика к1ант,
Ша ц1ехьа ма вирзир жерочун жима к1ант,
1аламат яраббий, юьхь1аьржо ю-кха хьо,
Тешнабехк хили шена кху маьлхан дуьненахь,
Бехк-гуьнахь доцуш, шен деган доттаг1а
Вийна вог1у ву-кх ша,
Бохуш, ц1ехьа ма вахар жерочун жима к1ант.
Еана дуьхьал ма елир к1ант вина и нана.
- Муьлха туьйли шуьшиннах, ша вина шен к1ант?
Бохуш лен ва яьлча ша вина шен нана,
- Дакъаза ма яла, ша вина шен нана,
Шен деган доттаг1а таркхочун жима к1ант
Вийна вог1уш веца ша олуш, лен ваьлча
Жерочун жима к1ант, т1ам тесна го тосуш,
Ша халха ма хьаьвзир к1ант вина и нана.
Дуьттаца шок етта ц1ен горга болат тур
Баттара даьккхина, сел чехка божийра
Шен ненан корта жерочун цу к1анта.
Вахан д1а ма кхечир жерочун жима к1ант,
Ша йоьлхуш ма карийр шен мерза ва езар.
- Дакъаза ма яла, шен мерза ва езар,
Шен деган доттаг1а таркхочун жима к1ант
Вийна вог1уш ву-кха ша, тешнабехк хили шена
Кху маьлхан дуьненахь бохуш, лен ма велир
Жерочун жима к1ант, -
Дакъаза маяла шен мерза хьо езар,
Х1ун бала бу техьа шортачу ва кийрах?
Х1ун г1айг1а ю техьа горгачу ва коьртехь?
Дийцахьа ва шена, хьо х1унда йоьлху-те? -
Олуш лен ва ваьлча жерочун жима к1ант,
Т1аккха лен ма елир цуьн мерза ва езар:
- Дакъаза ма вала, жерочун жима к1ант,
Ахь сема ладог1а, ша дуьйцур ду хьуна, -
Олуш дийца ма х1оьттир цуьн мерза ва езар:
Сийсарлерчу цу буса цу хьешийн ото чохь,
Хьан деган доттаг1а таркхочун жима к1ант
Набарах воккхуш, цунна чу ма яхара
Хьо вина хьан нана,
Дагара хаийтир хьо винчу хьан нанас
Таркхочун цу к1анте,
Ша вуха ма къаьхкир хьан мерза доттаг1а,
1Шолг1а дагара хаийтир хьо винчу хьан нанас,
Шолг1а а д1акъаьхкир таркхочун жима к1ант,
Т1аккха цунах хьакхбелир исхарин чоьин т1ам.
Делаха йолда со, ва хьоьха йолда со,
Шен цунах хьакхбелла исхарин чоьин т1ам,
Таркхочун к1анта шен туьрца баьккхина,
Цу дуьхьал ото чохь и 1уьллуш бацахь!
Г1айг1а еца коьртехь, хьайн деган доттаг1а
Вийна вог1уш хьо хилча,
Бала бу сан кийрахь, дуьненара яллалца
Бохуш, лен ма елир цуьн мерза ва езар.

VI

Ша сиха ма хьаьдир жерочун жима к1ант
Буьйсанан ва кийрахь Сосанан цу мере,
Вахана д1а ма кхечир Сосанан цу мере,
Валан керчаш хиллера таркхочун жима к1ант,
Т1аккха лен ма велир жерочун жима к1ант:
- Дакъаза ма ваккха, сан деган доттаг1а,
Тешнабехк хили хьуна кху маьлхан дуьненахь,
Делаха волда ша, ва хьоьха волда ша,
Хьох дисна яр дуьне, кхин лоьху делахь
Олуш, хьаьвзаш го боккхуш, шаьлтан т1е вахна
Ша вала ма вуьйжир жерочун жима к1ант.
Вовше, дукха хьирчина, шаьш велла велира
И дика ши к1анат Сосанан цу мерехь.


***
Вайн веччун ма хуьлда к санна да-нана,
Хилаза ца даьлла и хуьлуш хилча,
Церан балар хуьлда-кха, сацарах ун хуьлуш,
Дадарах ял хуьлуш, туьтан х1уш санна, дегнаш кийра эгна.
_____________________________
*Бецан тайпа.



Нохчийн фольклор. Чулацам.