КЪЕНАЧУ АДИН ИЛЛИ

I

Юьртарчу яхь йоцчу к1анта т1ехтохам ма бира
Пхьоьг1ана ваьлла лаьттачу цу Адин Сурхона:
"Сел дика к1ант хьо хилчахь,
Воккхачу Адин к1ант - ц1е йоккху ва Сурхо,
Вон-дика деача хьан да и Ада
Нахаца цхьаьна юьртахь хила ма везара,
Цу ломан басешкахь даьхний кхобуш лелачул",
Шена бина т1ехтохам даге ла ца белла,
Дуьгу нускал ва санна, шеи гила кечбина,
Цхьабосса шен пхаьрчий ша улло даьхна,
Ша ваьлла ма вахар дог майра ва Сурхо.
- Ассалам 1алайкум, сан къена ва Ада,
Дебаре хуьлда хьан х1ар дуткъа деций!
- 1алайкум ва салам, сан жима ва Сурхо,
Хьо лаа леларий, сан хьоме ва Сурхо?
Хьо тара вуй техьа со волчу варца?
Т1аккха лен ма велир х1ар Адин ва Сурхо:
- Со лаа ма лела, со тара ма веъна,
Вон-дика ва хилча цу юьртахь,
Хьо ц1ахь бакъахь ма вара, иза д1адерзадеш,
Ц1а верза веза хьо, х1ай къена сан Ада,
Меттамотт ва хуьйцуш, ша дика дажор ду
Ахь лерина кхобу х1ар дуткъа деций,
- Ма вала дакъаза, сан жима ва Сурхо.
Кхераме хета суна деций дажош хьо вита,
Къинхетам боцуш ву и эла Тимаркъа,
Барт лохьа суна, сан хьоме ва Сурхо, -
Бохуш лен велир, тов, и къена ва Ада.
- Хьуна барт бала уьйрех бехк хета шена
Олуш, жоп ма делир цу Адин ва Сурхос.
Ада велха ва ваьлча, къа цунах хетарца,
Ч1ог1а барт ма белир къеначу шен дена
Яхь йолчу кху к1анта цу Адин Сурхос.

II

"Ахьа т1ера бер* оьцучу ламанан кортошкахь
Дуткъа деций дажош ма сеци и Адин ва Сурхо,
Х1инца хьайна ма луъу баккхалахь
Ц1арна ц1е яханчу цу Сурхон ва корта,
Къена Ада ма виси юьртан тхьамда ва хилла", -
Бохуш мотт эцна ма вахар цхьа маттах ма лериг.
Мотт бахьаш веанчунна эпсар чин делла,
Ша ц1ехьа ма хьажийр цу эла Тимаркъас.
Испирташ ва детташ, къаьркъанаш ва мийлош,
Сурхона т1елаьхкир паччахьан ва эскар,
Кхолха го ва лаьцна шаьш юкъа ма верзийр
И Адин ва Сурхо Тимаркъин салташа,
Сурхон меттамотт болчу ма вахар
Х1ар эла Тимаркъа ямартчу цу дагца.
- Жа дебар хуьлда хьан, Адин ва Сурхо!
Ма маьрша лела хьо доларчу сан ломахь?
Со вевзий хьуна, х1ай Адин ва Сурхо?
- Къеначу Адас вуьйцу хезна суна хьо, эла Тимаркъа,
Оьавоссал, цхьанделхьа, лекхачу динара,
Шуна даон ду сан-ма хьена ва дилха,
Мала хир ду шуна и сирла ва къаьркъа!
- Хьан дилха даа екха дац тхо-ма,
Хьан малар мала хьогах дац тхо-ма.
Паччахьа суна совг1атана беллачу кху ломахь
Бажа сан бажо бецан ц1ов ца буьтуш,
Эмалка ремийна мала хи къийдина,
Сов парг1ат лелаш ву хьой, Адий,
Кхин къуьйсур дац аша долара сан лаьмнаш, -
Бохуш лета ма вуьйлир х1ар эла Тимаркъа,
Динчу нанойх 1овла 1ахарий д1атоьхна, хецна,
Сан т1аьхьар де т1екхаьчна ма дели бохуш,
Ша лета ма вуьйлир дог майра и Сурхо.
Динна хьалха нисвелларг бергаша ва кегвеш,
Шена улло нисвелларг тур тухий цостуш,
Ведда вала воьлларг эккхийна ва лоцуш,
Лечкъина хьулвелларг къайла ваха ца вуьтуш,
И кхолха лаьцна го ша шалха берзийна,
И шалха бисна го ша цхьалха берзийна,
И цхьалха бисна го бохийна баржийна,
Ца виссал ва чевнаш шен дег1ах ва хилла,
Жан метта ва вирзир и Адин ва Сурхо.
Т1ехьашха т1евеъна, тешнабехк ша бина,
Сурхон корта ма баьккхир цу эла Тимаркъас,
Шен салтийн дукха декъий ломахь эгна дитина,
Дозална ц1ет дина Сурхон корта эцна,
Вахна ц1а кхаьчна ловзар дан ма вуьйлир
Элийн баьчча хилла и ямарт Тимаркъа.

III

Сурхох дог диллина, терсаш ц1ехьа ма бахар
Сурхос безаш лелийна цуьнан хьоме ва гила,
Барзах уг1а ма дуьйлир тешаме ва пхьаьрчий.
Ца биссал дера чевнаш дег1аца ва йолуш,
Гоьзан т1е ма тевжир и Сурхон ва гила.
Шаьш уг1а ма дуьйлир цхьабосса и пхьаьрчий,
Кийра алу ва яьлла, ша ара ма иккхир
Сурхо вина ва нана доьхначу цу дийнахь.
- Хьо аравалалахь, х1ай къена ва Ада! -
Бохуш, чу ма хьаьдир Сурхо вина ва нана, -
Да велча ва санна, г1ийла ша терсаш,
Гоьзанца лаьтташ бу и Сурхон ва гила,
Доьттина доьша ца дууш, барзаха уг1уш,
Хьаьлхина ма лела цу Сурхон и пхьаьрчий,
К1айн киса тиллийла ахь, х1ай къена Ада,
Сурхон корта баьккхинчу Тимаркъин ва корта
Делкъахан хилале баьккхина ца ваг1ахь, -
Син метта топ кхетта ц1ен экха ва санна,
Ша хьаьла ма иккхир и къена ва Ада,
- Шена ахьа еллариг шеран зама ма хета, -
Олуш д1атилир, бах, и къена ва Ада.
Хаьхкина ма кхечир ламанан кортошка,
Корта боцуш карийр, тов, шен жима ва Сурхо,
Ламанан ирзешкахь Тимаркъин ва махкахь
Дог 1абош вилхир, тов, и къена ва Ада.
Корта боцу и дакъа шен мара ва къуьйлуш,
Гила борз ва санна, ша хьалаиккхина,
Хаьхкина ма вахар дог эшна Ада,
Тимаркъа вехачу йоккхачу цу юьрта,
Саг1адоьхучун ва бедар шена т1еюьйхина,
Хьенапан ва шаьлта пхьуьйшна чу лаьцна,
Воьдуш т1е ма кхечир Тимаркъин цу тойне.
Сурхон горга ва корта стоьл т1ехь гарна кхерарна,
Ловзаран майданахь лаьттан б1аьра ва хьоьжуш,
Цу эла Тимаркъина ца вовзийта г1ерташ.
- Ассалам 1алайкум, х1ай эла Тимаркъа,
Де дика хуьлда хьан, той декъал дойла,
Саг1ина х1ума ло суна, миска стаг вара со, -
Бохуш лен ма велир и къена ва Ада.
Т1аккха лен ма велир ловзаран да Тимаркъа:
- Дог дика хилла 1уьйре ю сан-ма,
Къеначу Адин Сурхон корта стола т1е х1оттийна,
Чувалий, халхавала, х1ай миска хьаша,
Къобал саг1а лур ду хьуна аса, -
Олуш, пондар лакха ма велир эла Тимаркъа.
Шен кочар и таьлсаш не1арге кхийсина,
Доьхначу цу дагца ша халха ма хьаьвзир
И къена ва Ада Тимаркъин х1усамехь.
Къеначу цу Адех сирла б1аьрг кхетчахь,
Пондаран йиш йоха ма юьйлир цу эла Тимаркъин.
- Дакъаза ма вала хьо, эла Тимаркъа,
Пондаран йиш х1унда йохий ахьа парг1атчу х1усамехь,
Ч1ог1а сакъералуш, со халха волуш? -
Бохуш лен ва ваьлча и къена ва Ада,
- Къеначу Адин берзан боларх тера хета суна
Хелхаран хьан болар, къегина ши б1аьриг,
Лакхалац соыа х1ар мерзан пондар, -
Бохуш, лен ма велир и эла Тимаркъа.
- Хьуна мичар вог1ур вара и къена Ада?
К1ентан Сурхон во д1адерзош хир вай и къена Ада?
Суна саг1а ца дала ен бехказло хета суна
Ахьа х1инца дуьйцуриг, ва эла Тимаркъа,
Кхана йог1учу 1уьйренца тешам бац хьуна
Цу къеначу Адех, хьо парг1ат хила, -
Олуш улло нисвелла, каде шаьлта тоьхна,
Озийна ма баьккхир Тимаркъин ва корта
Цу къеначу ва Адас цу Сурхон ч1ирна.
Тимаркъин горга корта таьлсаш чу боьллина,
Тимаркъин ва ловзар дохийна, эккхийна,
Ша ц1ехьа ма вирзир и къена ва Ада.
Сурхон горга и корта докъаца биллина,
Сурхо винчу ненаца ша халха ма хьаьвзир
Дог майра и Ада доцучу дагаца.
_______________________
*Биэр - йоккхуш йолу ял.



Нохчийн фольклор. Чулацам.