НЕНАН К1ЕНТАН, ДАДИН ЙО1АН ИЛЛИ

Цу пенан сонаца мажар топ г1ортийна,
Юткъачу белашца болат тур ва лаьцна,
Кхо ког болчу ж1айн г1анта ша лоха лахвелла,
Мокхачу овкъар т1е яйн чемхалг ва хьоькхуш,
Ойла ян хиира, тов, и ненан цхьа к1анат.
Дагца йина ва ойла шен кийрахь сацийна,
Ша ваьлла вахара, тов, шен доттаг1а ва волчу.
- Ассалам 1алайкум, шен хьомсар доттаг1а!
Суьйре дика хуьлда хьан, шен хьомсар доттаг1а!
- 1алайкум ва салам, шен мерза доттаг1а!
Вехийла хьо дукха, везийла хьо далла!
Хьо лаа ва лелий кху сарахь суьйренца?
Хьо тара ва лелий булучу боданца?
- Ша лаа ма лела, кху сарахь суьйренца,
Ша тара ма лела булучу боданца:
Ва шега нийсарийн доьзалаш кхиина,
Шел кегий мел болчара зударий балийна,
К1ордийна ва шена шийла кхерч ларбан,
Шен хьомсар доттаг1а, йоьхначу ойланца,
Шена ала алахьа ша винчу бабега
Юьртара цхьа гавур аьлла ма вахийтира,
Шен хьомен доттаг1а, шен баба ва йолчу:
- Суьйре дика йолда хьан, ша ваза шен нана!
- Вехийла хьо дукха, ша ваза шен к1анат!
Хьо лаа лелий-техьа кху сарахь суьйренца?
Хьо тара лелий-техьа булучу боданца?
- Ша лаа ма лела кху сарахь суьйренца,
Ша тара ма лела булучу бодацца.
Ша волчу веънера хьан хьомен ва к1анат.
Шен мерза доттаг1а, шен бала ва балхо:
Ва шега нийсарийн доьзалаш кхиъна,
Шел кегийчара зударий балийна,
К1ордийна ма боху шийла кхерч ва ларбан,
Шена ала ма боху юьртара цхьа гавур
Олуш, лен ва ваьлча, цо ваза цуьнан к1анат,
Т1аккха лен елира к1ант вина ва нана:
- Ша ала ва цунна кху юьртахь хазаниг?
Ша ала ва цунна ворх1 вешин ва йиша?
Ша ала ва цунна вехачу Дадин йо1? -
Аьлла, вахийти, тов, ша ваза шен к1анат.
- Ша вог1у ва хьуна хьан нана йолчуьра,
Хьан бала балхийна, шен мерзан доттаг1а.
Цо боху ва хьоьга:
"Ша ала ва хьуна кху юьртахь хаза йо1?
Ша ала ва хьуна ворх1 вешин ва йиша?
Ша ала ва хьуна хьал долчу Дадин йо1?" -
Аьлла, д1адалхина, тов, хьомсарчу доттаг1чо.
Т1аккха лен ма велира и ненан цхьа к1анат:
- Ма ала алахьа, шен хьомсар доттаг1а,
Ша винчу бабега юьртахь хаза йо1 ва шена,
Юьртарчу ва к1ентийн къа хир ду ва шена.
Ма ала алалахьа, ша винчу бабега,
Хьал долчу Дадин йо1 ва шена ялае,
Хьал долчуьра ю бохуш, кура хир ю шена.
Ма ала алахьа ша винчу шен нене,
Ворх1 вешин ва йиша ва шена ялае,
Вежарий ва белчахь г1ийла хуьйшур ю шена.
Ахь ала алахьа, шен хьомсар доттаг1а,
Ша винчу бабега,
Эвла йистехь вехачу къечу Дадин ва гавур
Шена ялае ва алий,
И аьлла вахийтира шен хьомсар доттаг1а
Шен нана ва йолчу цу ненан цхьана к1анта.
Ша вахна ма кхечира ваза нана ва йолчу:
- Суьйре дика йолда хьан, ша ваза ва нана!
Ша далхо веъна хьуна хьан к1анта бохуриг
Аьлла, охьахиира, тов, ваза нана ва йолчу,
К1ентан бала ва балхо, и хьомен доттаг1а. -
"Ма ала боху хьоьга юьртара хазаниг,
Юьртарчу ва к1ентийн къа хир ду бах шена!
Ма ала, бах, шена хьал долчу Дадин йо1,
Хьал долчуьра ю бохуш, кура хир ю бах шена.
Ма ала бах шена ворх1 вешин ва йиша,
Вежарий ва белча г1ийла хуьйшур ю шена.
Шена ала бах хьоьга эвла йисттехь
Вехачу къечу Дадин гавур!" - аьлла,
Ша ц1ехьа ма вирзира хьомсара доттаг1а,
Доттаг1чун ва бала цуьнан нене балхийна.
Т1аккха тоха ма елира к1ант вина ва нана,
Юьртара тхьамданаш сов чехка кечбина,
Юьртара нийсархой царна юххе ва баьхна,
Йо1 ялон бахийтира к1ант винчу ва нанас.
Къен Дада резахилла, йо1 ялош баьхки, тов,
И юьртан тхьамданаш к1ант вехачу ва керта.
Ялийна йоссийра, тов, ненан баьрчче, къечу Дадин гавур.
Той-ловзар х1оттийра, тов, к1ант винчу нанас,
Шуьйрачу шен кертахь, дог ловза ва лелхаш.
Кхаа дийнахь, кхаа бусий той-ловзар ва дина,
И юьртан тхьамданаш шаьш ц1ехьа берзийна,
Ша парг1ат елира, тов, к1ант вина ва нана.
Буьйсанан цхьа зама д1аяьллачу ва хенахь,
Ваьлла чу вахара, тов, шен нускал ва долчу
И ненан ва к1анат.
- Ког къуьйлуш дуьйхина шен маьхьсий, ва пезаг
Д1адахал, х1ай гавур, хьайн марг1ал п1елгашца,
Юкъ къевлина дихкина чилланан сан ветанаш
Д1адахал, х1ай гавур, хьайн марг1ал п1елгашца
Олуш, лен ва ваьлча шен хьомсар езаре,
Т1аккха лен ма делира цуьнан хьоме ва нускал:
- Ког къовлуш дуьйхина хьан маьхьсий, ва пезаг
Шен марг1ал п1елгашца ца дохуьйту делахь,
Хьо винчу хьан бабас т1ехьашха ва лоьцуш,
Баба яла хьан бохуш,
Хьан нанас йинчу хьан хьомен ва йишас
Хьалхашха ва лоьцуш, ша яла хьан бохуш,
Цу лоьрийн мокханца эт1ийна дохийла хьан,
Х1ай ненан ва к1анат.
Юкъ къовла дихкина хьан чилланан ветанаш
Шен марг1ал п1елгашца ца дохуьйту делахь,
Хьо винчу хьан бабас т1ехьашха ва лоьцуш,
нана яла хьан бохуш,
Хьан нанас йинчу хьан хьомен ва йишас
Хьалхашха ва лоьцуш, ша яла хьан бохуш.
Цу лоьрийн мокханца цоьстуш дохург хуьлда хьан
Олуш, лен ва яьлча цу къечу Дадин йо1,
Т1аккха лен ма велира цу ненан дика к1ант:
- Зудареха даьлла зуд, кхахьпачу ненан йо1!
Шен делах биънариг беза дуй бара шен,
Къеначу Дадин йо1 йийна бохург ца хилча,
Хьан горга ва корта баккханза ца 1арна.
Бехк буьллур бу шена юьртарчу цу наха,
Къечу Дадин ва гавур ша йийна ва аьлла.
Хьан ц1ийнал тоьлийца шен гилин божал,
Хьан г1айбел тоьлийца шен нуьйран ва г1айба,
Хьан гоьнал тоьлийца шен нуьйран ва ичмик,
Хьан юрг1анал тоьлийца чергазийн шен верта
Бохуш, хьалаг1еттира, тов, и ненан ва к1анат,
Чал дера ва герзаш шен мара доьхкина,
Ша ваьлла вахара, тов, шен гилин божал чу,
Дуьнен т1е сирла са тосучу заманчохь,
Ша вахана вижира, тов, цу гилин божал чу.
Ша араелира, тов, к1ант вина ва нана,
Сирла б1аьрг туьйхира, тов, дуьненан ва кийра.
Дуьненан го лаьцна сийна х1орд ва санна,
Уьшална го лаьцна куьйса эрз ва санна,
Юьртан го лаьцна и делан мостаг1ий
Шен б1аьрга алсам байна, ша чоьхьа йирзина,
Чуьра дог1а ва эцна, ша ара ва яьлла,
Ша яьлла яхара, тов, божалин не1арге.
Т1ехула дог1а ва тоьхна, к1ант божалахь витина,
Ша парг1ат елира, тов, к1ант вина ва нана.
Т1ом болий бахара цу делан мостаг1аша,
Хехкан йолий бахара сир диллина г1удалкхаш,
Цу юьртан йохалла, доьхначу ва дийнахь.
Вовшахбетталуш бара, тов, цу юьртан тхьамданаш,
И ненан цхьа к1анат шаьш коьртах ва вохуш.
"К1ант дика ма вара и ненан цхьа к1анат.
Дог майра ма дара цу ненан ва к1ентан,
Дин дика ма бара цу ненан ва к1ентан.
Таханлерачу доьхначу кху дийнахь,
Рузбанна ва дина рузбанан и маьждиг,
Корах ало ва туьйсуш, догучу кху дийнахь,
Меттанаш дастанза и эвхьен несарий,
Марзойн ц1ераш ва йохуш, кхойкхучу кху дийнахь.
Яхь йолу и к1ентий бойучу кху дийнахь,
Вай хьомсара лелийна зударий, мехкарий,
Дуткъа йийсар дина, кхоьхьучу кху дийнахь,
Вайна гуш ма вац-кха и ненан цхьа к1анат"
Бохуш лен бевлира, тов, и юьртан тхьамданаш.
Юккъера къаьстира, тов, царлахь цхьа жимха:
- Сема ладог1алаш, х1ай юьртан тхьамданаш!
Юккъе х1ума доьлла божал чу вижнера
И ненан цхьа к1анат, х1ай юьртан тхьамданаш.
Мацалла ва ц1ийза берзалой ва санна,
Цу чохь ц1ийзаш ма ву-кха цу ненан цхьа к1анат,
Т1ехула дог1а ва тоьхна, нанас чохь витина.
И веха г1ахьара шу, х1ай юьртан тхьамданаш,
И винчу цу нене, доьхначу кху дийнахь.
Шаьш бевлла бахара, тов, цу юьртан тхьамданаш,
Схьадаьхна шайн куйнаш шаьш кера ва лаьцна,
Дехар дан х1иттира, тов, и юьртан тхьамданаш,
К1ант винчу ва нене, доьхначу цу дийнахь.
- Шаьш хьоьга ма воьху ахь вина хьан к1анат,
Доьхначу кху дийнахь бохуш, лен бевлира, тов,
И юьртан тхьамданаш цу к1ентан ва нене.
Т1аккха лен ма елира к1ант вина и нана:
- Ша лур вац ва шуна ша вина шен к1анат,
Биънариг дуй бу шен кхоьллинчу цу делах,
Вехачу Дадин йо1 дехаре ца яг1ахь,
Шен к1анат ца вала доьхначу кху дийнахь.
Шу даха ма деза веха Дада ва волчу,
Дадега йо1 еха ша йолчу яийта.
Шаьш бевлла бахара, тов, и юьртан тхьамданаш,
Доьхначу цу дийнахь, вехачу Дадега дехаре,
Дехар дан х1иттира, тов, вехачу Дадега,
И юьртан тхьамданаш, доьхначу цу дийнахь:
- Оха хьоьга йоьху-кха хьан жима хаза йо1,
Яхийтал ахь, делхьа, хьайн жима хаза йо1
Цу нене дехаре, доьхначу кху дийнахь, -
Бохуш, лен ва бевлча и юьртан тхьамданаш,
Ша чехка кечйина шен жима хаза йо1,
Яьккхина яхийтира цу нене дехаре.
1аьржачу шеликхах шерша шад ва бина,
Шен хечин ва когаш ша хьала карчийна,
Даьккхина хинкиса ша хьалха ва кхуьйсуш,
Ша яьлла яхара, тов, цу нене дехаре.
Ша яхна кхечира, тов, к1ант вина нана йолчу:
- 1уьйре дика йойла хьан, к1ант вина ва нана! -
Ша еъна хьо йолчу, к1ант вина ва нана,
Хьан к1анат ва веха доьхначу кху дийнахь
Олуш, лен ва яьлча вехачу Дадин йо1,
Цу божлан ва дог1а ша цуьнга ва делла,
Яьккхина йигина божалан не1арге:
- Айхьа схьаваккхахьа ша вина шен к1анат
Бохуш, лен ма елира к1ант вина ва нана.
Ша яьлла яхара, тов, божалан не1аре
Вехачу Дадин йо1 доьхначу цу дийнахь.
Цу божлан ва дог1а ша чехка даьккхина,
Ша парг1атваьккхира, тов, и ненан цхьа к1анат.
Кечвелла хиллера и ненан цхьа к1анат.
Са ц1ена шен гила ша араозийна,
Дин таь1аш ва хилла, ша хьаьвзаш т1еваьлла,
Цу толлан гона т1е меца куьйра ва санна,
Шен динан букъа т1ехь ша нийса нисвелла,
Кхайкхина яькхира, тов, ша вина шен нана:
- Хьо къинт1ера ялалахь, ша вина шен нана
Бохуш, лен велира, тов, и ненан цхьа к1анат.
Т1аккха лен ма елира, к1ант вина ва нана:
- Шеран шийтта ва баттахь аганан цу г1ожа т1ехь
Пхьаьрсан дол ва туьйсуш, хьо кхаьбна хьан нана,
Хьан горга ва корта кера юккъе ва керчош,
Ша хьуна ва эхьна к1айн-хьенан и кхача
Ша хьанал бин хьуна, ша вина шен к1анат. -
Лилбизан ва мохо некъан чан ва санна,
Ша чехка кех иккхира и ненан цхьа к1анат.
Ша вахна х1оьттира, тов, рузбанан маьждиге.
Юьртара и к1ентий ва алсам байъина,
Зударех, мехкарех дуткъа йийсарш ва дина,
Бухубирзина хиллера и салойн ва элий.
Ша т1аьхьавелира, тов, и ненан цхьа к1анат.
Ша вахна кхиира, тов, цу салойн ва элех,
- Топ санна 1алайкум, х1ай салойн ва элий!
Мел парг1ат доьлху шу, бехачу кху новкъа.
Т1аме бовла т1емалой юьртара кхачийна,
Мел тийна дог1у шу, х1ай салойн ва элий.
- 1алайкум ва салам, ва ненан цхьа к1анат!
Дехар до шаьш хьоьга, х1ай ненан цхьа к1анат:
Юьртара шаьш далон йо1-йийсар ва эцна,
Цу юьртара шаьш яхьа х1ар к1айн х1онс ва эцна,
Алар, дийцар ва доцуш хьо ц1ехьа ва верзар,
Бехачу ва новкъа, х1ай ненан цхьа к1анат, -
Т1аккха лен ма велира и ненан цхьа к1анат:
- Х1ай елла йовла шу, х1ай салойн ч1аьнк1анаш!
Дуткъа йийсар ва дина аьш буьгуш ва болу
Юьртан мехкарий аш буха ва белча,
Аш яхьаш ва йолу юьртара к1айн х1онс
Аш юха ва елча, х1ай салойн ч1аьнк1анаш,
Юьртара шаьш байъина яхь йолу и к1ентий
Мичара лур бу аш, х1ай салойн ч1аьнк1анаш? -
Бохуш, т1аме велира, тов, и ненан цхьа к1анат.
Ведда вала воьллариг шен тоьпо ва сацош,
Улло нисвеллариг шен туьро ва цостуш,
Хьалха нисвеллариг шен дино ва кагвеш,
Куьйра юкъа иккхина човкарчий ва санна,
Бохийна хьовзийра, тов, цу ненан ва к1анта,
И салойн ва элий, доьхначу цу дийнахь.
Бохийна, баржийна, уьш д1асакхийсина,
Ца виссал ва чевнаш шен дег1ана ва хилла,
Дуткъачу йийсарца, цу к1айчу х1онсаца
Ша ц1ехьа вирзира и ненан цхьа к1анат.
Ша вог1уш ма кхечира вехачу ва юьрта,
Рузбанна диначу рузбанан маьждиге
Ша вахна х1оьттира, тов, и ненан цхьа к1анат
Йоккхучу х1онсаца, дуткъачу йийсарца.
И дуткъа ва йийсар ша парг1ат ва дитна,
Юьртарчу цу байшна х1онс екъа ва аьлла,
Ша ц1ехьа веара, тов, и ненан цхьа к1анат.
Ца виссал ва чевнаш шен дег1ах ва хилла,
Ша веана ма кхечира вехачу шен уьйт1а.
Орцах веана хиллера цуьнан хьомсара доттаг1а
Дог майра и Ч1ега.
Шаьш каден ийцира, тов, и ненан цхьа к1анат,
Айбина виллира, тов, цу нена баьрчче, ховхачу метта.
Бовдийна балийра, тов, дог майрачу Ч1егас
И баккхий ва лоьраш.
Ког къевлина дуьйхина цуьнан маьхьсин ва пезаг,
Цу лоьрийн мокханца, эт1ош схьадехин, тов,
К1ант винчу нанас т1ехьара лоьцуш,
Нана яла хьан ва бохуш,
Нанас йинчу цуьнан йишас хьалхашха лоьцуш,
Йиша яла хьан ва бохуш,
Юкъ къевлина доьхкина цуьнан г1овталан ветанаш,
Цу лоьрийн мокханца, цостуш дехин, тов.
К1ант винчу нанас т1ехьашха лоьцуш,
Нана лайла хьан бохуш,
Нанас йинчу ва йишас хьалхашка лоьцуш,
Йиша яла хьан бохуш.
Баккхийчу цу лоьрийн лоьралла ва хилла,
Товелла вирзира, тов, и ненан цхьа к1анат,
Товелла ва ваьлча, и ненан цхьа к1анат,
Нускал дало вахара, тов, цуьнан хьомен доттаг1а.
Ялийна, йоссийн, тов, хьал долчу Дадин йо1
Цуьнан хьомен доттаг1чо, дог майрачу Ч1егас.
Той-ловзар ва дина, мерза са къийрина,
Дагара ва дуьйцуш, ша ваха хиира
И нийса ши к1анат, ва лайла ялалай!
Ва лата мел луучун - леташ ка долийла!
Ва вада мел луучун - уьдуш са долийла!
Ва далай далалай, далай, далалай!



Нохчийн фольклор. Чулацам.