ТИЙЖАМАШ

 

ЙО1 НАННА ТИЙЖАР
ЙО1 ДЕНА ТИЙЖАР
ЗУДА Ц1ИЙНДЕНА ТИЙЖАР
ЙИША ВЕШИНА ТИЙЖАР
ЙИША ЙИШИНА ТИЙЖАР
НАНА К1АНТАНА ТИЙЖАР
ВЕШИН ЙО1 ДЕВЕШИНА ТИЙЖАР

ЙО1 НАННА ТИЙЖАР

1. ВА, АХЬА йинарг яла хьан, везни дела,
Дуьненан б1аьра г1ийла хьежа, аьлла,
Йити-кха ахьа со, ахьа йинарг хьан яларг!

Ахьа г1ийла яьккхина хан
Аса муха йицйийр ю, ахьа йинар яларг!
Вай дела яла хьан ахь йинар, везин дела!
Дуьненан марзонах яьккхи-кх
Ахь со, ахь йинарг яларг.

Эрна арадехи-кха ахь тхо,
Ахьа йинарг яларг!
Мама-а олуш кхайкхина
Ели-кха со хьоьга.
Ахьа йинарг яларг,
Везин дела, воккха дела,
Сан г1ийла нана йог1у хьуна,
Гечделахь цунна, везин дела!

2. Айхьа йинарг лойла хьан,
Хьанах тешна дити ахь тхо;
Тхан дог хьан оьцур ду?
Хьайл т1аьхьа хьайх дисинчу дуьнене
Г1ийла хьежа дити ахьа тхо,
Ма дог хьаста таг ца вити ахь,
Айхьа йинарг лайла хьан!

ЙО1 ДЕНА ТИЙЖАР

3. Дада-а, хьуна йинарг яла хьан!
"Дада" ц1е ма-йоккху хуьлу,
Ца1 бен да ца хуьлу,
Дада, хьан мерзачу марзонах
Яьлла, со муха лелар ю?
Ва-а дада, хьуна йинарг яла хьан,
Дуьне ма-дду ма эрна дити ахьа тхо,
Ва-а дада, хьуна йинарг яла хьан!
Тхо хьан кхобур ду, ва-а дада?
Нийсархойх хьега дити ахьа тхо, ва-а дада!
Дада, хьуна йинарг яла хьан!

4. Ма г1ийла дити ахь тхо,
Ма хьалхехь д1аваха хьо,
Тхо хьанах тешна дити ахь,
Ма хьалхехь дити ахь х1ара дуьне,
Ма г1ийла хьежа дити ахь тхо х1окху дуьнене!

ЗУДА Ц1ИЙНДЕНА ТИЙЖАР

5. Ц1ерачу дас-нанас жа т1е вахана бохуш,
Жа т1ерачу жа1унаша ц1а вахана бохуш,
Доккхачу Шалажо хин к1орге вохуш,
Кхелана цу герзаша хин гомхе вохуш,
Хьо вуьгийла ца хиъна,
Хьайн нана лойла хьан!
Дан амал ца хилла
Со езар лойла хьан!

6. Доккхачу дуьненахь,
Эрначу арахь
Т1етовжа белш йоцуш,
Ма байлахь йити ахьа со,
Хьайн нанас ца йинарг

Яла хьан делаъ.
Ца везачу хенахь,
Веза бохуш, елхий ахьа,
Везавеллачу хенахь
Велла, елхайо ахьа,
Со яла хьан делаъ,
Х1ун дан деза аса хьуна,

7. К1а ахьа яхана йолу зуда ц1а яле цуьнан майра кхелхина хилла. Ц1а еаначу зудчуьнга тезета баьхкинчара аьлла:
- Тийжалахь, 1амех йиснарг, тийжалахь...
- Тевжар ма ю, бакъдерг а олуш, тевжар ма ю, - аьлла, и зуда елха йолаелла: "Аса 1анно вайшинна цхьаьна баа бина цу со хьаьнца баа йити ахь, хьо чаболахь жоьжаг1ате вахарг", - бохуш.

ЙИША ВЕШИНА ТИЙЖАР

8. Ва нанас йинарг яла хьан!
Ахьа генара бадийна бихьина некъ
Ма шийлачу кхааца берзий-кха ахьа,
Ва нанас йинарг яла хьан!
Ахьа хьаьнга х1ун эли-те,
Адам доцчу пана махкахь?
Ахьа х1ун лелий-те?
Нанас йинарг яла хьан!

Ва нанас йинарг яларг!
Хьуна коге мила вели-те?
Коьрте мила вели-те?
Нанас йинарг яла хьан!

9. Гага-а, нанас йинарг яла хьан,
Гага-а, ца1 бен вацарий хьо-м,
Хьайн къена нана, хьаьнга кхилли ахь?
Хьан кегий к1орнеш нехан не1арна т1ехула лела.
Х1инцца вог1ур ву аьлла, вахара хьо.
Сан ца1 бен воцуш волу нанас винарг,
Нанас йинарг яла хьан!
Хьол сов амал дацара, ва нанас йинарг яла хьан!
Ва нанас йинарг яла хьан!
Со елча, д1а хьан юллур ю?
Ва-а нанас йинарг яла хьан!

Сан тезете мила х1уттур ву?
Ва-а нанас йинарг яла хьан!
Х1инцца вог1ур ву аьлла,

Вахнера хьо.
Ва нанас йинарг яла хьан!
Дала орца ца хили,
Ва нанас йинарг яла хьан!
Сан ца1 бен воцу нанас винарг,
Ва-а нанас йинарг яла хьан!
Ва-а нанас йннарг яла хьан!
Елча, ахьа д1аюллур ю бохуш, 1ийнера,
Ва-а нанас йинарг яла хьан!
Ва нанас йинарг яла хьан!
Яллалца кхаба, елча йолла,
Аса хала кхиийна сан г1ийла бо дара хьо,
Ва-а нанас йинарг яла хьан!
Сан къена нана шийла баьрчи иэцна лела,
Ва, Гага, нанас йинарг яла хьан!
Гага-а, нанас йинарг яла хьан!

10. Ва нанас йинарг яларг,
Хьо хьанах дагавели-те,
Ахь х1ун лели-те пана махкахь?
Нанас йинарг яларг!
Хьо-м вог1ур ву аьлла вахарий,
Х1ара шийла кхаъ х1унда баийти-те ахьа?
Нанас йинарг лойла хьан,
Нана лойла хьан!

Хьо-м вог1ур ву аьлла вахарий,
Нанас йинарг яларг!
Ахьа х1ун эли-те тхоьга,
Ахьа х1ун де аьлла дити-те тхо х1окху пана махкахь?
Нанас йинарг лойла хьан,
Нана лойла хьан!

11. Нанас йинарг лайла хьан,
Ваша волчух хьегаш лела йити ахь со,
Хьайн нийсарошка ма г1ийла хьежа йити ахь со,
Хьайн нанас йинарг лайла хьан,
Ма дагахь доцург ди ахь,
Ма хеназа дити ахь х1ара маьлха дуьне!
Со х1ун бохуш хьоьжур-те х1окху хазачу дуьнене?

12. Нанас йинарг яла хьан,
Хьан багара мотт сецначу хенахь,
Хьо шелвеллачу хенахь,
Хьан сирла б1аьргаш хьаббиначу хенахь
Дог лозуш, йоьлхуш лелла

Нанас йинарг яла хьан.
Хьо 1уьйранга валаре догдохуш,
Хьо суьйранга валаре догдохуш,
1уьйранна дан дезарг делкъана до ас,
Делкъана дан дезарг суьйранна до ас.
Бовха кхача шеллора сан
Хьо варе догдохуш,
Нанас йинарг яла хьан,
Хьо леллачу дуьнен чухула
Муха лелар ю со,
Нанас йинарг яла хьан,
Йоьлхуш лела еза
Хьо воцучу дуьнен т1ехь,
Нанас йинарг яла хьан.

13. Цхьаъ бен воцу нанас винарг,
Нанас йинарг яла хьан!
Бодане латта нуьре хийла,
Ва нанас йинарг яла хьан.
Готта латта парг1ат хийла,
Ва-а нанас йинарг яла хьан!
Ва-а нанас йинарг яла хьан!
Бодане латта нуьре хийла хьан.
Нанас йинарг яла хьан!
Нанас йинарг д1аюллуш
Там барий хьо-м.
Ва-а нанас йинарг яла хьан!
Горгачу тезета мила х1уттур ву?
Ва-а нанас йинарг яла хьан!
Ган нанас йинарг ца хилча,
Тезет к1езиг ма хуьлу,
Цуьнан нанас винарг ма вац олий,
Тезет к1езиг ма хуьлу.
Сан нанас йинарг
Ледара ма йиталаш бохуш,
Лелаш там барий хьо-м,
Ва-а нанас йинарг яла хьан!
Ва-а нанас йинарг яла хьан!
Дуккха нанас бинарш баре хьан
Ца йоьлхур ярий со-м,
Ва-а нанас йинарг яла хьан!
Деши санна волу,
Малх санна волу

Нанас винарг,
Ва-а нанас йинарг яла хьан!
Нанас йинарг яла хьан!
Малх санна волу, сан ца1 бен воцу
Нанас винарг,
Ва-а нанас йинарг яла хьан!
Сирлачу дуьненах бода хилла лела,
Ва-а нанас йинарг яла хьан!
Латта а дуьне а мостаг1ий хилла лела,
Ва-а нанас йинарг яла хьан!
Хьан беза бала белхо меттиг йоцуш лела.
Ва-а нанас йинарг яла хьан!
Селханчул тахана веза ву,
Ва-а нанас йинарг яла хьан!
Де мел дели карлавуьйлу,
Ва-а нанас йинарг яла хьан!
Набаро 1еха яллалц,
Хьо даг т1ера ца волу,
Ва-а нанас йинарг яла хьан!
Пхьоьг1ана т1е кхаччалц
Нанас винарг хир вац-теша,
Бохуш лела,
Нанас йинарг яла хьан!
Нах шайн Дег1астане ц1а кхаьчча,
Декъана гонах лела.
Декъана гонах хьовза нанас винарг воцуш лела,
Ва-а нанас йинарг яла хьан!
Т1еяха барз боцуш йиси
Нанас йинарг, Сибрех виси хьо,
Ва-а нанас йинарг яла,
Ва-а нанас йинарг яла хьан!

ЙИША ЙИШИНА ТИЙЖАР

14. Ва-а, со, нанас йинарг, яла хьан дела1!
Хьан г1ийлачу доьзалан б1аьра
Со муха хьоьжур-те?
Ва, со, нанас йинарг, яла хьан!

Вай, дела яла хьан, со, нанас йинарг!
Ахьа г1ийла яьккхина хан ас муха йицйийр ю?
Ва, со, нанас йинарг, яла хьан!

Вай, дела яла хьан, со, нанас йинарг,
Хьох дисина дуьне ас муха лелор-те,
Ва, со, нанас йинарг яла хьан!

Яла-а бохуш лелаш йолу со ели елара,
Хьо йиси елара хьайн доьзална,
Нанас йинар яла хьан!

Хьан кхелана реза йоцуш
Ца йоьлхий со-м, везин дела,
Къина ма ларалахь,
Везин дела!

15. Нанас йинарг яла хьан,
Когара дуьйна коьрте хьийзаш,
Хьуна ян г1оле ца хили нанас йинчуьн.
Нанас йинарг яла хьан, сан г1ийла йиша!
Хьо йог1у некъ ларбина ели-кх со!

Вай, нанас йинарг яла хьан делаъ,
Хьох яьлла сан лела йиш яц бохуш ма леллера со!
Реза ю со делан кхелана!
Хьайн нанас йиначун къа ма хуьйла хьуна.
Вай нанас йинарг яла хьан делаъ!

16. Нанас йинарг лайла хьан,
Хьо лечул со х1унда ца ели-техьа?
Ма хьалхе дити ахь х1ара мерза дуьне.
Нанас йинарг лайла хьан!

17. Нанас йинарг яла хьан,
Когара дуьйна коьрте хьийзаш,
Гонахь хьийзаш, хьуна ян г1оле ца хили,
Хьан нанас йиначуьн.
Нанас йинарг яла хьан,
Сан г1ийла йиша,
Хьо йог1у некъ ларбина ели-кха со,
Вай, нанас йинарг яла хьан делаъ,
Хьох яьлла сан лела йиш яц.
Бохуш ма-леллера со,
Хьайн нанас йиначуьн къа ма хуьйла хьуна,
Вай, нанас йинарг яла хьан делаъ!

НАНА К1АНТАНА ТИЙЖАР

18. Ва хьо вина хьайн нана яла хьан дела1,
Ма д1атеси-кха ахьа тхо,
Ма дити-кха ахьа тхо,
Нана яла хьан дела1!

Ва ма хьалхе д1аваха-кх хьо, нана ялариг,
Ма дуьненах марзо эцна ца ваха-кх хьо,
Ма дукха везаш, мел хала кхиавинера аса хьо,
Нана яла хьан дела1,
Уггаре дуьне дезачу хенахь,
Хьошалг1а веача санна, ма д1аваха-кха хьо.
Оха х1ун дер-те? Муха дехар-те?
Ма байлахь дити-кха ахьа тхо.
Ма д1атеси-кха ахьа х1ара малх кхета дуьне!

19. Яллалц кхаба,
Елча, д1аюллур ю бохуш,
Аса хала кхиийна, сан къен дакъа,
Ва-а нана яла хьан!
Со хьаьнга кхилли ахь,
Ва-а нана яла хьан!
Декъарлой шайн доьзалца чубоьрзу,
Со хьаьнца чуйоьрзур ю?
Ва-а нана яла хьан!
Ва-а нана яла хьан!

20. К1ур боцуш цунна гонах хьаьвзи-теша хьо,
Ва-а нана яла хьан!
Нехан яй кхехкачу хьаьвзи-теша хьо,
Ва-а нана яла хьан!
Кхевддинчохь куьг диси-техьа хьан,
Ва-а нана яла хьан!
Ма 1уьллу хир ву хьо
Сиредни Азехь ж1аьлеша голаш йожуш,
Ва-а нана яла хьан!
Акхароша б1аьргаш божуш,
Ма 1уьллу хир ву хьо,
Аса хала кхаьбна сан г1ийла бо!
Ва-а нана яла хьан,
Сан г1ийла бо!
Мацаллина к1елвиси и бохуш, 1а,
Ва-а нана яла хьан!
Хьан нийсархой лелаш гуш,
Ма хала хан йоккху аса,
Ва-а нана яла хьан!
Хьуна хаза хетачу сирлачу дуьненахь
Со мел хала лела,
Ва-а нана яла хьан!
Хьан жималлина нана яла хьан!
Хьан кхоъмана нана яла хьан,

Х1инца-х1инца чувог1ур ву бохуш,
Не1аре хьоьжуш 1а,
Ва-а нана яла хьан!

ВЕШИН ЙО1 ДЕВЕШИНА ТИЙЖАР

21. Ва-а, Махьмуд, вешина йинар яла хьан!
Хьан кегийчу к1орнешна
Х1ун дийр ду-те оха,
Вешина йинар яла хьан!
Во-о вешина йинар яларг,
Ма эрна ара дехи-кха ахьа тхо,
Вешина йннар яларг.
Вай дела яла хьан вешина йинарг!
Ахьа г1ийла яьккхина хан
Аса муха йицйийр ю-те?
Ва, Махьмуд, вешина йинар яла хьан,
Хьо девешин метта вина ца леларий тхо-х,
Хьо-м ден метта варий тхан,
Со, вешина йинар яла хьан!
Везин дела, воккха дела,
Къина ма ларалахь,
Вала йиш йоцуш, варий тха-м иза,
Гечделахь цунна!



Нохчийн фольклор. Чулацам.