ХАЛКЪАН ТИДАМАШ

 

1АЛАМАН ХИЙЦАМАШ
Г1АН
АДАМАН ДЕГ1АН МЕЖЕНАШ
НЕКЪ
ХЬАША
1ОЖАЛЛА
РИЦКЪА
КЪОЬЛЛА
Т1ЕХЬИЙЗА ЙО1
АМАЛ
НУСКАЛ
ДЕГ1 ДАККХАР
САРДАМАШ
СИЙ
ИРС
КХИБОЛУ ТИДАМАШ

 

1АЛАМАН ХИЙЦАМАШ.

1. 1УЬЙРЕ ц1иелча, йочана хир ю олу, ткъа суьйре ц1иелча, йоькхана хир ю олу.
2. К1ур ирх оьхуш белахь, йоькхана хир ю, нагахь аг1ор оьхуш белахь, кхоьлина хир ю олу.
3. Говр йижича, йочана хуьлу олу.
4. Цициг хьаьрчина дижина, йочана хуьлу олу.
5. Стиглахь луьста седарчий хилахь, йочана хуьлу олу.
6. Беттан гуо лаьцна хилахь, йочана хуьлу олу, ткъа ц1ена, шера бутт хилча, йоькхана хир ю олу.
7. Ч1ег1ардигаш лахахула, лаьттах хьакхалуш-ца хьакхалуш лелаш хилча, йочана хир ю олу, уьш дукха лекха стиглахула лелаш хилча, йочана хир яц олу.
8. Мотт ца хуу бер "бур-бур" деш делахь - йочана хир ю олу.
9. Энаш долу стаг цара ц1еххьана хьовзавахь, йочана хила герга ю олу.
10. Сийна б1аьргаш болчун б1аьргаш сов къегина белахь а, йочана хуьлу олу.
11. Эттамаь1игаш сийналлина (бецана, дечкана) т1е йолуш елахь, 1а шийла хуьлу олу.
12. Гуьйранна дийначу бежанан яххьаш хебна делахь, 1а шийла хир ду олу.
13. Цициго аьтту т1одаца муцарг йилича, йоькхана хуьлу олу, ткъа аьрру т1одаца йилича, йочана хуьлу олу.
14. Ж1аьла лайлахь керчича, дарц долу олу.
15. Къийгаш 1уьйранна маьхьарца меттахъевлча, йочана хуьлу олу.
16. Котамаш екча а, йочана хуьлу олу.
17. Селасат екча а, йочана хуьлу олу.
18. Дуьххьара стигла къилбехьара къевкъича, йоькхана хуьлу олу.
19. Зингаташ сингаттаме д1а-схьа хьийзаш делахь - йочана хила г1ерташ ю олу.
20. Хиш г1овг1а еш делахь - йоькхана хуьлу олу.
21. Вовшашна т1е хиш диттича, йочана хуьлу олу.
22. Нагахь бераш арсех ловзуш делахь - йочана хуьлу олу.
23. Синтар дуьйчу хенахь буьйсанна беттаса кхетахь, стиглахь дуккха а седарчий долуш хилахь - дийначу синтаро хьекъана стом бахьа олу.
24. Зингатийн бен бохийча, йочана хуьлу олу.
25. Бийна лаьхьа коьллаш т1е я керта т1е хьалаоьллича, йочана хуьлу олу.

Г1АН

1. Г1енах ц1е гича, йоькхана хуьлу олу.
2. Г1енах сирлачу хих ваьлча, къинойх ц1анло олу.
3. Г1енах 1аьржачу ж1аьло лаьцча, к1айчу ж1аьло лаццалц далла г1уллакх дан деза олу. Ткъа к1айчу ж1аьло лаьцча, 1аьржачу ж1аьло лаццалц далла 1амал ян еза.
4. Г1енах церг яьккхича, чоьхьарниг ле олу, чкъа кхела яьккхича, арахьара стаг ле олу.
5. Г1енах боьха х1ума гича, хьаг1 ю олу.
6. Г1енах барзо лаьцча, 1ожалла йог1у олу.
7. Г1енах хьераваьлла стаг гича, 1еса валар ду олу.
8. Г1енах расха дин гича, кхаъ хуьлу олу.
9. Г1енах кхелхича, самах веха олу.
10. Г1енах боьха х1ума йийча, хьаг1 д1айолу олу.
11. Г1енах саu1а делча, т1ера къинош д1адовлу олу.
12. Г1енах даьржина хи гича, вуо дог1у олу, ткъа сирла хи гича, - кхаъ хуьлу олу.
13. Г1енах ц1ен х1ума гича, т1е рицкъа дог1у олу.
14. Г1енах ловзар гича, самах тезет ган ду олу, ткъа тезет гича, самах ловзар ган ду олу.
15. Г1енах к1айн х1ума гича, дика ду олу.
16. Г1енах т1ом гича, йоькхана хир ю олу.
17. Г1енах дог1а т1е делхар делан къьнхетам бу олу.
18. Г1енах хи чуьра ч1ара баккхар - самах езаран куьг лоцу олу.
19. Моз а, хорбаз а г1енах йиъча, цамгар кхетар ю олу.
20. Г1енах кема гар, самах тезет ган ду олу.
21. Г1енах хих ц1е яьлла uар - вовшех къастар ду олу.
22. Самах яйна х1ума г1енах каринчохь, самах а карайо олу.
23. Г1енах даьржина хи гича, йочана хуьлу олу.
24. Диъ га долу буц г1евланга а йиллина, д1авижча, хин йолу зуда го олу.
25. Т1ера хеча г1оьвлинга йиллича, вон г1енаш го олу.
26. Дуьххьара буьйса йоккхучу ц1ийнан еа ма11ехь т1ера охьа-яьхна х1умнаш а ехкина, охьавижча, хьайга йог1у йолу йо1 го олу.
27. Котаман 1аддарг1а (букъа даь1ахк) г1евланга а йиллина д1авижача, еза йо1 г1енах го олу.

АДАМАН ДЕГ1АН МЕЖЕНАШ

1. Куьйган кераюкъ к1амъелча, т1е рицкъа дог1у олу.
2. Коган кераюкъ к1амъелча, некъ бо олу.
3. Меран буьхьиг к1амбелча, даггара кхаъ кхочу олу.
4. Аьтту б1аьрг бегийча, хала хетар хуьлу олу.
5. Аьрру б1аьрг бегийча, хазахетар хуьлу олу. (Х1оранна а тайп-тайпана).
6. Мера к1ело к1амъелча, жижиг доу олу.
7. Аьтту лерг дегийча, зуда ялайо олу, ткъа аьрру лерг дегийча, зуда д1айоьду олу.
8. Лергаш догуш велахь, цхьамма вуочу аг1ор хьехаво олу.
9. К1есар к1аг к1орга хилча, харц дукха лоь олу.
10. Б1аьрган нег1ар т1ехь сурх яьлча, б1аьрмециг ву (ю) олу.
11. Куьйга корта а лаьцна 1аш хилча, нана ле олу.
12. Хиъна 1аш когаш ластийча, нана ле олу.

НЕКЪ

1. 1аьржачу цициго некъ хадийча, некъ ца тов олу.
2. Яьсса ведарш дуьхьал кхетча, некъ ца тов олу, ткъа - юьзна ведарш дуьхьал кхетча, тов олу.
3. Къорзачу цициго некъ хадийча, некъ тов олу.
4. Новкъа воьдучу хенахь жиманиг хьалха ваьккхича, некъ бацло олу, ткъа воккханиг хьалха хилча, некъ тов олу.
5. Новкъа волуш т1ехь йолчу х1уманна маха баьккхича, некъ ца тов олу.
6. Д1а-схьа ваха кечвеллачунна т1аьхьа кхайкхича, некъ ца тов олу.
7. Нагахь д1а-схьа ваха ваьллачара вуха верзахь, некъ ца тов олу.
8. Мича воьдуш ву аьлча, некъ ца тов олу.

ХЬАША

1. Н1ана, чу а йирзина, кхайкхича, хьаша вог1у олу.
2. Д1акхоьссина х1ума йог1аелча, хьаша вог1у олу.
3. Хьешо х1усам хийцича, хьешо газа яла еза олу.
4. Сингаттаме хьаша - бала бу олу.

1ОЖАЛЛА

1. Ж1аьла уьг1ача, бежанаш тийжича, юьртахь стар ле олу.
2. Юьртахь бух1а екча, цхьаъ кхелха олу.

РИЦКЪА

1. Бутт ц1инлучу хенахь дуьххьара иза гича, карахь ахча я рицкъанах х1ума хилахь, и бутт чекхбаллалц ахча я рицкъа тоъал хир ду олу.
2. Ц1ерах суйнаш хьуна т1екхиссалахь - рицкъа дог1у олу.
3. Харц рицкъа лоьхуш волчунна дуьнено ша бо олу бах, бохам.

КЪОЬЛЛА

1. П1ераскана дийнахь м1араш яьхча, къен хуьлу олу.
2. Къечу стеган кечвалар маж яшар ду олу.

Т1ЕХЬИЙЗА ЙО1

1. Яа х1ума юуш карара х1ума охьайоьжча, т1ехьийза йо1 мацъелла олу.
2. Хьоршамаш детташ велахь, езачо хьехош ву олу.
3. Еза йо1 маре яхча, пхьуьйша тукар диллина хелхаваьлча, иза ц1а йог1у олу.
4. Езачуьнгара деана кехат кхе тесча, безам бов олу.
5. Еза йо1 маре яхча, ц1а яр лаарца куьйгаш дилича, ц1а йог1у олу.

АМАЛ

1. Маха боккхуш тайна шеднаш хуьлуш делахь, и бедар йолу да сийдоцуш ву олу.

НУСКАЛ

1. Нускал доссинчара хьуш долу хьевлан шун дадийча, зуда ц1а йоьду олу.
2. Нускал хелхадаьлча, майра кураволу олу.

ДЕГ1 ДАККХАР

1. Лаьтта хьоькху нуй кхетча, лоха вуьсу олу.
2. Ц1ул сара тоьхча а, иза карахь лелийча - а, лоха вуьсу олу.
3. Старана ц1ула сара тоьхча, цо дег1 ца доккху олу.

САРДАМАШ

1. Дечиг хаьрцахьа кхе тиллича, цу дечиго даьгна даллалц сардамаш доьху олу.
2. Ваша воцчу йишас боьллина сардам боьду олу.
3. Т1еюьйхина мачаш а йолуш, хеча т1еюьйхича, боьллина сардам хуьлу олу.

СИЙ

1. Йо1а к1ентан куй тиллахь, к1ентан сий дов олу.

ИРС

1. Бедарна т1еюьйхина йолуш маха баьккхича, ирс дов олу; бага ц1аза п1елг биллина тега мега олу.
2. Ч1ег1ардиго чохь бен бахь ирс (беркат) хир ду олу.

КХИБОЛУ ТИДАМАШ

1. Дешкаш т1ехь ло а долуш, дуьххьара корта баьшча, иза хьалхехь къежло олу.
2. Шина стага олуш долу х1ума цхьатерра цхьане алахь, цаьршимма ц1е тоьхначу дийнахь хаза хетар хуьлу олу.
3. Ала дагахь долу х1ума алале дицлахь, и бакъ ду олу.
4. Дукха куьзгана хьежча, куьзгано хазалла д1аоьцу олу.
5. Лаьттах х1ума а тоьхна, иза 1адда йитича, ненан корта лозу олу.
6. Ког я коган к1ажа хьаьшча, ненан хан яцло олу, нагахь ахьа юха ца хьашахь.
7. Не1саг1и т1е хиъчи, ненан хан яцло олу.
8. Йо1е т1ехьашха хьаьжча, безам бов олу.
9. Яа х1ума юуш я хи молуш и "сих" эккхахь х1усамден дегаза юуш ю олу.
10. Иралла т1елаьцча, т1елаьцначунна т1е ц1ий дог1у олу.
11 Б1аьстенан юьххьехь пхьид гича, оцу шарахь дег1 деза хуьлу олу, ткъа полла гича, дег1 дай хуьлу олу.
12. Деш долу х1ума кхузза дан деза олу, ца дича, 1аьржачу ж1аьло лоцу олу.
13. Баккхаза маха хьаькхча, хьаьтта д1айолу олу.
14. Кхаьрдинарг т1е дог1у олу.
15 Шалайинчу старг1анашца шалавинчу шина вашас дечиг нох такхийначохь цкъа а ца лекъаш хи дала деза олу.
16. Дикачу говро наб ирахь йо олу.
17. Х1оа кхерзина ч1оьргаш* д1акхийсача, котамаш лекъа олу.
18. Х1оа кхерзина ч1оьргаш стоьмашна т1е оьхкича, стоьмаш дукха хуьлу олу.
19. Дийна йолуш даьккхинчу берзан ц1ога хьайна езачу йо1ах хьакхадалийтича, йо1ана т1ех веза олу.
20. Зуьнан к1охцал а даьккхина иза хьайн бедарх доьллина лелийча, ахча ца хеда олу.
21. Б1аьста дина маре ша т1ехь йина г1ала ю олу.
22. Б1аьста маре яханарг йог1у олу, гурахь яхнарг - юьсу олу.
23. Кертахь текхарган ц1е яьккхича, шура ца ета олу.
24. Дикачу х1усамнанас доьзалца ц1ийнда а хийшор вац, хьелашца сту а бузор бац олу.
25. Пасаташ юьйхина д1авижача кхетта цамгар д1а ца йолу олу.
26. Хаза хетар ловзарца доьрзу, халахетар тезетца доьрзу олу.
27. Нагахь стаг набарха хар-хир деш хилахь, цуьнан мача вукхахьа ерзича, д1атоь олу.
28. Оттйокх ека йолаелча а, хьамцо зазадаьккхича а, гота кхид1а ца охуш, сацайо олу.
__________________
*Чкъоьргаш (диал.)



Нохчийн фольклор. Чулацам.