КАХЬАР ХЬОВЗОШ ЛОКХУ ЭШАРШ
ХЬОНКА
БОККХУШ ЛОКХУ ЙИШ
Т1АРГ1А ХЬОВЗУШ ЛОКХУ ЭШАРШ
ВОТТАНА ХЬОКХУШ ЛОКХУ ЙИШ
АСАР
ДЕШ ЛОКХУ ЭШАРШ
УЬСТАГ1АНА Т1ЕРА Т1АРГ1А ЛОРГУШ ЛОКХУ
ЙИШ
Ц1Е ЛАТОШ ЛОКХУ ЙИШ
БАМБА
ЛАХЬОШ ЛОКХУ ЙИШ
КИР ТУХУШ ЛОКХУ ЙИШ
КУЬЙР ЛАСТОШ ЛОКХУ ЭШАРШ
ПОП ОХЬАТУХУШ
ЛОКХУ ЭШАРШ
ГОТА ОХУШ ЛОКХУ ЭШАРШ
КУЬЙГА ХЬАЬЖК1АШ ЮЬЙШ ЛОКХУ ЙИШ
МАНГАЛ
ХЬОКХУШ ЛОКХУ ЭШАРШ
АХЬАР ЛОЦУШ ЛОКХУ ЙИШ
КЕРТ ЕШ ЛОКХУ ЙИШ
КЪИНХЬЕГАМАХ ЛАЬЦНА
ЭШАРШ
1. Хьовза, кахьар, хьовза, кахьар,
Беттана межарг буур бу.
Хьовза,
кахьар, хьовза, кахьар,
Беттана межарг буур бу.
2. Кахьар, кахьар, хьовзалахь,
Жарж ахьа дукху баккхалахь,
Гали сиха
дузалахь,
Чехка, чехка хьовзалахь.
3. Хьонка, хьонка, карабе.
Урс, ахь говза хадабе,
Т1оьрмиг сиха
бузабе,
Мало ахьа эшае.
4. Урчакх, урчакх, хьовзалахь,
Бабин урчакх стамлолахь.
Хьийза, хьийза,
урчакх, сиха,
Хьовза, хьовза, урчакх, чехка.
Т1арг1а бацлуш,
Урчакх стамлуш,
Пасат к1еда
Хир ма ю.
5. Урчукх, урчукх, хьовзалахь,
Т1арг1а сиха ба1алахь,
Т1аккха уьйриг
хьарчае,
Т1арг1ан тай а 1а1аде.
6. Т1арг1а сема балалахь,
Лам санна хьала айлолахь,
Т1арг1а цхьалха
балалахь,
Тхан мотт-г1айба к1адлолахь.
Т1арг1а семса балалахь,
Ломал лекха айлолахь,
Т1арг1а цхьалха
балалахь,
К1айн ло санна, ц1анлолахь.
7. Шарша, шарша, чехка шарша,
Шарде аннаш, шера, шера.
Воттана сан ира
ду,
Аннаш шардан кийча ду.
Шарша, шарша воттана чехка,
Шарде аннаш сиха, шера.
8. Цел, цел, беркате цел,
Асар каде хьовзаде,
Луьста хьаьжк1аш
нилхаяха,
Докъар алсам ахь хилийта.
9. Сах, сах, сах, каде хьовзалахь,
Сихха латтах лата, гам.
Асар човхош,
хьаьчк1 ца лазош,
1аьнна сихха кечам бе,
Сискал, кхачам латтабе.
10. Гам, гам - гома бу.
Асар даккха ира бу.
11. Цеста, цеста, гам, ахь латта,
Асар чекх ахь даккха атта.
УЬСТАГ1АНА Т1ЕРА Т1АРГ1А ЛОРГУШ ЛОКХУ ЙИШ
12. Ч1од, ч1од - ира ду.
Т1арг1а хадо атта ду;
Ч1ог1а куьйгана к1еда
ду,
Т1арг1ан гали дузуш ду.
13. К1ур, к1ур, д1анехьа бала,
Ц1е - котам, схьанехьа яла.
14. Бамба, бамба буькъа бу,
Б1аьргаш ч1ог1а кхоьруш ду.
Куьйга п1елгаш
каде ду.
Бамба сиха лахьор бу.
15. К1ир, к1ир, нислолахь,
Х1усам серлаяккхалахь;
Беркате хьо
хилалахь,
1а д1адаллалц латталахь.
16. Куьйра, куьйра, ерзалахь,
Куьйрал боккха налха баккха,
Яьссел дукха
шар даккха.
17. Куьйра, куьйра, ласта,
Куьйрал боккха налха бала,
1ам хеций шар
дала.
18. Куьйра, куьйра, ерзалахь,
Сихха, куьйра, ерзалахь,
Сихха, куьйра,
ерзалахь,
Куьйранал боккха налха болуш,
Органал шар долуш.
Алалай, балалай,
Алалай, балалай,
Азман, ма елхалахь,
Куьйра, куьйра
йоьрзур ю,
Сиха куьйра йоьрзур ю,
Куьйранал налха болуш,
Органал шар
долуш.
19. Куьйра, куьйра, ерза,
Куьйрал боккха налха бала,
Теркал доккха шар
дала.
20. Ласта, ласта, х1ай куьйра,
Ерза, ерза, х1ай куьйра,
Куьйрал боккха
налха баккха,
Яссел доккха шар даккха,
21. Диг тоха,
Поп, боха;
Ч1ог1а дечиг,
Сихха йоха.
22. Диг, хьо ира хилалахь,
Попах нийса кхеталахь;
Поп, хьо чехка
божалахь,
Диг, хьо каде хьовзалахь.
23. Расха дин, хьо болало,
Бергаш тухуш ч1ог1а,
Гота, т1аьхьа
йолало,
К1орга хорсуш латта.
24. Гуота, сан урд ахь ахалахъ к1орга,
Дазделла и латта даккхалахь ахьа
самса,
Ас т1аккха безза баккхарца мекха,
Семсачу лаьтта т1е тоссур ду
х1у.
КУЬЙГА ХЬАЬЖК1АШ ЮЬЙШ ЛОКХУ ЙИШ
25. Ялта, ялта, хьекъалахь,
Тойна даал хилалахь,
Лекъа накха санна
далий,
Деъча, диссал хилалахь.
26. Мангал, ира тур хилий,
Бецаш сиха цесталахь.
Мангал хьакха атта
ду,
Алсам докъар кечдийр ду.
Цеста, цеста бецаш сиха,
Мангал хьакха к1ад ца луш,
Мангал, мангал арт
ма лолахь,
Алсам докъар кечделахь.
27. Мангал, мангал туьйсина бу,
Буц д1ахьакха кийча бу.
Юькъа буц
нилхайоккхуш,
Каьсарш даха кийча бу.
28. Чхьов, чхьов, чхьов,
Каде мангал, лоцуш йоккха аре,
Сиха докъарш,
литташ хьаладе,
Гурахь хьегнарг 1аьно лоху.
29. Човх1, човх1, ира мангал,
Човхаде ахь сийна докъар,
Йожае ахь аьхка
хенахь -
Хьо оьшур ю шелчу хенахь.
30. Цаца, цаца ласталахь,
Чехка ахьар лацалахь,
Пеш, хьо сиха
латалахь,
Сискал хаза ятталахь.
31. Хьокх, хьокх, беза хьокх,
Ч1ог1а кхиэта лакхара уохь;
Кадебала хала
болх,
Чубузале и д1ора малх.
1. Тоха метиг, 1отта бел,
Дейша асар ц1енна.
Тахана белхи бу
вайна,
Болх бан к1ад ма далийта.
Асар дика д1адоккхур ду,
Дукха наха сан болх бийр бу.
Тховса синкъерам
хир болуш бу,
Цхьаьне вай сакъуьйрур ду.
Гулло, нах, синкъераме,
Амма белхе биц ма бе.
Вай Даймохк мел хаза
бу,
Асараш вай дийра ду.
2. Хьовза, хьовза белан мукъ хьо,
Бешахь чехка хьовза хьо -
Дагна
везнарг вог1уш лаьтта,
И кхачале мор баьккхина,
Яла еза меттиг
аьхкина.
3. Урс, хьо урс, ва ира урс,
Нани куьг ма хададе,
Нана мекар ма
хила,
Дакъа доккха даккхахьа.
4. Тукар, каде долало,
Нийса хаза хадайе.
Тай, хьо чехка меха
дола,
Т1ара дика п1елга бола,
Каде куьйгаш, сиха куьйгаш.
Бедарш тега
сиха ду.
5. Ласта мангал, цаста буц,
Мох, хьо чехка хьовза кха т1ехь,
Малх, ахь
марца цестина буц,
Шад, ахь каде гулъе йол.