1. ЭЛАН ЙО1
2. ЯЙ КХАЛХАР
3. ЯМАРТЛО
4. ДЕСТЕ
5. Г1АН
6. ВУОНАХ КХИЙРИНАРГ
7. ХЬЕКЪАЛАН Т1АЙ
8. МИСКАЧУ СТЕГАН К1АНТ
Цхьана элан кхо йо1 хилла. Хьуьнарш къевсина цара. Жимах йолчу йо1а, зудчо ца
дича, ц1ийнах ц1а ца хуьлу аьлла хилла. Церан къамел хезаш 1аш хиллачу дас сацам
бина, юьртахь уггаре а кьен стаг а лехна, иза маре яла, цуьнан х1уьттарена. Дас
къобалдина захало т1е ца лоцуш, иза юьхь1аьржа х1оттина хилла йо1а.
Ша маре
елла волу стаг ц1ин а вина*, шен кьел а ловш, ехаш 1аш хилла и зуда. Цхьана
дийнахь х1онце воьдуш кхера к1етахула т1ехволуш волчу кхаа стага мала хи дехна
цуьнга. Мала хи а кховдийна:
- Шу стенга доьлхуш ду? - аьлла, хаьттина цо
цаьрга.
Шаьш мехе доьлхуш ду аьлла оцу наха.
Зудчо шен майра а вигахьара
аша аьлла, дехна цаьрга. Вуьгур ву шаьш аьлла, оцу кхаа стага.
Чу а яхана,
зудчо шен ц1ийндега, и вайн к1ета веана кхо бере, урх лаций говрашкара охьа а
воссавай, чувалаве, деш мел долчу х1уманна хьалха а хила аьлла.
Шен зудчо
ма-хьеххара, шен накъосташца г1иллакх лелош, к1еда-мерза, цхьана х1уманна т1ехь
мало ца еш, дечунна т1ехь гуттар а хьалхе йохуш, шаьш арадаьккхина г1уллакх
дикка чекх а даьккхина, ц1ехьа бирзина уьш. Бехачу новкъахь ч1ог1а хьогалло
хьовзийна, саб1арздина церан. Новкъа схьабог1учу царна цхьана бердаха адам
чоьхьа даладаллал 1уьрг гина. Оцу чу вайх муьлха ваьлча бакъахьа хир дара-теша,
цу чохь адам делахь, мала хи дохьур дара-кха бохуш, ойлаеш накъостий лаьтташехь,
кьечу стага, ша хьожур ву цу чохь х1ун ду олий, 1уьрга чу ваьлла хилла. Цу чохь
Жоьра-баба карийна цунна. Дехча, цхьа ведар хи делла цо некъахошна.
Хи д1а а
мелла, ведар юханехьа д1адала ваханчу кьечу стагана цхьа х1ума елла Жоьра-бабас,
бехчелга юккъе а хьарчийна:
Айхьа а ма яста х1ара х1ума схьа, хьайца
болчаьрга а ма ястийта, ц1а а хьой, хьайн зудчуьнга д1ало, - аьлла цо.
Ц1а
кхаьчча, зудчуьнга д1аелла цо и х1ума. Схьаяьстича, цу юккъехь кхо жовхар
карийна цу шинна.
Кхарах х1ун дан деза шена хаьа хьуна, аьлла зудчо.
Цхьаъ
д1а а доьхкина, шайна йоккха г1аланаш яйтина цу шимма. Шолг1аниг д1а а доьхкина,
г1аланаш чу х1оттон мел оьшу х1ума эцна цара. Кхоалг1а жовхар, куьцана, чу
д1аоьллина.
И дерриге а д1анисделла даьлча, зудчо шен дега хабар дахьийтина,
кхузткъа бере а валош, ша йолчу сакъера вола аьлла. Шега и тайпа хабар кхаьчча,
дукха ца 1аш, да схьакхаьчна, шен нак1остий а балош.
Шен деца веана кхузткъа
бере чу а вахийтина, зудчо шен да т1аьхьа сацийна. Ков йистера дуьйна ц1ийн
не1ар саг1и т1е кхаччалца дарин туп а яржийна, цу т1ехула чу вигна цо шен да.
Кхаа дийнахь, кхаа бусий са а къийрина, хьеший новкъа бовлучу хенахь оцу зудчо
шен да т1аьхьа а сацавой, чуьра дуьйна ков йисте кхаччалц дарин туп а яржайой,
цу т1ехула а воккхий, новкъа воккху.
Д1асакъаьсташ, йо1а шен дега аьлла:
-
Х1инца хиин хьуна, зудчо дича бен ц1ийнах ц1а ца
хуьлийла.
_______________________
*Ваха хаийна
Молнесарта шайн лулахочуьнгара яй беъна хилла, эша а эшна. Яй ша д1ахьуш, чу
ялг1у а диллина д1абаьхьна Молнесарта. Лулахочо, цецваьлла:
- Х1ара х1ун
ялг1у ду? - аьлла хаьттина. Х1ара-м хьан яйно динера, - аьлла Молнесарта.
Кхин вист а ца хуьлуш, яй а, ялг1у а д1аэцна лулахочо.
Маццах, цхьа хан
яьлчи, юха а вахна Молнесарт яй беха. Лулахочо чехка д1абелла цуьнга яй.
Яй
д1а ца хьуш дуккха а хан яьлла Молнесартан. Т1аьххьара а шен яй д1абеха веъна
лулахо. Молнесарта аьлла цуьнга:
- Хьажахь, хьоьга ала вон хеташ 1ара хьуна
ша, хьан яй, вай марша, кхелхина.
- Вай! Хьера-м ца ваьлла хьо, яй кхелхаш
мичахь гина хьуна? - аьлла, цецваьлла лулахо.
- Х1унда ца хуьлу иза кхелхаш,
ялг1у да а мегий цо, - аьлла Молнесарта.
Ала х1ума а ца хилла, шен яй
Молнесартана а битина, ц1авирзина лулахо.
Цхьана хенахь дехаш-1аш хилла цхьа стаг, зудий. Дика дехаш хилла и шиъ, оьшуш
х1ума доцуш. Зуда ц1ахь 1аш хилла, майра шен сагатделча, наггахь лулахошка
воьдуш, шен са а къоьрий, чувог1уш а хилла. Цул совнаха, наггахь, шен г1уллакх
хилча, базара д1а-са воьдуш а хилла иза.
1аш-вехи-иш шен зудчух шекваьлла
иза. Зуда догц1ена йоций-ла-м цунна хьалхехь хууш хилла, амма зуда-м диллина
цунна дов деш хилла.
- Хьо валарг, хьо вераг, эхь ца хиэта хьуна иштта хиина
1ан, нах ца го хьуна белхаш беш бохку. Дечке г1ой, дечик мукъана а да. Цо
гуттара а и дуьйцуш, диллина схьакхехьна, уьйт1е а юьзна лаьтташ дечик а
хилла.
- Даа х1ума де, со кож* еха воьду, - аьлла араваьлла лулахошка вахана
майра. Шен вир а кечдина, гарт лаьцна диг ирдина, кет1а а веана, цо зудчуьнга
аьлла:
- Схьада айхьа дина даа х1ума, со кечвелла дечке ваха.
- Х1ара
селхана хьох йисина сискаллий, дуьра к1алддий-м ю хьуна, и хьуна сов а ю-кха,
-аьлла зудчо.
Юучунна т1ехула нахала вала бехк а хетта, дечке вахана и.
Корехула и д1авоьдий а хьаьжна, и д1авахнийла хиъча, "Эх1ей, дела ма ва хьо юха"
аьлла, цунна т1ехьа сардам а боьллина, шен везаре хаам бан кечъелла зуда.
-
Селхана дуьйна корта лозуш ю со, молла волчу йоьду со, - лулахошка а аьлла,
яхана иза.
Яхана д1акхаьчча, чохь карийна цунна молла а, цуьнан къанъелла
йолу зуда а. Могаш-парг1ат хаьттиначул т1аьхьа, аьлла цо молле:
- Коьртана
жайна-х1айкал даккха хьо вига еана со, - аьлла.
Молла цо дуьйцучух дика
кхетта. Иштта хуьлуш хилла иза майра ц1ера моссазза вели а.
Суьйранна
хьевелла-а веана майра ц1а. Хьуьнах цхьа боккха поп а лехна, цунах диг детташ,
стаг чу хаъал меттиг а яьккхина, цхьана аг1ор куьг арадиллал 1уьрг а доккхуш,
г1уллакх деш хьевелла хилла иза.
Кхуо ц1а деана дечиг а цхьа т1еда гаьннаш
хилла. Цу т1ехула зудчо дов дан долийна цунна.
- Деллахь, зуда, дов ма
делахь, - аьлла майрачо. - Цу хьуьнах цхьа х1ума хууш стаг а карийна, хьевелира
со, - аьлла.
- Ой, мила вара иза? - аьлла хаьттина зудчо, ша ден дов диц а
делла.
- Вай дечке доьлхучу боккхачу новкъахь аьрру аг1орхьа болчу попа чу
вог1у иза делкъан ламазна. Цигахь гур вара иза. Деллахь, ма бакъ х1уманаш дуьйцу
цо. Иштта стаг наггахь хир вац. Ч1епалг-х1ума ца хилча, ца дуьйцу цо, ца дуьйцу
аьлча а, ца х1утту цуьнан бакъдерг. Хьо а яха мегир дара хьуна цига-м, хьайна
лаахь.
Шолг1ачу 1уьйранна яха араяьлла зуда. Кхечу новкъахула хьалха вахана
майра попа чу ваьлла. Еана схьакхаьчна зуда а.
- Деллахь хьуна х1ума хаа
аьлла, еанера со, х1ара ч1епалг дохьуш, - аьлла чу кховдийна цо уьш.
- Х1ума
хаьа бохуш-м ма ву со, - аьлла волавелла важа дийца. Гуттур дийцина, дийцина,
уггар т1аьхьа аьлла:
- Мар ву хьан, хьо и ца везаш ю, везаш кхин стаг а ву
хьан, - цо шега аьлча, зудчо аьлла:
- Х1ун дича лийр вара-те и сан мар? -
аьлла.
- Шун ши етт бу, - дийца волавелла х1ума хууш верг, - 1аьржаниг,
къорзаниг. Къорзаниг хьан бу. Ши сту а бу хьан. И кхо хьайба, кхечу стагана
х1ума ца гойтуш, дааде, лийр ву иза, б1аьрса а дайна.
- Стаг, вайн къорза етт
бен беза вай, хьуна кхерам бу боху цо, и ца бехь, - аьлла, майрачо, ма бейта
боххушехь, бейтина етт зудчо. И етт а бууш, толуш вог1уш хилла майра. Зудче
кест-кеста:
- Б1аьрса довш ду-кха сан, - олуш. Т1еххьара а, б1арзвелла ша
аьлла, сецна иза, х1умма цагург а хилла.
Х1ара билггал б1арзвелла, ца велла
ца хууш, кхуьнан б1аьрган хьалха х1уманаш 1оьхуш хилла зудчо. Шена х1умма а ца
гун кеп х1иттош х1ара а хилла.
- Суна оцу лакхахь маьнга бе, цигахь вита со,
со новкъа ву хьуна а, чуоьхучарна а, - аьлла, шена лакхахь маьнга а байтина,
хьалаваьлла иза.
Т1аккха эвххьаза зудчо шеца 1ан молла валийна.
- Айг1арех
ловза деза вайша, - аьлла, ловзадаьлла и шиъ. Кхоно молла хьалахьаьжна лакхахь
вижинчуьнга.
- Хьайн да велла биссийла хьо айг1ар! - аьлла, ша хьала волуш
шеца эцна йолу г1айракх оцу бага тоьхна, мел йолу церг чуяхийтина цо
моллин.
Со а вара цигахь, и хуьлуш дерг а гуш. Х1етахь дуьйна молла цергаш
йоцуш висина.
______________________
*Дечиг даккха воьдуш вирана т1еюьллу
коьжалгаш йолу нуьйр.
Дехаш-1аш хилла зудий, майрий. Цаьршиннан хилла ши бер. Дукха хан ялале нана
елла дисина и шиъ. Ша ялале майрчуьнга весет дина зудчо: ша елча, шен не1аран
мачаш не1аран т1аьхьа хьала а охка, царех неца латталц зуда а ма ялае
аьлла.
Зуда кхелхиначул т1аьхьа мачаш цо хьалаохка аьллача, хьала а оьхкина,
царех неца латталц зуда ялор яц ша бохуш, 1аш хилла иза.
Дечге оьхуш, дечиг а
кхоьхьуш - т1аккха и дохка а духкуш, бераш кхобуш 1аш хилла иза.
Луларчу
жерочунна х1ара везавелла. Ша йигахь, бераш дика лелор дара ша бохуш,
т1аьхьаяьлла иза оцу стагана. Шега дина весет д1а а дийцина, дохо йиш яц шен и
бохуш, важа реза хуьлуш ца хилла. Кхин дан х1ума ца хилла, ши бер долче эха
йолаелла зуда, и шиъ 1ехо. Ша шуьшинца дика хир ю, ирах кхозу мачашна ю 1иттина
1уьргаш а дахий, царах неца летта, ша йига алийша бохуш, дехарш деш хилла
цо.
Мачашна 1уьргаш а даьхна, зуда ялае баха доладелла ши бер. И шиъ 1енна а
ца 1ийча, мачашка хьаьжна да, царна 1уьргаш девлла гина цунна. Боккъалла уьш
нецаша даьхна моттаделла, дас зуда ялийна.
Дестечунна ч1ог1а ца дезаш хилла
ши бер. Дукха хан ялале ши бер д1акхосса бохуш, да хьийзош хилла цо. Дена берех
къа хеташ хилла. Т1аккха дестечо ша д1аг1ур ю аьлла, ши бер цо д1а ца
кхоссахь.
Кхин дан х1ума ца хилла, да ши бер эцна хьуьнах ваха новкъа ваьлла,
дечке доьлху вай аьлла, бераш а эцна.
Х1ара шиъ хьуьнхахь а дитина, ша х1инца
шовданан хи а дохьуш, схьавог1у аьлла, ц1а вахна. Да схьа ца вог1уш, берашна са
дайна. Бода ма-буьйллина, берзалой уг1а юьйлаелла. Кхераделла дитта т1е а
даьлла, буьйса яьккхина шина беро. И шиъ охьадоссаре хьоьжуш, лахахь гулъелла
берзалой а хилла. Царах охьа досса ца даьхьаш, кхо дей, кхо буьйсий даьккхина цу
шимма.
Талла вахана вог1у элана хезна цхьанхьа доьлху ши бер. Уьш лехна
т1еваханчу элана ч1ог1а хаза ши бер гина. Бераш доцуш 1аш волу иза, шена уьш
карийна ч1ог1а воккхавеш, уьш а эцна ц1а вахана. Бераш хьекъале а, аьлларг деш а
дика хьалакхиъна паччахьан доьзалехь.
Кхечу пачхьалкхера эскар т1е а летта,
доккхачу эскарна хьалха ваьлла, ваша т1ам т1е а вахана, цунна т1аьхьа сагатдеш
1аш хилла цкъа йиша.
Дестечунна хезна хилла х1ара шиъ дийна ду аьлла. Цо
сацам бина и шиъ схьа и лехна, х1аллакдан. Цхьаьна дийнахь дестечо, мах а белла,
цхьа стаг ваийтина йо1 йолче, вешегара ду аьлла, кара кехат а делла. "Эла ц1ера
а валийтий, ша долу жа схьадаладайта, эскар х1аллакьхуьлуш ду шен" аьлла яздина
хилла кехат т1ехь.
Йишас и бакъ хетта, дерриг жа д1аделла-д1авахийтина и
стаг.
Юха а веана и стаг, эскарна говраш оьшу, говраш ялае, боху шега
аьлла.
Йишас, ерриге говраш д1а а елла, д1авахийтина.
Юха а веана иза,
ахча деза аьлла кехат дахьаш. Ахча а делла йо1а оцу стаге.
Цул т1аьхьа йо1ана
мотт тоха еана десте:
- Бахам х1аллакбеш ю хьан йо1, - аьлла цо
паччахье.
И хиъначу паччахьо куьйгаш даьхна йо1 д1ахецийтина, хьуьнха а
йигина. Йоьлхуш д1аоьхуш йолу и йо1 доккхачу хи т1е кхаьчна. Дехьа ца ялалуш,
хин йистехь хиъна 1аш, йо1ана наб озийна. Г1енах цунна гина цхьа воккха стаг. Цо
йо1е дийцина дестечо динарг. "Исс ломал дехьа цхьа ши берд бу, шина бердал дехьа
цхьа шовда ду. Цу шовданан хи хьакхахь хьан ши куьг юха шаьш ма-хиллара хир ду"
аьлла, д1авайна иза.
Самаяьлла йо1 кхин а г1айг1ане а йоьжна, йоьлхуш
д1айоьдуш хилла шен новкъа.
Мостаг1анна т1ехь толам а баьккхина, ц1а веана
к1ант. Шен йиша ц1ахь ца карийча, паччахье хаьттина цо, шен йиша стенга яхана
аьлла. Паччахьо ца хаьа, яйна аьлла. И кароза ц1а воьрзур вац ша аьлла, ара а
ваьлла, хьуьнахь д1аоьхуш, г1ел а велла, дитта т1е ваьлла, д1авижа дагадеана
цунна. Дитта т1е ваьлча, цунна цхьа к1ур гина, г1ийла ирах оьхуш. Цу к1уьрана
т1е вахна к1ант цхьаьна тоьлина т1екхаьчна.
- Чуван мегар дуй? - аьлла, чу
вахначу к1антана ши куьг доцу шен йиша ца евзина, ткъа йишина и вевзина. К1анта
бийцина ша арабаьккхина некъ.
Буьйсанна хан яьллачу хенахь кхунна наб кхетта
моьттуш, ша-шена къа-бала балхош, г1ийла елха а йоьлхуш, 1аш хилла йиша. Цо
дуьйцуриг хаза а хезна, к1антана хиъна иза мила ю.
Цуьнга х1ума а ца олуш,
йишина хи лаха араваьлла к1ант. Шарахь некъ бина, йишина хи дохьуш схьавеана
к1ант. Шен йиша то а йина, десте лаха араваьлла иза.
Шен йиша а, десте а эцна
паччахьана т1е а вахана, дестечо мел лелийнарг д1адийцина цо.
Паччахьо и
десте ши куьг а даккхийтина, хьуьнах д1ахецийтина.
Цул т1аьхьа доккха той
дина, дика мел волчу стагаца са а къийрина, ирсе баха хевшина уьш.
Дестей, меран к1анттий дахана хилла хийисте к1а дила. Малхе к1а дакъо а
диллина, к1ант юххе а хаийна, ц1а яхана десте. Ша ц1а йоьдуш к1анте аьлла
цо:
- Д1а ма вижалахь, бажо к1а-х1аллакдийр ду хьуна. Ц1а а яхана, юха
схьакхаьчначу дестечунна к1ант вижина карийна, к1а бажо х1аллакдеш
хилла.
Иштта и к1ант вижна 1уьллуш карийча, дестечо мийра тоьхна,
хьалаэккхийтина.
- К1а-м шен да велла даахьара, г1ан гина валлалц вити
велара-кх ахь со, - аьлла к1анта.
- Шена дийца и г1ан, - аьлла хьовзийна
дестечо к1ант.
- Десте лойла сан дуьйцур-м делахь, - аьлла, к1анта ца
дийцина.
Дестечо т1аьхьа т1улгаш детташ, ц1а лаьллина иза. К1ант ц1а кхаьчча,
дас хаьттина:
- Хьо ма сиха веа, - аьлла. К1анта жоп делла:
- Г1ан гинера
суна, и шена ца дийцича, со лаьллина ц1а ваийти...
Хьайн дада лойла хьан шена
дуьйцур дацахь иза аьлла, хьаставелла да.
- Сайн дада лойла сан и дуьйцур
делахь, - аьлла, ца дийцина к1анта дена а г1ан.
Дас а эккхийна
к1ант.
Дуьне мел ду д1авоьдучу к1антана дуьхьал зла кхетта.
- Хьо х1ун деш
лела, к1ант? - хаьттина эло. К1анта дийцина, шена гина г1ан ца дийцича дестечо
а, дас а эккхина ша аьлла.
Эло дехна, шена дийцахьара ахь аьлла. Цунна а ца
дийцина к1анта. Оьг1аз ваханчу элас и к1ант бердах кхоссийтина.
Цхьана бердах
яьллачу коьллах а тасавелла, висина к1ант чу ца вужуш. Цхьана дийнахь хи т1е
еанчу элан йо1ана гина и к1ант. Цецъяьллачу йо1а хаьттина:
- Хьо х1унда 1а
куллах тасавелла? - К1анта ша дерг цуьнга дийцина. Цул т1аьхьа йо1а ша хи т1е
моссаза йоьду, к1антана бепиг а, жижиг а дахьаш хилла.
Цхьана дийнахь хьеелла
яхана иза хи т1е.
- Хьо хье х1унда елла? - аьлла, к1анта хаьттича, йо1а
дийцина, паччахьо цхьатера ши н1аьна яийтина шен дена т1е. Царех йоккханиг а,
жиманиг а къастае аьлла. Цунна х1ун дийр ду ца хууш ву шен да.
Шена еана
х1ума йиъна, к1анта аьлла:
- 1уьйранна яах1ума таса ахьа цу шинна н1аьненна.
Къоначо махана дуьхьал а йирзина, юур ю, къеначо махана букъ а тоьхна, юур ю.
Т1аккха и шиъ къасталур ю хьога къенаниг а, къонаниг а.
Цо ма аллара ши
н1аьна къаста а йина, д1аяхьийтина йо1а.
Цул т1аьхьа паччахьо ши ж1аьла
даийтина цхьатерра а долуш: къенаниг, къонаниг харжа аьлла.
Юха а хьеелла хи
т1е еана йо1.
- Стенна хьеелла хьо? - аьлча, йо1а дийцина.
- И-м хала
доцург ду, схьало ахьа айхьа еана яах1ума, - аьлла, х1ума а йиина, к1анта
дийцина:
- 1уьйранна ж1аьлешна яах1ума таса. Къоначу ж1аьло, къеначунна ка а
етташ, юур ю.
Цул т1аьхьа паччахьо цхьатерра ши говр ялаяйтина къенаниг а,
къонаниг а къастае аьлла.
Юха а хьеелла еана йо1 хийисте. Йо1а дийцина
дерриг.
- Иза-м хала доцург дара, схьало ахь яах1ума, - аьлла, схьаэцна жижиг
а, бепиг а диъна, к1анта дийцина.
- Хьайн дега хьайна г1ан гира ала. Ахь
хийисте лаьллича, къонаниг хийисте бацах ка а етташ г1ур ю. Ткъа къенаниг сихха
ц1а яха г1ертар ю, сихха х1оъ баа. Иштта къастае ахь ши говр.
Т1аккха
паччахьо чхьонкар яийтина, х1ара кхоссий шен г1алин бохь д1а а эца, цул пхийтта
метр гена а яхийта аьлла.
Юха, гуттара хьеелла, хи т1е еана йо1.
- Х1ун
хилла х1инца? - аьлла к1анта. Йо1а дийцина паччахьо аьлларг. И чхьонкар ца
кхоссахь ша эла вохор ву аьлла. И муха кхуссур ю ца хууш, массо адам холчохь
ду.
- Иза-м халадоцург дара. Схьало ахьа яах1ума, - аьлла, схьаэцна бепиг а,
жижиг а диъна. - Тоххара ахь бердах кхоссийтина к1ант хьала а ваьккхина, 1ахара
етт а бийна, и к1ант доккха урс кара а делла, сан мара а хаийна, оцу к1анта и
етт а биъна араваьлча, и чхьонкар кхоьссина паччахьан г1ала йохийна г1ан гира
хьайна алахь.
Цо ма-бохху дийцина йо1а дега. Дас аьлла:
- Иза-м тоххар
велла хир вара.
- Цкъа вуй хьажа, бахийтахь нах, муш а эций, - дехна
йо1а.
Баханчу нахана, шедаг а лоькхуш, куллах тасавелла воллуш гина к1ант.
Хьала а ваьккхина, схьа а валийна, йоь1а кара хаийна, етт а баийна аравалийтинчу
к1анта кхоьссина чхьонкар, г1алин бухь а оьцуш, пхийтта метр гена яхана.
Цул
т1аьхьа паччахьо стаг ваийтина, массо х1ума хиънарг а, г1ала йохинарг а шена
т1еваийта аьлла. Шаьш дог1уш хьодургаца хьада хьодург даладе, ж1аьлех лата
ж1аьла а даладс, н1аьнех лата н1аьна а ялае.
Цо ма-боххура и к1ант эцна,
паччахьана т1ебоьлхуш хилла х1орш. Н1аьнех лата куьйра эцна, ж1аьлех лата борз а
эцна.
Д1абоьлхуш к1ант гина царна, цхьа ког г1ода юккъе т1е а биллина,
д1айоьдучу, схьайоьдучу пхьагална т1ара а тухий, уьш яжош 1аш.
- Аша х1ун до?
- аьлла хаьттина оцу к1анта кхаьрга. Шаьш-м паччахь волчу доьлхура аьлла кхара.
Ша а ву шун накъост аьлла, т1аьхьах1оьттина иза.
Кхин а д1абоьлхуш х1орш,
лерг байт1е а диллина, кхин гуш х1ума доццушехь, воьлуш к1ант гина кхарна.
-
Ма тамашийна х1ума ду х1ара. Хьо стенах воьлу? - аьлла хаьттина
кхара.
Бухарчу дуьненахь г1улгех ловзуш бераш го шена, царех воьлу ша аьлла
цо. Х1орш цецбевлча, цо аьлла:
- Иза-м тамашийна х1ума дацара, тамашийна
х1ума чхьонкар кхоссар ду, - аьлла. Иза а царах схьакхетта.
Исс ломал
дехьабевлла х1орш д1аоьхуш, шерачу арахь 1ад хьежош цхьаьна стагана т1екхаьчна
х1орш.
- Ахь х1ун до? Гуш х1ума доцуш, стенна 1ад хьежош 1а хьо? - аьлла
хаьттина кхара. Цо жоп делла: исс ломал дехьа сай го шена. Дег1ах тоххал гуча а
ца болуш, курах тоьхна къахко а ца лууш, 1а ша аьлла цо.
- Ма тамашийна х1ума
ду и, - аьлла цецбевлла х1орш.
- Тамашийна х1ума чхьонкар кхоссар ду, - аьлла
цо. Иза и царах схьакхетта.
Дукха хан ялале цхьана гаьнна т1ехь 1ачу шина
кхокханна тебаш воллучу к1антана т1екхаьчна уьш. Вовшашка шабарш деш 1ачу
кхокхашна х1ун ду ца хоуьйтуш, церан ц1огана т1ера пелагаш схьа а дохуш, хуьйцуш
воллуш хилла иза.
- Ма тамашийна х1ума ду ахьа лелорг, - аьлла, х1орш цец
бевлча, к1анта тамашийна х1ума х1ара дац, чхьонкар кхоссар ду аьлла. И к1ант
кхарах схьакхетта.
Д1аоьхуш новкъахь ша борриг х1орд д1амолуш, юха и
д1ахоьцуш 1аш хилла цхьа к1ант.
- Ма тамашийна х1ума ду и, - цецбевлла
х1орш.
- Иза-м тамашийна х1ума дацара, чхьонкар кхоссар ду тамашийна х1ума, -
аьлла цо. Иза а кхарах схьакхетта.
Вайна эшахь берриг схьаоьцур бу ша х1орд,
ца эшахь ах оьцур бу ша аьлла оцу к1анта.
- Ах схьаэца, - аьлла кхара.
Ах
х1орд багахь болуш, кхуьнца д1абахна х1орш паччахь волчу.
Кхарна д1овш тоьхна
яах1ум ян еза бохуш дуьйцуш хезна кхаьрца бухарчу дуьненара ловзуш бераш
хезначунна.
Кхокхин целагаш хийцинчо аьлла, х1умма дац, ша хуьйцур ю яах1ума:
цара шайна йина яах1ума вайна а йиллина, вайна йинарг царна юьллур ю
ша.
Эххара д1акхаьчна х1орш паччахь волчу. Цкъа хьалха юучух кхетийта уьш
аьлла, омра дина паччахьа.
- Д1ахьо яах1ума, - аьлла, д1акхайкхина кхаьрга.
Яах1ума схьаян ваханчу к1анта, ша ма-аллара, яах1ума хийцина еана. Кхарна х1умма
ца хилла, ткъа кхаьрца х1ума йиънарг велла.
Паччахьа кечдиначу массо
тайпанарчу къовсадаларшкахь тоьлла хьеший. Кхин г1уллакх хириг а ца хилла, х1орш
багон сацам бина паччахьо. Иза хезна кхарна. Х1умма а дац, шегахь х1орд бу аьлла
х1орд багахь болчо. Х1орш чохь болчу ц1ийнах ц1е тесна. Багахь болу берриге а
х1орд д1а а хецна, ерриг г1ала х1аллакьйина к1анта.
Паччахь а, цуьнан бахам а
д1абаьхьна хино, иштта царна зен и дина, ц1а баьхкина х1орш. Цул т1аьхьа, эло
шен йо1 к1анте а елла, цунах эла а вина, вукхарах шен гергара нах а бина, баха
ховшийна.
Цхьа паччахь хилла 1аш. Цуьнга аьлла: "Ламаз де! Цхьа доккха х1ума т1едан
дезаш ду хьуна". Паччахь шена доккха х1ума хиларна кхоьруш, ламазаш деш 1аш
хилла.
Къанвелла иза, т1аккха кхин а чувоьлла ламазаш деш хилла паччахьо. Юха
къивелла иза (паччахьалла доьхна цуьнан). Ши к1ант, зуда а хилла цуьнан. Т1аккха
иза, шен доьзал а эцна, саг1а деха араваьлла.
Д1абоьлхуш, шайн саг1а доьхуш
х1орш лелаш, хьуьнхахь кхуьнан цхьа к1ант барзо ваьхьна.
Т1аккха а шена т1е
цхьа доккха х1ума дарна кхоьруш 1аш хилла иза, хилларг доккха х1ума ца
хеташ.
Юха цхьана хих чекхдовлуш, важа к1ант хино ваьхьна кхеран.
Цул
т1аьхьа а шена т1е цхьа доккха х1ума ду дан дезаш, х1ара-м доккха х1ума дац,
бохуш 1аш хилла иза.
Саг1а а доьхуш, шен зудчуьнца д1авоьдуш, цхьана паччахьо
иштта лелачул а атта хир ду шуна, шена чух1оьттича аьлла. Цо аьллачунна т1етайна
уьш. Кху стеган зудчо йиттина х1умнаш гича, цецъяьлла паччахьан зуда. Шен
майрачунна-паччахьана гайтина цо уьш. Цара стаг д1авахийтина, зуда йитина, шайна
г1уллакхаш дан.
Т1аккха д1авоьдуш хилла и стаг ша.
Цхьана меттехь, паччахь
велла, х1оттон паччахь везаш хилла. Церан цхьана бун чохь цхьа олхазар хилла. И
олхазар коьрта т1е хиъна стаг паччахь х1оттош хилла. Ша д1а ма-хеццина и олхазар
кху саг1а доьхуш лелачу стеган коьрта т1е хиъна. Юха а схьа а лаьцна, д1ахецча,
т1аккха а цуьнан коьрта т1е хиъна и олхазар. Юха олхазар бун чу доьллина наха,
амма иза цу чуьра, 1уьрг а даьккхина, ара а даьлла, цуьнан коьрта т1е
хиъна.
Т1аккха цу наха и стаг шайн паччахь х1оттийна. Цо т1аккха шен зуда
схьаяло мила вохуьйтур вар-те ша аьлла. Цхьа жима ши стаг
хьалхаваьлла.
Шуьшиъ хьенан ву аьлла хаьттича, цхьаммо ша барзо ваьхьнарг ву,
вукхо ша хе ваьхьнарг ву, - аьлла.
Уьш цуьнан к1ентий хилла. Цара шайн нана
ц1а а ялийна, хаза баха хевшина уьш.
Цхьана жимчу мехкан паччахье кехат даийтина хилла кхечу ницкъ болчу паччахьо.
Цу кехат т1ехь цо яздеш хилла:
Хьан х1орда бухара айг1ар терсича, ворх1 лам
битина барх1алг1ачу лам т1ехьара сан кхелаш остъевлла. Нагахь т1ом бан ца лаахь,
суна т1е масла1атна ехха маж йолуш воккха стаг ваийта, остъяьллачу кхузткъе кхаа
кхелан дохкуна а дахьаш, г1аш а воцуш, говраца а, стиглахь а, лаьттахь а, чохь
а, арахь а воцуш.
И кехат кхаьччахьана дог доьхна, ойланашка воьжна паччахь.
Мел ойланаш ярх а, карош ца хилла паччахьана дуьхьал вахийта хьекъале, бег1ийла
стаг. Т1аккха цо ч1аг1о йина, дуьххьара т1екхаьчначу стагах дагавала. Саг1а
доьхучуьн бедарш а юьйхина, араваьлла паччахь. Лелаш, г1улгех ловзуш дохкучу
берашна т1екхаьчна х1ара. Кхунах б1аьрг кхеттачу бераша вовшашка аьлла:
-
Саг1а доьхучунна т1улгаш тохий вай?
Бераш совцийна цхьана эг1азчу
к1анта:
- Ма тоха. И саг1а доьхург вац, паччахь ву, - аьлла.
Паччахь
инзарваьлла шена хезначух.
- Дийцахь, к1ант, со т1елхигаш йоьхна а ма вара,
муха вевзира хьуна со?
- Д1адаханчу п1ераскан дийнахь маьждиге рузбана вог1уш
ахьа лийзинчу цу хьан когех, боларх вевзира, - жоп делла к1анта
паччахьна.
Оцу к1анте дийцина паччахьа шега даийтинчу кехатах лаьцна. Ткъа
к1анта аьлла:
- И-м к1адда а боцург дара, сан эрна хан ма яйа.
- Ой,
к1адда а боцур муха ду и? Дийцахьа, х1ун дича х1ун хир дара-техьа? - хаьттина
паччахьо.
- Сагатдан ца оьшу хьуна. Кхана 1уьйрана со хьо волчу вог1ур ву.
Ахьа х1етале дикачех кхузткъе кхоъ дин а, кхузткъе шиъ бер а кечде. Х1оранна а-
терсмаймал тур а, вир-б1арз а, бож а.
Ша ма-аллара кечам бина баьллачул
т1аьхьа ницкъ болчу паччахьана т1еваха новкъа ваьлла и к1ант.
И паччахь
вехачу шахьарна шаьш чоьхьа доьвлчхьана "г1алх" мел аьллачу ж1аьлин са даккха
аьлла омра дина к1анта шен берашка. Ж1аьлеш дойуш, х1орш бог1уш, цецбевллачу
шахьаран бахархоша хаьттина: Аш х1ун леладо, х1ай? - аьлла.
- Тхо паччахьана
т1едог1уш ду! - жоп делла берийн буьйранчас. Кхарах лаьцна паччахье хаийтина
наха.
Схьадахкийта, новкъарло ца еш, - аьлла паччахьо.
- Аш лелорг х1ун
ду, ж1аьлеш дойуш? - хаьттина цо берашка.
- Сийсара, ворх1 лам а битина,
барх1алр1ачу лам т1ехьахь, же юккъе борз иккхина, жа х1аллакдеш, ас кхойкхуш
мохь беттарх, царех цхьаммо а "г1алх" ца элира, - жоп делла к1анта.
- Ой,
ворх лам а битина, барх1алг1ачу лам т1ехьара хьан жа дойуш, кхузарчу ж1аьлешна
мичара хезар дара? - цецваьлла паччахь.
- Тхан паччахьан х1орда бухара айг1ар
терсича, ворх1 лам а битина, барх1алг1ачу ломарчу хьан кхелашна а хезнерий и? -
жоп делла к1анта.
- Хьо ву суна т1е ваийтинарг, аса маж а йолуш, воккха стаг
ваийта ма аьллера?
- Маж-м х1окхуьнан а ю, - олуш, бож хьалха кхоьссина
к1анта паччахьана. - Делахь а маж хиларх ца тоьа, хьекъал ца хилча.
Цецваьлла
паччахь хаттарш дан волало, х1ара зуьйш.
- Г1аш а, говраца а, стиглахь а,
лаьттахь а воцуш, чохь а, арахь а воцуш стаг ваийта ма аьллера ас. И мичахь
ву?
Схьалаьцна вир-б1арз не1аран саг1е юккъе х1оттийна к1анта, ши ког арахь а
болуш, шиъ чохь а болуш. Т1аккха ша т1ехиъна цунна, ц1оганехьа а вирзина.
-
Г1аш а вуй со, говраца а вуй со, стиглахь а вуй со, лаьттахь а вуй со? Чохь а
вуй со, арахь а вуй со?
Шен толамах дог диллинчу паччахьо дешин богичохь
седанал а хьаьъна хи х1оттийна шена уллохь. Ткъа к1анта цу боги чу ч1ешалг
кхоьссина.
- И мукъана х1ун дара хьан? - хаьттина паччахьо.
- Бога дешиниг
х1оттор - дешел а ч1ог1а наха хьайн сий до бохург дара хьан. Цу чуьра сирла хи -
хьайн хьекъал дукха ду бохург дара хьан. Ас ч1ешалг тасар - оццул хьуна къорга
хетачу хьан хьекьална т1ай тиллина, сан хьекъал дехьа далалур ду бохург
дара.
Дан амал доцуш, къера хилла паччахь.
Цхьана мискачу стеган цхьа к1ант хилла. Ша валале дас весет дина к1анте:
-
Вари, вари, аса ца аьлла олийла дац хьуна, куьйсачу стагана балха ма х1отталахь:
куьйса стаг сутара а, тешам боцуш хуьлу хьуна, - аьлла.
Да веллачул т1аьхьа,
кхин дан х1ума а ца хилла, чух1отта цхьана юьрта вахана к1ант.
Дуьхьалаваьлла
кхунна цхьа куьйса стаг.
- Ахьа х1ун леладо, жима к1ант? - аьлла хаьттина цо.
- Со-м цхьанна чух1отта бохуш веънера, - аьлла к1анта. Со ву-кх балха х1отта
стаг лоьхуш, - аьлла куьйсачу стага. Х1ан-х1а, куьйсачу стагана балха ма х1отта
аьлла весет дина сан дас, - аьлла, д1аволавелла к1ант.
Т1е кхин бедар а
юьйхина, дехьахула хьаьвзина веанчу тохарлеррачу куьйсачу стага хаьттина
кхуьнга.
- Ахьа х1ун леладо, жима к1ант? Хьо ма лела? - аьлла. Со-м болх
лоьхуш ма лелара, - аьлла жоп делла, х1умма а шек воцуш к1анта.
- Со ву-кха
балха х1отта стаг лоьхуш, - аьлла куьйсачу стага.
Х1ан-х1а, куьйсачу стагана
балха ма х1отта аьлла весет дина соьга сан дас, - аьлла к1анта.
Дехьо ваьлла
х1ара воьдуш, кхин духар а дуьйхина, веана дуьхьал а ваьлла, юха а тохарлеррачу
куьйсачу стага хаьттина:
- Ахьа х1ун леладо, к1ант? - аьлла.
Болх лоьхуш
лелара со-м, - аьлла к1анта. Со ву-кх балха х1отта стаг лоьхуш, - аьлла куьйсачу
стага.
- Ванах, шу дерриге а куьйса-м дан х1окху юьртахь мел дерш а? -
аьлла, цецваьлла к1ант.
- Ду дера, - аьлла куьйсачу стага. Делахь, со хьуна
балха х1оттаза вер вац-кх. Биначу балхана ял мел лур ю ахьа? - аьлла
к1анта.
- Вайшиннах хьалхе дохковаьллачо лур ю ял: атйокх еккалц даош-малош
кхобур ву ас хьо. Реза вуй хьо? - аьлла куьйсачу стага.
Оцу т1ехь барт а
хилла, к1ант кхунна балха х1оьттина. Ц1а ма-кхеччи, къуйсачу стага аьлла
к1анте:
- Х1ара ворда а йожий, хьайца х1ара эр а эций, дечиге г1о вайна. Эр
оьккху-оьккхучу оьккхур хьо хьайн ворданца.
- Дика ду, - аьлла, вахана, дечиг
а дохьуш, эр лелх-лелхачу и лелхаш, ц1а вог1уш хилла к1ант. Шайн кет1а ма
кхеччи, дахана ур, ловза а иккхина, кет1арчу утармин 1уьргах чекхъиккхина.
-
Х1ей, дела диса хьо хьайн да велла! - аьлла, вахана, шен ворда д1а а хецна,
хьаьккхина и вовшах а йоккхуш, утармин 1уьргах чекхъяьккхина к1анта.
Т1аккха
т1евоьллачу к1анта, тоьхна цхьа сту а бийна, цунах кегийра дакъош а дина, и
дакъош утармин 1уьргах чекхдохуш х1ара воллуш, веана ц1а кхаьчначу дас, куьйсачу
стага, хаьттина:
- Хьо х1ун деш ну? Хьера-х ца ваьллнй хьо? - аьлла.
-
Со-м х1ара не1алт хилла йовсар чекхдаьллачухула чекхвала г1ерташ ма воллура.
Ворда а, цхьа сту а чекхбаьккхина волуш воллу со. Х1инца цхьа сту бен бисна а
бац, - аьлла жоп делла к1анта.
- Д1авала, хьаштдоцург ма леладе! - аьлла,
воьхна хьаьвзина куьйса стаг.
- Дохковолий хьо? - аьлла, хаьттина
к1анта.
- Дохковала а, ца вала а х1ума дацара и-м. Х1ан, валал, дитал и, -
олуш, куьйсачу стеган керта бахана х1орш.
- Хьадал, оцу вайн бешана керт ел!
- аьлла, вахийтина куьйсачу стага х1ара к1ант.
Кхано, керт йина ваьллий те
х1ара аьлла, вахана куьйса стаг. Бешана гобаьккхина кегаш а йоьхкина, 1аш
карийна кхунна к1ант.
- Х1ара х1ун ду ахьа динарг? Иштта йо керт? Аса даьхний
чекх ца девриг керт е ца аьллера хьоьга? - аьлла, карзахваьлла куьйса стаг.
-
Дера дац х1окхунах чекх-м, цхьа а бежна а, я стаг а! Хьажал, хьо валалой, хьо ца
тешахь, - аьлла к1анта.
- Хьажахь оцо дуьйцучуьнга! - аьлла, кегаш т1ехула
ког дехьа-боккхуш х1ара воллуш, дика лачбоккхуш хьокха тоьхна, ност а йош,
куьйса стаг охьа а виллина, хаьттина к1анта:
- Валалур вуй? - аьлла.
Цул
т1аьх1а, цхьана буьйсанна шен нене аьлла куьйсачу стага:
- И к1ант вай аттачу
балхах дита ца воллу. Д1авахийтаза вер вац иза: Тховса оцу вайн 1ожа т1е а ялий,
атйокхах ека хьо. Шен ял а елла, д1авохуьйтур ву вай и к1ант, -
аьлла.
Т1еяьлла, "ат-йокх", "ат-йокх", аьлла атйокхах екна нана.
- Не1алт
хуьлда хьуна! Стенна ека хьо, хьайн хан йоцуш? - аьлла, арахь вижина 1уьллучу
к1анта топ тоьхна, охьаяхийтина куьйсачу стеган нана, атйокх ю
моьттуш.
Т1аккха ойлаян хевшина х1орш: мар а, цуьнан зуда а:
- Вай х1инца
довда деза, ца довдахь г1уллакх хир дац, оцо дерриге дойур ду вай, цхьацца
х1илланашца, - бохуш.
Дика барт а бина, кечам бан боьлла х1орш, зудчо шайна
некъана даа х1ума кечдина, майрачо чу х1умнаш а юхкуш, т1орказ
кечдина.
Куьйса стаг ара а валийтина, х1ара к1ант х1умнашна буха, т1орказ чу
д1алечкъина. Майра а, зуда а, шайн т1орказ вирна т1е а диллина, д1абуьйлабелла.
Д1аоьхуш, садайна. Т1аккха цхьана берда йистехь, г1ел а, мац а белла, буьйса
яккха севцца х1орш. Шайна юург схьаэца аьлла, т1орказан нег1ар хьалаайдина
кхара.
- Дукха гена девллий-те вай? - аьлла, чуьра схьаваьлла х1ара
к1ант.
- Ой, хьо тамашена 1аламат! - аьлла, цецбевлла, вовшашка хьаьвсина
х1орш. Т1аккха, кхин дан х1ума а ца хилла, цхьана охьахевшина шайна х1ума а
йиъна, берда йисте, и к1ант а т1ехь, д1абийшина.
К1антана наб кхетта хир ю
аьлла хеттачу хенахь, майрачо зудчуьнга аьлла:
- Ас кхоно, х1окхуьнан наб
ч1аг1ъеллачу хенахь, х1окху берда йистера д1а а ваьлла, х1ара ша вуьтур ву хьуна
берда йистехь. Аса хьайна м1ара къовзийна муьшк йича, мийраш тохий чукхоссалахь
иза.
Цара дуьйцург хезначу к1анта, кхарна наб а кхетийтина, ша берда йистера
вукху аг1ор а ваьлла, м1ара къовзийна муьшк йина зудчунна. Зудчо мийраш тоьхна
бердах чувахийтина шен майра - куьйса стаг.
Куьйса стаг а къарвина, шена
йог1у къинхьегаман ял а эцна, ц1а вахана мискачу стеган к1ант.