1. ЛУЛАХОЙ
2. БОРЗ
3. ЭМКАЛ
4. Х1ИЛЛАНЕ ЦХЬОГАЛ
5. СУТАРАЛЛА
6. МОХАНА АЬЛЛА
БАРКАЛЛА
7. ТЕШНАБЕХК
8. КХО
ГАЗА-ГУЬЗИГ
9. ЦХЬОГАЛЛИЙ, КЪИГГИЙ
10. БОРЗЗИЙ, Д1АММИЙ
Цхьана лулахь 1еш хилла чай, борзий, цхьогаллий - цхьана, шинарий, цициггий,
н1аьний - цхьана. Цхьана дийнахь н1аьна яа дагадеана долу цхьогало аьлла
чане:
Вайн лулахой хьошалг1а а кхайкхина, ахьий, барзой шинар даа деза, ткъа
суна-м н1аьна а тоьур ю. Цу т1е оцу "цициг" боху х1умне а хьовсур вай (чанний,
6арзаний, цхьогалний цкъа а цициг гина ца хилла).
Дахана цхьогал лулахой
хьошалг1а кхайкха.
- Шинар, во-о шинар! - аьлла кхайкхина цхьогал.
- Мила
ву кхойкхург, мила ву кхойкхург?! Йовханиг яа ца дуьту аша, шийланиг йохъян ца
дуьту аша. Мила ву кхойкхург? - бохуш, аьрру аг1ор ворх1аза йолу топча а йолуш,
арадаьлла шинар.
- И-м со дара, - аьлла цхьогало. Шуьга хьошалг1а кхайкха
деана.
Ой, хьо дара и, цхьогал, ма латта арахь, схьа чу дола. Тхо-м, цицго
талла даханчохь лаьцна долу дерстина датт1а доллу цхьогал а дийна дохку. - аьлла
шинаро.
- Ой, цхьогал а дуу аша? - аьлла цецдаьлла цхьогал.
- Вай делара,
даа а-м ца кардо, - аьлла жоп делла шинаро. Кхераделла, дедда ц1а дахана
цхьогал.
- Кхайкхиний ахь? - хаьттина чано.
- Кхайкха-м кхайкхира, делахь
а, цара цхьогал даа шаьш аьлча, со даарна а кхераделла, ц1а деар-кх.
- И х1ун
къамел ду? - аьлла чано. - Ялол, борз, хьо г1ол цаьрга кхайкха, борза-х юуш хир
баций уьш.
Еана схьакхаьчна борз:
- Шинар, во-о шинар! - аьлла мохь тоьхна
цо. Цхьа а вист ца хилла. Юха а тоьхна барзо мохь, цхьа вист ца хилла. Кхозлаг1а
мохь тоьхча:
- Мила ву кхойкхуг, мила ву кхойкхуг?! Шийланиг йохъян ца дуьту
аш, йовханиг яа ца дуьту аш, мила ву кхойкхуг?! - бохуш, мохь а 6етташ, аьрру
аг1ор оьллина ворх1аза йолу тапча а йолуш, арадаьлла шинар.
- И-м со яра, -
аьлла барзо. - Чано шуьга хьошалг1а кхайкха яийтина.
- Ой, хьо яра и? Схьа чу
йола, тхо нисса х1ума юуш дохкура. Тахана цициг талла дахча, цо ерстина ятт1а
йоллу борз а йийна, и юуш дохку тхо-м. Схьайола чу, - аьлла шинаро.
- Ватта,
сан дела! Борз а юу аша? - аьлла, цецъяьлла борз.
Яар-м ма дийца ахь, яа а-м
ца карайо, - жоп делла шинаро.
Там бара кхара со а яа аьлла, кхераелла, едда
ц1а яхана борз. Ц1а кхачча, дерриге чане д1адийцина 6арзо, кхераелла гарранехь
эга а еш.
- Со г1ур ю цига-м, - аьлла т1аьххьара чано. - Ча-х юург хир ма яц
цара.
Еана схьакхаьчна ча:
- Шинар, во-о шинар! - аьлла мохь тоьхна чано.
Цхьа а вист ца хилла. Шолг1а а мохь тоьхна чано. Юха а цхьа а вист ца хилла.
Кхозлаха мохь тоьхча:
- Мила ву кхойкхург, мила ву кхойкхург?! Шийланиг
йохъян ца дуьту аша, йовханиг яа ца дуьту аш, мила ву кхойкхург?! - бохуш, мохь
а бетташ, арадаьлла шинар, хаьнт1е оьллина ворх1аза йолу тапча а йолуш.
- Со
яра и-м, шуьга тахана тхайга хьошалг1а кхайкха еана, - аьлла чано.
- Ой, хьо
яра и ча? Марша а йог1ийла. Схьаяло чу, ма латта арахь, - аьлла шинаро.
-
Х1ан-х1а, чу еана 1ан 1иш яц сан, шу хьошалг1а дог1у я ца дог1у хатта еана яра
со, - аьлла чано.
- Делахь жимма собар делахь, чу а дахана цициге хатта деза
сан, и реза хилахь, дог1ур ду тхо. Тахана талла даханчохь, цхьа нисъелла ча
керара а яьлла, ч1ог1а дера 1аш ду иза, - аьлла шинаро.
- Ой, ча а юу аша? -
аьлла, цецяьлла ча.
- Яа а-м ца карайо, - аьлла шинаро. "Деладуьхьа, х1инца
со кхераелла едда д1аг1ахь, кхеран жопе ла а ца дуг1уш, бухарчу барзах, цхьогалх
а ду-кх эхь", - аьлла сецна ча, шинар арадаллалц, ша ч1ог1а кхоьрушшехь.
Чохь
шинаро х1ара къамел дина шен накьосташка:
- Х1инца кхозлаха а кхайкха
баьхкина вайн лулахой вайга хьошалха. Цхьа ямартло ян г1ертий техьа уьш, - бохуш
шек-м ду со. Делахь а, вай шайх кхоьрий хаахь, уьш гуттар майра бевр бу. Аса,
оха ча юу аьлча а, д1а ца яхана, жоьпе хьоьжуш лаьтта иза. Х1инца вай хьошалха
ца дог1у алахь, чана хуур ду вай биттинаш аьшпаш буйла а, вай шайх кхоьрийла а.
Цундела, хирг хир, вай хьошалха даха деза.
- Ахь бакъ боху, тхо реза ду ахьа
бохучунна, - аьлла т1етайна цицигий, н1аьний.
Шинаро ара а даьлла, сарахь
д1адог1ур ду шаьш аьлла, жоп делла. Ч1ог1а кхераелла ц1а яхана ча.
Ц1ахь
х1ара къамел дина цо шен шина накъостага:
- Вайн лулахой тахана сарахь вайга
хьошалха бахка реза хилла. Амма цициг бохург ч1ог1а кхераме экха ду моьттуш ю
со. И меца хилахь, вай даа а мега цо. Цундела царна шортта юург а йиллина, вай
д1аловчкъа деза. Х1ун хаьа, дуьзина даьлча, и к1ад а делла, цо вайна геч а дина,
вай ца доий а.
- Бакъахь хир ду, - аьлла т1етайна борзий,
цхьогаллий.
Сарахь шинарна уьйт1ахь г1одмийн ц1ов а биллина, н1аьнана шортта
хьаьжк1аш а тесина, цицигана боккха ка бен а бийна, кхехка а бина, охьабиллина
шаьш д1алечкъина х1орш. Борз г1одмашна юккъе лечкьина, цхьогал учин тхевнах
боллу хьостам бага а лаьцна, чукхозаделла, ц1ока ю моттийта ша, ча уьйт1ахь
боллучу кхуора т1е яьлла.
Урам новкъа "г1овг1анца" схьабог1уш хилла "хьеший".
Леккха корта а айбина, шен дех а, ворх1и дех а дисина герз а оьллина дог1уш
шинар хилла. Ц1ога хьовздой, цуьнан букът1а эккхий: "Маьу, маьу" - олуш, юха
ц1ога хьовздой охьа эккхий: "Мила ву майра сох лата?!" - олуш, дог1уш цициг
хилла. Шинарна хьалха а яьлла "1уь11арий-1уь-уь-1" бохуш йог1уш н1аьна
хилла.
Баьхкина схьакхаьчна уьш. Уьт1ахь а, чохь а цхьа а ца карийна, шинар
г1ад даа х1оьттина, н1аьна хьаьаш яа х1оьттина. Ткъа цициг, д1ахьаьжина уьстаг1
а гина, шен сутар хиларца, меца а хилла, геннара дедда т1екхетта, м1араш
хьоькхуш ка етташ, "хур-т1ур" деш жижиг чухьерчо х1оьттина. Цунна гена боцу
такхора юккъехь йоллу борз, кхо еш йолу г1овг1а а хезина, цуьнга хьажа дагахь,
жимма г1ад д1а-схьа а хилина, меран буьхьиг аракъадина.
Такхоран юккъех1
жимма г1овг1а а хезна, дахка бу моьттуш, "маьу" аьлла дедда такхорана т1екхетта
цициг. "Ша дууш долу жижиг а ца тоьана, со яа дог1у-кх х1ара", аьлла кхераелла
борз, г1одмашна юккъера д1аиккхина. Д1аиккхиначу барзах кхераделла цициг, учахь
кхозуш ериг ц1ока ю моьттуш, цхьогална т1ехула хьалахьаьдда. "Х1инца, борз лаца
а ца елла, со даа дог1у-кх х1ара", аьлла кхераделла цхьогал, охьакхоссаделла
барзана т1аьххье д1аиккхина. Ц1ока гуш лаьтташехь, "ден а елла", цхьогал а хилла
д1аедча, кхераделла цициг уьйт1арчу кхорана т1ехула хьалахьаьдда. "Х1инца
борзий, цхьогаллий шега ца лацалой хиъчи, со лаца дог1у-кх х1ара" аьлла
кхераелла ча, кхора т1ера чу а йоьжна, дог иккхина елла.
Цу дуьйнд1а,
адамашна юкьара д1а а евлла, акха а евлла, хьуьнхахь 1аш ю борзий, чай.
цхьогаллий.
Туьйра чекхдели,
Ладоьг1начунна - моз 1айг,
Ца доьг1начунна
- дуьйрийн 1айг!
Цхьа борз хилла гуттар юучух юьзна. Кураяьллачу барзана хьаьжа ц1а яха еза ша
аьлла дагадеана. Т1аккха коьллаш юккъе а яьлла, коьртах яраш а хьарчийна, хьаьжа
ц1а яха новкъа яьлла иза.
Оьхаш, генна а яьлла йоьдаш хилла борз.
Йоьда-йоьдуш вирана т1екхаьчна иза. Кхераделла вир д1аиккхина.
Вир, хьо д1а
ма лелха, хьо схьа ма лелха, со дикачу новкъа араяьлла. Со хьаьжа ц1а яха
араяьлла, сох кхерам бац хьуна, аьлла барзо. Цо и аьлча, шен метта яжа
д1ах1оьттина вир.
Т1аккха йоьда-йоьдуш тарана т1екхаьчна хьаьжа ц1а йоьдуш
йолу борз. Барзах кхера а белла, ту д1аиккхина. Юьзана ша х1ун дийр ду а ца хууш
йолчу барзо аьлла:
- Хьо д1а а ма лелха, ту, схьа а ма лелха, ту, со дикачу
новкъа араяьлла хьуна, аса х1умма а дийр дац хьуна, сох ма кхера.
Ту бажа
д1ах1оьттина, цо и аьлча.
Т1аккха д1айоьдаш йолу борз говрана т1екхаьчна.
Хьалха вир а, ту а санна, кхера а елла, д1аиккхина говр. Амма барзо сацийна
иза:
- Хьо д1а а ма лелха, говр, хьо схьа а ма лелха, говр, сох кхерам бац
хьуна, со дикачу новкъа араяьлла, со-м хьаьжа ц1а йоьдаш яй, - аьлла.
Говр
яжа д1ах1оьттина.
Йоьда-йоьдуш гена яьлча, борз мац а елла, г1ел а елла, ша
ара беккхинчу некьана дохкохъяьлла. Цунна дагадеана, юха а йирзина, шен коьртах
йохку яраш д1а а кхиссина, вир а, ту а, говр а яа. Цо ша-шега аьлла: "Суна х1ун
хьашт ду хьаьжа ц1а яха. Цулла а сайна говран жижиг, теран жижиг, виран жижиг а
дууш 1аьн яй со".
Эццигахь юха а йирзина, ц1ехьа йолаелла борз. Схьайог1уш
говрана т1екхаьчна иза. Говро барзе аьлла:
- Хьуо хьаьжа ц1а йоьду ца бахара
ахьа, хьуо дикачу новкъа йоьду ца бахара ахьа?
- Со дера йог1у дохко а яьлла.
Сайна виран жижиг, теран жижиг, говран жижиг дууш 1ен яй со, - аьлла барзо.
-
Делахь дика ду х1ета, - аьлла говро, - хьо ялалца а, хьо елча а яал хир ю-кха со
хьуна, айхьа со яалай, сан когах боллу хьостам схьабаккхахь, сагатдо сан
цо.
Уллий а яхана, барзо ког схьалаьцна:
- Муьлха ког бу хьан иза? -
аьлла. Борз улли йогг1ушехь, коьртах мийра тоьхна, говро кхоьссина д1аяхийтина
иза.
Шена чу са даллалц йоьжна а 1иллина, хьала а г1аьттина, юха а
новкъаяьлла 6орз. Йоьдуш тарана т1екаьчна иза. Юха йог1у борз а гина, таро
аьлла:
- Хьо юха ма йог1у, борз, хьуо дикачу новкьа яха араяьлла ца бахара
ахьа?
- Со-м дохкояьлла, сайна теран жижиг, виран жижиг а дууш 1ай яй со, оцу
дуьнен т1е йоьдачул, - аьлла барзо.
- Делахь дика ду х1ета, со хьуна яллалц
баъал а, елча баъал а хир бу, хьалха сан ма1ан чохь боллуш болу н1аьна
схьабаккхахь, - аьлла, дехар дина таро.
- Хьагайтал, мичахь бу и? - аьлла,
улле еана борз. Иза хьалхайоллушехь коьртах ма1аш тоьхна 1ункар х1от1ийна иза
таро.
Ша метта еача, меллаша хьала а г1аьттина, юха новкъа яьлла борз.
Йоьдуш, вирана т1екхаьчна иза. Виро аьлла:
- Хьо юха ма йог1у, борз, хьуо
хьаьжа ц1а яха яьлла ца бахара ахьа, хьуо дикачу новкъа йоьдуш ю ца бахара
ахьа?
- Со-м дохко яьлла юха ма йог1у, цуллий а сайна виран жижиг а дууш 1аьн
яй со, - аьлла барзо.
- Делахь дика ду, со хьуна яллалц а, елча а яъал хир ю
хьуна. Цкъа хьалха хьалларчу барза т1е а яьлла, пихмоллин илли алийтахь соьга, -
дехар дина виро. Шега т1ехьа я хьалха яла ца аларна х1умма а шек ца яьллачу
барзо бакъо елла:
- Алахь, делахь илли а.
Т1аккха барз т1е а яьлла, виро
мохь хьакхна:
- Н-на-на-на-на-на, - аьлла.
И мохь хезна нахана. "Ва-а,
варраш дойу вай", - аьлла, орца а даьлла, наха шайн вир д1адигна, ткъа барзана
баьхьанаш, белаш, г1ожмаш йиттина, эккхийна.
Т1аккха цара ша эккхийча,
хьуьнах а яхана, цхьана дуькъачу 1инчу охьа а хиъна, йилхина борз:
- Ах1ий,
ах1ий, со хьаьжан ц1а яха хьаьжа вацарий, со говран хьастам хьабаккха пхьар а
вацарий, теран ма1ан чуьра н1аьна хьабаккха лор а вацарий, пихмоллин иллига
ладег1а замо а вацарий, - ах1ий, ах1ий, - аьлла, кхин а г1ар айина хьуьнан чохь
барзо.
Царна г1алдий-булдий, вайна к1айн божжий, мозан 1айггий.
Цхьана гуьйренан дийнахь ижу лаха арадевлла хилла хьуьнан акхарой: чай,
борзий, цхьогаллий. Кхин пхьор карадарх долу дог а диллина, хин йистерчу гу т1е
а хевшина, г1елделла 1ачу кхарна ежаш йог1у эмкал т1екхаьчна.
- Ахь х1ун до,
эмкал?
- Борз санна т1едог1уш 1а а ду, луо диллале бохуш яжа г1ерташ ма
йоллура со-м, - аьлла эмкало.
- Иштта лелаш ду-кх тхо а. Цхьана кхета деза
вай, - аьлла акхароша.
- Суна цхьа х1ума хетара, шу реза делахь, - аьлла
х1илла долчу цхьогало.
- Х1ун хетара хьуна? - аьлча, цхьогало жоп делла:
-
Вайна яа х1ума каро а ца йоллу, х1ара 1а хала х1ума а ю. Б1аьстена юьххьехь со
дендер аш. Де а дей, со даа кхааммо а, - аьлла.
- Цунна дагадеанчух кхеттачу
барзо аьлла:
- Хьох-м яа х1ума хир яцара: хьо жима ду. Со юьйр ю вай. Ас хала
а доккху 1а. Со денъер аша б1аьста яьлча.
- Хьо а яа х1ума хир яц, - аьлла
чано. - Хьо а ю жима. Со юьйр ю вай. Ахьчул а хала доккху 1а ас. Со денъер аша
б1аьста, цо аьлча:
- 1а-а, 1овх1!.. - аьлла эмкало. - 1а хала х1ума ю. Аша
массарчул а хала доккху 1а ас. Со денъер аш, б1аьста яьлча. Со массарел йоккха а
ю. Со юьйр ю вай.
Цу т1ехь барт а тайна, эмкал йийна. Цуьнан чуоко йила
яхийтина чано борз а, цхьогал а.
Чуоко юьлуш 1аш, 1онжаре а хьаьжна, цергах
хи тесна мецачу барзана.
- Ма чомахь х1ума ю-кх х1ара! - аьлла цо.
- Яа
вайша и? - аьлла цхьогало.
- Ча мегар яц. Дов дийр ду цо вайшинна.
-
Чена-м хуург а дацара и... Нагахь цо и к1ажмехала даккхахь, соьга хьожур хьо. Ас
жоп лур ду цунна, - аьлла цхьогало.
1онжар диъна шиммо а.
Ц1анйина, йилина
чуоко д1аса а кегийна:
- Кху юкъара 1онжар мича дахана? - буьрса хаьттина
чано.
Иккхина цхьогале хьаьжна борз.
- Цо х1ун до, ша 1онжар а диъна,
соьга хьоьжуш? - аьлла цхьогало.
Ча барзана т1ейирзина, борз яда иккхина, ча
цунна т1аьхьа яхъелла - "т1ап" аьлла яйна ший а, хьуьнах а яхана.
Цигга
д1атохаделлачу цхьогало цхьана 1уьрга кхехьна эмкалан жижиг а, чуоко а,
ког-корта а, ц1ока а - ша йоллу х1ума.
Уьш д1а а лачкъийна, г1елделлачу
суьртахь хиъна 1аш хилла цхьогал.
Барзана т1аьхьа идда, х1отта а х1оьттина,
схьакхаьчначу чано хаьттина:
- Эмкалах х1ун хили?
- Х1инца дуьйна а со
къуьйсуш вовшах летачу аша денйийр яц со б1аьста яьлча, - аьлла, г1еттина, яьлла
д1аяха-кх, - аьлла цхьогало.
Бетах мотт а хьаькхна, ча д1аяхана, цхьогало,
1уьрга а доьлла, б1аьсте яллалц эмкал йиъна.
Цхьана заманчохь мацалла х1ун дийр ду а ца хууш дисина цхьогал.
Лелаш
цунна дагадеъна, дера деза ша нелаца гергарло таса, аьлла. Нал 1еха а йина,
жимма хан а ялийтина, юур ма ю ша, аьлла ойла йина, цхьогал нал йолчу
дахана.
- Дера, нал, х1инца юучуьнца хала а ду, вайшиъ цхьаьний хьажа деза
кхача лаха, хьо реза елахь? - аьлла цхьогала.
Цхьогал х1иллане ду, кхуьнца
доттаг1алла тасар зене а дац, аьлла дагадеанчу нело:
- Иза бакъ ду. Цхьаний
лаха реза ю ша кхача! - аьлла.
Иштта и барт а бина, цхьаьний шаьшинна кхача а
лохуш, йолаелла наллий, цхьогаллий. Лелаш, хан яьлча, цкъа цхьогало аьлла
неле:
- Вайшиъ иштта леларх дика кхача ца нисло вайшиина. Дера еза вайшиъ
юьрта а яхана, цигахь котам-к1орни керадог1ийла хьажа.
Д1айоьдуш и шиъ
нисъелла уьшал т1е.
- Кху ишалх дихьа далалуррий техьа вайша, - аьлла
нело.
- Ас баькх-баьккхинчхула ког а боккхуш схьайола, - хьехардина х1иллане
цхьогало, х1ара х1окху чохь а йиситина, юур ю ша бохуш йолу.
Цхьогало
баьккхинчу ког а боккхуш, йог1уш йолу нал, цхьаьна меттахь чуйоьжна.
-
Х1инца-м кара еара хьо, - аьлла, т1ехьа а даьлла, цхьогал нал яа
доладелла.
Х1ара ша яа долла аьлла дагадеанчу нело аьлла:
- Цхьогал, хьо
со яа доллий хиира суна. Цкъа со яа хьо йолаялале суна хьо гайта хьалха
долахьа.
Цхьогал хьалха а даийтина, цунна к1омсар тухур ю ша аьлла, дагадеана
цунна. И хиинчу х1илланечу цхьогало аьлла:
- Делахь, нал, хьалха дола ма
алахь соьга. Кхузахь доллушехь эхь хеташ доллу хьуна со.
Гур хилла боьг1на, т1е дум а биллина. Цунна ша улло а дижина дуьме а хьоьжуш,
1аш хилла цхьогал, ша цунна т1екхевдича, схьалоцур ду-кх ша бохуш. Т1аккха цунна
т1ееана борз. Х1ара иштта 1аш а гина, цецъяьлла иза:
- Хьо дуьме а хьоьжуш ма
1а, ва цхьогал?
- Марха ду сан, аьлла цхьогало, - суьйре т1еяре хьоьжу
со.
Т1аккха т1екхетта борз дум схьаэца дагахь. Дуьмах д1ахьакхалушшехь, гуро
схьалаьцна борз. Кхоссабелла сехьабаьлла дум. Цхьогало д1акхаьллина иза. Барзо
хаьттина цуьнга:
- Ахьа хьайн марха ду ца бохура, ва цхьогал, - аьлла.
-
Аса даьсти-кх иза, - аьлла цхьогало.
- Ва цхьогал, аса маца достур-те и
марха? - хаьттина барзо.
- Гуран да схьа ма кхаьччинехь достур ду-кх ахьа а,
- аьлла, д1адахана цхьогал.
Цкъа мацах лаьтта бухахь 1а а даьккхина, б1аьсте т1ееача, зинтаг шен бенчуьра
ара дала г1оьртина, амма цуьнан бен т1оьхула бецхелиг хилла дижина 1уьллуш. Цо
цуьнга аьлла:
- Д1адала сан бен т1ера, схьабеллийта соьга иза, бан безаш
дуккха а болх бу сан.
Ткъа бецхелиг меттах ца даьлла. Т1аккха зинтаг газа
йолчу дахана.
- Во, газа-гуьзиг, б1аьсте т1ееана, сайн бен схьабелла со
г1оьртича, цу т1ехула дижина бецхелиг ду, и д1акхалла яг1ахьара хьо.
- Эх1,
цига йог1учул сайна сийна буц а юуш, шийла шовда а муьйлуш, 1ийча тоьла
суна.
- Хьо кхалла-м ас борз йоуьйтур ю хьуна.
Во, борз - аьлла мохь
тоьхна зинтаго, - сан бен т1ехула дижина бецхелиг ду, д1адала аьлча а, д1адолуш
а дац, и д1акхалла газа а ца йог1у, газа кхалла яг1ахьара хьо.
- Цига
йог1учул сайна берстина думеш долу уьстаг1ий дууш 1ен яй со.
- Хьоьх лата-м
ас жан-ж1аьлеш дохкуьйтур ма ду.
- Во, жан-ж1аьлеш, - аьлла мохь тоьхна
зингато, - бен т1ехула дижина 1уьллу бецхелиг д1а ца долу, бецхелиг кхалла газа
ца йог1у, газа кхалла борз ца йог1у, барзах лата дуьйлийша. Т1аккха жоп делла
жен-ж1аьлеша:
- Цига дог1учул тхайн 1уьно тесна даь1ахк а ц1убъеш, цо аьлларг
деш 1ен дай тхо, ца дог1у тхо барзах лата.
- Шуна г1аж етта-м ас жа1у
воуьйтур ву.
- Во, жа1у, бен т1ехула дижина 1уьллу бецхелиг д1а ца долу,
бецхелиг д1акхалла газа ца йог1у, газа кхалла борз ца йог1у, барзах лиаа
ж1аьле1ш ца дог1у, царна г1аж етта волахь.
- Цига вог1учул сан дечиг-пондар
мерзах п1елг тосуш, т1аьхьа г1ийла узум балош 1ер г1оли хета суна.
- Х1ан
пондаран мерз хадо-м ас дахка боийтар бу хьуна.
- Во, дахк, сан бен т1ехула
дижина бецхелиг д1а ца долу, и д1акхалла газа а ца йог1у, газа кхалла борз ца
йог1у, барзах лата ж1аьлеш а ца даьхки, ж1аьлешна г1аж етта жа1у а ца вог1у,
жа1унан пондарн мерз хадо болахь, - аьлла, дехар дина зинтаго дахке, амма дахка
реза ца хуьлу, цо олу:
- Эх1, цига бог1учул х1окху 1уьргара оцу 1уьрга а
эккхаш, 1ен бай со.
Оьг1аз а дахана, зинтаго аьлла:
- Хьо кхалла-м ас
цициг доуьйтар дуй-ца.
Мохь тоьхна цициге:
- Во, цициг, бен т1ехула дижина
долу бецхелиг д1а ца долу, бецхелиг кхалла газа а ца йог1у, газа кхалла борз ца
еа суна, барзах лата ж1аьлеш а ца даьхки, ж1аьлешна г1аж етта жа1у а ца веа,
жа1унан пондаран мерз хадо дахка ца бог1у, суна и д1акхалла долахь.
- Цига
дог1учул сайн ненан меса-бедарш т1ехь 1уьллур дай со.
- Хьан ненан
меса-бедарш йовдо, ас мох боийтар бу хьуна. Во, мох, хьо болахь орцах, цхьа
бецхелиг ду сан бен т1ехула дижина, д1адолуш доцуш, и д1акхалла аьлча газа ца
йог1у, газа кхалла йолахь аьлча, борз ца йог1у, барзах лата дуьйлийша аьлча,
ж1аьлеш ца дог1у, ж1аьлешна г1аж етта волахь аьлла, дехар дича, жа1у а ца веа
суна. Т1аккха жа1ун пондаран мерз хадо дахка а ца беа, дахка кхалла цициг а ца
дог1у, цицган ненан мес-бедарш йовдо болахь.
Жоп делла т1аккха мохо:
-
Собарделахь, хьаша новкьа а ваьккхина, ламазана корта а тоьхна, со д1а бог1а
хьуна, - аьлла.
Хьаькхира мох шок тухуш, гира цицигана бог1у мох, д1ахьаьдира
иза дахка кхалла, гира дахкана дог1у цициг, д1ахьаьдира иза жа1унан пондаран
мерз хадон, оьг1аз вахана ж1аьлешна г1аж етта вахара жа1у. И вог1у гина ж1алеш
барзах лата хьаьдара, борз газа кхалла яхар, газа бецхелиг кхалла яхара,
бецхелиг лестира, дуьхьало ян г1оьртина, газано и чехка д1акхаьллира.
Бен
марша белира, массо а юха бирзира, зинтаг шен бен гонаха хьаьвзира. Иза х1инца а
мохана баркалла бохуш 1аш ду.
Едда йог1уш хилла меца борз. Цхьана а меттахь юург ца карош схьайог1уш йолчу
цунна хьуьна юккъехула болчу новкьа варда д1аяхана лар гина. Цу лораца гена
ялале юучу х1уманан хьожа кхетта цунна. Барзана карийра йоккха горга сискал. И
д1акхалла цо бага г1аттошехь, мохь хезна цунна.
- Ваша, ларлолахь, - аьлла.
Д1ахьаьжча, цунна гина т1едедда дог1у цхьогал.
- Х1ун боху ахьа, йиша? -
хьаттина барзо.
- Цу сискалх д1овш тоьхна хила мега. Хьо ларьян бохура
аса-м.
Ойла йина барзо.
- Ткъа аса х1ун дан деза кхунна?
- Хаац, -
аьлла жоп делла цхьогало, - сайн вешина бохам ца хилийта, и яа а йиина, яла а
реза ю-кх со, хьо реза елахь.
Барзо жоп делла:
- Дика ду,
д1аяа.
Цхьогало йиина дийнна сискал. Ехха 1ийна 6орз, цхьогална х1ун хуьлу
хьоьжуш. Амма цунна х1умма а ца хилла.
Иштта борз лейина цхьогало, шена
сискал а йиина.
Кхо газа-гуьзиг яхана хилла ломал дехьа, яжа-кажа. Цхьа гай дерг, ша юьзина
яьлчи, ши гай долчуьнга аьлла: хьо д1айог1ий, ша юьзна.
Вукхо жоп делла:
-
Хьан цхьа гай дузарх сан шиъ ца дуьзина, д1аяло, со т1аьхьакхуьур ю
хьуна.
Цхьа ге дерг, д1айоьдуш, т1ел дехьа яла езаш хилла. Цу т1айна т1е
х1ара кхочуш т1ел к1елара схьа а яьлла, борз дуьхьал яьлла кхунна.
- Хьо
стенгара йог1у, ва газа-гуьзиг?
- Ломал дехьара яжа-кажа яханачара
йог1у.
- Хьан коьртахь ерг х1ун ю?
- Ма1а-т1оьлгаш ю.
- Хьан кочахь ерг
х1ун ю?
- Муьсил-мехий ду.
- Х1ан синпха х1унда беттало?
- Хьоьх
кхоьруш беттало.
Барзо и д1акхаьллина. Юха а шен метта д1алечкъина борз. Ши
гай долчо ша юьзна яьлча, кхо гай долчуьнга хаьттина:
- Хьо д1айог1ий?
-
Вукхо жоп делла:
- Хьан ши гай дузарх, сан кхоъ ца дуьзина, д1аяло, со
т1аьхьакхуьур ю хьуна.
Ши гайдерг новкьа яьлла ц1аяха.
Т1ай т1е кхаьчча,
вукхунна санна борз дуьхьала а яьлла, и д1акхаьллина.
Кхано кхо гай дерг ц1а
йог1уш, цунна дуьхьала а яьлла борз. Цо хаттарш дина кхуьнга:
- Хьо стенгара
йог1у, ва газа-гуьзиг?
- Яжа-кажа яхана йог1у.
- Хьан коьртах ерг х1ун
ю?
- Хьуна 1итта яхьаш ма1а-т1оьлгаш ю.
- Хьан кочахь ерш х1ун ю?
-
Хьуна 1итта дахьаш муьсил-мехий ду.
- Хьан синпха х1унда беттало?
- Хьох
лата дог хилла беттало.
Чухьаьдда цо берзан гех ма1аш тоьхна и дат1а а дина,
шен ши накъост парг1атъяьккхина.
Борз хи чу а тесна, хьонг-т1онг, сан ши
накъост бохуш, д1аяхана газа-гуьзигаш.
Цхьана хьуьнхахь дехаш-1аш хилла цхьогаллий, къиггий. Цу шинан а кхоккха
к1орни хилла кхобуш. Иштта цхьаний х1ара шиъ 1аш к1орнешна яах1ума ян яхана
къиг.
Къиг къайлаяьллачул т1аьхьа цхьогална цуьнан к1орни яа дагадеана.
"Цунна хуур а дац хьан йиъна", - аьлла, цхьа к1орни йиъна цхьогало.
Кхано
ц1аеъначу къийго хаьттина цхьогале: шен к1орни яьхьна. И хьан яьхьна хаьий
хьуна?
Шена-м ца хаьа аьлла цхьогало. Ша кхузахь мел ду, цхьа а х1ума ца еара
кхуза.
Шолг1ачу дийнахь а яхана къиг ижунна. Иза гучара кьайла-йоллушехь
даханчу цхьогало кхин цхьа к1орни йиъна, бетах та11ош мотт а хьаькхна, шек а
доцуш, шен бен юххе охьахиъна.
Шолг1а к1орни а ца карийча, ц1енна
карзахъяьлла къиг.
Х1инца а ца гира хьуна шен к1орни хьан ехьира, хаьттина цо
цхьогале.
Шена-м хаац, аьлла цхьогало, и хьан хьур ю. Тахана а ма ца еана
кхуза суна хууш х1ума.
Шолг1а а цхьогало иштта аьлча, цунах дегабаам хилла
къийган. "Цо ца йиъча, хьан юур яра уьш, цхьа а х1ума кхуза еана ца хилча?" -
аьлла ойла хилла къийган.
Билггала цо йиъний а хиъна, кхоалг1ачу дийнахь, ша
ижонна йоьдуш, къийго цхьогале аьлла:
- Хьо ца дог1у соьца вайна яах1ума ян,
цигахь котамаш, бедаш, хьуна яа бег1ийла дукха а х1уманаш ю хьуна, жимма хьайн
чож тоьхна дог1ур ду хьо.
Вай д1аяла д1а, ша муха дог1ур ду? Хьо т1ема яьлла
г1ур ю, ткьа со муха дан деза? Доладелла ша-м далур дац цига, аьлла
цхьогало.
Делахь, ша хьо шен букъ т1е а даьккхина дуьгур ду, - аьлла
кьийго.
- Т1аккха-м додог1ур дара со, - аьлла цхьогало.
Иштта шен букъ т1е
даьккхина цхьогал а эцна йоьдуш хилла къиг. Леккха стигала хьала а яьлла,
к1елара д1а а иккхина, цхьогал чудаийтииа къийго.
Хьийзаш чудог1уш хилла
цхьогал, юххе а иккхина, къийго хаьттина:
- Х1ун ду хьан дагахь, цхьогал? -
аьлла.
- Дера, къиг, сан дагахь-м дукха х1уманаш дара, и яаза йисна хьан
к1орни а т1аьхьа, - аьлла цхьогало.
Охьадеана цхьогал лаьттах кхетта
делла.
Т1аккхола шен к1орни йоккха хиллалц сапарг1ат ижонна ихна кьиг.
Мацъелла, г1елъелла, ижу лоьхуш лелаш хилла борз. Лела-аш д1аман бенна хьалха
кхаьчна иза. Саца а сецна, лерина хьаьжна борз. Бенан не1 ч1аьг1на карийна. Сема
ладоьг1на цо. Д1ам чохь ю-яц хаа. Д1ам чохь хилла. Т1аккха эсала, аз тодан а
г1ерташ, чу йистхилла борз:
- Д1ам, хазаниг, чуяйтахьа со.
- Х1э-э, -
аьлла д1амано, - йоллу хир яра хьо сан дерстина ц1ент1арш ийзо, сан ч1амара
корта бажа.
Борз, дуй а бууш, хьастаелла:
- Хаьддачу* жана т1е кхочийла
со, аса хьан дерстина п1ендарш ийзор делахь, чанг1а йоцу топ йожайойла суна, аса
хьан ч1амара корта божур белахь!..
Барзо буург боккъала а дуй бу моьттуш,
1ехаъелла д1ам. Меллаша не1 д1айиллина цо. Цхап-аьлла т1екхеттачу барзо лаьцна
иза Г1адьяханчу барзо аьлла л1аме:
- Х1инца-м ас ийзор хьаха дара хьан
дерстина п1ендарш, х1инца-м ас божур хьаха бара хьан ч1амара корта! Д1амано
берзан багахь йоллучохь аьлла т1аккха:
- Борз, яа-м юур яра ахь со. И-м
хаьара суна.Бисмилла а алий, цул т1аьхьа "кхаара" а алий, йолаехьа со
яа.
Барзо "кхаара" олуш. бага г1аттийна. К1омсаршна юкьара хах-аьлла
д1амалъелла д1ам, нарт-аьлла шен бена чу иккхина. Дукха чехка шен бенан не1
т1еч1аьг1на, чукъовлаъеллачу д1амано аьлла барзе:
- Х1ета ма ца ийзий ахьа
сан дерстина п1ендарш, х1ета ма ца бежи ахь сан ч1амара корта! Х1уьссик!
-
Х1э-э, елла йолийла со, - аьлла барзо, - кхаара а ца олуш, шинара ца
аьлла.
Иштта дегабаам хилла, д1аман бенан бертехь д1аса а х1аьвзина, яьлла
хьуьнах д1аяхана д1амана тешнабехк бан аьтто ца баьлла
борз.
_________________
*Тиллачу