ОБАРГ ВАРИН ИЛЛИ

Хьогалла ца вала бецан тхи муьйлуш,
Мацалла ца вала попан г1а дууш,
Набарна буьллу мотт 1аьржа латта ва долуш,
Т1етосуш долу юрг1а сийна стигал ва йолуш,
Шен къамел дар акхарошца ва долуш,
Пхоьг1ана валар пепнашца ва долуш,
Малхбалехьара малхбузе кхаччалц ша волавелчи,
Дег1 дижол меттиг тешаме йоцуш,
Обарг ма велар, ва обарг Вара.
- Шийтта шо д1адели ша обарг лела, са ц1ена шен гила,
Аьлла, вист ма хилира и обарг Вара.
Малхбузен з1аьнарш хьуьна хотешка йирзинчу хенахь,
Шелонна акхарой ц1ийзачу хенахь,
Шелонна и пепнийн баххьаш лелхачу хенахь
Букар дарц ма хьовзийра Вара 1ачу цу ломан хьеха.
- Ма бала дакъаза, са ц1ена шен гила,
Схьадийца ца хаарх д1ааьлларг хаар-кха хьуна.
Ва йог1ур юй-техьа кхул йоьхна суьйре
Коьртахь куй аа болчу яхь йолчу к1антана,
Яа-ан амал дарий-техьа аьлла, вистхилира
Ва обарг Вара шен дикачу дине.
- Цхьа дика к1ант ву бахар-кха
Йоккхачу Атаг1ахь Бошин 1ума бохуш,
Бошин 1ума ва волчу хьошалг1а
Даг1а деза ва вайша, са ц1ена шен гила,
Аьлла, вистхилира обарг Вара шен дикачу дине.
Бохь боцчу попан т1е дайн куьйра санна,
Ша кхерсташ ва ваьлла шен дикачу дина,
Ша хьаьвзаш вахара и обарг Вара
Цу 1умин ва г1опа.
Лилхана шедан къаш* шишан корах етташ,
Мохь бетта ма велара обарг Вара цу Бошин 1уме,
Ша ара ма велира Бошин 1ума.
Ассалам 1алайкум, х1ай Бошин 1ума,
Малхбалехьара малхбузе кхаччалц ша волавелчи,
Дег1 дижол меттиг тешаме ца хилла,
Хьо волчу вог1у ша.
Нохчий шахьаршкахь тешаме ву бохуш
Хьо вуьйцуш хезнера шена
Аьлла, вист ма хилира обарг Вара цу Бошин 1уме.
Тешаме ву хьуна х1ара Бошин 1ума,
1аьржа латта ва санна.
Хьо охьавоссахьа лекхачу динара.
Даа ду хьуна боьрдаха дилха,
Мала ду вайшинна г1алин малар", -
Аьлла вист ма хилира Бошин 1ума цу обарг Варе.
Обарг Вара динара воссийна,
Цуьнан дин парг1атбаьккхина,
И шиъ хьаьвзаш ма вахара
Хьешана динчу цу дуьхьал ото чу.
Баган цу тоьл т1ехь хьеначу даарца,
оьздачу маларца
Сакъера хиира барт тайна ши накъост.
Хан-зама яьллачу цу хенахь,
Барина бутту кад ша алсам ва буттуш,
Шена бутту кад ша лоха ва буттуш,
Х1илланца ма вожийра цу Бошин 1умас ва обарг Вара.
Цу Варин динна юткъа нуьйра тиллина,
Мотт эцна ма вахара Бошин 1ума
Чахкархойн инарла ва волчу.
"Ассалам 1алайкум, чахкархойн инарла,
Хьо сама валахьа мерзачу набарах", -
Аьлла вист ма хилира Бошин 1ума чахкархойн инарле.
"1алайкум ва салам марша ва хьо дела1,
Х1ай Бошин ва 1ума.
Кьо лаа лелий-те, хьо тара лелий-те", -
Аьлла вист ма хилара чахкархойн инарла.
- Ша лаа ца лела, ша тара ца лела, чахкархойн инарла,
Эпсаран кулубехь къорза эпсарш ловза ца буьтуш,
Г1алаха къаста мечака** ца юьтуш,
Хин ц1убдарал башха керстана ц1ийнах ца 1ебаш волу
Обарг Вара ша волчу х1усамехь
Даарх 1абийна, маларах вузийна воьжна ву хьуна
Аьлла, вист ма хилира и Бошин 1ума.
Хьешана ва динчу цу дуьхьал ото чохь
Бошин 1ума парг1атваьккхина:
- Ша воллу хьуна накъостий кечбан
Аьлла, ара ма велира чахкархойн инарла.
Г1алин килс тоьхна, орца даьккхнна,
Гома зурма лекхна церан мог1а нисбина,
И датон дуьрсташ шен буйнахь къуьйлуш,
Ша хьаьвзаш ма вахара шен ханне божала.
Шен дин чуьра баккха веана ма леци цо
Цхьа жима нохчийн к1аит шен ханнийн божалахь.
Хьовзош чу валийра цо
И нохчийн жима к1ант чахкархойн инарлас.
- Ма вала дакъаза, х1ай нохчийн жима к1ант,
Чахкархойн инарлин дин бига вог1ур вацара хьо,
Хьо борза ехкинчу буса вина ца хилча,
Дика к1ант вуйла хаьа шена хьо.
Гирдаца дустуш к1айн дети лур ду ша хьуна,
Сахьца дустуш ц1ен дети лур ду ша хьуна,
Обарг Варина мотт эцна веъна ву хьуна,
Маттах ма лериг, ша волчу Бошин 1ума,
Чахкархойн инарлас к1елхьара вала ва боха алахьа обарга Варе
Аьлла, вист ма хилира чахкархойн инарла.
Чехконца вахар-кха и нохчийн жима к1ант
Цу 1умин ва г1опа.
Лилхина шеда къаж шишан корах тоьхна,
Мохь баьтта велир-кха ва обарг Варе:
"Хьо самавалахьа, обарг Вара, мерзачу набарах", -
Аьлла вист хилира и нохчийн жима к1ант.
- Х1ун бах ахь шега, х1ай нохчийн жима к1ант
Аьлла, вистхилира и обарг Вара.
"Мотт хилла хьуна, обарг Вара,
Хьайн х1усамдегара цу Бошин 1умера.
К1елхьаравала боху ва хьоьга Чахкархойн инарлас", -
Аьлла вист ма хилар и нохчийн жима к1ант.
- Ма вала дакъаза, х1ай нохчийн жима к1ант,
Малхбалехьа дуьйна малхбузе кхаччалц
Ша волавелчи,
Дег1 дижол меттиг тешаме ца хилча,
Ша идош ва дериг цхьа са бен ца хилча,
Т1амна к1ел соцу ша, хьо парг1ат хилахьа
Аьлла, вист ма хилар ва обарг Вара.
Т1амна к1ел ма сецар ва обарг Вара.
Кхолг1а го ма лецара цу 1умин г1опана.
Куьзгана коре х1оьттина
Къамеле ма велира и Бошин 1ума обарге Варига.
"Хьо самавалахьа, ва обарг Вара,
Мотт хилла вайшинна", -
Аьлла вист ма хилира и Бошин 1ума.
- Ма вала дакъаза, х1ай Бошин 1ума,
Дала мел кхоьлланчел дика к1ант ву бохуш,
Дала мел кхоьлланчел тешаме ву бохуш,
Вуьйцуш веца хьо нохчийн ярташкахь.
Са бале лацале, б1аьрга нур кхолале
Хьох сирла б1аьрг тухур бар-кха ша,
Хьо соцуш хилахьа куьзганан корехь
Аьлла, вист ма хилир ва обарг Вара.
Ша соцуш ма хилира и Бошин 1ума куьзгана корехь.
Д1акхевдина ва мажар схьаэцна,
Дог лоцуш мажар тоьхна,
Букъа т1ум ва йоькъуш,
Деган бохь ва оьцуш,
Дег1ах чекх ма яьккхира.

Цу Бошин 1умина барх1 сонар ва мажар.
Лор хьажжал йолу чов шен дег1ах ца хуьлуш,
Т1амах ма къаьстира ва обарг Вара.

Вада луучунна уьдуш са долийла,
Лата луучунна леташ ка йолийла.
______________________________
*Кхаж (диал.)
**Меташка.



Нохчийн фольклор. Чулацам.